noh cherkeskaПримеры проявления Нохчалла.

Рассказы из жизни, присланные посетителями нашего сайта.

ishkola 1Онлайн уроки по чеченскому языку

С квалифицированным репетитором

Чеченские обычаи и традиции

Нохчаллех лаьцна дайн весет (на чеченском языке)

С-Хь Нунуевн «Собаре лаьмнаш» романа юьккъера.

 

Шитайпа бу нохчашна юьккъехь нах – нах болу наххе, нах боцу наххе. Нах болу нах – Шемехь (Шумерехь) орамаш берш, цигара схьабевлларш, пайхамарийн т1аьхьенаш. Нах боцу нах – т1аьхьа маь1маь11ера т1ебеттабелларш. Нах болчу нахана хеа шайгахь долчу Нохчаллех дуьненчуьрчу массо а адамашна а, къаьмнашна а цхьа доккха беркат дер хилар. Нах боцчу нехан кийра Иблис доьссина. Царна ца леа нах болчу нахера беркат дуьненчу д1асадаржа.

Нах болчу нехан тайпанаш, уьш схьадовлар а, цара к1елхьара даьккхина 1илма а т1ехь долу тептарш лардеш лелош хилла нохчийн баьччанаша, нах боцчу нахах лардеш, лечкъош. И тептарш зил беш (клинопись) динчу йозанаш т1ера схьаэцна а хилла.  Цундела нахболчу нахах «зил т1ехь нах» олуш а хилла. Нах боцчу нахах – «зил т1ера бевлла нах».

Амма ворх1 баь1а шо хьалха Нашха уллохь цхьана хьехахь и тептарш кара а дина, дагайна нах боцчу наха. И тептарш мел ду нах болу нохчий нохчаллех бохалур болуш ца хилла цхьангге а. Цу тептарша «нохчалла» бохург х1ун ду карладохуш хилла царна.

 

Нах болчу нохчийн баьчча хилла астаг1а иччархо, Идиг ц1е а йолуш. Цу Идига т1аккха д1аяздина шена дагахьлаьтта тайпанаш  боккхачу йоьзан яй т1е. И яй а, цунна бухара ц1е а гуттара а, т1ера б1аьрг д1а ца боккхуш, латтош хилла нах болчу нохчаша.

Идига кхайкхам бина нах болчу нохчашка: «Нах боцчу наха дагийна вайн тептарш, вайх Чингазан лайш дан. Амма вай лийр ду, лайш ца хуьлуш! Орцах, лома хьаладовла, дийна а долуш, караг1ур дац вай! Дайн тептарш т1ехь дихкина вайна лайш хилар!»

Шийтта шарахь бина Чингазханан ардангаша нохчашца т1ом, лам схьабаккха г1ерташ. Кхойтталг1ачу шарахь уьш, къар а бевлла, юхабевлла.

Амма нах боцу нах биссана нохчашна юьккъехь. Т1аьхьа – т1аьхьа уьш мелххо а алсамбевлла.

Хено ха хорцучу хенахь къаьсттина меттахабовлу нах боцу нах. Карзахдолу церан кийрахь Йилбаз.  Цо нохчашка угаре а сонта некъ къастабойту. Нохчийн ц1ий 1ена некъ. Бакъболчу нохчийн ц1ий 1еничахьанна, шайн ц1ий 1анарх а  шек ца бовлу нах боцу нах. Иштта хьоьху царна Йилбазо.

Нах болу нах гуттара а шайн пачхьалкхе кхолла, цу паччахьалкхен дола дан г1ерта. Нах боцу нах а д1а ца къехкабо цара, церах нах бан г1ерташ. Уьш т1е а оьцу, церан дола а до. Амма нах боцчу нахана цкъа а шайна дина дика ца хеа.

Нах болу нах даржаш а ца къуьйсуш, машар а, барт а ларба г1ерта. Нах болчу наха вовшашца гамонаш, тешнабехкаш ца леладо. Нах боцу нах гуттара а даржехь хьалабовла, ахчанашца совбовла, нах болчу нахана т1еховша г1ерта.

Нах болчу нехан са гутара а шайн орамашка г1ерта. Цу орамех д1ахоттадала г1ерта. Шайн нохчийн ц1ий ду уьш карзахбохурш. Нах боцу нах царна дуьхьалбуьйлу, шайна ца лаахь а. Шайн боьха орамаш гучудовларна кхоьру уьш. Йилбазо бехдина ц1ий  ду уьш нах болчу нохчех д1а ца эйтуш дерг.

