Газа-гуьзалг (Халкъан туьйра) — Нохчалла.com — Чечня, чеченцы, обычаи, традиции, история и многое другое
Чеченские сказки

Газа-гуьзалг (Халкъан туьйра)

Гезарий Хилла боху яжа яхана.
Цхьа гайдерг, ши гайдерг, кхо гайдерг, диъ гайдерг, пхи гайдерг.
Де дохделлачу хенахь цхьа гайдолчу газано аьлла:
— Х1ай ши гай долу газа, хьо ц1а йог1ий? Сан цхьа гай дуьзна

 

Ши гай долчо жоп делла:
— Ца йог1у, хьан цхьа гай дузарх, сан ши гай цадуьзна – аьлла.
Цхьа гайдолу газа ц1айоьдуш, т1ай к1елара схьаиккхина борз.
— Х1ай газа-гуьзалг хьо стенга яхна йог1у? – аьлла, хаьттина барзо барзо.
— Яжа-кхажа яхана йог1у-кха – аьлла газано.
— Хьан коьрта тйехь ерш х1ун ю? – аьлла барзо.
— Ма1а т1оьлгиш ю-кха – аьлла газано.
— Хьан к1ежан пха х1унда беттало? – аьлла барзо.
— Хьоьх кхоьруш беттало. – аьлла газано.
Хьап аьлла т1екхетта барзо газа д1акхаьллина.
Иштта ц1айог1уш йолу вуьш гезарий а д1айиъна барзо.
Т1аьххьаре ц1айог1уш Хилла пхи гай долу газа.
— Лаилах1-иллаллах1, со барзах цакхоьру, Лаилах1-иллаллах1, со барзах цакхоьру – бохуш.
Барзо т1ай к1елхьара схьа а иккхина аьлла:
— Х1ай газа-гуьзалг, хьо стенгара йог1у?
— Яжа яхана йог1у. – аьлла газано.
— Хьан коьрта т1ехь ерш х1ун ю? – аьлла хаьттина барзо.
— Ма1аш ю. – аьлла газано.
— Хьан к1ежан пха х1унда беттало? – аьлла барзо.
— Хьох лата дог хилла беттало – аьлла пхи гай долчу газано.
Борз чукхоссаелла, ишиъ лета. Пхи гай долчу газано ма1аш 1оьттина берзан гай дат1а а дина, цу чуьра схьахецна цхьа гайдерг, ши гайдерг, кхо гайдерг, диъ гайдерг газанаш.
Т1аккха аьлла пхи гайдолчо:
— Вай барт болуш хила еза, вай цхьана лелча вайна борз кхераме хира яц.
Бераш шу а хилалаш барт болуш.

Г1улдий-булдий цаьрна, кай-бож вайна.
Со слов С.Шаипова записала Р.Терлоева

Добавить комментарий

Оставить комментарий