noh cherkeskaПримеры проявления Нохчалла.

Рассказы из жизни, присланные посетителями нашего сайта.

ishkola 1Онлайн уроки по чеченскому языку

С квалифицированным репетитором

Зударех цхьа-ши дош

zuda(статья на чеченском языке)

Зудчух лаьцна дуккха а хабарш ду вайна юккъехь лелаш. Амма, и хабарш дуьйцуш лелачара, дукха хьолахь дицдо зуда а адам хилар. Цул сов, цхьа Адам-пайхамар воцург цхьана нанас кийрахь лелоза а вац. ТIехула тIе, вайн Iадаташца дуьстича а йишас вешера дIаэцна ю зударийн олуш йолу цамгарш, шолгIа делахь, кхана вай тIехIуттур долчу махьшеран арахь, хIора а шен-шен мохь базбелла, «гIолаца мила вер вара те?» - бохуш, массо а холчу хIиттинчу дийнахь, йишас боькъур бу боху вешица и беза мохь.
Шен дегIан-син мутта цуьнца доькъуш леладо нанас шен кийрахь бер. Цу тIе, доьзалхо дуьненчу волучу хенахь ненан бIаьргашна тIе Iожаллин бIаьрг хIутту. Кийрахь лелийнарг-м хIунда юьйцура шех дуьххьара куьг кхеттачунна а, иза некхе лецначунна а, декхаре лоруш ву нохчаша стаг. Къемата де тIе кхаччалца йолчу хенан йохаллехь, Iай кхакхана тIе, аьхка тIаьрсигана тIе а хаош, дагаеънарг тIекхачош дола дича а, шен оццул а терго йинчунна хьалхахь декхарийлахь вуьсур вара кIант (йоI). Зударийн ларам вайлахь лоха хила а ца хилла, хуьлийла а дац. Дагалаца А.Казбегис а, кхечара зударшца нохчаша лелош хиллачу юкъаметтигех лаьцна яздинарш.


Адаман декхарш дуьйцучохь, доьзал кхоллар-кхиор вайна тIедужучех хилар лакхахь хьахийра вай. Вайн дайшна дика хуучех хилла иза. ЙоьалгIачу муьре лестина воккха стаг (нагахь ламазхан хьашташ кхочуш далуш иза велахь) пхьора зуда (кIентан... кIентан иза елахь) пхьоьгIанахула чекхйолуш хилча (чохь дерг вай дийца а ца дуьйцу, цуьнан декхар ду иза) шен дегI нисдеш хьалагIоттуш хилла. ХIунда деш хилла цо иза? Цкъа делахь, цу зудчун кийрахь верг пайхамар, эвлаяъ, я шайх хила тарлуш хиларна. ШолгIа делахь, шен доь ца дайта гIерташ, дайн сий ца дойуш, тIаьхьено шен цIе а ларъяре сатуьйсуш, дахарехь валахIоьттина къахьегна хиларна. Ларам боккха хилар гайтам бац ткъа, новкъахь зуда дуьхьал нисъелча (нагахь санна ша МЕХКАН КОСТ эцна воьдуш вацахь) цуьнца эвхьаза валарх ларлуш, динна тIера вуссий, цуьнан Iуналла деш, иза верасашна тIекхаччалц дIаюьгуш хиллехь. Ларар дац иза, нагахь санна, диг-мангал а карахь, юьртана юьстаха зудчунна тIекхаьчча, ворданца елахь, иза йоьттина (дечигца я докъарца) иза юьртан пхьоьгIана ялийна, юьртарчу нахана, ханна мел жима хиларх а, «нах дац шу» ала цуьнан йиш хилча. Шен нана, йиша, сте, йоI лоручо лелош хилла хIуманаш ду кхузахь хьахийнарш. Иштта къонахий, схьагарехь, алсамо хиллачух тера ду хьалха. Нохчийн оьздачу гIиллакхех хьалхарниг лара мегар ду аьлла хеташ ву со, стаг ву ша бохуш лелаш волчо, муьлхха а зудчуьнга хьалха дIакховдош дерг вошалла хилар. Цу тIера дIадолалуш ду важа дерг дерриге а. КIеззиг мукъане а дайн воддах хIума шеца долу стаг зудчуьнца эхь-бехк лардеш хуьлуш ву. Шайн дахарехь зIакардаьхнийн амалех тар ца бала гIерташ схьабаьхкина вайн дай (хIинцца хьахийначу зIакардохнан а, виран а амалехь лору зудчун лаам кагбан гIерташ волу стаг). БоргIал а, вир а ду, дуьне а дицдой, зудчунна тIехьодург. Нохчийн кхетамах лаьцна хьахийначуьра кхин цхьа агIо а ю билгалъяккха езаш: олхазарийн, дийнатийн аматаш дика девзаш хилар, царах адаман юьхькIайн ен дерш тIелацар, акхараллийнаш юхатохар. Схьалоцур вай берзан амал: акхарошлахь шайн бен йоцург ю цаьрца цуьнан стенчо къаставо тIаьхьенна хинволу да. Иштта илгалдаьллачарех ду берзалоша сте а къевсина, къизалла хьалха ца яккхар.


