noh cherkeskaПримеры проявления Нохчалла.

Рассказы из жизни, присланные посетителями нашего сайта.

ishkola 1Онлайн уроки по чеченскому языку

С квалифицированным репетитором

Всё о чеченском языке

Толкование чеченских фразеологизмов. Часть 6

frazy91

Амале ваьлла – амал толийна, амална тIаьхьахIоьттина
Ахчанехьа ваьлла – ахчане марзвелла
Аьллар тIера ваьлла – ла ца дугIуш, низамера ваьлла
БаI ваьлла – гIеметтахIоьттина; кечвелла, вухавелла
Водучу тIе ваьлла – готта хьовзийна, холчухIоьттина
Волчарна совваьлла – волчарна а ца оьшуш, новкъа волуш
Вон лела ваьлла – хийцавелла, дика доц-доцург дан-баха ваьлла, аьллартIера ваьлла
Вуьзна ваьлла – шорта хьал-бахам IаIийна, IаьIна; тоам хилла
ДегI лаамера даьлла – дегI аьллар тIера даьлла
ДегI пиллиг /тIома/ даьлла – пиллиг санна дайделла
Денош дагардечу даьлла – хан ларъечу; дукха хан ца йисна
Дош дашера даьлла – дашна дуьхьал дош деъна
Дош доцчу даьлла – пайдабоцчу даьлла
Дуьне диъна ваьлла – вала дукха хан ца йисна; чIогIа къанвелла, кIелвисна
Дуьненна тIаьхьаваьлла – дуьненах Iехавелла, дуьне лохуш, дезаш, цунах самукъадолуш
Заббари а яьлла – къорза, /чIогIа/ юхаелла

 

Зударий кхийла ваьлла – цхьаъ ялош, важа юьтуш; зу-дарий тIеттIа кхийла
Иккхина ваьлла – сиха; сихха /дIаваха/
Кийрахь маж а яьлла – дукха къена ву, дукха хууш ву
Кула ваьлла – хьаьхна, кIордийна, хьех-мерах чек-хваьлла
Куьйга кIелара ваьлла – аьллар тIера ваьлла
Леман тIера даьлла – хоршара, лартIера даьлла
Либарзад а яьлла – чIогIа кечъелла
Назнай а ваьлла – баьрччехь хецца тIекIел а ваьлла, паргIатваьлла Iилла
Наха сагIа ца лучу тIе ваьлла – сий дайна, сийдоцчу ваьлла
Нукурсак а яьлла – чIогIа /къорза/ кечъелла
НIаьна меттах баьлла – хьайна
Пайдабоцчу ваьлла – кIезгвелла, писвоьлла
Седа хилла дуьхьалваьлла – чIогIа дуьхьалваьлла
Сецна даьлла – хадам боллуш, хийцам хир боцуш
Сийдоцчу ваьлла – сий дайна; телхина, вуочу агIор хийцавелла
Синехьа ваьлла – сине ладегIа ваьлла, са марзделла /цамгаро лаьцна, валарчу вирзина/
Стаг хуьлчуьра ваьлла – стаг хир ву ала даха дог до-цуш
/Вехна/ ТIуртIаз а ваьлла – чIогIа вехна, дегIана дола ца далуш
Хаза воцчу ваьлла – вехна, мелла; гIиллакхах воьхна, оьздангаллех хаьдда; къанвелла, тишвелла
Харц лен ваьлла – тиларчу вахна; къорум лен ваьлла
ХIоьттина ваьлла – воккхахилла; дахарх, говзаллех, Iилманех хоттавелла ваьлла
Цамгарш лехьо ваьлла – кест-кеста цомгуш хила, цам-гаро леца
Цхьалха яьлла – бер дина; марера цIа еъна
Цхьана хIуманна карзахваьлла – юьхьIаьржонна, бо-хамна араваьлла
Цу агIор /цига, цаьрца/ леста ваьлла – цу агIор эха
ЦIарах-цIийнах ваьлла – мел долчух, гергарчарах хаьдда
Чета ваьлла – чета куьг а дахийтина; ши бIаьрг чета хьажийна
Ши ког хьалха дуьненчу ваьлла – къотIалгIа /махьарза/ вина
ШолгIа ваьлла /хьенех-минех/ – ватIийна-ваьккхина, чIогIа тера; изза
Эмисси яьлла – амнисти хилла, паргIато яьлла

 

 

2

Воккхаллехьа лестича – къаналлина гергавахча
Голана вазвелча – дегI дазделча, къаналле лестича
ГIодал-гIаддайча – кхин дан хIума доцуш дисча; чIогIа гIаддайча
ДегIе ладегIа ваьлча – цамгарш лехьо ваьлча, цамгаро дегI лаьцца
Хабар хебаршка эха даьлча – хабар гIелдела, лахдала доьлча
Хилларг хилла даьлча – хиламан йист яьлча, бохам тIекхаьчна баьлча
Ца хуьлчу даьлча – доцчу даьлча, кхин некъ ца битча, собар кхачийча
Цу тIе даьлча – аша иштта бахахь; цу хьоле кхаьчча
ЦIоган кIел хи кхаьчча – хилларг хилла даьлча; бохам тIехIоьттича, меркIел схьахIоьттича
Ша бохучуьра даьлча – шен аьллар тIера, лаамера даьлча
Шерийн мохь базбелча – къаналлехьа лестича
Ши малх схьакхетча /ши пIераска цхьаьнадеъча/ – цкъа а хиндоцург

 

3

Адмах схьадаьллачу адамо и дина аьлча нах тешар боцуш – тур-тамаше, инзаре; тIех къиза
Адамца ийна воцуш – адмах къехкаш, адмаца чу-каре /тIекаре/ йоцуш
Адам тешар доцуш – тамашийна, инзаре; тIех къиза; акха
Адмийн маттахь вистхила хууш – адмийн мотт бийца хууш; хьаьнга хIун дийца деза хууш
Адмана новкъа воцуш – юьстаха лелаш /вехаш/; ийма-нехь, гIиллакхе
Ала дезарг эр долуш – ала мало йийр йоцуш, нийсонна тIегIерташ
Ала хIума /ца/ дуьтуш – тIехтоха, Iоттар ян, бехк бакк-ха хIума /ца/ дуьтуш
Аларх а ца тешаш – сиха кхочушдан, хаза а хеташ дан
Амал йолуш – шатайпа, чIичIъаьлла; ассна долуш
Ас /цуо/ вина хила там болуш – суна хьакъ волуш; тера
Атта дезаш – башха шена хало а ца еш; малонча
Атта Iехалуш – атта тешаш, Iехон хала воцуш
Ахчанах хьанна а вохкалур волуш – ахчанах эцалур волуш
Ахча хIун ю хууш – ахчан хама хууш
Аьлларг аьлла а доцуш, дийцинарг дийцина а доцуш – дош дош а доцуш, шен дош ца лардеш
Аьллачунна тIера ког боккхур боцуш – аьллар тIехь; муьтIахь
Аьттехьа /улле/ вита мегар доцуш – тешам боцуш, боьха, ямарт

