noh cherkeskaПримеры проявления Нохчалла.

Рассказы из жизни, присланные посетителями нашего сайта.

ishkola 1Онлайн уроки по чеченскому языку

С квалифицированным репетитором

Чеченские сказки. Туьйранаш

Туьйранаш

Буьйсанна наь1 йетташ хезна сама ваьлла цхьа стаг:
- Мила ву - аьлла х1ара вист хелла.
- Хьа ирс ду - оли цхьа х1ума д1а йоьду. Т1аккха цунах йиссана лар хуьлу, цу ларца х1ара д1а вола ло, воьд-воьдаш х1ара цхьана 1аьржа 1уьрга т1е нисса ло, цунах дехьа а воли х1ара ларца д1а воьду. Воьдаш лоьман т1е кхочу, х1ара оха таь1на воьдуш гой лоьма хоту:

Comments

Борз а, къена ка а

Жа юккъера нацкъар а баьлла, уьдуш, ловзуш хилла цхьа-ши Iaxap. Жа гена даьлча, уьш тергалдеш 1аш йолчу мецачу борзо, ара а иккхина, ши Iaxap схьа а лаьцна, биъна. Жижиг а диина, довха ц1ий т1е а мелла, хьун луьста йолчу д1ата1а йоьдуш хилла борз. Хьуьнан йистехь, бай т1ехь бежаш цхьа къена ка гина цунна. Цунна т1е а яхана, барзо аьлла:
— Хе-е-е, ка, xlapa бай сан буйла ца хаьа хьуна, кхузахь бажа бакъо хьан елла хьуна?
— Xlapa бай хьан бац, сан жа1ун бу, — меллаша жоп делира кано.

Comments

Цхьогал а, акха-котам а

Цкъа цхьана дийнахь мацалла дала доллу цхьогал хилла хьуьнахула дедда дог1уш. Ц1еххьана хьалахьаьжча, дитта т1ехь Iaш акха-котам а гина, цхьогал сецна. Цхьогал гина кхераеллачу акха-котамо мохь тоьхна. Дика д1а а нисделла, цу дитта к1елахь охьа а хиъна, хьастаделла, цхьогало акха-котаме аьлла:

Comments

Цхьана наха нускал далийна хилла. Буса сахиллалц сакъоьруш 1ийна уьш. Сатосуш, марда уьйт1а ваьлла, уьйт1ахь цунна шайн ц1енош чуьра д1айоьду лар гина. Цу лорах xlapa д1авоьдуш, генна хьалха д1авоьдучу стеган сурт гина цунна. Воккхачу стага, собар дахьара, аьлла, дехар дина. Воккха стаг лерина, цуьнан дехар кхочушдина вукхо. Т1евеанчу воккхачу стага сецначуьнга хаьттина:

— Хьо мила ву? — аьлла.
Цо жоп делла, шун ц1ен т1ера д1адахана Ирс ду ша, аьлла. Т1аккха воккхачу стага дехар дина, юхадерзахьара хьо шен ц1ен т1е, аьлла.
— Х1ан-х1ан, — аьлла Ирсо, — хьан уьйт1ахь, хьан ц1ен т1ехь со оьшуш цхьа а вац, цундела со а дитий, д1аг1о, амма хьо суна т1аьхьа варна, аса цхьа дика дийр ду хьуна.
Comments

XIapa бакъ ду-дац, хьанна хаьа, амма наха дуьйцу, Шаройн лаьмнашкахь хьалхалерачу заман чохь вехаш-1аш хилла, боху, цхьа воккха стаг. Б1аьрса дайна хилла цуьнан. Цу стеган дукхе-дукха хаза йо1 хилла цуьнга хьоьжуш, чохь-арахь дан дезарг а деш. Дукха к1ентий хилла цу йо1ана т1ехьийзаш а, и йига лууш а, амма цо къастийна, цунна везаш цхьаъ вара, цундела цо захалонаш т1е ца дуьтура.

