noh cherkeskaПримеры проявления Нохчалла.

Рассказы из жизни, присланные посетителями нашего сайта.

ishkola 1Онлайн уроки по чеченскому языку

С квалифицированным репетитором

Берийн фольклор

I. ЧЕХКААЛАРШ

1. Д1О ЙОЬДУ котам бабин буьн чу йоьду.

2. Букъ к1айн къиг, мукъ буьткъа урс.

3. Лекъа - букъ, беда - букъ.

4. Сирчу аьттан сира ши шинара, 1уьрре даьккхина дуькъа шар.

5. Со шерша чохь ча чу ца шерша, ча шерша чохь со чу ца шерша.

6. Шар мелла ши газа, ша т1е даьлла ши шинара.

7. Да - ч1ог1а, - ч1ог1а, ч1ог1а - пхьу ч1ог1а.

8. Хьуьллу схьадог1у куьйра сан ненан буьна хьалхара бод бахьа дог1у.

9. Къийго - дог, котамо - бод.

10. Лакхе кхевдинарг лахе шершина, лахе кхевдинарг лакхе шершина.

11. Цхьа гиба,
Ши гиба,
Ши-кхо гиба.

12. - Вайн пхьакхоча* х1ун ег1а?
Букъ к1айн къиг ег1а.

13. Ши-кхоъ капек, кхо-шиъ капек.

14. Кхо къиг, кхо туьма, кхо кхокха.

15. Ча такхо тача, тача такхо ча.

16. Цуцуш цацийна цу чохь беана гуо т1ехь пхьалдиг.

17. Генахь лам бу,
Лам т1ехь лом ду,
Лоьме пе тох,
И гинарг - вох.

18. Къена къиг - ц1оькъа лом.

19. 1аьржа буьйса,
Аьрга кхор,
Аьрха говр.

20. Сийначу стигла
Мархаш теси,
Бовхачу кийрахь
Сан дог деши.

21. К1айн къиг къаьркъан къурдаш деш ю,
Къорза къийгаш къехкайо къийгаша.

22. Хьан киснахь ши сирмик,
Сан киснахь ши шай.

23. Пхиппа ч1ожах пхиппа воьда,
Пхи качал** пхьу т1аьхьа болаш.

24. Цеца чохь ну ца сону.

25. Сан шар шуна, шун шура суна.

26. Чопа чоьлпи чохь, чоьлпа чорпи чохь.

27. Шина чиркха ши шиша, шина шичин ши йиша.

 

 

 

I. ЧЕХКААЛАРШ
II. ДАГАРДАРШ
III. Т1ЕХБЕТТАМ
IV. БЕРАША ВОВШИЙН ХЬОВЗОШ ЛОКХУ ЭШАРШ
V. БЕРАША, КОРТОШ ВОВШАХКХЕТЧА, ОЛУШ ДОЛУ ДЕШНАШ
VI. БЕРАША, ШАЙНА ЦХЬАЪ ЙИСТБАЬРГ* ИККХИЧА, ОЛУ ДЕШНАШ
VII. БЕРАША, БИРДОЛГ ГИЧА, ОЛУШ ДОЛУ ДЕШНАШ
VIII. ЦХЬА Х1УМА ЯЙЧА, ЛАЬТТАХ Ч1ЕШАЛГ А ЮЛЛИЙ, БЕРАША ОЛУШ ДОЛУ ДЕШНАШ
. БЕРАША, ДОДА ЛАЬЦЧА, ОЛУШ ДОЛУ ДЕШНАШ
Х. БЕРАША, Ц1ЕРАНА ГОНДХЬА ХЕВШИЧА ЛОКХУШ ЙОЛУ ЙИШ
ХI. БЕРАША, КЕМА ДОЬДУШ ГИЧА, ОЛУШ ДОЛУ ДЕШНАШ
ХII. ГЕЗАГ 1УЬРГА ЙОДУШ ГИЧА, БЕРАША ОЛУШ ДОЛУ ДЕШНАШ
ХIII. ПХЬИД ГИЧА, ОЛУШ ДОЛУ ДЕШНАШ
ХIV. БЕРАША ЛУЬЙЧУ ЧУХЕНАХЬ ОЛУШ ДОЛУ ДЕШНАШ
ХV. ЛИЙИНА ДОВЛУШ, ОЛУШ ДОЛУ ДЕШНАШ
ХVI. ЛУЬЙЧУЧУ ХЕНАХЬ МАЛХ МАРХАШНА ЮККЪЕХЬ КЪАЙЛАБАЬЛЧА, ОЛУШ ДОЛУ ДЕШНАШ
ХVII. ЛИЙЧИНА А ДЕВЛЛА, ХИ ЧУЬРА ХЬАЛАДЕВЛЧА, ЦХЬАНА КОГА Т1ЕХЬ КХИССА А ЛУШ, ОЛУШ ДОЛУ ДЕШНАШ
ХVIII. ЛИЙЧИНА А ДЕВЛЛА, ХИ ЧУЬРА ХЬАЛАДОВЛУШ ОЛУШ ДОЛУ ДЕШНАШ
ХIХ.ЛИЙЧИНА ДЕВЛЧА, ОЛУШ ДОЛУ ДЕШНАШ
ХХ. БЕРАША, ЛИЙЧИНА ДЕВЛЧА, ШАЙН Т1АДИЙНА Х1УМАНАШ ЯКЪОШ ОЛУШ ДОЛУ ДЕШНАШ
ХХI. БЕРАША, ЛИЙЧИНА А ДЕВЛЛА, ХИ ЧУЬРА ХЬАЛАДЕВЛЧА, ОЛУШ ДОЛУ ДЕШНАШ
ХХII. ЛИЙЧИНА ДЕВЛЧА, БЕРАША ОЛУШ ДОЛУ ДЕШНАШ
ХХIII. БЕРАША, ЛИЙЧА ДАХА САТЕСЧА, ЛОКХУШ ЙОЛУ ЙИШ
ХХIV. ПОЛЛА ГИЧА, ОЛУШ ДОЛУ ДЕШНАШ
ХХV. Б1АЬСТЕНАН ЮЬХХЬЕХЬ ПОЛЛА БАЙЧА, ОЛУШ ДОЛУ ДЕШНАШ
ХХVI. ЛАЬХЬА ГИЧА, ОЛУШ ДОЛУ ДЕШНАШ
ХХVII. ЦХЬАНА ДАША Т1ЕХЬ ЛАЬЦЧА, ОЛУШ ДОЛУ ДЕШНАШ
ХХVIII. Ц1АЗА П1ЕЛГ Т1ЕРА НАНА П1ЕЛГ Т1Е КХАЧЧАЛЦ Я НАНА П1ЕЛГ Т1ЕРА Ц1АЗА П1ЕЛГ Т1Е КХАЧЧАЛЦ ДАГАРДЕШ ОЛУШ ДОЛУ ДЕШНАШ
ХХIХ. БЕРИЙН ЭШАРШ
ХХХ. АГАНАН ЭШАРШ
ХХХI. БЕР ХЬОСТУШ ОЛУШ ДОЛУ ДЕШНАШ
ХХХII. БЕРИЙН ЛОВЗАРШ
ХХХIII. БЕРИЙН ЛОВЗАРШЦА ДОГ1УШ ХИЛЛА ХЕТТАРШ-ЖОЬПАШ*