 


Бага биллича, пIелг а Iовшур боцуш – эсала, дог кIеда
Багахь мотт боцуш – вистхила ца хууш; бежана /хьайба/ санна
Бага боьха йолуш – дIаьвше, питне, боха дош ала мало ца еш
Багахь дуьрста йоцуш – бартана чехка, хьаьнга а хIуъа дIаолуш
Багахь цхьа а къахк йоцуш – цхьа а церг йоцуш
Базарахь мехала ер йоцуш – наха къуьйсур йоцуш, тI****талуш дIаоьцур йоцуш, ледара; осала
Баккхийчу лоьраша вуьсур ву бохуш, кегийчу лоьраша вуьсур вац бохуш – халчу хьолехь, дера чев-наш йина
Бакъдерг /харцдерг/ бен дуьйцур доцуш – дог цIена; харцлуьйр волуш
Бакъой, харцой къасто хууш – иманехь; нийса хьесап дан хууш, Iовдал воцуш
Балхахь а, некъахь а воцуш – кIадда ца деш, ваьлла лела
Барам-чот йоцуш – дукха; йист йоцуш
Барам-бустам боцуш – йоккха, шорта
Барч-дух доцуш – хатI доцуш, ирча /адам/
Баьпках /хьокхамах/ лан дийр долуш – юучунна тIера
Баккха бехк а боцуш, йинарг кхел а йоцуш – законехь доцуш, нийса доцуш; дарехь харцо
Беа-а бехк боцуш – бехк банне а боцуш
Бен-башха доцуш – бен ца хеташ, бен доцуш
Бехк-гуьнахь доцуш – бе-а бехк боцуш
Ботта аьшпаш а болуш, бакъдерг дуьйцур доцуш – аьшпийн кIур
Боьду моза а хаалуш – къора тийналла
Боьхачу /вуочу/ хIумнах хьожа ца йогIуш – хIуъа /вуониг/ дийр долуш; боьха, ямарт, къиза, харц адам
Буйнара бод а бадор болуш – меца; сутара; тIахъаьлла
Буй беттарх /бетах буй беттарх/ тIера вер воцуш – мерза кхача; синкхача
БIаьрган хьесап дика долуш – хаза-ирча къасто хууш; барам-бустам дика бевзаш
БIаьргашна юккъера мара а оьцур болуш – каде, иэхь гIорийна; хIиллане
БIаьрганегIар ца тухуш – оза ца луш, шек воцуш
БIаьрга Iоьттина пIелг а гур боцуш – буькъа бода
БIаьрг тIера ца баккхалуш – хаза, бIаьрла /бIаьрса суьртан йийсарехь/
БIаьрг тIехь ца соцуш – лиепе, къегина, сирла
БIаьрмецигалла валла воллуш – пис
БIаьрг хиларна кхоьруш – талхарна, нехан дог дахарна кхоьруш
БIо булуш – шен /цуьнан/ ницкъах тешаш, дог леташ
БIокъажор боцуш – мало йийр йоцуш; майра

 


Вала воллучунна хин куршка а лур йоцуш – пис
Вала /вийца/ да а волуш – цIарца дIавийца да а волуш, дола дан стаг а волуш
Вала воллучунна даг тIе хьакха а йоцуш – механа еза; атта карош йоцуш, мехала
Валар кIедачу меттахь хир доцуш – цамгарх лийр во-цуш; /арахь/ цхьаммо вуьйр волуш
Ваха-ван карахдолуш – вахарний-варний мало ца еш
Ваханчуьра ван хууш – лела хууш; шен хеннахь; даьхь-нарг кхочуш а дина
Вахьа-вилла /вилла-вахьа/ меттиг ца карош – веза-хьоме /вазвина, сийлахь/ лело
Ваьштара ши балда меттах дIа ца доккхуш – велава-лар-векхавалар доцуш
Ваьлла-вахана меттиг /йоцуш/ боцуш – тIепаза /лар йоцуш/ ван, къайлавала
Ваьлча а, воьлча а ца вуьтуш – готта /къиза/ хьовзо, юкъаволла, ницкъ бан
Вер-ваккхар доцуш – цIий ца Iенаш; валар-висар до-цуш
Велавалар-векхавалар доцуш – даима юьхь кхоьлина, оьгIазе
Велла а воцуш, дийна а воцуш – чохь са доцуш санна; пайде воцуш
Веллачунна тIера марчо а доккхур долуш – эндаж, къиза, боьха, саьхьара, пис адам
Виран амал йолуш – дагахьдоцчохь дуьхьал волуш
Вижар-гIаттар доцуш – чувоьлла, хаддаза /са а ца доIуш/ къахьега; Iалашоне боьду некъ бан
Вижар-гIаттар цхьаьна долуш – цхьана тхов кIелара, хIусамера, цхьаьна Iаш, туьха-сискал цхьаьна дууш
Вистхилар кIеда /мерза/ долуш – догкIеда адам, гIиллакх долуш, оьзда
Вовшех лачкъийна хIума доцуш – вовшашца догцIена
Вовшийн багара сискалш а йохуш – хьасене, цхьаьна дIаяьхьна жималла, хаза хан текхна
Воккханиг – воккха а воцуш, жиманиг – жима а во-цуш – ийна, гIиллакхах боьхна /гIурт, кегаре /
Воккха – ала, воккха а воцуш, жима – ала, жима а воцуш – юкъанаккъарчу хенара
Воккхий-жимий ца къестош – массо а, цхьабосса
Вон амал йолуш – амале, хала адам
Воцчо – велар эр доцуш, верг – воккхавер воцуш – ледара, осала, юьхькIоме воцуш
Воьду-вуьту доцуш – вист ца хуьлуш, Iодика а ца еш дIаваха


Гай тIера чутеIаш – /беламе/ цомгуш ву, могуш вац
Гуттар /даим/ вала воллуш – чIеIаш, Iийжаш, ша ва-ларна кхоьруш, вала воллуш
ГIара-тата доцуш – меллаша, гIовгIа ца еш, тийна
ГIелвалар хIун ду ца хууш – гIел ца луш, къахьега; доьналла долуш
ГIенаха а гур /гойла/ доцуш – ирча; Iажрахьта, къаьхьа Къемат
ГIенаха гIов хуьйшуш – гIенаха тIехIуьттуш, дуьхьал-туьйсуш
ГIеххьа таро йолуш – юкънаккъара хьал долуш
ГIийла /дуьне дууш/ шен сискал юуш – кхолламца ца къуьйсуш, хала воллуш; пекъар, миска
ГIуллакх доцчу кхийдар воцуш – шен бала боцчу, ца оьшучу кхийдар воцуш