 

Нах болчу нехан ц1ий меттахдохург цу ц1ий чуьра Нохь пайхамарна т1ера схьайог1у Нохчалла  ю. Цу Нохчалло дихкина царна осалнаш, харц дерш, къизаллаш лело. Цу Нохчалло багабо церан кийрахь массо а адамашка а, къаьмнашка а болу безам. Цу Нохчаллина лур ду Дала эххара а инзаре ц1ена, нийса 1илма, доллучу и дуьненчу а эхь – ийман а, беркат а даржош. Адамашна пайхамарша Дела вовзайтина 1илма. Дела Йилбазан карара схьавоккху 1илма. Дела массо а стеган сица вуй, Далла х1ора а ша кхоьллина са хьому дуй довзайту 1илма.

Нах болу нах шаьш цецбохуш бу церан дегнаш чохь х1ора а стаге болу мерза безам. Муьлхху къам а, муьлхху стаг а шайн гергара хета  нах болчу нахана, х1оранна а г1о – накъосталла дан леа царна, х1оранах а къахета. Цуьнах ца кхета нах боцу нах.

Нах боцу нах къематан де т1ехкаччалц т1ехьара бевр бац нах болчу нахана. Къематан дийнахь уьш д1асакъаьстор бу Везачу Аллах1 – Дала.

Уьш д1асакъастош малайкаша луш цхьа хаттар хир ду: «Хьо Нохь-пайхамаран т1аьхьенаха вуй?» Нохчалла ц1ийца долчу нохчочо «ву» эр ду. Нах боцчу нахе иза алалур дац, таррашца шайн кортош дохуш хилча а.

Иштта д1асакъаьстина хир бу  нах болу нах а,(зил т1ехь болу нах) нах боцу нах а (зил т1ера бевлла нах) кху дуьненахь а, къематан дийнахь а.

Кху дуьненахь нах болу нах а, нах боцу нах а 1илманчашна, 1еламан нахана юьккъехь а хир бу. Цара лаккхара даржаш а лелор ду. Амма мел лакхарчу даржехь волчуьнга а, нагахь иза нах боцчераха велахь, ша нах болчераха ву алалур дац. И цунна Йилбазо дихкина хир ду. Ша нах болчу нахаха ву ца алалуш, ц1ийбинчу, ирбинчу болатан хьокханна т1е хаавойтур ву нах боцчу нахаха волчу ц1их1урго .

Къематан Де т1екхаччалц, Аллах1 – Дала кхел яллалц, нах боцчу нахах  теша мегар дац. Уьш гуттпра а г1ертар бу нохчалехь болчу нохчашна юьккъехь г1айг1анаш а, баланаш а латто. Арара мостаг1ий иштта кхераме хир бац нах болчу нохчашна, шайна юьккъера нах боцу нах (зил т1ера бевлларш) санна.

Собар хир ду нах болу нахехь инзаре.

Дала юьхьенца собар лаьмнашна дела хилла. Амма уьш, шаьш хиша хедо дийлича,  херца дийладелла.

Юха Дала собар дуьненна дела. Кестта дуьне а дего доладелла, собар кхачийна.

Т1аккха Дала собар нах болчу нахе делла. Нах болчу наха шайн собар, ца дохош, къематан Дийне д1акхачор ду

 

Нах болчу нехан амалш:

- Дуьненах воккхавер, дуьне дукхадезар.

 

- Дуьне довза, цуьнах кхета лаар.

 

- Дуьне шена санна нахана а дезий хаар.

 

- Дуьне Дала кхоьллиний, Дала ца кхоьллича шашах кхолладала йиш йоций хаар.

 

- Адам дезар. Адам дезар – Дела везар дуй хаар, адамашна гуттара а дика болх бан а, хила а лаар.

 

- Шена хуьлу цатам хийрачу нахах хьулба хаар.

 

- Къам деба, иза ирсе хила лаар.

 

- Къинош ца летор, шел г1ийлачунна, шегара г1о оьшучанна ша орцаха валар – бусалба хиларан угаре а коьрта билгало юй хаар.

 

- Нахаца гамонаш ца лелор, массерца а бертахь, иманца, беркатца ваха лаар.

 

- Аьшпаш боттар – Делаха валар дуй хаар.

