noh cherkeskaПримеры проявления Нохчалла.

Рассказы из жизни, присланные посетителями нашего сайта.

ishkola 1Онлайн уроки по чеченскому языку

С квалифицированным репетитором

Ловзар

lovzar1Зуда ялийначохь ловзар хила хьакъ ду, хилча хаза а ду. Амма, цу тIехь цхьа хIума дицдо вай ловзар коьртаниг делахь а, тойнан иза цхьа дакъа бен дац. ШолгIа делахь, ловзар нускална, иза далийначу кIантана, я цу хIусамна деш а, хIоттош а дац, царна цунах вуно кIезиг дакъа кхочу (оьрсаша а, кхидолчу къаьмнаша а шайна лерина до иза). Вайн ловзар юьртана а, коьртачу декъана – кегийрхошна, церан самукъадаккха, хIоттош ду.
Кегийчарна иза хууш хилча, ловзар дохон уьш богIур бацара аьлла хета. Тахана вайна ма-гарра, иза хIоттийначу нахана цунах бала бан, коьртаниг царна лазам баккха богIу цхьаберш цу ловзарга. Гарехь оцу гIуллакхах церан самукъа алсам а долу. Ловзар оьзда а, гIиллакхехь а дIадахьар массарна а тIедужу, коьртачу декъана, кегийрхошна. Цундела бакъдолу ловзар тахана наггахь бен хуьлуш дац.

Ас хьалха ма-аллара, ловзарга гIерташ йолу, нах аьлча-м нийса хир дацара царех – пелагаш, дикане-диканца йогIуш яц. Цундела цкъа а, шозза а нехан меттиг йохош цаьргара хIума даьлча, шайн нахе дIакхайкхабой, лайтIе хиъна къийгаш санна гучубовлу уьш. Цул совнаха, тIехьийзачу мехкарша буьту, кхечу юьртарчу мехкарша а тIе ца лоцуш лела. Дагалоцур вай Эвтарарчу Курачу Хизарс шен дахарехь тIаьххьара аьлла дешнаш: «Кху самукъадаьлла Iачу кегийрачу нехан меттиг ца йохон а, той вайна хIоттийначу керта балийн марха ца хьовзийта – дегаюккъе шокъали кхетча «ахI» ца олуш шен са долуьйтур дара ша». Ша ма-бохху шен са а далийтина цо, мичахь-муха лела деза гойтуш. Вайн къонахий хила а хилла, цара вайна масалш а дитина.
Ша бахьана долуш нехан меттиг йохор уггар осалчух лерина ду нохчаша, ворхIе а дайшкахь дуьйна.
Цхьамма а цига кхайкха ца оьшуш (оьрсийн а, иштта кхидолчу къаьмнийн а санна) маьрша тIеваха, дакъалаца йиш йолуш дара вайн ловзар. Иза шена цхьанна, я цхьана тобанна, куьпана доцуш, массарна а дакъа кхочуш, массеран а бала кхача безаш юкъара хIума дара вайна хиъча. Цунах долу дика а, вон а хIоранна а кхачарна маьрша, юкъара ду иза. Вешан оьздачу дайша вайна йитина хазна яра иза, цуьнан тидам а бина, бала а кхаьчна, дIалелон нахана хиъча… лиъча.
Охьаховшаран, мехкарий-кIентий дIанисбаларан ловзаран кеп синкъерамехь арриг ю. Амма синкъерамехь тидам тIе ца боьдуш дуьсурш кхузахь гучудовлу. Иза тхевнна кIелахь дIахьош цахиларе терра, мехкарий дIанисбо я малхбалехьа, я къилбехьа, аьттоне хьожжий. Нагахь санна, нах ругIуна кIелахь ховшийна а боцуш малх совбаьлла хьал хIуттуш меттиг нисъелча, царна тIехула гата лоцу.