I. ЧЕХКААЛАРШ

1. Д1О ЙОЬДУ котам бабин буьн чу йоьду.

2. Букъ к1айн къиг, мукъ буьткъа урс.

3. Лекъа - букъ, беда - букъ.

4. Сирчу аьттан сира ши шинара, 1уьрре даьккхина дуькъа шар.

5. Со шерша чохь ча чу ца шерша, ча шерша чохь со чу ца шерша.

6. Шар мелла ши газа, ша т1е даьлла ши шинара.

7. Да - ч1ог1а, - ч1ог1а, ч1ог1а - пхьу ч1ог1а.

8. Хьуьллу схьадог1у куьйра сан ненан буьна хьалхара бод бахьа дог1у.

9. Къийго - дог, котамо - бод.

10. Лакхе кхевдинарг лахе шершина, лахе кхевдинарг лакхе шершина.

11. Цхьа гиба,
Ши гиба,
Ши-кхо гиба.

12. - Вайн пхьакхоча* х1ун ег1а?
Букъ к1айн къиг ег1а.

13. Ши-кхоъ капек, кхо-шиъ капек.

14. Кхо къиг, кхо туьма, кхо кхокха.

15. Ча такхо тача, тача такхо ча.

16. Цуцуш цацийна цу чохь беана гуо т1ехь пхьалдиг.

17. Генахь лам бу,
Лам т1ехь лом ду,
Лоьме пе тох,
И гинарг - вох.

18. Къена къиг - ц1оькъа лом.

19. 1аьржа буьйса,
Аьрга кхор,
Аьрха говр.

20. Сийначу стигла
Мархаш теси,
Бовхачу кийрахь
Сан дог деши.

21. К1айн къиг къаьркъан къурдаш деш ю,
Къорза къийгаш къехкайо къийгаша.

22. Хьан киснахь ши сирмик,
Сан киснахь ши шай.

23. Пхиппа ч1ожах пхиппа воьда,
Пхи качал** пхьу т1аьхьа болаш.

24. Цеца чохь ну ца сону.

25. Сан шар шуна, шун шура суна.

26. Чопа чоьлпи чохь, чоьлпа чорпи чохь.

27. Шина чиркха ши шиша, шина шичин ши йиша.
__________________________
*Пха кхочуча.
**Вортана т1ехь "кач" санна томмаг1а долуш.

II. ДАГАРДАРШ

1. Х1ециг, бец1иг, биц1ал ц1ахь, ц1ахь еки Ека - 1умар, иттаз пхьар, пхьера молла, моьлкъан ц1огу - з1овр, з1ийр, з1овр.

2. О-мо шипетка, летина нетина парпалетина, доза-моза, кинноза.

3. Цхьара, цхьара цхьайтта, ц1ийн нана шийтта, ши мотт бетта к1удал, туп хьесий дохуш, хеса т1улгаш куьйсуш, огурц, могурц, к1омсарш, к1алач1.

4. Хи чохь луьйчуш шайт1анаш дара,
Вовшашна т1араш детташ дара,
Цхьанна ч1ог1а кхийтира,
Иза дала дижира.

5. Цхьа-цхьа цхьайтталиг!
Цхьана ненан шийтталиг!
Ши етт боьтту к1удалиг1
Бацайн б1аьвлиг!
Б1ав чуьра чухалиг,
Чуха юу йордалиг,
Йорда хьакха басалиг,
Баса бала хьан.