 

– Ша мел ду1у са, ша мел боккху ког, ша мел ен ойла, шегара мел долу диканиг а, вонаг а Далла гуш дуй хаар.

 

- Дела гуттара а шеца, шен ц1ийца, ойланца, сица вуй хаар. Шена Дала деллачу эхь – ийманца Дела шеца гуттара а къамелехь вуй хаар, эхь – ийман – Дала шеца гуттара а буьйцуш мотт буй хаар.

 

- Далла угаре а ч1ог1а цаезнарш шалхонаш, моттарг1анаш, Дела 1ехон г1ерташ юьйлийту ледарлонаш юй хаар.

 

- Харцонна, ямартлонна, къизаллина, акхараллина, доллучу а эхье долчунна, Дала дихкина долчунна дуьхьало ян хаар, эшначахь шегара майралла, деналла гайтар, Дела воцчах кхера а ца кхоьруш, оза а ца луш.

 

– Ша каглур волчахь - к1еда хилар; шех нахана а, уллорачарна  а бала хинболчахь - юхавала хаар; майралла сонталлех къасто хаар; эшначахь эхь т1еэцар – деналла юй хаар; мичча хьолахь а адамаллех ца вохар.

 

– 1уьйранна ша самаваьлча а, суьйранна ша д1авуьжуш а ша дан дагалаьцна а, дина а дикачу г1уллакхийн ойла яр; шегара ледарло, къилехь х1ума даьллехь, иза д1анисдаллац шен ламазана Далла дуьхьалх1отта йиш йоций хаар.

 

– Х1ора дас а шен доьзал дика, ийманехь кхиабахь; иза беркате, Нохчалло ма хьеххара хьаналчу рицкъанца д1анисба хаахь, ша кху дуьненахь коьрта 1алашо кхочушъйинай хаар, ша Далла гергахь а, нахана гергахь а юьхьц1ена вуй хаар.

 

 

Нах боцчу нехан амалш:

– Дуьненах а, нахах а цавашар.

– Ша нахал лакхара хетар.

– Нахал рицкъанца, ахчанца совала г1ертар.

– Рицкъанца, ахчанца соввалар – деналла а, стогалла а ю моттар.

– Хьал-бахам лахар – шен дахарехь коьрта 1алашо лацар.

– Шена дезарг нахана а дезий ца хаар.

– Къолаш а деш, кхаь1наш а оьцуш, хьарам рицкъа а гулдеш, и дерриге а   мовладашца, динан дайн кисана соьмаш те1орца, ша суьпаваьлла    моттайтарца, ша деккхана саг1а нахана а, махкана а гучадаккха г1ертарца  д1анисда г1ертар.

– Мотт –эладитта лелор, нахана т1ехьашха лер.

– Нахана а, къомана а, махкана а т1ег1ертачу сингаттамийн бала ца кхачар,  массо аг1ор а, массо х1уманах а шена пайда баккха г1ертар, цхьаннех а эхь ца хетар.

– Деза къамелаш дар, нахана тешнабехкаш бина а,  даржашкахь лакхавала  г1ертар, шегара нахана цхьа а пайда ца хиларх шеек ца валар.

– Шена пайда ца хилча нахана г1уллакх дан ца лаар, ша к1елхьара вала,

муьлхха бехк а нахана т1ебахайта кийча хилар.

– Ша кхоьрачунна хьеставалар, мотт хьекхар; шел г1ийлачунна ницкъ бар,   иза тергал ца вар.

– Нахана вон болх хилча хазахетар, дика болх хилча халахетар.

– Шен вала везаран ойла ца яр, наха шен йоккхучу ц1еца бала ца хилар.

– Нахана тешнабехк бина а, шен хьал – бахам совбаккха г1ертар.

- Шена ца хуург дийцар, ша охьла воцчунна юькъа г1ертар.

 

С-Хь. Нунуев

Нохчалла.com

Мы в контакте

Подписаться

Вы можете подписаться на обновления сайта. Для этого введите Ваш электронный адрес:

 

Напишите нам






Кто на сайте

Сейчас 179 гостей и ни одного зарегистрированного пользователя на сайте

Вход на сайт

На сайте нет регистрации пользователей. Все разделы сайта доступны без регистрации

Статистика


Рейтинг@Mail.ru


Баннер

Разместите у себя на сайте наш баннер

История, обычаи и традиции чеченского народа

Реклама на нашем сайте