ЗАНЯТИЕ 33. ПОГОВОРИМ ЕЩЕ РАЗ 0 ГПАГОЛЕ — Нохчалла.com — Чечня, чеченцы, обычаи, традиции, история и многое другое
Самоучитель чеченского языка

ЗАНЯТИЕ 33. ПОГОВОРИМ ЕЩЕ РАЗ 0 ГПАГОЛЕ

1. Перепишите из ниже приведенного текста переходные и непереходные глаголы, поставив их в инфинитив.

2. Напишите в инфинитиве однократные глаголы, преобразуя их в многократные.

3. Образуйте из глаголов прошедшего времени глаголы настоящего времени, показав, какого они спряжения.

4. Определите в тексте глаголы прошедшего времени, подчеркивая их суффиксы. Выпишите производные глаголы, поставив их в инфинитив, подчеркивая суффиксы.

5. Выпишите из текста классные глаголы, выделяя их классы.

6. Выпишите из текста глаголы, указывая их лица и множественность.

7. Выпишите из текста глаголы и образуйте из них масдар.

8. Выпишите из текста глаголы в вопросительной форме, определив их время.

9. Образуйте из настоящего времени глагола две формы будущего времени.

10. Образуйте от глаголов текста повелительные наклонения, подчеркнув окончания.

11. Глаголы текста поставьте в инфинитив, составьте предложения с участием этих глаголов.

12. Образуйте от глаголов текста условные наклонения.

13. Выпишите из текста причастия.

14. Выпишите из текста деепричастия, определяя время, подчеркивая суффиксы.

Кавказхой

(«Александр Чеченский» повеста тІера дакъа)

Дежурни инарла велира Кутузов полчу цІа чу

— Хьан сийлалла, рапорт кхаьчна Давыдовгара.

— Схьайтал, — олуш, куьг кховдийра къеначу фельдмаршало.

Инарлас дІаделира кехат.

Леррина дийшира Кутузовс лехат. Юьхьа тІера хебарш тІаьхь-тІаьхьа шарлора. Эххар а велакъежира иза. Хаза кхаъ бара кхаьчнарг. Кутузовн ойланаш чІагІйира кехато.

— Эрна вахийтина ца хилла Давыдов мостагІчун тыле. Боккхачу тІамехь бан а ала ду мостагІчунна ищтта бохамаш, Ткъа шен хІаллакьхилларщ дукха а бац.

— Суна хетарехь, хьан сийлалла, кхин а яхийта езара армейски частиш мостагІчун тыле,

— Цуьнан хьокъехь со ойланаш еш волу дукха хан ю. Оьшуш гІуллакх ду иза! Амма вайн кехаташ тІехь «партизанаш» алий дош ма хьахаделахь. Пет ерубргехь и муха дезалур ду, ала хаац, — кІорга садаьккхира Кутузовс. — Оьшуш хила-ран-м шеко яц. Гой хьуна, дохийна эскаран дакъош, йийсарди-на карабалийна, схьаяьхна ворданаш, тІехь хІоъ-молха а, юург а йолуш, Мел гіо хир дара мостагІчунна, и дІакхаьчнехь, вуь-шта а мацалла хьоьгуш волчу цунна! Дуьйцийла яц, дика гІуллакх ду Давыдовс дІадолийнарг.

Юха а кезата тІе вуьйлира фельдмарщал. Жимма Іийна-а элира цо:

— ГІоьнчий а диканаш нисбелла цунна. Храповицкий, Темиров, Чеченский… Собардел, тохара даийтинчу рапорташ тІехь хьехош а вацара Чеченский?

— Вара, хьан сийлалла.

— Каде, майра ву бохуш, вуьйцу кху тІехь Чеченский. Мила ву хьовха иза?

Дежурни инарлас элира:

— Суна хетарехь, Раевскийс кхиийна кавказхо ву иза. Дуьйцуш хезна суна.

— Хила там бу. Вайн нана-махкана тІе кхерам хІоттарна, доллу къаьмнаш а гІевттина, — ойланашка велира Кутузов. Юха а хьаьвззина тІеяхара уьш. Элира цо. — Нохчех-м вац и Чеченский?

