noh cherkeskaПримеры проявления Нохчалла.

Рассказы из жизни, присланные посетителями нашего сайта.

ishkola 1Онлайн уроки по чеченскому языку

С квалифицированным репетитором

Къонахан васт, амалш

Образ и характер Къонаха (статья на чеченском языке)

k1onah

«Къонахийн белшашна тIехь лаьтташ ду дуьне», - эрна аьллачех дац. Амма къонахалла бохучуьнан маьIна дан хууш стаг кIезиг волу. Цундела хьан-хьанна а туьллу вай и еза цIе, дIакховдадо и массарел а деза-доккха а, сийлахь а долу и дарж. Масала, сих-сиха хезачех ду: «Джуги Висарган Юсап ма къонах а вар-кха». Дуьхе кхиа воьлча: «Дуьненна а бале яьлла, эхарт хир доцу цхьа боьху Дажал яра -кх» - ала дог1уш хилар гучудолу. Къонахчуьнгахь – къизалла, хьагI, ямартло, дуьйцург – цхьаъ, лелош дерг – важа хуьлуш дац, хила йиш а яц. Дала шена гIортораш йина дуьнентIе бохуш бу уьш.


Кхин цхьаъ ду вайн къонахийн вастах лаьцна олуш: «Х1ора дийнахь-буса Иблисан гIоьнчин иссазза букъ кагбийр бу къонахчо». Адамера долушдолу массо а дика-вон дIаяздеш хIораннан белшашна тIехь Тарам, Хьарам Iаш хиларх лаьцна лакхахь хьахийра вай. Ша шайтIане Iеха ца войтуш, цкъа гIалат долуьйтуш, тIаккха цунна гечдар доьхуш лелачарах воцу дела олу цунах къонах. Иза Дала схьаоьхьна болчу некъана тIера юьстах ца лелхаш, цу тIера ца вала гIертарг ву, цуьнан дерриге а дахар цу тIе хьажийна а хуьлу. Къомана а, нахана а, махкана а гIуллакх дар шен сина, шен дегIан чархана марздинарг ву иза. Б1аьрг а, гай а цкъа а ца юзачарах юйла хиъна цунна. Цаьрга сина гIодаюккъе нуьйр а тиллийтина, уьш коьшкала ца ховшийна ца лела иза. Цунна дика хаьа Дела кхиэлана сиха воцийла. Шен гIалат нахала ца долуш дисча, Дела а шега Iехавелла моьттачарах воц къонаха. Цу тайпанчу стеган; дагтIера Дела а, иман а матта буьххье доьрзу, кхахьпалла сих йулу; сутаралло къасталун боцчига кхачаво. Царех бу (Iедалан мукъ кара кхаьчнарш-м буьйцур бацара вай) халахеташ делахь а, хьахийначарах тарбала гIерташ, оцу тобанна тIаьхьа хIиттина болу цхьамогIа хьехархой, лоьраш, суьдхой, прокуратурин белхалой, «асфальтах» пхьор деш долу варраш, милцой, сом делча кешнашка жIаьла дIадоллийта кийча болу Iелимнах. К1ай къиг санна царех къаьсташ хуьлу: шенчара а, нехачара а и лортIехь вац, шен хIуманна дола далуш вац», - бохуш, цIенчу некъара галваккха а гIерташ, хьийза а во иза. Кхонаха зене-зуламечу гIуллакхах, нехан хьокъах-м, хьовха, кIоршамечу дошах а къехкаш хуьлу. Къонахчун даржал лекха дарж дагадеъна а дац дуьненна.


Дуьненахь мел долу даьхни вовшахтоьхча, даьхни тоьр дацара иза эца. Стигланийн векал хиларе терра, вохкалуш-эцалуш вац иза. Нехан гIуллакхана садагадо цо. Собаречу нахана юккъехь а собаре ву иза, оьздачу нахана юккъехь а оьздангаллица билгал хуьлу. Цуьнгара гIиллакх даккха стагга а вац. Нохчо хилар – къонаха хилар ду. Къонах а, нахчо а хилла дуьнена дахарх чекхвала а атта дац. Цу шинне а дахар даржах, я кисанах доьзна дац. Цундела иза цIанонан, нийсонан, бакъонан новкъа тIера юьстах ца гIерта; адамалла, ийман, вадд – де-дийне даларца цуьнан сов долу.


Делан дикалла, Цуьнан вайх болу къинхетам дукха боккха хиларан гайтам бац, ткъа, абадехь синош кхуллучу хенахь, божа хила яздинчу «къонах хир ма ву шех», - аьлла нигат а дина, оцу новкъа хIоьттинчу стеган гIолаца Сийлахь-Веза волчо, шена тIелаьцна хилар. Вай лехнарг Цо вайна луш хилар Цо вайх бина боккха къинхетам бу. НАХЧО а, КЪОНАХ а хилчхьана Цо вайга, Зулкъарнис санна, дуьне куьйга кIела дерзаде, я лаьмнаш лестош, хьуьнарш гайта ца боху. Амма, боху – хьайн хин йолу кхане йохкий Иблисан дуьненахь гIортор хилий дIа ма хIотта.

 

(с) Саид-Магомед Хасиев для Нохчалла.com

Подписаться

Вы можете подписаться на обновления сайта. Для этого введите Ваш электронный адрес:

 

Напишите нам






Кто на сайте

Сейчас 82 гостей и ни одного зарегистрированного пользователя на сайте

Вход на сайт

На сайте нет регистрации пользователей. Все разделы сайта доступны без регистрации

Статистика


Рейтинг@Mail.ru


Баннер

Разместите у себя на сайте наш баннер

История, обычаи и традиции чеченского народа

Реклама на нашем сайте