Comments

Хьуна дала дика дийриг, диканца хьо дукха вахарг, вонна хьо т1аьхьатеттарг, диканна хьо хьалхавахарг! Дийцаний-аьллий, х1ун ду хьуна, ас цхьа туьйра дуьйцур ду хьуна, тур-тамаша буьйцур бу хьуна. Лунан лергаш самадахалахь, берзан б1аьргаш серладахалахь!..

Аса хьуна дуьйцур ду оцу д1огарчу Башламанан коьртехь ло маца дуьйна 1уьллу, шерачу аренашкаххьий, ламанийн басешкаххьий хаза хьожа йолу бецашший, тайп-тайпана зезагашший маца дуьйна дуьйлу...
Мацах хьалха заман чохь и д1огахь шуна гуш долу лекха лаьмнаш кхин а лекха хилла, церан кортошкахь х1инца санна лой, шай а доцуш, хаза бецашший, зезагашший хилла. Ткъа хьалха заман чохь цкъа а ца дешаш лой, шай к1оргачу 1аннашкаххьий, ламанийн басешкаххьий, шерачу аренашкаххьий хилла.
Comments

XIapa хилла-ца хилла цхьанна а ца хаьа. Хьалхалерачу заман чохь цхьа воккха стаг хилла, боху, базарара говр-вордан тIехь цIа вогIуш. Ша эцна совгIаташ вордан тIе а дехкина, тIоьхула цIеста кIудал йиллина хилла цо. Де суьйренгахьа лестира. Воккхачу стага шед тоьхна, говр сихйира. ДIасатохаеллачу вордан тIера кIудал шершшина охьайахара. Воккха стаг говр-вордан тIехь дIавахара, ткъа кIудал некъа йистехь йисира.

— ТIохъаьлла, сан цIийнах кхеттарг хIун йу-те, — аьлла, араиккхира зингат.
Араиккхича, цунна Iуьллуш цIеста кIудал гира.
— Ва-да-дай! — гонах хьоьвзира зингат. — XIapa ма хаза бIов йу-у-у! Кхунах сайна цIа дан деза аса!
И а аьлла, зингат шен керла цIа дIанисда доладелла. Кегий тIулгаш а гулдии, зингато уьш кIудална кIел дохкура, и чIагIъеш. КIадделла, ша бинчу балхана резахилла, садаIа охьахиира зингат. гена боццуш, цхьана тIулга тIехь малхехь Iуьллу моьлкъа самабаьлла. ДIахьаьжча, цунна хIинццалц кхузахь шена цкъа а ца гина, кIудал-бIов ги.
Comments

Текхарго аьлларг

 

Хьалхалерачу заман чохь вехаш-Iaш хилла цхьа онда нарт. Адамашна чIогIа оьгIаз а вахана, церан юрт ягийна цо. И ягийна ша ваьлча, луьстачу хьуьнан йисте а вахана, мохь тоьхна цо дийнаташка а, сагалметташка а:
— Дадалург, дада, тIема дала ницкъ берг, тIема дала! Со кху хьуьнах сийна цIе лато воллу! — аьлла. Кхин хьем ца хуьлуьйтуш, ша ма-аллара, хьуьнан цхьана маьIIера дуьйна цIе тесна наьрто. КIелхьаравала ницкъ кхаьчнарг, кIелхьарволуш, цIеран гIовгIа бен йоцуш, тийналла хIоьттина хьуьнхахь.
Яьгна яьлла хьун. Хилларг, хIун ду-те, аьлла, хьуьн чухула волавелла наьрт. Хьуьнан цхьана маьIIехь, алу тIехь бетталуш, текхарг гина наьртана.
— Дакъаза ма бала хьо, текхарг, xIapa цIе йиллале, аса тоьхна мохь ца хезира-те хьуна? ХIунда Iий-те хьо кху цIера юккъехь? — хаьттина наьрто, гуш долчу суртах цецваьлла.

 

Comments

Дукхе-дукха хьалха, вайна дага а ца йогIучу заман чохь, дуьнен тIехь инзаре ирча мох баьлла хилла. Луьра хьоькхучу мохо дитташ орамашца схьадохуш, генна дIасакхиссира, лаьмнаш дохош, охьахерцийра. Хиш а, хIордаш а деста а дистина, аренашкахула даьржира.