— Ву боху хьан сийлалла. Долчунна даре дан деза, майрачу къомах ву иза, — элира дежурни инарлас. — Кхин цхьа масал а ду, нохчо Россина гІуллакх деш хиларан.

— Дийцал, дийцал, — гІентахь меттахъхьайра Кутузов, ладогІа кечлуш. Хилла долу, истори юкъа дахана хІуманаш дезаш, хаа лаьара цунна гуттар а.

— Дикка хьалха хилла иза. ХІинца дагадогІу суна, цхьанхьа-м дийшира ас. Тохара польско-литовски шляхтичаша, тІе а летта, Москва дІалацар, исторехь дуьйцуш, хьуна а, хьан сийлалла, хууш ду.

Корта тесира Кутузовс.

— ХІетахь мостагІчух Москва, Россия паргІатйоккхуш доккха гІуллакх дина Нижегородски думо. Цу хенахь цигахь вехаш хилла эла Черкассм/ІЙ Дмитрий Мамстрюкович1, нохчех схьаваьлла а волуш, Цуьнан цІенош чохь гулъелла хилла дума кхеташонна. Цу чохь цо аьлла боху: «Москва схьаяккха цавогІург, ямарт стаг а, шен халкъ, мохк мостагІчунна дІабелларг а ву». Ткъа цу чохь хиллачара массара а жоп делла: «ДогІу ихо», — аьлла. Октябрь баттахь 1612-чу шарахь Нижегородски ополченис Москва схьаяьккхира, Кремль чу уьш боьлхуш, коьртехь говрахь вогІуш эла Дмитрий Михайлович Пожарский хилла, цунна аьтту агІор говрахь вогІуш эла Черкасскй хилла, аьрру агІор ~ Минин. Ишта истори юкъа вахана-кх Черкасский Дмитрий Мамстрюкович.

— Ша винчу махкана санна, хьанал хилла иза Россина.

— Хилла те, Вайн Чеченский а ву ишта.

— ПаргІатехь и ган, юххера вовза хьожур ву со. Дикка самукъадаьккхи ахь сан, цхьана минотана мукъана, — даг тІе куьг диллира Кутузовс, — махкана тІе беана бала кхузара байбеш.

Дежурни инарла тамхилла жимма дІатийра. Ойланашка ваьлла Іара ший а. Тийналла эххар а йохийра дежурни инарлас:

— Хьан сийлалла, кхин мила вахийтича бакъахьа хета хьуна мостагІчо дІалецначу меттигашка?

— Инарла-майор Дорохов ма вара соьга доьхуш. И вахийта а мегар ду

Дежурни инарла араваьлча, бІаьргаш а хьаббина, ойланашка ваьлла Іийра Кутузов, и гиначунна наб еш ву а моьттур долуш.

ДІаделира масех де. Красни Пахре Кутузовга рапорт кхечира инарла-майорера Дороховгара: ялх эпсар а, ши бІе могІара салти а йийсаре валийна аьлла дара цу тІехь,

ТІаккха Петербурге паччахье кехар яздира Кутузовс, ша мостагІчун тыле эскаран дакъош дахийтар а, церан кхиамаш а буьйцуш. Паччахьана ца дезачу дашах «партизанех» ларлущ, яздира кехат.

Цунна дуьхьал я иза магош а, я доьхкуш а паччахьера жоп ца кхачарна, фельдмаршала кхин а къастийра мостагІчун тыле дахийта эскаран дакъош, коьртехь тІаьхьо гІарабевлла коман-дираш а болуш: Фигнер а, Сеславин а, Ефремов а, Черногубов а.

‘ М. Н. Загосткина шен «Юрий Милославский» цІе йолчу романа тІехь а, революци хилале хьалха ваьхначу историка М. С. Соловьевс а шен оцу романах лаьцна язбинчу балха тІехь а Черкасский Д. М- нохчо хилар яздо.

Ахархойн отрядаш шортта шайна тІе а ийзош, хІора дийнахь бІеннаш мостагІий юкъара бохура цара.

