Толкование чеченских фразеологизмов. Часть 7 — Нохчалла.com — Чечня, чеченцы, обычаи, традиции, история и многое другое
Чеченский язык

Толкование чеченских фразеологизмов. Часть 7

Чеченский фразеологизм
Автор Нохчалла

Чеченский фразеологизм1

Векхчуьра валанза – беввалаза, гIо дан дезаш, ша ца лелалуш, ца вахалуш; цIодар, ледара
Корехулий бен дуьне ганза – таро йолчу нехан хьоме, лерина кхиош йолу йоI; къона; жима бер
Къоьжа чо а баланза – къаналле ластанза, къона
Маж-мекх даланза – къона; къиъна вогIуш
МаIа-моза а хаанза /маIа-мозно хьаянза/ – цIена, кер-ла; йоIстаг; кIантстаг
Мегарг дуьне даанза – чомехь дуьне даанза, дукха ца ваьхна
Мегарг чо а баланза – маж-мекх даланза жима; кхиазхо
Мегарг чо а бижанза – акха, эндаж, дуьне ганза
Мегарг мас а яланза – жима кIорни; кхианза
Ненан кийрахь ваттаваланза – цIодар, хьекъална аьсха; 7 баттттахь бен ненан кийрахь Iилланза
Нускалара яланза – ялийна бутт а ца кхаьчна
Олхазаро бен-м мас тасанза – пана, адаман лар йоцуш, адаман ког баланза меттиг
Тхин чо а божанза – бераллера, жималлера валанза
Хих волуш, говран цIога а лацанза – дуьне ганза, ха-лонаш тIехIиттанза
Экхано бен-м ког баккханза – еса, акха, пана меттиг

2
Абдин-абделлалц – Къематде тIе даллалц
Айла зарзъяллалц – цхьа хеча дукха лело /тишъяллалц/
Биста кхаччалц – цу тIе кхаччалц
Велла дIаваллалц – кхалххалц
Гай сатталц – вуьзначул тIаьхьа а яа
Гай тIе басар даллалц – дукха чай мийла
Гомашан гIан галлалц – делккъалц вижна Iилла
ГIалла /гIашла/ куьйра даххалц – /мел оьшу а/ хан хе-не яллалц, тIаьххьалц
ГIордазах заза дожжалц – хир хаддалц, яаяллалц

Дог Iаббалц – вуззалц, тоъалц, хьогалла дIаяллалц
Заьнгала яллалц – шера шаръелла, къега хIотталц
Кийра Iаббалц – Iаббалц, вуззалц
Коша вижжалц – валлалц
Къона къанваллалц – къанваллалц
КIажийн айраш даадаллалц – некъ бан, дIасалела
Малх гIушлакхе баллалц – цхьайтта-шийтта даллалц
Мара дIагIортталц – батт хьалха охьавожжалц; дегI лаамера даллалц; кхалххалц
ПIенда сатталц – шортта, дуккха а яа-мала
Са кхачадаллалц – гIора мел ду
Схьаэххалц – дукха яа
Тилор-тай тIе кхаччалц – тIаьххьарчунна тIе кхаччалц; шадерг
«Тоийта» аллалц ¬– ца кхоош, хьашт мадду
ТIаьххьара сахьт тIе хIотталц – валаран сахьт тIе хIотталц
ТIаьххьарчу кепека тIе кхаччалц – шадерг, шадолу

Хечех буржалш хиллалц – дера, къиза лата, хан хене яллалц
Хир хаддалц – собар кхачадаллалц, шортта; кIорда дал-лалц
Цицигана маIа яллалц – дукха хан яллалц
Iуьпаш эххалц – кхоччуш вузаран билгалонаш хиллалц

3

Бага юьззина – боьршша дош ала, ала доггIург ала
Бохь баьккхина – йотта маллу; тIе мел хоьа
Буй буьззина – шортта, дуккха а
Вала хIоьттина – чIогIа, са а, пха а ца кхоош
Герзах воьттина – шортта герз / гехь, карахь/ долуш
Ги боьттина – ги ма-хоьъа, яхьа маллу
Даге хьаьжжина – дагах терра; даго ма-бохху
Дуьне дуьззина – шортта, дукха
Керт юьззина – керт мел ю, керта мел хоьу, шортта
Кийра буьззина – боккха синIаткъам; доккха дог
Киса дуьззина – шортта, дуккха а ахча
Ког /хецца/ хецна – таро-аьтто болуш, паргIат
Корта айъина – эхь ца хеташ, ийза а ца луш
Куьг хьаьккхина – цIена, буха хIума ца дуьтуш
Лерг таIIийна – ца хезчха-а, нехан хабаршка ла ца доьгIуш
Лар хьаьшшина – лорах тIаьхьакхиъина
МогIа бинна – моггIара, цхьаъ вукхунна тIаьхьа
Мохь тоьхнна – чIогIачу озаца, массарна а хозуьйтуш