Дукха мехкарий гулбелла, иштта дуккха кегийра нах баьхкина меттиг нисъелча, церан шишша-кхоккха могIа бан безаш хуьлу. Юьртара мехкарий хьалхара могIанехь охьа ховша, зудабераш юкъабаьхкина юрт, юрт гена мел хили а, уьш дIанисбен могIа ловзаран юкъана гена хуьлу. Кегийра нах дIанисбаларан хIинца дийцинчунна нисса бIостанехьа нисло, генара баьхкинарш хьалхха ховшу, юьртарниш – мелла а тIехьа оцу могIанашкахь. Хьалха ховша гIерташ юьртарчу кIенташа кийтарлонаш лелийний-те? Дегабаамаш хиллий-те царний, тIебаьхкинчарний юккъехь? Ца хилла! Ца хилла уьш къонахий болу дела!
Ловзаргахь адам дуккха а гулдаларна, дистхиларца аьтто лахбалар бахьаненна, синкъерамехь а санна, кхузахь лелаш дац йоI-кIант вовшийн зер-таллар. Кхузахь кIентан дагахь дерг йоIе, йоьIан дагара кIантана дIасакхоьхьуш леррина къастийна тоба ю, уьш хьалха дуьйна а бевзаш хиллехь. ЙоIа хьала а айалой маршалла хаттаран кеп хIоттийча бен, кIанта йоIана тIе хабар дохьуьйтуш а ца хилла, вай ойла йича, таханлерачу хьолаца дуьстича!!! Иза доккха ниIмат ма ду.
Синкъерамца дуьстича, кхин цхьа башхалла а ю кхузахь. Кегийрчу нехан тхьамдийн метта шен шина накъостаца коьртехь Iаш инарла ву, царна хьалхьарчу стоьла тIехь даар-малар. Вай лакхахь хьахийнарг йоцург, царна гIодеш кхин а тобанаш ю мехкарийн а, божарийн а хелхабахаран раж ларйийриг, маларан кад дIасакхоьхьучийн; джухаргийн; пурстоьпан. Оцу тобанаша хIораммо а дIакхоьхьу шен-шена тIедиллина декхар.
Инарлина а (хIара кеп юкъа яле муха хилла-те, аьлла, теллина дац. ХIара юккъехь яржар, оьрсийн бIаьна амалш йовзарца доьзна ду), цуьнан шина накъостана а тIехь декхараллин доккха дукъ Iуьллу. Той долчу дас, ловзар инарла векал вина а цуьнан кара дIаделла а ду. Цхьана хенахь, тойнан дас инарлина тIедуьллуш хилла пондарча а, зурманча а, вотанча а, пелхьонаш а лахар, дийцар, кхайкхина балор. Ловзар шен хотIехь дIадахар, цуьнана дикалла-хазалла гучуялар инарлин корматаллах доьзна хилла. Тахана схьахIуттучу суьртехь, кегийрчу нахана шаьш муха лела беза ца хааррий, баккхийчарна ловзар дIа муха кхехьа деза ца хааррий, вай хIинца йийцина каспах (тахана – профессия, средневековый цех боху маьIна ду) йолчу нехан тоба лахъяларца доьзна-м дац-те, - аьлла хета).


Кхин цхьа хIума а ду ловзаргахь къаьсттина гучудолуш – синкъерамах хьаьрчина дуьсуш дерг. Иза хелхар ду. Вай лакхахь ма аллара, къонаха гонна юккъехь тIаьрзенаш дIаса а кхуьссуш веттаваларх, цунах хелхар хуьлуш дац. Цуьнан шен кеп, маьIна, орамаш ду; маьIна ду хIора боккхучу кога лоран, лоцучу куьйган, дIасаверзаран, хьовзаран, бIаьрг тохаран. Цхьана гена яханчу хенахь, тахана санна, хелхарна талмажалла дан дезаш ца хилла. Дагахь доллучуьра аьлча, вай тахана ладугIу эшарш аьлла цIе тиллинчийн дешнаш массарна а дагахь хууш хилла. Амма таханлерчу денна дукхачу хьолехь уьш вай дицдина. Наггахь а хир вац оцу мукъамийн дешнаш дагахь хууш.
Нохчийн хелхар кхаа декъе декъалуш ду: I) мифологема (кхузахь ширчу грекийн мифаш, лабиринт, нить Арианды, подвиг Тесея – дага ца лаьцча кхетар дац дуьйцучух); 2) хелхар (ша лелийнарг, гинарг, чекхваьлларг дуьйцу цу хелхарехь жимачу стага); 3) дерзор. Вай дийцинарг кIанта дечу хелхарх дара. Ткъа йоIа дечу хелхаран маьIна тахана а таллаза ду.
Кхузахь дуьйцург билгалдер ду хелхаран кепан сурт бIаьрга дуьхьал хIоттийча. РагI тIекхаьчча хелхавала хьалагIаттаво кIант, цул жимма тIаьхьа хьалагIаттайо йоI а. Иза хьалагIаьттина яллалца, шеца охьахевшина болчу накъосташца къастаран, вовшах довлара кеп хIоттош соцу жима стаг. Ший а кийча делахь (синхронно) дIадолалой тхьамдий, инарлий волчу «баьрче» дIахIутту. Цигара дIа аьтту белш хьалха а йоккхий, хелхар дIадоладо цу шимма. Цхьаъ вукхул гат а беш, и шиъ кхо го боккхуш юккъе доьду (гIамара тIехь, я мел бихкина когара мачашна тIе, гучуйолу лар лабиринт хилар чIабдаран) ламаройн шаьлта, шуьйра евза дагестански аьлла) чхо кепехь дуьхь-дуьхьал нисделча (аьрру белш чоьхьайолуш), уггар тидам тIебохуьйтург, цхьа гIулч яьккхина йоIана тIехьа нисвелла, 90 градус аьрру агIор вирзича йоIана тIехьа нисвала таро хуьлуш волу кIант, вала а волуш ца йоккхуш йолу аьрру белш хьалха йоккхуш хьовзе 180 градусна хьовзе нисло йоIана тIехьа!!!