6. Х1ац1ий-биц1ий*
Биц1ан ц1оьлига,
Ц1ахьма - ц1оьлга**
Ц1илен дада***
1уьмен Чуопа.
Нана яла хьан,
Цух - ц1ухаре****,
Г1аш хьала1отта,
К1а охьахеца
Т1ам бузариг,
Буй бузариг,
Вай, вир хила
Касалга Май*****
Хьан ден букъа т1е,
Лап - тарш!******

7. 1алелай, 1ела вог1а,
1елин дин сира бу,
Суьйра корта лекха бу,
Гарзан х1ун еха ю.
Вайн маьждиге салам дилла,
Шалажи х1усам йилла,
Пхийтта соьма пхи туьдаг,
Барх1 соьма барх1 туьдаг,
К1ант диканиг, дин диканиг,
Дага воьхна яла йоллу
Ами Х1овк.

8. Атта-батта сумма чи, чимчи-лечи
бамби х1ири, кадди-удди лес.

9. Х1атту-батту саммачу,
Чимчи лечи петербу.
Бамби, х1ири, винидес,
У, ту, лес.

10. Со воьдура, воьдура,
Хьаьжи хьера воьдура,
Т1аьхьа хьаьдда маж лецира,
Мажи карахь к1ант карийра,
К1ентан карахь шун карийра,
Шун чохь х1оа карийра,
Х1оъ чохь сера карийра,
Сера, сера, молха.

11. Суьйре, суьйре - садайна.
Г1ала вахча, етт байна;
Т1ам, т1ам - ведаран т1ам,
Хьо д1авала, капитан.

12. Лаьмнаш юккъера стаг схьавелира,
Цо шен киснара урс схьадаьккхира,
Тухур ду - тухур дац,
Тоьхча, наха дуьтур дац.

13. Цхьа-цхьа цхьайтталиг,
Цхьа етт боьтту к1удалиг,
Баца хьайна б1овлиг,
Цуха-цуха цухалиг,
Кана даьлла ц1инталиг,
Ц1а ма кхача голагаш,
Новкъа диса п1ендараш.

14. Воьдуш, воьдуш вара со,
Ког кхерах кхийтира,
Охьахиъна вилхира,
Хьалаг1аьттина тебира.
Уьрсан м1ара карийра,
Матта 1уйшна белира,
1аьржа 1ахар белира,
Мангалхошна белира,
Бецан ц1ов белира,
Аттана белира,
Цо шурин кад белира.
И шурин кад
Товхан йисте х1оттийна,
Вег1аш, вег1аш вара со.
Ломара чуьркаш хьаьвдда,
Учара мазий хьаьвдда,
Цара мийраш тоьхна.
Сан шурин кад 1анабина.
Со сайн кетарх ши куьг тоьхна
Ведда д1авахара.

15. Дум, дум бишшари,
Чахь-чирг индарби,
Ай-вай иннакказ -
Бунч1!

16. Атка-батка,
Пила батка,
Яхана гутана,
Ганмазай.
Ай-уй верман т1уз -
Сезар кезар лебан чурт!

17. Цхьара-цхьара - цхьайтта,
Ц1ийнана - шийтта,
Ши мотт бетта к1удал,
Туп хьаса боккхуш,
Хьесалгаш кхуьйссуш,
Обариг-мобариг,
К1омсар к1инц.
______________________________
*Бизана, Хазбизана олуш Шуьйтахь Г1уш-Коьртана уллохь майда ю.
**Ц1оьлга - жимо килс, далла г1уллакх деш йолу меттиг.
***Ц1иле - мозг1ар.
****Цух - 1ахар.
*****Касалга Май - Македонский Александр.
******Тарш - толлу ж1аьла.


III. Т1ЕХБЕТТАМ

Цхьамма т1ехтухуш хилла:
- Дехкашна ун деача, -
Бирдолаг хуьлуш,
Олхазарашна ун деача, -
Дахк хуьлуш
Лелаш йолу х1ума,
Д1аялахь!
Цунна дуьхьала олуш хилла:
- Дахка санна ирча велахь а,
Буьрка санна лоха велахь а,
Кийра буьззина дог долуш
Ву хьуна со-ма.

IV. БЕРАША ВОВШИЙН ХЬОВЗОШ ЛОКХУ ЭШАРШ

1. Автобус йог1у,
Г1овг1а яхьаш йог1у,
Аравала, ва Хьасан,
Хьан нускал дог1у.

2. Элита* - лита,
Лийча бахана ч1ара,
Хи доккха деана,
Такхийна ч1ара.

3. Хаважа, важа
Тхан бешахь ма важа.

4. Исрапил ц1е йолчунна т1ехтуху:
Цхьа рапил, ши рапил... Исрапил.

5. Исхьаьжа ц1е йолчунна:
Цхьа хьаьжа, ши хьаьжа...
Исхьаьжа.

6. Тов, тов. Товсари,
Тойна хиина Байсари,
Цо даьккхина исс к1орни,
Царна юкъара меъ к1орни.

9. 1иса, Муса ши ваша ву,
Церан нана Алпату ю,
Алпатун майра Шихмирза ву,
Шихмирзин мекхаш ши метар ду.

8. Абу-Бакар,
Тилла Бакар,
Машен 1оьху:
"Т1и-Т1и-ит1".

9. Роза, хьоза -
Дитта т1ехь кхоза.