ХІора отрядана фельдмаршало ша къастийра район. Цигара дІасхьа ца бовлуш, тІелетара партизанаш мостагІчунна дийнахь а, буса а, Наполеонан когаш кІелхьара латта догура, Кхочу хаамаш синтем луш бацара-

„ ОьгІазъоьхура Наполеон, Цхьана а инструкцехь хьахош боцу ‘ тІом бара партизанаша болийнарг. Испанехь-м бара ца соцуш кху тайпана берг, делахь а цигарниг дицдинера Россис.

Дерриге а халкъ дара гІоттуш- Нуьцкъала яьккхинарг бен, мостагІчунна яахІума а, говрашна хІоъ-докъар а дацара. Ницкъана дуьхьал ницкъ баккха доладеллера оьрсийн халкъ. Зударий-м дера бара гІевттинчу отрядийн коьртехь.

— Къинхетам ма бе! Къинхетам ма бе! — бохуш, омраш дора Наполеона!

Хьанах бийр бара къинхетам, и бар доьхуш цхьа а ца хилча, схьалецначу гІаланашкахь, ярташкахь бухасоцуш цхьа а ца хилча?

Тамашийна къам ду!

Чеченский ган лаьа Кутузовна

Шайна тІедехкина коьрта декхарш цхьана а минотана диц ца деш, Денис Давыдов сэцийра оьрсийн эскаран коьртачу ницкъ-ашна герга та!а. МостагІ, цхьа а порядок йоцуш, вухаволуш вара. ХІумма а тера дацара цуьнан вухавалар, тохара кІоргга ойла йина, кІезиг долчу хІуманан а гІайгІа бина Кутузовн вуха-валарх. БІаьрг мел кхетачохь Іохкура дІакхиссина гІудалкхаш, ворданаш, механа еза хІуманаш.

Мотиславски новкъа отряд яьлча, партизанаш гІадбахана хазахеташ бара. Дикка хан яьллачул тІаьхьа шайн эскарх дІакхийтира. Эшна доцчу, ткъа мелхо а толам баьккхинчу эс-карх! Шайн хьомечу махкара мостагІ къинхетам боцуш лоьх-куш, садаккха хан ца юьтуш, догІура иза. Европерчу пачхьал-кхашна, Наполеонан цхьа цІе яьккхича а, тоьура бего, боьхна дІасабаржа, мохо лаьллина кІур санна, тІепаза бІо бан, ХІинца иштта полководец хьалхаверзийнера,

Партизански отрядана чІогІа оьшуш дара авангардана хьалха хила йийсарех а, трофейни хІуманех а мукъаялар. Обозехь ши бІе сов бежана а дара, мостагІчуьнгара кху тІаьхьарчу дийнахь схьадаьккхина, Шайн эскарна жижиг чІогІа оьшур дара-кх, бохура партизанаша-

Гена доццуш лаьтташ инарла Раевскийн эскарш ду бохург хезнера Давыдовна, Шен метта отрядана тІехь подполковник Степан Храповицкий а витина, инарла шен гергара стаг хиларе терра, и ган ваха сацийра цо.

Говрахь тІевеара цунна Александр Чеченский.

— Хьо стенга ваха кечвелла?

— Кхуза гена воццуш, хьуна цІе тиллина, Николай Николаевич ву бохург хезнера суна. И ган ваха воллу.

— Со ца вуьгу ахь хьайца?

— Вайшиъ ший а отрядана тІера валар ца дезара суна. Хьо бухасецча дика хир дара.

— Дика ду ГІуо хІета, соьгара маршалла а ло.

Давыдов дІавахара,

Сарахь юьрта чу юьйлира отряд- Интенданташка дІаделира йийсарш а, даьккхина герз а. Къаьсттина чІогІа баркалла бехира жижигана бежнаш далорна.

Мохь дІабаьлла яйелла отряд Красни-юьртахьа новкъа ели-ра. Смоленскана дехьа яра иза. Хаамаш кхаьчнера, вухаволуш волчу мостагІчо цигахь баккхий ницкъаш гулбо, бохуш. СадоІуш хан кІезга а йойуш, хьалхахьа дІаоьхура отряд.

