noh cherkeskaПримеры проявления Нохчалла.

Рассказы из жизни, присланные посетителями нашего сайта.

ishkola 1Онлайн уроки по чеченскому языку

С квалифицированным репетитором

Сардамаш

1. Ц1А ЛАЬТТИНЧОХЬ нитташ бойла хьан!

2. Малх хьаьжинчу доттачу дийнахь дог1а деаначуг1орзолагаш т1ехула сира говр а текхош, ваша веллача г1ойла хьо!

3. Дала вуьжу каш гатдойла хьан!

4. Хьайн чохь баьрчехь вуьйлачех хуьлда хьо!.....

1. Ц1А ЛАЬТТИНЧОХЬ нитташ бойла хьан!

2. Малх хьаьжинчу доттачу дийнахь дог1а деаначуг1орзолагаш т1ехула сира говр а текхош, ваша веллача г1ойла хьо!

3. Дала вуьжу каш гатдойла хьан!

4. Хьайн чохь баьрчехь вуьйлачех хуьлда хьо!

5. Цхьа ши зуда вовшашца дов даьлла яллаш хилла. Хил дехьий-сехьий ехаш хилла и шиъ. Сарралц вовшашна къа дехна цу шимма. Цхьамма, эххара, аьлла: "Хьоьхург лойла хьан!". Вукхо цунна дуьхьал хье ца долуьйтуш, жоп делла: "Оьцург лойла хьан!"
Ойла йина наха, ма боккха ши сардам бу и шиъ аьлла. Т1аккха кхеле диллина цара оцу шина сардамах ч1ог1ох муьлха бу аьлла.
"Оьцург лойла хьан" бохург ч1ог1а лерина. Х1унда аьлча, хьехча, хьекъал д1аэца "оьцург" ца хилча, хьехча а, дан х1ума доцу дела.

6. Ши лулахо хилла дов даьлла йоллуш. Цхьамма аьлла:
Бакъ яийтинера хьо, дала х1аллакьярг, марера ц1а-м! Вукхо дуьхьал бага тоьхна:
- Бакъ бохучуьнан букъ бойла, йиссина даь1ахкаш кийра г1ойла, хьайн дена наь1алт а хуьлда хьуна!

7. Вадарх ял йолуш,
Сацарх ун долуш,
Яккхалла яй лелхийла цуьнан,
Къоьлла пен лелхийла цуьнан.

8. Шайн хьаша вог1у некъ
Тиша лаьттийла шун,
Кешнашка боьду некъ
Ц1ина лаьттийла шун!

9. Цхьа стаг хилла шена вас йиначу стагана дика сардам болла хуучу стаге сардам буллуьйтур бу-кха ша аьлла, говра а хиина араваьлла. Воьдуш х1ара кхаьчна цхьана юьрта, эвла юккъехь лаьттачу пхьоьхана т1евахана х1ара. Т1аккха пхьоьханахь лаьттачара хаьттина: "Хьо лаа лелий, хьо тара лелий?" аьлла. Лаа а ма лела ша-ма, тара а ма лела ша-ма, дика сардам болла хууш зуда елахь а, стаг велахь а лоьхуш ма лелара ша-ма аьлла т1евеанчо.
Наха аьлла, оха элира алий, х1ума ма дийца, хьо х1окху новкъа д1авахача, пхиалг1а ц1а а дитина, ялхалг1а ц1а чохь ю хьуна цхьа зуда, цунначул дикох сардам болла стагана хуур дац хьуна х1окху маьлхан дуьненан к1елахь.
Хьаьвзина и зуда ехачу уьйт1а вахана и стаг. Шен х1умнаш юьттуш йоллуш хилла и зуда. Зудчо хаьттина, хьо лаа а, тара а лелий аьлла. Со лаа а, тара а лела, сардам дика болла хууш волу стаг а, зуда а лоьхуш шун юьрта кхаьчна, наха хьо йийцина, хьуна т1е хьажинера со аьлла цу стага.
Т1аккха оцу зудчо ша юьттуш йолу х1умнаш охьа а кхийснна, аьлла: "Веза хинволчу дела и бакъ мел деца, ша воьдуш 1енийна чуьраш юха вог1уш лехьош вогийла и хьуна дийцинарг. Суна мичхьа хаара сардам болла, эхь ца хета кхарна!"

10. Йолаяла энаш доьлла,
Бете кховда ши куьг лехна,
Дала бале лоцийла хьо,
Г1оле хилар - дестар долуш.

11. Ас ца бина бохам хуьйла хьуна,
Ас бина цатам хуьйла хьуна,
Ас ца бина доьзал бала хьан,
Со йоцу зуда лойла хьан.

12. Шинари дийнахь - шиъ лойла хьан,
Кхаари дийнахь - кхоъ лойла хьан,
Еари дийнахь - виъ лойла хьан,
П1ераска дийнахь - пхиъ лойла хьан,
Шоьта дийнахь - х1у хедийла хьан,
К1иран дийнахь- кхерча нитташ болийла хьан.
Т1ехула т1е ворх1е дена наь1алт а хуьйла хьуна.

13. Хьал долу стаг волчу саг1а деха веана хилла цхьа стаг.
- Ахьа дуьненчохь олуш хезна боцу сардам алахь, аса шортта х1ума лур ю хьуна, - аьлла вехачу стага.
Ма алийта шега аьлла, дехна саг1адоьхачо. Хьалдолу стаг ша бохучунна т1ера юха а ца ваьлла, сардам боьллина саг1адоьхучо:
- Лекха ломал г1ум хуьлда хьан, х1ордал моз а, рема эмкалаш а хуьлда хьан. И эмкалаш моз юккъе а кирчина, цул т1аьхьа г1ум юккъе а кирчина, т1елетта йолу г1амаран х1ор буьртиган ц1арах наь1алт хуьлда хьуна а, хьан варх1е а дена а, - аьлла.

14. Шайна дукха езаш йолу йо1 маре йоьдуш ц1ахь болчара сардам буллуш хилла:

Марц1ийнан ж1аьлина йовзале,
Дец1ийнан ж1аьлина йицъялле
Юха йог1ург хийла хьо.

 

 

Мы в контакте

Подписаться

Вы можете подписаться на обновления сайта. Для этого введите Ваш электронный адрес:

 

Напишите нам






Кто на сайте

Сейчас один гость и ни одного зарегистрированного пользователя на сайте

Вход на сайт

На сайте нет регистрации пользователей. Все разделы сайта доступны без регистрации

Статистика


Рейтинг@Mail.ru


Баннер

Разместите у себя на сайте наш баннер

История, обычаи и традиции чеченского народа

Реклама на нашем сайте

Вы здесь: Главная / Фольклор