10. Жовжа, Жовза,
Сохьтан цхьамза хьовза,
Сиха ма хьийза,
Хьан корта хьийза.
________________________
* Элита йо1ан ц1е

V. БЕРАША, КОРТОШ ВОВШАХКХЕТЧА, ОЛУШ ДОЛУ ДЕШНАШ

Сан санна ненан корта ма лозийла,
Шайт1анан корта лозийла.

VI. БЕРАША, ШАЙНА ЦХЬАЪ ЙИСТБАЬРГ* ИККХИЧА, ОЛУ ДЕШНАШ

Ас аьл-аьлларг олу сан х1ума юу маккхал.

VII. БЕРАША, БИРДОЛГ ГИЧА, ОЛУШ ДОЛУ ДЕШНАШ

Бирдолаг, бирдолаг,
Дай-наний делла бах,
Йиший-ваший дисна бах,
Ги боьттина х1оаш дахьаш дола бах.
____________________________
*Бат саттор, хьовзор (диал.)

VIII. ЦХЬА Х1УМА ЯЙЧА, ЛАЬТТАХ Ч1ЕШАЛГ А ЮЛЛИЙ, БЕРАША ОЛУШ ДОЛУ ДЕШНАШ

1.Шайт1а, шайт1а, хьайн ц1енаниг д1аэций,
Сан тишаниг схьало.

2.Шайт1а, шайт1а, хьайн диканиг д1аэций.
Сан вониг схьало.

3.Шайт1а, шайт1а, хьайн дашониг д1аэций,
сан детиниг схьалохь.

. БЕРАША, ДОДА ЛАЬЦЧА, ОЛУШ ДОЛУ ДЕШНАШ

Дода, дода, хьо юха йог1уш,
Суна жинсови хечий-коччий,
мачашший яхьа.

Х. БЕРАША, Ц1ЕРАНА ГОНДХЬА ХЕВШИЧА ЛОКХУШ ЙОЛУ ЙИШ

К1ур-к1ур, д1анехьа,
Ц1еран котам,схьанехьа.

ХI. БЕРАША, КЕМА ДОЬДУШ ГИЧА, ОЛУШ ДОЛУ ДЕШНАШ

1.Кема, кема, хьо стенга доьду?
Хьо юхадог1уш, дари коч ялахь.

2.Кема, кема,
Делига маршулла лолахь.

ХII. ГЕЗАГ 1УЬРГА ЙОДУШ ГИЧА, БЕРАША ОЛУШ ДОЛУ ДЕШНАШ

Гезг, гезг, хьаялахь,
Хьан дай-наний делла бах,
Хьоьга ч1епалгаш дахьаш
Т1аьхьа йола бах.

ХIII. ПХЬИД ГИЧА, ОЛУШ ДОЛУ ДЕШНАШ

Ватта-пхьид, ватта-пхьид,
Сан ков-керта йог1ара хьо,
Муси мача юьйхина,
Моллин г1аж такхийна.

ХIV. БЕРАША ЛУЬЙЧУ ЧУХЕНАХЬ ОЛУШ ДОЛУ ДЕШНАШ

Ва хьогалай*, хьогалай,
Хьогало малдина
Хьо хаза хи,
Тхо энех, унах
Ц1ана делахь
Хьайн беркатца.
___________________
*Хьогалай - вайнаха дукха делий лоручу заманахь сийдеш хилла дела.

ХV. ЛИЙИНА ДОВЛУШ, ОЛУШ ДОЛУ ДЕШНАШ

Дай-наний ма лайла,
Йиший-ваший ма лайла,
Шичий-маьхчий ма лайла,
Етт-эсий ма лайла -
Кхузза аркъал,
Кхузза бертал кхетта
Хьалаволу вай со.

ХVI. ЛУЬЙЧУЧУ ХЕНАХЬ МАЛХ МАРХАШНА ЮККЪЕХЬ КЪАЙЛАБАЬЛЧА, ОЛУШ ДОЛУ ДЕШНАШ

Малх, малх хьажийта,
Хьозан хье кхехкийта,
Кьийган б1аьрг балийта,
Дела маьрша валийта.

ХVII. ЛИЙЧИНА А ДЕВЛЛА, ХИ ЧУЬРА ХЬАЛАДЕВЛЧА, ЦХЬАНА КОГА Т1ЕХЬ КХИССА А ЛУШ, ОЛУШ ДОЛУ ДЕШНАШ

Суна т1ера хи далийта,
Моьлкъана т1ера ч1ор далийта.

ХVIII. ЛИЙЧИНА А ДЕВЛЛА, ХИ ЧУЬРА ХЬАЛАДОВЛУШ ОЛУШ ДОЛУ ДЕШНАШ

Цхьа ког, ши ког -
Шайт1анан ког.
Шайт1анан х1уьттаренна.
Кхузза чу а кхетта,
Хьала ер ма ю со.

ХIХ.ЛИЙЧИНА ДЕВЛЧА, ОЛУШ ДОЛУ ДЕШНАШ

Ва хьогалай, хьогалай,
Хьан беркат ма оьшийла
Тхо дехачу юьртана.

ХХ. БЕРАША, ЛИЙЧИНА ДЕВЛЧА, ШАЙН Т1АДИЙНА Х1УМАНАШ ЯКЪОШ ОЛУШ ДОЛУ ДЕШНАШ

Малх, малх, схьахьажа,
Къийган б1аьрг балийта,
Хьозан маж ягийта,
Сан х1уманаш якъаялийта.