Да а кхоор воцуш – сонта, оьзда воцуш
Да вийна мостагI а Iебар волуш – доккха вуо деъна, бохам баьлла
Да воцуш – Iуналла дан, дола дан стаг воцуш
Дагахь доццург дийр долуш – тешам боцуш, сема хила везаш; аьрха
Дагахь дуккха а хIумнаш дохкуш – тайп-тайпана ой-ланаш йолуш, лууш; догъIаьржа
Дагахь хIума /долуш/ доцуш – догцIена, лаамах, ойла-нах мукъа
Даим тетта везаш – малонча
Даим ваьлла лелаш – кхерстанча
Даим шен дегIана там лоьхуш – дегIан лай
Дала деллачух тоам беш – Далла муьтIахь
Дан амал доцуш – дан хIума доцуш, гIорасиз
Дан вуо а долуш, диканиг дийр доцуш – ца ваьлла бен диканиг дийр доцуш
Дахьа а, дилла а меттиг /йоцуш/ боцуш – дукха, шорта
Да /воккхавер/ хьоьгур воцуш – доьхна, ледара хьал; цхьа а хьогур воцуш
Де-а бахьана доцуш – бахьана данне а доцуш
Де-а гIуллакх доцуш – гIуллакх данне а доцуш
Де-буьйса ца лоьруш – хаддаза, хене ца хьоьжуш
ДегIана дола ца далуш – дегI аьллартIера даьлла
ДегIа тIера массо чо ирахIоттош – ирча, буьрса, жирга /сурт, хилам/
ДегI кхоош – мало еш, дегI лардеш
ДегIах бад йийр йолуш – дегI лело хууш, хелха дика волуш
Де доцуш – гIорасиз; ледара
Дела воцург накъост воцуш – цхьаъ-цхьалха, тIаьхьа-хьалха, аддам а доцуш
Дела реза хир волуш – иманехь
Дела ша воцчух озалур воцуш – майра, иманехь
Дела ша воцург кхетар воцуш – тIех чолхе
Ден /ненан/ дакъа а духкур долуш – хIуъа йоьхкина а, са езаш; хIумнах хьожа ца йогIуш
Дена хьокха а тухур болуш – харцхьа, сонта, эхь доцуш
Дехий-доций ца дуьйцуш – къамел деха ца деш, кхин дIа къамел ца деш
Де хилча, мегар воцуш – догъIаьржа, дегала, де доцуш дика
Дечунна мало йийр йоцуш – дечунна тIера
Деш-дуьтуш а доцуш – мукъалла валла воллуш, хIумма а ца деш, ваьлла лела
Дийна верг веллачух хьоьгуш – къаьхьа Къемат, ирча де /хьал/
Дийначу нехан буьйда бIаьргаш дуур долуш – дера, къиза, саьхьара, меца
Дийца /ала/ хIума а доцуш – хIара ду аьлла чулацаме дала жоп а доцуш кIелвиса
Дийца хууш – маттана шера, дашна говза
Дийцарх кхачалур доцуш – мел дийцарх йист ер йо-цуш; шортта, дукха
Дийца цадезарг дуьйцур доцуш – мичхьа, хьаьнга, хIун дийца деза хууш
Дийцина вер а воцуш – дийца деха, дукха
Дикалла валла воллуш – чIогIа дика
Дика ала – дика а воцуш, вон ала – вон а воцуш – юкъанаккъара
Диканна-вонна а воцуш – дикнехь-вуонехь а воцуш, воцчу новккъа
Диканиг бен /дийр/ дуьйцур доцуш – иманехь, вониг дийр /эр/ доцуш
Дика хьоьгуш – зовкъ хьоьгуш
Динарг – дина доцуш – динчух баркалла доцуш
Динарг дуьтур доцуш – бекхаме
Динчух гIуллакх ца хуьлуш – хайра, беркат ца хуьлуш
Дог датIо хууш – дог деттIарг /дан/ ала хууш
Дог лачкъо хууш – хIилла долуш
Дог /даста, дело/ хьаста хууш – адаман дог девзаш, до-гдика адам
Доккха дог долуш – ша жима болх ца хеташ; куралла валла воллуш
Дог мичхьа /доллу/ ду а ца хууш – могуш, таза, майра
Дохка а, дита а долуш – таро йолуш; хьолан да
Доцург дуьйцур доцуш – харцдерг дуьйцур доцуш
Дош ала хууш – дашна говза
Дош – дош а долуш – аьлларг кхочушдийр долуш; дош лелаш; аьллачу дешан да волуш
Дош десто хууш – тIе а детташ дийца хууш
Дукха хууш – хьекъале, къена /кийрахь маж а яьлла/
Дуьйцург хIун ду а ца хууш – гIурт бийца; эм-эсехь а воцуш
Дуьне атта дууш – дахар нисделла; ирс долуш
Дуьне а, Эхарт а дицдеш – готта хьовзо; ондачу син-хаамо корта хьовзо
Дуьне а, Эхарт а цхьаьна дезаш – цхьаьна цадогIург цхьаьний дезаш
Дуьне делча а лур воцуш – веза, хьоме
Дуьне доьхча а /юхавер/ вухур воцуш – майра, собаре
Дуьне дуьтуш дуьтур доцуш – хьоме, дезаш
Дуьне шен дуьхьа кхоьллина /хьийза/ моьттуш – ша доккха хIума хеташ
Дуьненан /Эхартан/ да хилла ша ваьлла моьттуш – Iехавелла, кураваьлла, ша-шех тоам бина
Дуьненах Iехалур воцуш – дуьне гина, девзина
Дуьненна а кхачо йийр йолуш – шорта, дукха
Дуьненна гайта а мегар /долуш/ волуш – тамехь, хаза куц-кеп долуш; керла, тоьлла, юьхькIоме
Дуьненан къайле евзаш – хIума хууш
Дуьненан маIа лаца гIерташ – дуьне шен карадерзо гIерташ, карзахваьлла, дуьненна тIаьхьаваьлла
ДIа а, схьа а доцуш – вовшаца уьйр йоцуш
ДIааьлларг харцхьа доккхуш – бIостанехьа дерзош
ДIадаккха а, тIетоха а хIума доцуш – тоаме, шен мет-техь


Е-а лар йоцуш – лартIехь доцуш, цхьа а лар йоцуш
Жималла валла воллуш – къона, могуш-маьрша
Жиманиг жима а воцуш, воккханиг воккха а воцуш – гIиллакхах боьхна; цхьатерра
Жима вара аьлла юхавер воцуш – жималла доккха бахьана ца хеташ; доьналла долуш; гIиллакх доцуш
Жимий-воккхий ца къестош – бен-башха а доцуш
ЖоьжагIати чуьра хаьштиг а дахьар долуш – тIахъаьлла, каде

Забарш йойтур йоцуш – ассна долуш; дегала, майра
Зен-зуламе воцуш – новкъа воцуш; иманехь
Зингатийн когийн тата а хезар долуш – къора тийнал-ла
Зуд хьакха хууш – зуьдалла долуш; эхь доцуш
Зударшха лелаш – зударийн амалехь, царех тера
Зударша къуьйсур воцуш – юкъанаккъара; къен; ирча
Зудчух ваьлча, лийр волуш – шен зуда дукха езаш