Тахана-м кIант ша йоIана тIехьа нис ма велла, иза шен «тIеман кIела» ма лоций. Амма тидам бел, хелхаран цIена кеп хууш волчу воккхачу стага, ша хелхаволуш куьг, белшал лакха айдо, я ца айдо. Цо иза дийр дац. Буй банза куьг а, голехь саттийна пхьарс йоьIан букътIехьахула хьаладохуьйту, тIаккха кога буьхьара хIутту кеп а йой, йоIа ког баккхале, охьа дохуьйту, юха хьала а ца ойу го бастталца. Тидам бер вай хIинца йоI хьалха, кIант тIаьхьа, цхьаьна, амма тIема кIел лоций-м ца хуьлу йоI. ШолгIачу декъехь, йоI тIема кIел «лоций» лелош елахь, хIинца йоIа воккху кIант юкъара ара. Ша тхьамдина хьалха нисвелча иза соцунгIа хуьлу, йоI, инарлина хьалха дIайоьдий, соцу. Вай дуьйцу хелхаран шолгIа дакъа тIаккха долало.

Го хьовзочу хенахь, кIант боларца воьду гонна юкъа (тIехьара ког хьалхабоккхуш дерг ду иза. Хелха волучу хенахь стаг адам хилла ца Iа, цуьнгахь долчух сокральное состояние олу. КIентан верзар йоIана тIаьхьа (вайн эргономични система хиларехь, чIогIа тамашена ду иза), цул тIаьхьа цо деш дерг геннара орамаш долуш хIума ду – Iилманехь превращение олу цунах. Иза го хьовзочу хенахь адам ду, амма сакральни состоянехь ву иза. Гонна юккъе къаьчначул тIаьхьа – божествохуьлу цунах. Я кхечу дешнашца аьлча, дух. Цундела го бостучу хенахь болар а хийцало цуьнан – сайн болар (хьалха баьлла ког кхин а жимма хьалха тосуш. Иза нохчашна юккъехь бен ца гина суна.
Хелхар дерзоран а ю хIоттон бух а, лаца тIам а болуш шен кеп. Тахана гIалахь самодеятельни кружокехь Iемина йоI, юьртан ловзарга нисъеллачохь айина куьйгаш а долуш, къаьхкина йоьду говр санна, юха а хьоьжуш, йодий шен метта охьахуу. Иза нийса дац. Куьйгаш охьадахийтар – кIантана а, цигахь мел нисвеллачунна а хаам бу йоIа шен хелха ялар сацийна хилар. Цул тIаьхьа а ца йоьду иза шен меттиге. Шеца хелха волуш хиллачо инарлина хьалха сецначул тIаьхьа, шена корта таIош баркалла аллалц соцу, цхьаболчара-м и баркалла тхьамдина олуш ду олу. ТIаккха цхьаьний (синхронно) шаьшиннан метта доьдий, кIант – хьалха, йоI – жимма тIаьхьа, охьаховшу.

Вай лакхахь хьаха ма-дарра, нохчийн лозаргахь, патарми чуьра молха доьхкина а, совгIатана хIума охьа ца юьллуш дIавоьдуш ца хилла. Вай кхазхь буьйцурш шуьне кхайкхинарш бац. Царна хьалха-м ши декхар Iуьллийца – совгIат дар, нус гуча йоккхуш мотт баститар. Билгалдан догIу несе кховдош дерг цуьнан хилар. ТIаьхьо цо иза марнене кховдийча бегIийла ду. Амма кхин а оьзда хир ду, нагахь марнанас иза несехь дитича («Сан бIаьрг, кхетам тIе ца кхочуш дукха хIума ду хIинца юкъахь лелаш, вай юьхьIаьржа хIотта тарлучуьнга хьовзор ахь»).
Ловзарга нисвеллачу жимчу стаге «хIете-вете а хIума таса еза ахь», бохург, нохчашна юкъара дIадаьккхина. Цуьнан бахьана суна хетарехь, вайна сих-сиха тIехIуьттуш долчу халачу хьелаша кегий нах ловзарх хера бахарехь ду. Иза а вайн оьздачу дайшкара ца даьлла хьаьнгара дера дара?!

(с) Саид-Магомед Хасиев для Нохчалла.com

Подписаться

Вы можете подписаться на обновления сайта. Для этого введите Ваш электронный адрес:

 

Напишите нам






Кто на сайте

Сейчас 186 гостей и ни одного зарегистрированного пользователя на сайте

Вход на сайт

На сайте нет регистрации пользователей. Все разделы сайта доступны без регистрации

Статистика


Рейтинг@Mail.ru


Баннер

Разместите у себя на сайте наш баннер

История, обычаи и традиции чеченского народа

Реклама на нашем сайте