ХХI. БЕРАША, ЛИЙЧИНА А ДЕВЛЛА, ХИ ЧУЬРА ХЬАЛАДЕВЛЧА, ОЛУШ ДОЛУ ДЕШНАШ

Суна т1ера хи дожийта,
Лаьхьана т1ера чкъор дожийта.

ХХII. ЛИЙЧИНА ДЕВЛЧА, БЕРАША ОЛУШ ДОЛУ ДЕШНАШ

Малик, малик,
Хьайн даьтта хьакхий.
Хьайн ехка хьакхий,
Аг1ор чкъор доккхуш,
Нийса чкъор доккхуш.
Сан корта шарбе.

ХХIII. БЕРАША, ЛИЙЧА ДАХА САТЕСЧА, ЛОКХУШ ЙОЛУ ЙИШ

Малх, малх кхетийта,
Дуьне дохдалийта,
Мама араялийта,
Со ловза вахийта.

ХХIV. ПОЛЛА ГИЧА, ОЛУШ ДОЛУ ДЕШНАШ

Полла, полла.
Хьайниг санна
Дарин коч ялахь;
Полла, полла.
Хьайниг санна
Дарин коч ялахь.

ХХV. Б1АЬСТЕНАН ЮЬХХЬЕХЬ ПОЛЛА БАЙЧА, ОЛУШ ДОЛУ ДЕШНАШ

Полла бай - сан дег1 дай,
Полла бай - сан дег1 дай.

ХХVI. ЛАЬХЬА ГИЧА, ОЛУШ ДОЛУ ДЕШНАШ

Хьан бос, сан бос цхьаъ бац!
Хьан бос, сан бос цхьаъ бац!

ХХVII. ЦХЬАНА ДАША Т1ЕХЬ ЛАЬЦЧА, ОЛУШ ДОЛУ ДЕШНАШ

Берашка хотту: сом хьенан дайна олий. Цхьамма сан дайна алахь, ц1а а г1ой, д1авижа олу.

ХХVIII. Ц1АЗА П1ЕЛГ Т1ЕРА НАНА П1ЕЛГ Т1Е КХАЧЧАЛЦ Я НАНА П1ЕЛГ Т1ЕРА Ц1АЗА П1ЕЛГ Т1Е КХАЧЧАЛЦ ДАГАРДЕШ ОЛУШ ДОЛУ ДЕШНАШ

1.Х1окхо балийна.
Х1окхо урс хьаькхна.
Х1окхо тилийна,
Х1окхо кхехкийна,
Х1окхо кхаьллина
Д1абахийтина.

2.- Г1овтта вай! - аьлла нана-п1елго.
- Г1евттича, х1ун до вай? - хаьттима хьажочу п1елго.
- Къола ца доьлху вай? - аьлла юккъерачу п1елго.
- Къола дахча, къа хир дац вайна? - хаьттина ц1ейоцучу п1елго.
- И къай-балий ас сайна т1елоцу, - аьлла ц1аза-п1елго. Цундела иза иштта жима бисна.

3. Нана-п1елго: х1ума яий вай?
Хьажо-п1елг: мичара яа вай?
Юккъера-п1елго: дала еллачара!
Маза-п1елго: дала ца елча, х1ун дийр ду?
Ц1аза-п1елго: лач1ийна а, хьулийна а юур ю-кх*.
_______________________
* Цундела иза уггаре а эг1аза, жима бисина боху.

ХХIХ. БЕРИЙН ЭШАРШ

1. Цицко пондар лекхира,
Дахко вота туьйхира,
Асет хелхаелира,
Дудас зуда ялийра.

2. Пису, пису - доккха ду,
Нур-Бакъи цул месал ву,
Там бара ц1ахь воцуш со,
Вай т1о биъна хила цо.

3. Цхьогалан йиш
- Долахьа, цхьогал,
Долахьа,цхьогал,
Луларчу юьрта
Бецийн маьънаш
Лечкъо г1ор дара вайша.

- Дог1ур-м дара со,
Дог1ур-м дара со,
К1айн куй болчу
Нохчийн к1анта
Хьесийн т1ергаш
Туьйсар яцахь,
Мажар тоьпаца
Лоьцар дацахь,
Базара туькнахь
Кхозур дацахь.

4. Со воьдура, воьдура,
Хьаьжан ц1а воьдура,
Хьаьжас суна кхаъ белира,
Кхаъ аса зуьдана белира,
Зуьдо суна к1еза делира,
К1еза аса жа1уна делира,
Жа1ус суна уьстаг1 белира,
Уьстаг1 аса далла белира,
Дала суна собар делира.
Собар сан куйн йистехь ду.

ХХХ. АГАНАН ЭШАРШ

1. Дуьйшуш, г1оза дийшараш,
Г1оттуш, г1оза г1овттараш,
Дийшалаш, дийшалаш.
Кегий к1орнеш, дийшалаш.

Дала дахадойла шу.
И долу г1а санна,
Дала дебадойла шу,
Дийшалаш, кегий к1орнеш.

2. Д1адижа, сан бер,
Д1адижа, сан бер,
Ас наьнька лаьцна хьуна:
Мох, малххий,аьрзуй.
Аьрзу ц1а д1аяхара.
Лам т1ехьа малх лечкъира,
Кхо буьйса д1аяьлчи,
Мох шен нана йолчу бедира.