И вийча /йийча/ Iебар воцуш – вийча а, дагна хьаам хир боцуш, тIех цабезам
Ис Iилма долуш – дукха хууш
Иъ-миъ доцуш – деха ца дуьйцуш, бехказлонаш а ца лоьхуш
Йилбазалла доцуш – догцIена
Йилбазах а летар волуш – дера дарвелла; чIогIа оьгIазвахна
Йиънарг ловш, тIеюьххинарг товш – къона хан, жи-малла
Йовхо йоцуш – хьасене воцуш, хи доцуш
Йоккха топ еттахь а хезар доцуш – къора

Ка вуон йолуш – ка дIаьвше йолуш, вуон катохар до-луш
Ка яьлча, ка йохуьйтур йолуш – ядор, лачкъор йолуш
Карахь-куьйгахь а доцуш – ши куьг а ластийна, ваьсса
Карахь-тIехь доцуш – къен, тIехь беркъа
Кар-кара оьцуш – цхьаммуо вукхуьнга кховдош, дIалуш
Керта /улле, чу, юххе/ вита мегар доцуш – боьха, те-шам боцуш
Кийра буьззина, кийрахь дог а долуш – доккха дог до-луш, яхь йолуш
Кийрахь дика воцуш – догъIаьржа, хьогIе
Киса мохо а лоькхуш – къен /киснахь ахча доцуш/
Киснахь /горга/ кепек а йоцуш – ахча данне а доцуш; къен
Когах дахна кIохцал а доккхур долуш – буткъа-ира
Ког шаршон хууш – хелха дика /йолуш/ волуш
Когаш тIехь а ца латталуш – вехна, тIуртIаз а ваьлла; гIелвелла, лазийна
Ког-корта боцуш – сонта, маьIне доцуш
Ког лаьттах ца кхеташ – сиха, маса /ваха-ван/, хазахе-тар совдаьлла лела
Ког лаьттах ца кхоьтуьйтуш – сиха, айина /маса вахьа, вадо/
Ког тоьхча, шовда а даккхалур /доккхур/ долуш – хьуьнаре, доккха дегI долуш
Корта болуш – хьекъал долуш
Корта кIел бахьа тхов а боцуш – чоь-хIусам йоцуш
Котам-кIорнина а халахетар дийр доцуш – чIогIа эса-ла, догкIеда
Кошо бен нисвийр воцуш – нислучуьра ваьлла
Коьртана /коьртаца/ дика воцуш – шаберш цIахь бо-цуш, хьеравала гергавахна, моха йогIуш
Коьртах тоха тIулг а лур боцуш – пис, сутара
Коьртах тоьхча, хье а отур болуш – чIогIа /сискал, бе-пиг/
Коьртехь бен-м Iийр воцуш – лакхе езаш, хьаькмалла дезаш, тIехь бен Iийр воцуш
Куралла ян лам боцуш – дозаллина когхIуттийла йо-цуш; схьаваьллачу меттигах дина а, дан дозалла доцуш
Куц-кеп шегара доккхур доцуш – чIогIа хаза, товш
Куьг айдиний бен-м вистхила бакъо йоцуш – бакъо кIезиг йолуш; сий доцуш
Куьг беркате долуш – куьг дIаIоьттинчух беркат хуьлуш
Куьг таIIол бен-м йоза ца хууш – Iилма-дешар а доцуш я чIогIа лахара долуш
Куьйгаца тIе а тадеш – куьйган ишарца тIе дийца, тIедуза
Кхарда меттиг боцуш – кхарда хIума доцуш
Кхеравалар хIун ду ца хууш – майра; сонта
Кхечуьнга дош кхочуьйтур доцуш – дукха луьйш, кхин верг вистхила ца вуьтуш
Кхин даха дог доцуш – дог диллина, дилла мегар долуш
Кхин дика хила йиш йоцуш – чIогIа дика
Кхин тоха са доцуш – собар кхачийна
Кхоьруш, шен са дала доллуш – чIогIа кхоьруш
Кхузза /уьттазза/ юхавича а, стаг хир воцуш – стаг хуьлчура ваьлла
КъайлагIур вуй хиъча, стаг а вуьйр волуш – къиза, боьха, ямарт адам
Къелла /валла воллуш/ «къикъ» а бохуш – чIогIа къен
Къематдийнахь барт хоттур боцуш – Ялсаманин хьа-ша, ийман чIогIа долуш
Къинхетамах /хьаса/ чо боцуш – къиза
КIажин пха а бегош – чIогIа кхоьруш; кхеравелла
КIайниг – кIайн а долуш, Iаьржаниг – Iаьржа а до-луш – дерг долуш, харцо ца лелош
КIедачу вуьжуш, мерзаниг юуш – зовкх хьега; дика хьогуш
КIенташа къуьйсур йоцуш – ирча /вуон/ йоIстаг, жеро


Лала а вина, юхавоьттича а, стаг хир воцуш – стаг хуьлчуьра ваьлла
Лаца тIам а боцуш, хIотто бух а боцуш – бух боцуш; лартIехь доцуш
Лаьттахь ву, стиглахь ву ца хууш – воьхна, садаьхьна ша мичахь ву а ца хууш
Лиен ваьлча, саца ца хууш – шен хеннахь юкъахвала, къамел кхачо ца хууш; дукха луьйш
Лер-алар доцуш – вистхилар, къамелевалар доцуш
Лер-аларехь къийсаме а вер воцуш – тийна-таьIна, ат-та тIетовш
Летта лийр волуш – майра, къардайна, кийрахь дог до-луш

«Мама» а ца алалуш – вехна тIуртаз а ваьлла
Махкана а вевзаш – цIеяххана, махкахь цIе йоккхуш
Махкахь мел йолу зуда ша дага а воьхна леш йоллу моьттуш – ша жима болх ца хеташ, ша-шех тоам бина
Махкана а хууш – массарна а хууш; гIарадаьлла
Махко дозалла дан а мегар долуш – боккха юьхькIам; хьуьнаре адам
Мацалла «цIок» а бохуш – чIогIа меца, мацвелла
Мацвелча, велха бен де доцуш – ледара, осала стаг
МаIах шура а йоккхур йолуш – миччара яьккхина а, шена амал бийр болуш, ларор волуш
МаьркIажехь вижча, гIушлакхехь гIоттуш, пхьуьйрахь вижча, делкъана гIоттуш – набарна тIера; малонча
Мекха йолуш – хьагI-гамо, шеко йолуш
Мегар волуш – ледара воцуш, осал воцуш; тарлуш
Мехкарий /зударий/ дага а боьхна леш воллуш – зуда-рий дукха безаш
Мел йиъчи а вузур /Iебар/ воцуш – гайшик, юучунна тIера, даим са меца лаьтташ; сутара
Мел хили а дезаш – сутара; Iаба ца туьгуш
Мет-меттара дош ала хууш – хIора дош шен меттахь олуш; маттана говза
Мила ву, хьенан ву а ца хоьттуш – къеста ца веш, оза-безам ца беш
Милла валла воллуш – чIогIа шелвелла
Мискалла валла воллуш – воккха миска, пекъар
Мича эккхар ву ца хууш – кIелхьаравала, къайлавала, некъ ца карош
Мичара вели ца хууш – цIеххьана, вогIу ца хаалуш
Миччахьахула а Iоттавелла чекхвер волуш – каде, эхь доцуш; тIахъаьлла
Моза тIехаарна а /мас тIейожарна а/ кхоьруш – ле-рина, хала лело
Мохо а лоькхуш – деса, тесна /цIа, керт-ков/
Мохь туххуш – чIогIачу озаца, массарна а хозуьйтуш
Муьста дош олуш сакъералуш– кIоршаме; муьста дош ала мало йийр йоцуш
Мукъалла валла /ялла/ воллуш – деш-дуьтуш доцуш, ваьлла лелаш