Доьзалехь а ю нохчийн шатайпа башхаллаш. Масала, безаман уьйр хаьдча зуда а, майра а атта дIаса къаьста. Кхечу къаьмнех тера доцуш йитар-витар атта хуьлуш хилла вайн доьзалшкахь. Ас ца боху иза дикачех ду. Амма, ехна, йоI бертахь йоцуш, доьзал кхоллабалар юкъара дIадаьккхичхьана дуьйна схьа (ядор а ду магош доцчух) зудчунний, цIийнадений юкъарчу уьйр-безамо хьалхара меттиг дIалаьцна. Европан къаьмнийн Iедалшца догIуш делахь а, цу шиннан цхьаьна дижар (в обособленной спальне, в одной кровати) вайна юкъахь лелла дац, дижар-гIаттар ша-ша хуьлуш хилла. Дайша лелийначарах дац, шарIо иза тIедиллина делахь а, «со хьуна оьшур юй?» - хоттуш, буьйсанна йохаллехь сте майрачунна кхузза тIехIоттар а. Зудчо хаам баллац, шена иза эшар хоуьйтуш, цIийнда сатухуш хила везаш хилла нохчийн Iедалехь.


Европан къаьмнийн кхетамца, зудчун, боьршачу стеган бакъонаш цхьатерра хила езаш ю. Амма нохчийн зудчуьнца болу лараман кепаш шатайпана хилар бахьанехь, и нийсо (равноправие) вайца йогIуш яц. ХIунда аьлча, церан чурх цхьатера яц. Адам-пайхмар, вайна ма хаъара поппарах кхоьллина ву, ткъа зуда, цуьнан пIендарх. Вон амал йолчу зудчун карах поппар санна хуьлуш ву стаг. Сеттина пIенда санна, гIамстаг хьалха нисъелларг елахь, боьршачу стага лелочух гIуллакх хир дац. Зудчух бод бо, иза лора тIе йоккху безаман йовхоно, лараман цIаноно. Ваайн дай дукхе-дукха хьалхе кхетта хиллачух тера ду, тIаьххьарчу хенахь Европан къаьмнийн хьекъал долчу векалша хьалха дерзийна лелочух: «Нагахь санна шайна къоман лакхалла мел хьала яьлла хаа лаахь, хьовса цу къоман зударий муьлхачу хьолехь бохку». Эрна аьлла ма дац вайн дайша: «Стагах стаг зударша во, стогаллах азударша воккху». Боьрший-стей, дей-буьйсий санна къаьсташ а, амма цхьаъ важа доцуш хила йиш ца хиларх а дика кхеташ хилла вайн дай.


Цу тIе, зуда Нана лаьттаца йоьзна тарйина. Цунна кхерам стиглара охьа богIуш лору. Ткъа стагана лаьттах хьала боху, - олуш ду. И бахьана ду зуда коша юьллуш цхьа бел йиллина а къоргIа йиллар. Боьрша стагга-м цхьана гена заманахь дIавуллуш хила а ца хилла. Стеган а, зудчун а бакъонаш хьахаеллачуьра ала догIу, уьш цхьатера хилар. Амма церан некъаш тайп-тайпана ду. Вай лакхахь хьахийна стеган мотт а, зудчуьнан когаш а бихкина хиларх лаьцна. Иза гучудолу ков-керт, юрт, урд бохучул а зудчун некъ дехьа ца баларца. Маттах лаьцна аьлча: «дIадахахьа дIа, иза-м зударийн хабарш дара», - олий, боьршачо аьлларг кийчча дов хиндолчохь тIаме, чIире ца доккхуш дуьту стечо аьлларг. Иза хIунда магийтина? Магийтина зударшна тIехь кхечеран а, хIусаман а дукъ Iуьллуш хиларна.