3. Ма хаза ю буьйса,
Мела мох хьоькхуш,
Екхначу стиглахь
Седарчий ловзуш.
Корах чухьоьжуш,
Хьо ма серладолу,
Бетаса, делало,
Д1адижа, боли-лу,
Ламанан басенца
Мохаца техкаш,
Попано йийшийна
Шоршалан к1орнеш.
Мокхачу берда т1ехь
Йижина к1орни
Сема сай 1уьллу бах,
Д1адижа, боли-лу.
Т1ахъаьлла хир ву хьо,
Ц1оькьалом санна,
Кьовсамехь тор ву хьо,
Догмайра нохчо,
Алалай, балалай,
Д1адижа, боли-лу.

4. Чен чабол эцна,
Берзан йорт етташ.
Хьан науа йог1ур ю,
Д1адижа, к1орни.

5. Хаза йина мамас,
Шена йина мамас,
Буса ловзон йина ю,
Дийнахь хьаста йина ю.

Шена хаза йина ю,
Шена дика кхаьбба ю,
Сайна кхаба йина ю,
Суо кхабийта кхиийна.
Сайна кхаба йина ю,
Суо кхабийта кхиийна.

6. Дита, дита нанин к1орни,
1адда дита нанин к1орни,
Мотт к1еда беза нанин к1орнина,
Наб хаза кхета нанин к1орнина.

7 Дижалахь, жиманиг,
Мерзачу набарца,
Г1атталахь, жиманиг,
К1оргечу хьекъалца
Мерза наб кхетийла
Жимачу к1орнина.

8. Дижалахь, бабиниг,
Дижалахь, дадиниг,
Мерзачу набарца
Дижалахь, диканиг.

ХХХI. БЕР ХЬОСТУШ ОЛУШ ДОЛУ ДЕШНАШ

1. Ког, ког, куьйран ког,
Билмовтнн буьлан ког,
Элмовтин элан ког,
Нах дег1е бахана хьуна,
Вайша т1аьхьадисина хьуна.

2. НАНАС К1АНТАНА ЭЛЛА ИЛЛАЙ

Куог-куог, куйрана куог, 1ахарашка белла куог, мехкарашна тибана ког, халхарашта тибана куог, хоттала кхатта б1ъиех-бина куог, бай т1а хьекхана ц1анбина куог.
Хьазалг-мазалг д1аъа бег1ача кхиера т1а ма халие, кхиера т1ара б1ъов сан йа хьуона. Б1ъов чура нускул сан да хьуна, нускулара к1аник сан ва хьуона, к1аникара кад а сан ба хьуона, када чура х1уъа сан да хьуона, буили араиккха, хьан марц1ай байна хьуона. Мишта мака байна йох. Малхайн 6ала бойн, йох. Вошо вала ко инари, ко лакха цхьара бинари.

3. Хьала вог1у
Сай вог1у,
Туьхи дахьаш
Хьаша вог1у,
К1ар-к1ар-к1ар!

4. Газа-гуьзиг йог1уш ю,
Бацах юьзна техкаш ю.
Нанна дукха езаш ю.
Нанас езаш кхобуш ю

5. Г1езикъ-мизикь,
Хаза винарг,
Б1е ткъес детта винарг,
Г1улакхашна коча винарг,
Нийсаршна хьеста винарг,
Тоьллачарна ваккха винарг

6. Туьйра, туьйра дахана боху,
Лекхачу гаьн т1е хиина боху,
Б1аьргаш боцучунна гина боху,
Куьйгаш доцучо лаьцна боху,
Когаш боцучо эккхийна боху.
Бага йоцучо кхаьллина боху.

7. Ког-ког, коьган ког,
Хаттала бахана бехбина ког,
Бацала хьаькхна ц1анбина ког,
Гуки делла хьаьстина ког,
Мама белла тебина ког,
Ч1ург делла 1ехийна ког,
1ахаршна тсбна ког,
Мехкаршна шершина ког,
Г1ала корах дой доху ког,
Ког-ког, коьган ког.

8. Т1абал-т1абал т1а деттачу,
Хуьм-хутал ят1инчу
Д1ар-схьар ц1а хьенан ду?
Ц1ийна т1ера бер хьенан ду?
Беран нана елла боху,
Чуч-чхьойриг ирхалелха,
Гома к1ужал яла г1ерта,
Мезди ойлахь вата етта,
Перзи ойлахь пондар лоькху...
Гил-гил-гил!*
_________________________
* И дешнаш олуш п1елгашца гилгаш доху берана.


ХХХII. БЕРИЙН ЛОВЗАРШ

1. Тахьтаргех ловзар

Тахьтарг - поппарах бина кад бу. Иза куьйга т1е а буьллий, ун т1е я шерачу лаьтта т1е бертал тухуш хуьлу. Бертал тоьхча, "тахь" аьлла тата а эккхаш, иэккха беза и кад. Нагахь санна къовсалуш шиъ я кхоъ-виъ велахь, царах кад иккхича, жимох 1уьрг даьлларгэккхане а ца иккхинарг) эшна лору. Эшначо шен тахьтаргах беккхина поппар чубилла беза, шел тоьллачун тахьтарган 1уьрг д1а а хьулдеш.
Таьхтарг лаьттах тухуш х1ара тайпа йиш локху бераша:
Тахьтарг, тахьтарг, эккхалахь,
Шайт1ан ши б1аьрг баккхалахь.