ШолгІачу Іуьйранна шело хІоьттира- Ло а догІура. Цхьана юьртахь садоІуш отряд Іаш, тІаьхьакхиира Денис Давыдов. Сиха хеттарш динчу цунна хиира юьртахь лаьтташ инарла Дохтуров хилар. Иза Суворовца цхьаьна тІемаш бина, майраллина цІе яхана инарла вара. И ган ваха сацийра Давыдовс.

Хазахийтира къеначу инарлина, Денис веана.

— Воккхаве, чІогІа воккхаве со хьох. Хезна суна хьан хьуьнарш дуьйцу.

Инарла Іуьйранна хІума яа охьахаа воллуш вара. Цо щеца охьахаийра хьаша а.

И шиъ стоьл тІехь хІума юуш Іаш, говрахь казак кхечира. Инарлин адъютанта хаийтира, фельдмаршала ша волчу кхойкху Денисе, аьлла.

Хазахетта тохаделира Денисан дог. ХІума яар юкъах а дуьтуш, сиха хьала а гІаьттина, инарла Дохтуровга шена бехк цабиллар а дехна, аравелира иза. Циггахь бІаьрг кхийтира цуьнан новкъа говр хаьхкина вогІучу ротмистрах Чеченскийх.

ТІе ма-кхаччара говр юхауьйзира цо.

— Вайга сийлахьчу эло Кутузовс кхойкху! Храповицкий хьал-ха дІаваха, суна тІе хьох кхетар а диллина, — элира цо сиха, воккхавер лечкъа а ца луш.

— ХІинцца элира соьга, — хаийтира Давыдовс- Эццахь шена тІерачу бедарх бІаьрг кхийтира цуьнан- — Ванах, хІокху бар закъца цунна хьалхахІотта бегІийла ма дац… делахь а, и кхетар ву! ТІеюху бедар хоьржу зама яц хІара! Вало! — олуш. говра кхоссавелира Давыдов.

Ахархочун цІа чохь вара Кутузов. Смоленщинехь долчу кхечу цІенойх къаьсташ дацара и сеццарш.

Давыдов, чоьхьа а ваьлла, неІсагІехь вулавелира.

— Схьавоьл, схьавоьл, сан диканиг… Хьо юххера вовза лаьа суна, даймахкана ахь даьхначу хьуьнаршна хьуна баркалла ала а лаьа!

Оцу дешнашца веза хьала а айбавелла, шен кІанте санна, Денисе а хьаьжна, тІаккха маравоьллира цо иза. ЦІеххьана, цхьаъ дагадеана, вухахуьлуш дІаса а хьаьжга, хаьттира Куту-зовс:

— Мичахь ву и Чеченский? И ма ца го суна? Дукха хезна суна цуьнан майраллех а, цуьнан хьуьнарех а. И ган лаьа суна!

Адъютант дукха маса неІарх ара а иккхина, Чеченский ва-лош схьавеара. Кутузов шен цхьана бІаьрга леррина хьаьжира цуьнга. ТІаккха элира:

— Герга воьл, герга, сан диканиг, — Денисе аьллачу деш-нашца хьаьстира цо Чеченский, мара а вуллуш- Юха, массаьрга а хьожуш элира: — Со чІогІа дагна тоам хилла ву, аш дечу гІуллакхах. Шуна зеделлачо гайти суна, партизански тІамо мел пайда бохьу, мостагІчунна зенаш мел дин а, мел до а, мел дийр ду а хаийти…

Коьртакомандующи соцунха хилира. Иза кресло-гІанта охьахууш, Давыдовс элира:

— Хьан сийлалла бехк цабиллар доьху, оха, хІокху бедарца хьайна хьалха хІиттарна. Кутузов велакъежира.