И дукъ бахьанехь, уьш лаьттан векалш а хиларе терра, тахана хIинцца чохь оьшург дазло царна. Нагахь санна цуьнан доза-барам бохург дIахецалахь хьашт-дезар сутаралле доьрзу, сутаралло лоллий шена хьалха волчунна тIейоьрзу: «иза хьенехагIеран хIарий-важий ю, хьо цул а хIун оьшуш ву? Хьан берийн хIунда яц церан ерг?» – бохуш, майрчуьнан лергех мехий даха зуда йолаелча, кхане ган декхарийлахь волу стаг лартIера волу, хьарам-хьанал ца бохуш, каетта волало. Цундела олуш хилла вайн дайша: «Вон зудчо стогаллах вохаво стаг». Нагахь зуда оьздачу хIух (ша оьзда хилар ду иза) елахь, шен чу йохьучуьнан бала кхочуш а, хьарамчух къаьхкаш а хир ю. Ша къила яхана ца Iаш, хьарамчу хIуманах а тухий, цхьа а бехк боцу доьзал а, хьокъала буллу цо.


Вайн дайша шайна тIаьхьа битина схьабогIуш бу цхьа тамашийна кхетам: «Дала декъал йина зуда», - олуш. Ишттаниш а дукха хуьлуш бац. Къонахий а, Дала декъала бина зударий а, асар санна дебаш хилча къам ша хьалха хилла долу къам хилла чекхдер дара. Къам ца хуьлийла а дац, нагахь хIусамнана генарчу Iалашоне бIаьрг тухуш тахана оьшучу хьаштийн буржалех паргIат а яьлла, даима когаш кIел хьежар а дитина, тIейогIучу кханенга хьоьжуш хилахь. И дарца цо доьзалан сий байракх йина ойур ду, цуьнан дика цIе йоккхуьйтур ю. Нагахь иза цу некъана юьстах лелхаш елахь, цо хьоьхучу некъа ца вала стаг я Турпал хила, я Дала цхьа боккха кхетам белла, цо шен лаамца ларвеш лелош хила везаш ву. Стаг зудчуьнга хьежар тахана лортIера даьлла: цунна яцон вира а, даима самукъане, елаелла, екхаелла, IатIар хьожа а етталуш йолу, ловзон сте а еза. Иза ду вайн тахана галдаьлларг.
«И ахь боху къонахий а, хIусамнаной а туьйранашкахь бен бац», - олуш, дуккха а меттигаш яьхкина соьца. Бу! Дукха бацахь а, болуш бу! Масаллина, со кIезиг-дукха хьалха хьийзина, суна кхача хьалха бехкина йолу Айдамиров Абузаран хIусамнана яра (Дала декъалвойла иза). Шен долчу кIеззигчух тоам ца беш: «Оьшу, яккха, ядае, дIора хьенех-минех хьоьл а хьекъална-кхетамна, доьналлина тоьлаш ву? Хьо цул а оьшуш ву вукхул а; хьажал церан берашна тIехь, чохь-арахь дерг. Хьажахьа, хьастагIа вуно чIогIа юьхьIаьржа хIоттий-кх «цо»: «ХIара хьуна тIера коч, дIаяханчу аьхка лелийнарг-м яц», - аьлла. Хьомениг, дитал къомана-махкана бохург; вала хIоьттина пайда ца бохьуш долу къахьегарх хьан хIун хьала даьлла? Сох, хьайн берех къа ца хета хьуна, нехан берашна тIехь ер-ерг езаш, сатуьйсуш, къурдаш беш Iачу», - бохуш, иза гонах хьийзаш, лергах мехий дохуш хиллехь, Абузарах тахана вайна вевзаш волу Абузар хир вара аьлча, теша хала ду.


