ozero kezenoi amПоездка в Чечню.

Знакомство с культурой, языком, историей, обычаями и традициями чеченского народа

t noev zavetКупить книги С-Х. Нунуева.

Член Союза Писателей СССР, РФ, кандидат исторических наук.

Тезет

tezet1

Ислам динехь мел долчу къаьмнийн тезет цхьана кепехь дIахьош а, лелон дезаш а хила дезара аьлла хетало, амма дахаро гайтарехь иза иштта дац. Къомера къоме даларца кхечанхьачул а алсам кхузахь гучубуьйлу цхьацца къестамаш. Уьш а боьзна бу хIора къоман гIиллакхех, амалех, дуьнене болчу хьежамех. Кху тIехь кхин цкъа а гучудолу бусалбан дино, къоман гIиллакхаш кегдеш, отуш цахилар. Масала, вайна луларчу гIуьмкий, кхидолу къаьмнаш ца хьехийча а генара тIевеънарг цец а воккхуш, церан а, вайн а дукха ду цхьаьна догIурш, тезетана тIевогIург (вуьйцург боьрша стаг ву), иза вайна мел тамашийна хетахь а, белхаран кепаца тIеван везаш ву. И кеп кавказан дукха къаьмнашна юккъехь лелачех ю, цу тIехь гIумкий шаьш цхьаъ хилла а ца Iа. Нохчийн тезетан, кхидолчу гIиллакхийн леларша А.С.Пушкин ваьхначу заманахь а, гонах долу къаьмнаш цецдохуш хилла. Хьовсур вай цуьнан «Тазит» цIе йолчу поэме: бухахь хиллачарах мел къаьсташ ду нохчийчо кхиийначу кIентан лелар, дуьненах кхетар, гIиллакхаш, амалш.

Кхечу къаьмнийн векалшна билгалдаьлла ма-хиллара, нохчийн тезетан шен кеп а, куц а ду. Кхузахь гуллуш болу нах шина декъе (кIулле) бекъало: тезетана тIевоьдучу аьтто агIор берш жим-жиманиг кевнан бертехьа, вокх-воккханиг «баьрчехьа». Ирахь лаьттачу кегийчарна тIера охьахевшинчу баккхийчарна тIекхаччалц тезетан дайшца бала бекъа, шайга лацалуш долу гIолаца, вон тIехIоьттинчарна гIортор хила баьхкина бу юьртара а, гонахара тIебаьхкина а нах.
ТIебаьхкинчарех уггаре а воккхачунна, я Iеламан стагана аьрру агIор охьахиъна хуьлу верасех воккхах верг. Цунна тIера дIа охьахевшина хуьлу баккхийнаш, кегийнаш ирахь лаьтта; юха а жим-жиманиг юьххехьа а волуш лаьтта кхелхинчуьнан верасаш. Тезетан сурт хIоттон гIоьртича, «П»-х тера йолуш шен кепаца аьтто агIор берш «П»-н аьтту «белшана» тIекхаччалц тIебаьхкина нах бу. Цу тIера верасийн могIа болало. Цундела тезета вогIург тIебаьхкинчарех а, верасех а баккхийчарна тIекхача 5-6 гIулч йиссалц аьтту агIо лоцуш тIевоьду тезета веънарг. ДоIа дина ваьлча дIанисло тIебаьхкинчарна юккъехь. ДоIана кхузза куьйгаш лаццалц тезетахь саца веза цуьнан. Цул тIаьхьа тезетан дайша шена пурба делча, верасийн могIанца, хIоранга шег-шега вистхуьлуш, кадам беш араволу. Тидам бича гучудер ду юккъехула дIа ца гIерташ, аьтту белш хьалха а йоккхуш, ног тухуш, гуо боккхуш иза араволуш хилар.

«Самал дала догIу тезетахь, я ца догIу?» - боху тахана. Тезета воьдург – дов, тIом эцна воьдуш ца хиларе а хьаьжна, тIехула тIе, вон деанчуьнца бала бекъа воьдуш хилар билгалдаьккхича, юкъ яьстина ваха дезаш дара, тIаккха салам далар догIуш дац. Амма вайн баккхийнаш, дайша лелийначух херабевлла хиларна тахханалц «АллахIу Акбар» бусалбаллин гайтам ма-хиллара, салам далар верасаша шайн дог эцар лоруш хилча, цаьрга иза дала деза. Амма ца догIучарех, вайн дайша осала леринчарех долу цхьацца хIуманаш, ца лелийча бегIийла хета – вовшашна мара деттадалар. Озабезамаш цигахь ца лелабарх,
гергарлонаш лелон меттигаш дукха ма яй. Хаза доцчух ду: го хедош дIаса лелар, велларг виц а вина дуьненан къамелаш хьалхадахар.

ТIевар, сацар, дIавахар ду шен-шен хила йогIучу кепаца нисйина. Нах сиха боцчу хенахь тезета хIуттуш ца хилла вайн. Малхбуза ламаз динчул тIаьхьа а (Шемилан заманахь вен кхиэл йина стаг цул тIаьхьа вуьйш а ца хилла). Тезетана тIе йогIург йоккха тоба елахь, дагардан ринже лаьллина жа санна, тIегIертар а ца лерина хаза. Вайн дай Iедаташца, велларг кешнашка хьош берш, я тезета богIурш могIане ялх-ялх хIуттуш хилла. Вовшех ца уьйш тоба цхьаьна арайолуш елахь, хIинцца баьхкинчара шайн кеп йоха ца еш, арабовлу. Кхин нах цаьрца арабовла дагахь хилча, царах ца хьерчаш, жимма соцунгIа а хуьлий, царна тIаьхьа хIуьтту.
Тахана ламанца бехачу наха шайн тезеташкахь паччахьана ял дIакхачо кхайкхина баьхкинчу векалшна хIоттош йолу ПРОТОКОЛАН кеп хIоттайо; Iасанашца дуьхьала богIий, шаьш хьалха а бовлий тIебаьхкинарш тезетана тIебуьгу, саца веза меттиг гойту, мичара-муьлш бу хоуьйту. Оццу наха хоуьйту хьан хIун ял еъна. ХIун, муха, мичара ду ца хуучунна и кеп вайн дайшкара ю мотта а ло.
Вайн дайшкара схьаеъна, тезетан кепо гойту – муха, мичхьа тIевахна саца веза, хьаьнга вистхила догIу, араволуш муха вала веза… нагахь санна, тезетан кеп йоьхна-яьржина яцахь, тIевоьдучунна ша лелон дезарг а хаахь.

 

(с) Саид-Магомед Хасиев для Нохчалла.com

Подписаться

Вы можете подписаться на обновления сайта. Для этого введите Ваш электронный адрес:

 

Напишите нам






Кто на сайте

Сейчас 252 гостей и ни одного зарегистрированного пользователя на сайте

Вход на сайт

На сайте нет регистрации пользователей. Все разделы сайта доступны без регистрации

Статистика


Рейтинг@Mail.ru


Баннер

Разместите у себя на сайте наш баннер

История, обычаи и традиции чеченского народа

Реклама на нашем сайте