— ТІом халкъан бу, сан хьомениг, аш дийриг дерриг а нийса ду. Суна бен ма дац, цхьаннан коьртахь кивер а йоцуш, куй хилар а, кхечуьнан, мундира кІел а доцуш, кетара кІел детта-луш дог хилар а- Доллучул коьртаниг ду, шуна халкъ гІатто

хаар.

— Оха ца гІовттийна адамаш, мостагІчуьнга болчу цабезамо гІовттийна уьш, — элира Давыдовс. — Хьан кхайкхамна жоп луш, ахархой берраш а гІевттина. Ткъа оха царна луш долу герз мостагІчуьнгара схьадоккхуш дерг ду. Бехк цабиллар доьху хьоьга, хьан сийлалла, леррина омра доцуш оха иза дарна.

— ХІуима а дац, хІумма а дац, — синтем лущ. корта тесира Кутузовс. — Омра кхачаре хьоьжуш Іен хан ма яц вайна, даймохк кІелхьарабаккха беза хІораммо. Цхьа бехкам бийр бу ас шуна, шаьш язъечу донесенеш тІехь уъш ма хьехаделаш… Цул тІаьхьа Чеченскийгахьа вирзира Кутузов.

— Чергсийн мотт хаьий хьуна?

Оцу хенахь кавказхойх массарех а олура чергсий.

Чеченскийс жоп делира:

— Нохчийчуьра схьавалош, со жима вара. Россехь кхиийна со, сайн ненан мотт бицбелла богІу.

— Суна хазарца, хьуна ц!е тиллинарг Раевский Николай Николаевич ву-кх?

— Ву те, сан гІайгІа беш, со шена тІелаьцнарг и ву.

— Со воккхаве Николай Николаевичах, тІеэцна кІант цуьнан ишта хиларх!

ЦІа чу велира, карта а, кехаташ а дохьуш, полковник Толь.

Давыдоввий, Чеченский, Храповицкий, Іодика а йина, араве-лира. Цигахь бевзаш болчу а, боцчу а штабан эпсаршна юкъ-анисбелира уьш. Берраш а бара, фельдмаршало цаьрца хІун дийцира, хаа лууш.

Тохара Нижегородски драгунски полкехь шеца цхьаьна гІуллакх деш хилла Павел Барэновский гира Чеченскийна. 1796-чу шарахь Дербент йсжкхуш хиллачу тІамехь дакъа а лаьцнера шиммо а. Ший а дукха къона вара хІетахь.

— Ма дагахь дацара суна, Александр, хьо кхузахь гур ву, аьлла.

— Хьуначул башха, Павел, суна а! Ший а мар-мараиккхира, велавелира.

— Хьо хьаннашкахь тІом беш ву, бохург хезнера суна. Накха а бу совгІатех буьзна, — даггара воккхавера Павел. — Шиъ Аннын орден, бантаца Владимир, Георгий… Шортта ю. Декъал-во ас хьо! — кхин цкъа а мэравоьллира цо иза.

— ТІаьхьависина-м хьо а вац, суна гарехь- Массо в ду вай цхьа хьанал гІуллакх душ! — элира Чеченскийс.

— Бакъ ву хьо цу тІехь. Валол, со волчу гІур ву вайшиъ Хьоьца жимма цхьаьна Іен лаьа суна, шира хІуманаш дага а лоьцуш.

Цхьаьна аравелира и шиъ.

Сахьт гергга хан яьлча, пийсакийн кеманаш тІехь а, даккхийчу гила-кеманаш тІехь а бердан йисте схьаэха буьйла-белира мостагІчун салтий. ТІаьххьара схьадеанчу пийсакийн кеманахь вара полковник ша. ПІелгаш куйнан йисте дехьина честь дина, вист а ца хуьлуш, тІехвелира иза гусарийн эп-саршна.

Нидерландин коьртачу шахьарехьа боьдучу новкъа дІабахара уьш.

Гусарийн полк гІопа чу яхара. БІе гергга йоккха топ а, ялх бІе кема а деара церан кара,

Кхиамца гІала-гІап Виллемштадт схьалацарна Чеченскийна Владимиран 3-чу даржан орден елира.

/. Гайсултанов

Добавить комментарий

Оставить комментарий