Нана пхьуьйшахь елхош, да куйнахь велхош – ден-ненан вуон, харцхьа доьзалхо
Нах хьоьгур боцуш – тиша, ледара, доьхна
Наха аьндерг хууш – адмийн дог девзаш, нехан дагара хууш
Наха аьндолчух ларлуш – нахалавала ца лууш; нехан 1оттабаккхамах ларлуш
Наха динарг атта хеташ – малонча, сутара
Наха динарг дезаш – пис, саьхьара, са меца
Нахана гайта мегар /волуш/ йолуш – ирча йоцуш
Нахана новкъа воцуш – нахаца тарлуш, цхьанне а шех бала ца беш, зуламе воцуш
Нахана оьшуш – нехан хьашташка хьожуш, нахана пайдехьа
Нахана хIун ду а ца хууш – къайлаха
Нахана юккъехь дош лелаш – наха лоруш, сий деш; нах озалуш
Нахана юккъехь лела хууш – гIиллакх-гIуллакх дев-заш, оьзда; хьаьнга хIун дийца деза хууш; зевелла
Нахе дош кхочуьйтур доцуш – дукха луьйш
Некъа юккъера IаьIа а боккхур болуш – нуцкъала, онда, хьуьнаре
Ненан марчо а духкур долуш – саьхьара, сутара адам
Неханиг нехан дуй а хууш – нехачуьнга са ца туьйсуш, цуьнан хама хууш
Нехан герз /ахча/ лелачохь, дош а лелаш – цIарна цIеяххана, наха лоруш; нах озалуш
Нехан луур доккхур доцуш – нах кхардор боцуш
НеIар тIеххьа латто везаш – де хилча мегар воцуш; эв-хьазваьккхича, тIекIуовича мегар воцуш

Озалла валла воллуш – чIогIа оза
Озийна, колл а йоккхур йолуш – хьуьнаре, нуьцкъала
Ойла акха йолуш – ойла стиглахь йолуш, генахь йо-луш, цхьанхьа кхечанхьа йолуш
Ос чIогIа долуш – хьесапан кхетам чIогIа болуш
Орам цIена болуш – цIенчу хIух
Оьзда /дегI/ гIодаюкъ йолуш – юткъа, готта гIодаюкъ йолуш; куц-кеп хаза долуш
Оьздангаллех /хьаса/ суй боцуш – оьзда ванне а воцуш


Писалла валла воллуш – чIогIа сутара, бIаьрмециг
ПIелгаш Iуьттуьйтур /доцуш/ боцуш – шеца бегаш бойтур боцуш, шех куьйгаш Iуьттуьйтур доцуш
ПIелга тIе пIелг а бетташ – пIелгаш тIехь дагардан, охьадагардан
РагI кхочуьйтур йоцуш – саьхьара, сутара; хIуманна тIера; рогIалла ца ларъеш

Са а /пха а/ ца кхоош – майра, дегI ца кхоош, ша ца кхоош
СагIийна туьхан цинц а лур боцуш – пис
Са даккха-дола а ца вуьтуш – готта, къиза хьовзо
Салам-жIалам /Iалам/ а доцуш – гIиллакхехь вистхи-лар а доцуш
Са меттахь доцуш – воьхна, синтем байна; карзахе
Сан дагахь дерг багахь долуш – сан доггах, ойла цхьаъ йолуш
Сан хила там болуш – суна хьакъ волуш, сан хила та-мехь /сан дакъазаллина/
Сахь деши делча, пIелг биллал бен бесни ца гойтуш – кура-коча, еза-сийлахь, паччахьан йоI санна
Са хьаладала доллуш – чIогIачу синхааман билгало /кхоьруш, езаш /в, б, д/
Саца /IаддIе/ бохург хIун ду ца хууш – сонта, дIадуьйцург ца хезаш
Са чIогIа долуш – доьналла долуш, хIуъа а ловш, лалуш
Сехьахь а воцуш, дехьахь а воцуш – болехь а, зулехь а воцуш
Сийсара ша хIун йиъна ца хууш – хьекъална гена во-цуш, иэс ледара долуш
Сих ца кхоьтуьйтуш – сиха, суьхлахь /кхочушдан, пхьор дан/ парг1ат марзо ца оьцуьйтуш; суьхлахь
Со-ас аьлла, бIаьштиг тIера куй тIехьа татта бакъо йоцуш – лай, йийсар, сий-лерам боцуш
Со бен-м мила ву бохуш – кура, ша боккха болх хеташ
Соьмана тIе сом а дуьллуш – ахча, хьал-бахам IаIо, гулбан
Старе эса дойтур долуш – ша боххург дойтур долуш
Стеран-аьттан мах ца хеташ – механа резаволуш, и мах беза ца хеташ
Стигла вели, лаьтта буха ваха ца хууш – мича ваха ца хууш къайлавала
Стиглах бохь а хьекхалуш – лекха, инзаре лекха
Стиглара вели, лаьтта бухара вели ца хууш – цIеххьана, мичара вели а ца хууш, схьакхача, тIехIотта
Стиглара седа а /боккхур/ баккхалур болуш – хьуьна-ре, тIахъаьлла, доьналла долуш
Стуннанас шуьн тIе ийзавале, моллас уьн тIе ийзо мегаш – зуда ца ялош виса мегаш; кестта вала там бо-луш
Суна «вакъ-вакъ» а бохуш, нахана хIоаш а деш – на-хана – пайде, суна – зене
Суна хьакъ /воцуш/ волуш – сох терра, сан ирсе хьаьжжина
Сутаралла эккха воллуш – чIогIа сутара
Схьалаьцча, куьг дагош, дIахецча, дог дагош – бер, доьзалхо
Схьаэца буха хIума ца дуьтуш – нуй хьаьккхина, лах-хьийна дIадахьа