2. Го юкъа валарх ловзар

Ловзуш болчара, цхьаъ юккъе а воккхий, цкъа хьалха го бо. Т1аккха юккъе ваьккхинчуьнга хаттарш а деш (кху лахахь далийна долу), цо эшарца а, куьйга-эшарца а жоп а луш, д1ахьо ловзар:
Г о б и н а ч а р а. Схьадийцахьа, тхан ваша, к1а д1а муха доь?
Ю к к ъ е р а ч о. К1а иштта д1адоь, к1а иштта д1адоь (куьйга-эшарца ган а гойтуш).
Г о б и н а ч а р а. Схьадийцахьа, тхан ваша, к1а т1е муха долу?
Ю к к ъ е р а ч о. Иштта долу, иштта долу (куьйга-эшарца гойту).
Г о б и н а ч а р а. Схьадийцахьа, тхан ваша, к1а муха хьокху?
Ю к к ъ е р а ч о. Иштта хьокху, иштта хьокху... (мангал хьакхаран кеп х1оттайо).
Г о б и н а ч а р а. Схьадийцахьа, тхан ваша, к1а муха ору?
Ю к к ъ е р а ч о. Иштта ору, иштта ору (ц1ов охьа буьллий, т1е з1е т1ехь йолу г1аж еттаран сурт х1оттадо).
Г о б и н а ч а р а. Схьадийцахьа, тхан ваша, к1а муха охьу?
Ю к к ъ е р а ч о. Иштта охьу, иштта охьу (кахьар хьовзоран сурт х1оттадо).
Г о б и н а ч а р а. Схьадийцахьа, тхан ваша, демах бепиг муха до?
Ю к к ъ е р а ч о. Иштта до, иштта до (бод хьеран, сурт х1оттадо).
Г о б и н а ч а р а. Схьадийцахьа, тхан ваша, бебиг муха доу?
Ю к к ъ е р а ч о. Иштта доу...

3. Кулоьках ловзар

Хьажочу п1елггал йолу йоца дечиг д1ах1оттайо (цуьнан ц1е кулоьк ю). Цунна т1ера д1а пхиъ сиз хьокху, х1ора сиза юккъехь цхьанца метар меттиг юьтуш. Мала буург г1ожа т1ехь буйнаш дустарца къаставо.
Цхьамма г1аж тоьхна айделла долу кулоьк схьалаьччий бен к1елхьара ца волу мала буург. Схьалацахь - мала баа д1ах1утту г1аж тоьхнарг.
Дуьххьара г1аж уггар а генарчу (кулоькана пхеалг1ачу сиза т1ера схьатуху. Мала буучуьнга кулоьк схьа ца лацалахь, иза деалг1ачу сиза т1е волу. Т1аккха - кхоалг1ачу, юха шолг1ачу. Т1аьххье а хьалхарчу сиза т1е.
Хьалхарчу сиза т1е нисвелчий бен г1аж д1а а ца хоьцуш, тоха бакъо яц кулоьках. И бакъо йоккхуш ю хьалхарчу сиза т1е кхачарца. Т1аккха пхеазза хьайн ницкъ мел бу г1аж туху ахь кулоькана, иза х1оразза а генна д1а а дохуьйтуш.
Вукху деа сиза т1ера кхуссуш йолу г1аж буйнара д1а а хоьцуш тоха еза кулоькана.
Хьалхарчу сиза т1ера хьуо пхоьазза г1аж тоьхна ваьлча, юха а генарчу, пхеалг1а долчу сиза т1ера д1а а доладо ловзар.
Кулоькана г1аж кхоссале х1ара йиш а локхий, т1аккха г1аж кхуссу кулоькана:
Д1о-о йоьдуш ворда ю,
Вордана т1аьхьа ж1аьла ду,
Ж1аьлина т1аьхьа кулоьк ду,
Кулоькана т1аьхьа Муса ву,
Дар-ров!

ХХХIII. БЕРИЙН ЛОВЗАРШЦА ДОГ1УШ ХИЛЛА ХЕТТАРШ-ЖОЬПАШ*

1. Цхьа-цхьа цхьайтталиг,
Цхьана ненан шийталиг,
Ши етт бетта гуьмалиг,
Бецан б1евлиг,
Б1аьвна чуьра чоьхьалиг,
Чоьхьа тесна оьлтариг,
Хьала-охьа шото,
Шотоша б1о буьйцу.
- Б1онна хьалха мила ву?
- Шел воккха Чиракх ву!
- Чиракхна х1ун деза?
- Алдан-Малдан йо1 еза!
- Йо1ана х1ун деза?
- Кураш боккха ка беза!
- Коьманна х1ун деза?
- Яа х1ума еза!
- Бацана х1ун деза?
- Мангалхо веза!
- Мангалхочунна х1ун деза?
- Думий-галий деза!
- Кхап-кхип!
Супа а ца луш дуун делахь!

2. Цициг-мициг,
Хьо мичахь дара?
- Говраш 1амош дара.
- Говраш мичахь ю?
- Г1опа чу йоьхкина.
- Г1ап мичахь ю?
- Ц1аро ягийна.
- Ц1е мичахь ю?
- Хино яйина.
- Хи мичахь ду?
- Старг1анаша д1амелла.
- Старг1анаш мичахь ю?
- Лома т1ехьа яхана.
- Лам мичахь бу?
- Н1аьнаша бохийна.
- Н1аьний мичахь ду?
- Бедаша диъна.