Нуй хьаьккхина – буха хIума ца дуьтуш; цIенна
Са даггийна – са ца кхоош
ЦIарна цIеяххана – дика вевзаш; гIараваьлла
Чоь юьззина – дукха доьзал, рицкъа, хIумнаш
Чу са диллина – диканиг бен-м ца лууш, веза, хьоме, хала лело; шадерг цуьнан дуьхьа деш
Ши бIаьрг биллина – бIаьрса а ирдина
Ши бIаьрг хьаббийна – дIаса ца хьожуш, тIаьхьлонан ойла ца еш
Юрт яьккхина – юрт маййу

 

4

Бага са а кхаьчна – тIаьххьарчу гIоранца, кIелвисна
Бага экъан тIе а яьккхина – анталваьлла; бага а гIаттийна /гIаттийначохь/
Белшах а /агIонах агIо а/ белш а тоьхна – юххе а хIоьттина, накъосталла, вошалла дан
Беран лардана а вахна – берашха лелаш; кхетамчуьра а ваьлла; бер санна лелаш /къанвелла/
Биъ ког а гIортийна – чIогIа дуьхьало ян; дуьхьал вала
Биъ сту а тоьхна – хала вало; нуьцкъала, ван ца луъу-шехь /вало/ вига
БIаьрга буй а боьллина – бIаьрхиш дIадохуш, холча-хIоьттина; бала, гIайгIа йоьссина
БIаьрга тIе бIаьрг а хIоттийна – ийза ца луш, майра; эхь ца хеташ, юьхьдуьххьал
БIаьрга чу хин тIадам а оллийна – цхьана бIаьргах воьлхуш; воьлху, халахетта сурт хIиттош
БIаьргаш хье тIе а даьхна – дар а велла, воьхна; ша хIун леладо ца хууш; охьа, когаш кIела ца хьожуш
Веълара а вахна – когийн, куьйгийн голашна тIе а тев-жина
ВорхI догIа а тоьхна – дIадилла, генна дIадилла, къай-ладахьа
Ге букъах а летта – меца, мацаллина
ГоьлтIе ког а баьккхина – куралла детташ; кура

Да а велла, нана маре а яхна – шортта, Iана а дахна
Когаш-куьйгаш а гIортийна – чIогIа дуьхьало ян, дуьхьалвала
Корта а оллийна – уккал тIе а яьккхина
Куьйга корта а лаьцна – гIайгIане; доркъанна воьжна
Куьйгаш а, когаш а лехна – куьйгаш, когаш чуьра са дIадаьлла; хIума ца далуш, меттах ца валалуш
Куьйгаш кара а лаьцна – мукъа Iен
Куьйгаш тIе а виллина – лерина, сий деш лело
Лала а лелина – коча кач а велла /й, в, б/; тIех резахилла
Лорах лар а хьаьшна – тIаьхьакхиъина; лорах тIаьхьа ваха
Мера тIе мара а хIоттийна – /юьхьдуьхьал/ хьажар а лаьцна, уллехь
Мерах седа а оьллина – меран тIуналла /марш/ а ол-лийна
Мотт ара а баьккхина – уьдуш, сиха лелаш; ведда ван
Накха тIе а баьккхина – куралла детта, кура лела

Са а доьхкина – са ца кхоош; доккха къа а латош
Сийна кIур а эккхийтина – сиха, маса; чIогIа къахьега, цхьаъ дан
Топ-тур а даьккхина – дера чугIерта, дов хьедан
ТIе мотт а ца хьокхуш витна – гIиллакхна, гIуллакхна а ледара; Iуьналла доцуш ша хьалакхиъна
Уккал /тIе а яьккхина/ а саттийна – корта а оллийна, букъ тIе а баьккхина
Хаьн тIе куьг а диллина – кура; куралла детта
Хенах а тесна – улле а ваьккхина, юххе а хIоттийна
Хенах ха а тоьхна – уллехь, тIеттIа /юххе/ таьIна
Хьаж боьжиг а дина – хье юккъе /шад а хIоттийна/ белхи а гулбина
Хье юккъе /шад а хIоттийна/ белхи а гулбина – хьаж боьжиг а дина
Церга балда а лаьцна – гIора мел ду, са тоьхна; ца чIеIаш, яхь дIа ца луш
Цхьа ког коша а левзина – Iожаллина гергавахна; къе-на къанвелла
Цхьана бIаьрга хин тIадам а оллийна – халахетаран сурт а хIиттош
ЦIога белш тIе а диллина – хIумма а ца деш, ваьлла лелаш, хьаьдда-ведда
ЦIом а оллийна – баттт а яхйина, корта а оллийна
Чена кIур а эккхийтина – чIогIа къахьега, маса ваха
Чета тIулг а боьллина – тешнабехк а кечбина
ЧIуьнжар а хиъна – ши ког чучча кIела а биллина