Тайпа-тукхум долуш – вала да волуш, гергара нах бо-луш
Там-мах боцуш – зуда ялийча лело дезарг а ца лелош
Тапчанний-туьранний агIо узур боцуш – майра
Тахана ле, кхана ле а ца хууш – валарна гергавахна
Тахана-тховса бохуш – хIинций-хIинций бохуш, кестта
Тетта везаш – шен хьуьнарца дIа ца вахалуш, даима гIо оьшуш; партал
Тотал луьйш – шина матта юккъехь, толкха луьйш
Тоьпе а лацалур /тоьпо а лоцур/ воцуш – маса вада, дIаэккха
Тоьхча, топ а летар йоцуш – чIогIа оьгIазвахна, чIогIа дера дарвелла; чIогIа, екъа, буто
Тоьхча, лерг хадор долуш – цIена ахча
Тхин чо а боькъур болуш – ира дитт долуш
Тур текхаш – цIеяххана; нах озалуш
ТIараш тоьх-тоьхначунна /тоьхначохь/ хелха вуьйлуш – осала лелаш; ассна доцуш
ТIаьхьа бис-бисина ког хьалха а боккхуш – муха веа-ра, веъна аьлча, дуьхьала олу
ТIаьхьло /йоцуш/ йолуш – хиндерг /доцуш/ долуш
ТIе мас /чо божарна/ йожарна а кхоьруш – ч1ог1а ле-рина лело
ТIе пIелг а бетташ – шена тайннарг къасто, цIе тоха, харжа
ТIе моза хаарна а кхоьруш – лерина, хьоме, дукхаве-заш, чу са диллина лело
ТIетовжа белш а йоцуш – накъост воцуш
ТIехь бен-м Iийр /йоцуш/ воцуш – коьртехь бен Iийр воцуш
ТIехь да а воцуш – Iу воцуш, дола деш стаг воцуш
ТIехь-кIелахь а доцуш – къен, тIетаса, бухатаса доцуш
ТIехь я цIахь бен-м Iийр йоцуш – тIехь бен ца Iалуш; марехь ца тарлуш
ТIехIотта барз боцуш – тIепаза, каш доцуш ван
ТIулг а оьккхуьйтур болуш – дог деттIарг ала хууш
ТIулган дог долуш – чIогIа дог долуш
ТIулга тIе тIулг а буьллуш – сих ца луш /гIала йотта/
ТIулга тIехь тIулг ца буьтуш – яржо, йохо, ата

Урс хьаькхча /тоьхча/, цIий а дер доцуш – чIогIа вас хилла, оьгIазвахна, дера дарвелла
Урх йоцуш – сацо да воцуш; аьрха, эндаже
Урх малйича мегар воцуш – тесна витча, де хилча ме-гар воцуш
Уьйр воцуш – тIетовр воцуш, хьасене воцуш
Уьйр-марзо дебо хууш – даг тIе боьду некъ бевзаш

Хабар деха дуьйцур доцуш – шеца бегаш бойтур бо-цуш, дукха луьйр воцуш
Хазалла валла воллуш – чIогIа хаза
Хазаниг духуш, мерзаниг дууш – зовкх хьега
Хайра доцуш – беркат ца хуьлуш
Хала лелаш – дог ца догIуш, ца лелча ца волуш, ша ше-на ницкъ беш
Халахетар дара аьлла, ца олуш Iийр воцуш – кIоршаме адам
Хало а, атто а цхьаьна йоькъуш – дика накъост; даима /уллохь/ юххехь
Хама-пусар доцуш – баркалла доцуш, лерам боцуш
Хаттар-алар доцуш – вист ца хуьлуш, цхьаннах дага ца волуш
ХатI доцуш – куьцехь /тамехь/ доцуш; ца товш
Хи доцуш – йовхо йоцуш, вистхиларца шийла
Хиндерг хууш – тIаьхьло евзаш; седажайна хьажа хууш, шайхалла доллуш
Хохо вагош, берамо Iовжош – къен пхьор деш, къен ваьллина
Хударан бос а болуш – къечу нехан бос, яахIуманна къелла йолчу нехан юьхьбос
Хуург къайлахьур доцуш – хIума чохь ца соцуш
Хьалахьаьжча, бохь а ца гуш – лекха /лекха-лекха/
Хьалхе езаш – хьаькмалла дезаш; ц1е езаш
Хьалхара шурин кад схьаэцча велха бен де доцуш – ледара, цIодара, осала
Хьанал-хьарам къасто хууш – хьесап нийса дан хууш
Хьаннах а /стеннах/ пхьор дийр долуш – хIуманах хьожа ца йогIуш; боьха, къиза адам
Хьан-сан доцуш – ийна, шадерг юкъахь долуш; ко-маьрша
Хьан-хьаннах /стен-стеннах/ атта ца вешаш – доккха дог долуш; жоьпалла долуш
Хьаса боцуш – ассна доцуш; доьналла доцуш; цхьа а билгало йоцуш
Хьацарна пIелг а хьоькхуш – хала /къахьоьгуш/ даккха
Хьаькмалла дезаш – хьалхе езаш, даржах самукъадо-луш
Хьаькхначу сизал тIех ца волуш – низамехь хила;
муьтIахь, къепе ларъеш
Хье схьаоьцур болуш – бозбуунчалла долуш; къамела-на говза, дийца хууш; мекара
Хьеха ца оьшуш – шена а дика хууш, ца хьехча а хууш
Хье юккъехь дашо седа берг а кхетар воцуш – чолхе, гIурте
ХIинций-хIинций бохуш – кестта, кху сохьта бохуш
ХIун дича, хIун /хир ду/ нийса хир ду ца хууш – чолхе хьал хIоьттина; шина-кхаа некъах цхьаъ къасто дезаш
ХIуманах хьожа ца йогIуш – хIуъа а дийр долуш /боьха, ямарт/
ХIуманна /атта/ вицлуш – иэс лартIехь доцуш, хIума сиха дагара долуш
ХIуманна пайде воцуш – хIела-хIуьла; ледара адам
ХIума хууш – Дала цхьа къайле елла; хьекъале
ХIума чохь ца соцуш – хуург къайлахь ца латталуш, хуург къайлахьур доцуш
ХIуъа а дийр долуш – боьхачу хIумнах хьожа йогIур йоцуш; каде, хьуьнаре
ХIуьца-пIуьцIалгаш а доцуш – пайдабоцу хIумнаш /ца лелош/ а доцуш