3. - Цхьа-цхьа цхьайтталиг,
Ши етт бетта гуьмилиг**
- Гуьмилгахь х1ун ю?
- Кур лекха ка бу.
- Коьмана х1ун еза?
- Яа буц еза.
- Бацана мила оьшу?
- Мангалхо оьшу.
- Малгалхочунна х1ун еза?
- Думий-галий деза.
- Думий-галий даалахь,
- Суна дакъа диталахь.
____________________
* Хьалха заманахь цхьадолу берийн ловзаршна т1аьхьа эшарш ялош хилла. Иштта хеттарш деш а, царна жоьпаш луш а ловзарш хилла вайнехан. Х1инца дукхах долу ловзарш дицделла, амма халкъан иэсехь йисна цаьрца йоьзна хилла барта произведенеш (хеттарш - жоьпаш).
**Гуьмалг - кхабанах тера пхьег1а.

 

4. Шайт1а къардар


1. Цхьаъ х1ун ду?
2. Цхьана сил мерза х1ун ду?

1. Шиъ х1ун ду?
2. Шина б1аьргал сирла х1ун ду?

1. Кхоъ х1ун ду?
2. Кхо ког бола г1ант х1оттинчахь лаьтта.

1. Диъ х1ун ду?
2. Биъ са болу г1ала х1оттинчахь лаьтта.

1. Пхиъ х1ун ду?
2. Пхеамо вихкинарг цхьаннина васта хала хира дара.

1. Ялх х1ун ду?
2. Ялх етт болу дай-наний шарах а, шурех а хьоьгур дац.

1. Ворх1 х1ун ду?
2. Ворх1 к1ант волу дай-наний дели а, сели а нисделла.

1. Барх1 х1ун ду?
2. Барх1 ту болу дай-наний нахал хьалха аха г1ур ду.

1. Исс х1ун ду?
2. Иссамо йитинарг вайн кен-керта а ма хьуьйзийла.

1. Итт х1ун ду?
2. Уьттолг1а сой, баддий лела дахара. Бад хилдехьа йисира, со сехьа велира.

1. Эх1, бад жима хилла хир яра?
2. Бад жима муха хуьлу, исс эзар ц1е йогучу шахьар т1ехь, т1ам д1а а кхуссий, 1индаг1 деш йолу бад.

1. Эх1, юрт жима хилла хир яра?
2. Юрт жима муха хуьлу, лаха ма11ехь тоьхна болу мохь лакха маь11ехь а ца хезаш хилча, лакха ма11ехь тоьхна мохь лаха маь11ехь а ца хезаш хилча.

1. Эх1, юрт къора хилла хир яра?
2. Юрт къора муха хуьлу, лаьхьно доккха нох хезча?

1. Эх1, лаьхьа саьрмик хилла хир бара?
2. Лаьхьа саьрмик муха хуьлу, буйна боьллича, буйнал сов ца баьлча?

1. Буй шелагал хилла хир бара?
2. Буй шелагал муха хуьлу, коьртах тоьхча, корта а ца бойча?

1. Корта берзан хилла хира бара?
2. Корта берзан муха хуьлу, мокхано а божуш хилча.

1. Мокх буолат хилла хир дара?
2. Мокх буолат муха хуьлу, ц1еро боддеш хилча.

1. Ц1е йовха хилла хир яра?
2. Ц1е йовха муха хуьлу, хино а йойуш хилча?

1. Хи шийла хилла хира дара?
2. Хи шийла муха хуьлу, малхо а дохдеш хилча?

1. Малх бовха хилла хира бара?
2. Малх бовха муха хуьлу, мархаша а бойуш хилча?

1. Мархаш юькъа хилла хира яра?
2. Мархаш юькъа муха хуьлу, мохо а йойуш хилча?

1. Мох ч1ог1а хилла хира бара?
2. Мох ч1ог1а муха хуьлу, сан ц1ийн ма11ера к1а юккъера шиъ к1ан буьртиг а ца ластийра цо.

1. Эх1, хьуна-м к1ант а вина.
2. Х1а-вай, к1антана к1ант веш ца лаьтта х1ара дуьне?

1. И-м вала а велира.
2. Х1а-вай, леш-дуьсуш ца лаьтта х1ара дуьне?

1. Цул т1аьхьа-м сакъа а даьккхина.
2. Велчунна т1аьхьа сакъа доккхийла ца хаара хьуна?

1. Хьуна дитина дакъа цицкаш а диира,
2. Х1а-вай, ц1ахь воцчуьнан дакъа цицкаша доийла ца хаара хьуна?

Эццехь дог иккхина делла шайт1а.

5. - Д1а йоьдарг х1ун ю?
- Сийна-сийна къиг ю.
- Цуьнан багахь х1ун ю?
- Боча, боча б1ар ду.
- Вахьадожахь х1ун дер?
- К1ел палас лоцар.
- Палас бат1ахь х1ун дер?
- Мехаца тоьгур.
- Маха каглахь х1ун дер?
- Пхьере хуттуьйтур.
- Пхьар лахь х1ун дер?
- Не1ар т1ехьа д1авуллур,
Т1е хи а доьттина.

Мы в контакте

Подписаться

Вы можете подписаться на обновления сайта. Для этого введите Ваш электронный адрес:

 

Напишите нам






Кто на сайте

Сейчас 143 гостей и ни одного зарегистрированного пользователя на сайте

Вход на сайт

На сайте нет регистрации пользователей. Все разделы сайта доступны без регистрации

Статистика


Рейтинг@Mail.ru


Баннер

Разместите у себя на сайте наш баннер

История, обычаи и традиции чеченского народа

Реклама на нашем сайте

Вы здесь: Главная / Фольклор