Шадерриг шена а дисна – жоьра, ша, цхьаъ-цхьалха
Шамар а яхна – хебаршка яхна
Ши бIаьрг хье тIе а баьккхина – охьа ца хьожуш, ко-гаш кIел ца хьожуш, дарвелла, вехьа а вехьаш
Ши куьг а ластийна – карахь хIумма а йоцуш; веса
Юкъ а йихкина /неIаран мачаш а юьйхина/ – цхьана Iалашонна даима кийчча; юкъараллин гIуллакхна кийча
Юх а лаьцна – даима уллехь
Юьхь а лаьцна – Iуналла дан, лело
Iана а дахна – дукха; дукхе-дукха

 

5

Адам-пайхамар дуьненчу ваьллачу хенахь – Дала лаьтта тIе дуьххьара адам даьккхинчу хенахь
Адамо адам дуучу хенахь – луьра мацалла хIоьттинчу хенахь
Анайист серлайолучу хенахь – сатоссуш
Ахча – ахча долчу хенахь – юкъара хьал дика долуш; ахча деза хилла хан
Аьхкенан беркато кан баьккхинчу хенахь – июль-август беттанаш
Буьйсана адамаш дIатийначу хенахь – адам дуьжу хан
Буьйса юккъе яханчу хенахь – буса шийтта сахь даьлча, даьллачул тIаьхьа
Вай махках даьхначу хенахь – цIера даьхначу хенахь /I944 шеран 23 февраль/
Вашас ваша дIатосучу хенахь – боккха бохам баьллачу хенахь
ГIеметтахIоьттинчу хенахь – ткъе итт шарал тIехваьллачу хенахь; шадерг нисделла хан
Дагахь доцчу хенахь – дагара даьллачу хенахь, дицдел-лачу хенахь
Догдиллинчу хенахь – хир дац аьлла хетачу хенахь
Дахарна /машанна/ вукъвеллачу хенахь – доьзал бо-луш, хьал-бахам гулбина, гIеметтахIоьттинчу хенахь
Де дийне даьллачу хенахь – делкъана, делккъехь
Дуьненах догдиллинчу хенахь – вала кечвелча
Дуьнен чохь мел йоккхучу хенахь – шен оьмарехь

ЖIаьлех хIоз хуьлучу хенахь – буса: кхаа-деа сахьтана юккъехь
ЖIаьло жIаьла дуучу хенахь – къиза мацалла хIоьттинчу хенахь
Зулкъарнайн хенахь – Александр Македонский ваьхна, лелла хан /Iийса-пайхамар вале кхо бIе шо хьалха/
Карарчу /тIаьхьарчу/ хенахь – кху деношкахь, хIинцца
Кулла тIе моьлкъа баьллачу хенахь – дийнахь итт-цхьайтта даьллачу хенахь
КIа-маьрсан хенахь – ялта чудерзо хан
Ловзар мIакдаьллачу /мIакадахханчу/ хенахь – юккъе даьлла, дIахIоьттина, тоделлачу хенахь
Малх гIушлакхе баьллачу хенахь – дийнахь итт-цхьайтта долу хан
Набарна адамаш /чудулучу/ дIадуьйшучу хенахь – буьйсана итт-цхьайтта долучу хенахь
Набарна Iеса стаг /таь1ачу/ таьIначу хенахь – са-хуьлуш
Нур дашон можа малх бузучу хенахь – сарахь; малхбу-за хан

Сахуьлу седарчий уьдучу хенахь – садаьржаш
Сом – сом долчу хенахь – ахча ахча долчу хенахь
ТIуз тIебаьллачу хенахь – гIуллакхаш тоделлачу хе-нахь
Хан йоцчу хенахь – адам дижначу /дуьжучу/ хенахь; буьйсана юккъехь, юкъал дикка тIехъяьлча; 1уьйкханна
Iуьйрана суьпа нах гIовттучу хенахь – малх схьакхе-тале, Iуьйра ламаз дан кхуьъург /Iуьйкъе/

 

(с) Нохчалла, Л.М. Ибрагимов, 2005г.

Нохчийн фразеологизмийн маьIнадаран дошам

Оставить комментарий