Ца ваьлла бен-м /дош эр/ хIума дийр доцуш – вистхи-ларна, дечунна тIера воцуш
Ца дича /аьлча/ ца долуш – дан дезаш
Ца хилча ца долуш – ца хила йиш йоцуш
Церга тIера балда ца ойуш – велавалар-векхавалар до-цуш
Цаьпцалган бен гIара йоцуш, экхан бен лар йоцуш – кхин гIара-тата доцуш; пана, эрна, аддам а доцуш
Цергаш хьекхош – бекхамах хьаьгна
Церг цергах ца кхеташ – хорша еъна, вегош /шелонна, кхеравелла/
Цуьнан меха хIума доцуш – сийлахь, хьоме, везаш
Цхьа а лар йоцуш – лартIехь доцуш, гIурт /абсурд, нон-сенс/; е-а лар йоцуш
Цхьа а юьхьиг йоцуш – йолу юьхьиг, бертиг а йоцуш
Цхьа дош гал /ца доккхуш/ доккхур доцуш – ма-дарра, ма-аллара
Цхьа са аьрта болуш – шаберш цIахь боцуш, коьртана дика воцуш, хьекъална эшна
Цхьа хьаьрк ца эшош – ма-дарра, цхьа хIума гал ца доккхуш, ма-хиллара
Цхьана а хIуманна гуьнахь воцуш – похIмаза; бехке воцуш; дуьне деса ца дита кхоьллина
Цхьана /адмана/ дена новкъа воцуш – эсала, тийна-таьIна; цхьанне а новкъа ца гIерташ
Цхьана дашна гал ца волуш – шерра, таса ца луш, хец-ца дийца, /вистхила, жоп дала/
Цхьана дех озалур воцуш – майра, хама ца беш
Цхьана кога тIехь уьссазза сетташ – коча, кура, ша хIумма а жима болх ца хеташ
Цхьана кошахь а тарлур воцуш – барт боцуш
Цхьана яй чохь кхехкийча а /вовшех уьйр воцуш/, тарлур воцуш – барт иэгIна, амал йолуш
Цхьаьннан кочахь бен Iийр воцуш – девне, чIичIъаьлла
Цхьаъ водахь, Ялсмани /ЖоьжагIати/ гIур волуш – дика /вуон/ адам
Цхьаъ вукхунах ца къаьсташ – чIогIа цхьатера
ЦIа ваха цIа доцуш – ков-керт, кхерч боцуш
ЦIа-цIе доцуш – тхов, кхерч а боцуш
ЦIе йоккхуш – цIеяххана
ЦIе йоцуш, кIур боцуш – доь доцуш ван, дан, буха хIума ца дуьсуш дуьненчуьра дIадала
ЦIе йоцуш варна кхоьруш – гIаравала лууш
ЦIий мер долуш – къиза
ЦIога а гуш – лечкъош дерг, хьулдинарг а гуш
ЦIоганах яьлла а – цIе езаш, дена аьлла а – дош де-заш – цIархазмана ара ваьлла


Чам боцуш – муьста дош олуш; куц-кеп доцуш; ирча; чаьмза
Чам хууш – хьал девзаш, хумнах доллург хууш
Ча тешча а, тешар воцуш – аттачу балхах тешар воцуш
Чов-чардо йоцуш – цIий ца Iанош, цхьанна вас ца еш, дика дIадирзи
Чот йина вер воцуш – дукхе-дукха
Чохь /чу хьаьжча/ сурт а гуш – сирла, хьаьъна, цIена
Чохь хьакхо деман цинц а боцуш – къоьлла
Чу-ара валалуш – дегI ирахь, лелалуш
Чу ваха чу доцуш – Iен-ваха меттиг /хIусам/ йоцуш
Чу-каре йолуш – уьйр йолуш
Чу са доуьйтур доцуш – са маьрша дуьтур доцуш; дуьненан бахамах, рицкъанах хоттаволуьйтур воцуш
Чуччара чучча дохуш – тIеттIа чучча дохуш, дош кар-чош