Дуьнен тIехь мел йолу садолу хIума сабIарзделла хьийзара, едда кIелхьараяла гIерташ, дIалачкъа меттиг лоьхуш.
Comments

(Нохчийн  халкъан  туьйра)

 

Цхьа  бераш  хилла  хьуьнаха  хьонке  дахана, дукха  хьонка  а  карийна, иза  боккхуш  1аш, х1орш  хьебелла, хьуьнах  бода  боьлла. Хьуьнах  берзалой  а  хилла  уг1уш.

Бераш  лахахьа  а  дитина, воккхоха  волу  к1ант  лекхачу  попана  т1е  ваьлла, чуваха  цхьа  а  ц1ено, я  меттиг  карайой  хьажа.

Д1ёай-схьай  хьаьжча  цунна  цхьа  ц1ийна  лаппаг1а  гина. Цу  ц1ийна  не1арга  баьхкина   х1орш.

Не1  схьа  а  йиллина  доккха  ешап  дуьхьала  даьлла  кхаьрна, яккхий  к1омсарш  а  йолуш, кегийна  еха  месаш  а  йолуш, этт1а  х1умнаш  а  йолуш  т1еюьйхина.

 

Comments

 

1 – ра  сцена.

Занавес  д1акъевлина  ю, цунна  хьалхахьашхула  сцени  т1евог1у  туьйранча, тиша  чамда  а  яхьаш:

  -  О-о-о, ма  хаза  бераш  гулделла  х1окху  зала  чохь. Со  мила  ву  хаий  шуна? Суна  мел  дукха, хаза  туьйранаш  девза  хаий  шуна? Шуна  дийций  ас? Сан  шадолу  туьйра  х1окху  чамди  чохь  ма  ду. (схьайоьллу  чамда, схьаоьцу  цхьа  х1ума-охьаюьллу, схьаоьцу  кхин  х1ума-охьаюьллу, т1аккха  схьаоьцу  дечиг  пондар)-олу: - О, х1ара  дукха  хаза  туьйра  ду, х1ара  дуьйцур  ду-кха  аса  шуна. – Чамда  т1ома  к1ел  а  юьллий, д1авоьдузанавес  схьа  а  йоьллуш.

  

Comments

 

Х1иций-биц1ий  биц1ий  ц1олга.

Ц1уллекам-лека  1умар.

Иттозза  пхьар, шозза  бахтар, берза  к1еза б1ав.

Х1оттам-боттам  саммачи,

Чинчи-лечи  ветан  букъ,

Хьо  д1авала, хьо  ваьгна

 

Со  слов Ахметовой  Алпату

Comments

Бер а доцуш зудий, майрий хилла боху 1аш.

Церан беран мета еана, эцна кхела бекъа хилла боху, зуд хилла боху.

Зуьдо к1езий деш цахилла боху, кхело бекъа еш цахилла боху, зудчо Бер деш цахилла боху.

Ишттачу г1айг1анца къанлуш 1ачу зудчунна г1ан дайна боху буьйсанна охьайижча.

 

Comments

Гезарий Хилла боху яжа яхана.
Цхьа гайдерг, ши гайдерг, кхо гайдерг, диъ гайдерг, пхи гайдерг.
Де дохделлачу хенахь цхьа гайдолчу газано аьлла:
- Х1ай ши гай долу газа, хьо ц1а йог1ий? Сан цхьа гай дуьзна

Comments

Мы в контакте

Подписаться

Вы можете подписаться на обновления сайта. Для этого введите Ваш электронный адрес:

 

Напишите нам






Кто на сайте

Сейчас 142 гостей и ни одного зарегистрированного пользователя на сайте

Вход на сайт

На сайте нет регистрации пользователей. Все разделы сайта доступны без регистрации

Статистика


Рейтинг@Mail.ru


Баннер

Разместите у себя на сайте наш баннер

История, обычаи и традиции чеченского народа

Реклама на нашем сайте

Вы здесь: Главная / Фольклор