ХIара къамел дерзош «зуда» бохучу кхетамах алаза диснарг эр дара ас. Тахана схьаоьхьуш дорлчу суьртаца и дош «джалица», я «говраца» дузуш ду кхин а генара орамаш сайна гучудаллалц. Со а Iийна иза бакъ хеташ. Кхечу къаьмнийчул а дукха дуй-те, аьлла, дукха ду вайна юккъехь цхьана моттаргIанашна, дош схьа а оьций, цуьнца боьзна болу кхетам дастаме боккхий, бехбеш. Иза а цу дешан орам схьа мичара баьлла юьхьанца цуьнан хIун маьIна хилла хьажа гIерташ къа а ца хьоьгуш. Царах ду аьлла хета суна вай хьахийнарг а.
Олхазар, я цхьа дийнат юьхьар лоций, цо адамийн гIолацарх тешаш хилла генна хьалхарчу заманашкахь. Цунах тотем олу Iилманчаша. Дукха хьолахь хан-зама яларца, иза кхетаман символе доьрзу. Цуьнца доьзна далон дуккха а масалш долуш ду. Вай шина-кхаанна тIехь совцур ду. Ширчу Грецехь саькка бухIа хилла лоруш; жуьгташа – лаьхьа; оьрсаша – цхьогал, вайн зу (Итумкхаьллаххьий, иштта дIа цу агIорхьай цунах Зудам олу). Цо гIолацарца вайна дуккха дика хIуманаш юкъадаьхна ларалуш ду. Масала, кIа хьакхаран меттана, куьйгашца кенаш дохуш гича адамех къа а хетта: «КIа хьакха нIаьнин цIоганан сакх мас санна долу, гома арсаш хIунда ца до аш?» - цо алар бахьана долуш, юкъабаьккхина бу боху марс. Иштта хIуманаш дуккха а ду цуьнца доьзна. Цундела ас и вай дуьйцуш долу дош «зу» бохучуьнца дузур дара.


ШолгIа делахь, вай лакхахь хьахийна йолу Итум-Кхаьллий, цунна уллерчу яртийн цIерашший хала ду говраца йоьзна ю ала. Цул сов, Iилманчашна хууш ду «юрт, эвла» боху дешнаш вайна юкъа Дале «кхаьлла» боху дош хьалха заманахь церан меттана лелла хилар. Цуьнца доьзна дага ца даийтича дер дац, ялта дер-дерзор цхьана хенахь зударийн гIуллакх хилла хилар, къаьсттина лаьмнийн ярташкахь. Кхузахь хьахийначунна тIедоьгIна, шолгIаниг ас дузур дара «юрт», «юьртахь юьсуш ерг» бохучу дешнийн маьIница.
БIаьгарх дерг дерзош, юха а карладаккха луур ду, тахана ас сайна хьалха хIоттийна Iалашо тIехула лелачу, хIора стагана мин-минотехь тIеIотталуш, тIеIоттадала тарлуш долчу нохчийн гIиллакхех дийцар хилар. Церан орамаш , муха, маца юкъа деана-даьржина бохург цкъачунна бухахь ца дитича ца долучарах ду, цунах дерг дерриге а талла гIоьртича, сан къамел дахлур ду. Нагахь оьшуш хилча гучудалахь, иза кхочушдан халачех дац. Коьртаниг, - долуш дерг дIалаца, цахуург Iамо луурш бовлар ду.


ХIора дийнахь тIеIитталуш дерш, ца хиъча, ца лелийча ца долуш дерш хиъча, лело воьлча, сих, цIийх, тIамарх доьлча, кхузахь хьахийначарал жимма чолхенаш тIелаца а, дIакхехьа а атта хила там ма бара, бохучу деган йовхоно дIадоладойтуш гIуллакх ду хIара. БIеннах цхьамма тIе лаьцча а, дуьненахь биттина когаш эрна хир бацара-кх, нагахь кху йозанах кIеззиг баьлла а, къаьсттина кегийрхошна, аьтто а, пайда а балахь, сапаргIат хир ву.
ТIаьххьара а, юха-юха а-м боху ас, Веза, Воккха, Сийлахь Дела, стеган сица, ойланца, дагахь-кийрахь хила везаш ву; Иза воцчохь гIиллакх-оьздангалла лелаш яц. Нагахь лелош хилча а, цунах гонах болчарна гайта айина долу дуьйсина ахкарг хуьлу. Цуьнан мах дукха кIезиг бу-те иза?

 

(с) Саид-Магомед Хасиев для Нохчалла.com

Подписаться

Вы можете подписаться на обновления сайта. Для этого введите Ваш электронный адрес:

 

Напишите нам






Кто на сайте

Сейчас 142 гостей и ни одного зарегистрированного пользователя на сайте

Вход на сайт

На сайте нет регистрации пользователей. Все разделы сайта доступны без регистрации

Статистика


Рейтинг@Mail.ru


Баннер

Разместите у себя на сайте наш баннер

История, обычаи и традиции чеченского народа

Реклама на нашем сайте