Ша /боххург/ аьлларг бен дийр доцуш – шен амалехь
Ша /боххург/ аьлларг бен дош ца хеташ – шех тоам бина
Ша бен-м хIун ду бохуш – кура, ша доккха хIума хеташ
Ша боккха болх хеташ – шех бIобулуш
Ша везийта хууш – нахана тов-товриг лелош а, ала ху-уш а
Ша воцург ву моттийта гIерташ – юьхьдега, шалхо-наш лелош
Ша вийча а, /шеквер/ вухавер воцуш – къарлур воцуш; майра
Ша Дала ца нисдахь, нислур доцуш – доьхна даьлла
Ша дан дезарг а, дита дезарг а хууш – лела хууш
Ша дийца дезарг /цадезарг а/ хууш – хьаьнга хIун дий-ца деза хууш
Ша динарг дохо мила вара бохуш – шех бIобулуш
Ша жима болх ца хеташ – ша-шех тоам бина
Ша лелочунна тIаьхьа кхууьйтур воцуш – ша хIун ле-ладо ца хоуьйтуш, цунах къайле йина
Ша мел къонах ву а хууш – шен де а хууш
Ша мича йоьду а хууш – йоьду меттиг а евзаш; бухара хьал а девзаш; ша хIун леладо а хууш
Ша сийсара хIун йиъна а ца хууш – хьекъална гена воцуш
Ша хьанна вина а, хьан вина а хууш – шен бух а бев-заш; шен цIа а, да-нана а девзаш
Ша хьенан ву, мила ву хууш – ша-шена дика вевзаш; шен бух дика бевзаш
Ша хIун дийца деза ца хууш – хIун аьлча нийса хир ду ца хууш; вистхила ца хууш
Ша хIун леладо а /ца/ хууш – ша лелочух /ца/ кхеташ
Ша хIун лело деза а /ца/ хууш – лело дезарг а /ца/ хууш
Шай-кай кхоор йоцуш – комаьрша; тIалам боцуш
Шайхалла /доллуш/ долуш – хIума хууш; цо аьлларг хуьлуш
ШайтIа а къардийр долуш – къардайна
ШайтIаналла доцуш – хIилла доцуш, дог цIена
ШайтIанах а летар волуш – леташ самукъадолуш
Шайхаллех хIумнаш дохкуш – къайле евзаш, хIума ху-уш
Шалхенаш йолуш – дош цхьаъ доцуш, дуьйцурггий, дийриггий ши босса долуш
Шахьар-махьар доцуш – там-мах боцуш, нохчий Iедалехь: зудий-майрий хиларан тоьшалла дина доцуш
Ша цааьлларг дош ца хеташ – кхечара аьллачух ца вешаш
Ша цадийриг /динарг/ атта хеташ – наха дийриг атта хеташ, атта ду моьттуш
Ша цадинарг дайна хеташ – къахьега лууш
Ша цадинарг хир доцийла хууш – хьесап нийса деш, дахар девзаш; нехачуьнга сатийсар эрна дуй хууш
Ша цайиънарг яйна хеташ – юучунна тIера, гайшик
Ша-шех вогуш – шех чекх са гуш, шех шек; къа латий-на
Шега дуьйцург хIун ду /ца/ хууш – шега хIун боху /ца/ хууш, шегара хьанна хIун оьшу /ца/ хууш
Шегара гIиллакх доккхур доцуш – чIогIа гIиллакхе
Шегара куц-кеп доккхур доцуш – хаза, товш
Шегахьа озабезам бийр боцуш – хьанала
Шегахьа узуш – шегахьа озабезам беш
Шел дика адам хир доцуш – иманехь
Шел дикниг хир воцуш – вуно дика, дикачарел дика
Шел хаза /ирча/ адам доцуш – чIогIа /ирча/ хаза
Шен амал йолуш – кхечарах тера йоцу амал йолуш
Шен бехкенна лийр воцуш – чIогIа ларлуш, ша дукха везаш
Шен дагна /дегIана/ там лоьхуш – шена синкъерам лоьхуш, шен бен-м ойла ца еш
Шен да-нана а духкур долуш – сутара, пис; боьха адам
Шен де а хууш – ша вевзаш, шен хьуьнар, гIора а дев-заш
Шен дегIана хало йийр йоцуш – дегI кхоош, лардеш, малонча; ша дукха везаш
Шен дегIана дола ца далуш – чIогIа вехна; цамгаро я лазаро хьаьшна
Шен дерг кхоор доцуш – комаьрша
Шен доцург нехан а дац моьттуш – дахар, дуьне шеца нисдина, тардина
Шен доцчу кхийдар воцуш – лела хууш, нахана новкъа гIертар воцуш; гIуллакх доцчу кхийдар воцуш
Шен киса кхоор доцуш – комаьрша; шен дерг кхоор доцуш
Шен коьртан /дегIан/ доладан хууш – лела, дийца ху-уш; ларлуш
Шен кхарда дог доцуш – ма-дарра хууш, гина, хезна, и теш а волуш
Шен меттиг ларъян хууш – шен доцчу ца гIерташ, шен меттиган дола дийр долуш, дола долуш
Шен меха хIума ца хеташ – ша боккха болх хеташ, ша-шеха тоам бина
Шен са а дIалур долуш – цхьана гIуллакхна, адамна са кхоор доцуш
Шен са а ца кхоош – са даггийна, гIора мадду, доггах
Шен са дуьтуш, дуьтур доцуш – хьоме, сил дукха де-заш
Шен са /дог/ мичхьа доллу а ца хууш – майра; могуш
Шен хIун мегар ду а /ца/ хууш – шен чекхдаьндерг а /ца/ хууш
Шен цIоки юккъехь /чохь/ шел диканиг воцуш – ца-вашарца олу: дIогара дика а вац бохучу маьIнехь
Шена а, нахана а пайде воцуш –латта эрна хьоьшуш; Дала дуьне деса ца дита кхоьллина адам
Шена амал бийр болуш – ша-шена гIайгIа бийр болуш
Шена дина дика дицлур доцуш – оьзда, догдика
Шена динарг /аьлларг/ дуьтур доцуш – бекхаме
Шена дита а, нахана дала а долуш – хьал долуш
Шена долчунна вицлур воцуш – дукха шегахьа, эго-ист, пис
Шена хуург дуьйцур доцуш – шена хуург шегахь кхо-бур долуш, къайле ларъян хууш, ларъеш
Шена хуург къайладохуьйтур доцуш – хуург чохь са-цор доцуш, къайле ларъян ца хууш
Шеначулла /хьекъал, доьналла/ яхь йолуш – шена тоъал, мелла а, юкъанаккъара яхь йолуш
Шех /дозалла дан/ куралла ян мегар долуш – шех бIобулуш, юьхькIоме, дикачу агIор гIараваьлла
Шех чекх са гойтур доцуш – ассна долуш
Шеца гамо йоцуш – шена дика
Шечунна тIера вер воцуш – ша бохург бен-м дийр до-цуш
Ши дош вовшах таса а ца хууш – Iилма доцуш, дешна воцуш
Ши куьг ваьшта ца дуьллуш – чIогIа къахьега
Ши куьг хьалха а туьйсуш – къамел дан, хелхавала
Ши «чIеш» а ца хууш – хууш хIумма а доцуш
Шиша /ши шиша/ къаьркъа меллий /мелчий/ бен ул-ле а вахалур воцуш – ирча, жирга, дегаза, яьлла
ШолгIа ала ца дезаш – цкъа аьлча а тоьуш; муьтIахь


Эвхьаза ваьккхича мегар воцуш – геннахь латто ве-заш, тIекIован мегар воцуш
Экхан бен-м лар йоцуш / цаьпцалган бен гIара йоцуш/ – акха, эрна, адам дехаш-Iаш доцуш
Элп-алале /хьаьмц алале/ йоьIан /жерочун/ хье схьаоьцур болуш – маттана шера, говза
Эхьах /цинц/ тIадам боцуш – де-а эхь доцуш, эхь бо-хург хIун ду ца хууш
Юкъахь керт бен йоцуш – лулахь
Юхахьаьжний бен-м дош ца олуш – ойла йиний бен дош ца олуш
Юхахьожур воцуш – тIаьхьалонан ойла йийр йоцуш; озалур воцуш
Юххе вала стаг воцуш – улле вала, тIаьхьахIотта стаг воцуш
Юьхьиг а, буьхьиг а йоцуш – юьхь а, чаккхе а йоцуш
Юьхь йоцуш – гIиллакхехь, нийса доцуш; кIоршаме
Юьхьара кхийдаш – дог ца догIуш, ийза а луш
Юьхьара а лаьцна, дуьне дууш – дика хьоьгуш, аьтто хилла
Юьхьмарш дукха ира йолуш – эхь доцуш
Юхьчкъор стомма долуш – эхь доцуш; эхь ца хеташ


Яар, набъяр бен, кхин болх боцуш – малонча /жуккар/
Ялсманин бос а богуш – тамехь, иманехь долчу адаман бос
IаддаIе бохург хIун ду ца хууш – бохучуьнга ла ца дугIуш, харцхьа
Iай асар а ца дойтуш, буса малхе ца йоккхуш – дика кхобур ю /бегаш/
Iаьнарца Iаь йогIуш – цхьатерра дог-ойла йолуш, во-вшашна муьтIахь, ийна, мерза, бертахь
Iаьржачух кIайн дийр долуш – харц адам, беркат до-цуш
Iуьрг даьлла кепек лур йоцуш – пис, пайденна воцуш
Iуьргара лаьхьа а боккхур болуш – хьуьнаре, тIахъаьлла

 

(с) Нохчалла, Л.М. Ибрагимов, 2005г.

Нохчийн фразеологизмийн маьIнадаран дошам

Мы в контакте

Подписаться

Вы можете подписаться на обновления сайта. Для этого введите Ваш электронный адрес:

 

Напишите нам






Кто на сайте

Сейчас 76 гостей и ни одного зарегистрированного пользователя на сайте

Вход на сайт

На сайте нет регистрации пользователей. Все разделы сайта доступны без регистрации

Статистика


Рейтинг@Mail.ru


Баннер

Разместите у себя на сайте наш баннер

История, обычаи и традиции чеченского народа

Реклама на нашем сайте

Вы здесь: Главная / Чеченский язык / Перейти в раздел / Полезное