noh cherkeskaПримеры проявления Нохчалла.

Рассказы из жизни, присланные посетителями нашего сайта.

ishkola 1Онлайн уроки по чеченскому языку

С квалифицированным репетитором

Нохчийн гIиллакх-оьздангалла

VI дакъа. Ислам а, нохчийн гIиллакх-оьздангалла а

Дуьненчохь мел долчу къаьмнийн гIиллакхех дика дерг, адаман сина а, дегIана а пайде дерг чулоцуш, оьздангаллин уггаре а лекха лакхе ислам ду, Делера лаьтта доьссина бакъ дин ша хиларе терра.

ХIора кхетам болу стаг – иза муьлххачу къомах велахь а, мичча меттехь вехаш велахь а – хууш ву диканиг хIун ду а, вониг хIун ду а. И хаар Дала диллина адаман кхетаме.

Амма и хаарш делахь а, тайп-тайпанчу адамийн юкъараллашкахь гIиллакх-оьздангаллех лаьцна тайп-тайпана хетарш, хьежамаш беха. Иза доьзна ду адамо ша дуьненчу даьлча шена хьалха хIуьттучу даккхийчу хаттаршна жоьпаш муха ло бохучуьнца. Царах коьртанаш: ХIун маьIна ду хIокху дуьненан? ХIун меттиг ю хIокху дуьненахь оьздангаллин? ХIун маьIна ду адаман дахаран?

Тайп-тайпанчу философин Iамораша (царна юккъехь - адамаша галдаьхначу динан системаша а) тайп-тайпана жоьпаш ло оцу хаттаршна. Цуьнга хьаьжжина хуьлу оцу Iамораша коьрталла дечу юкъараллашкахь гIиллакх-оьздангаллин меттиг а.

Адамна хьалха хIуьттучу даккхийчу, чолхечу хаттаршна нийса жоьпаш цхьана ислам-дино ло. ХIара Дуьне а, цу чохь мел дерг а кхоьллина АллахIа, Иза цхьаъ ву, Цуьнан накъостий бац. Цуьнгахь ду Ша мел кхоьллинчу хIуманна тIехь олалла, Цуьнан лаам кхочушбеш ду дуьненчохь – лаьттахь а, стиглахь а – мел дерг. Иза массо хIума хууш а, массо хIума гуш а, массо хIуманна ницкъ кхочуш а ву.

АллахIа кхоьллина адам АллахIан лай ду. ХIокху дуьненчохь адаман цхьа декхар ду – АллахIна гIуллакх дар, Цо де аьлларг дар, дита аьлларг дитар. Адаман бакъо яц хIокху дахарехь долу шен декхарш ша билгалдаха, уьш АллахIа билгалдаьхна ду. Дала шен пайхамарш – Делера салам хуьлда царна – бахкийтина адамаш нийсачу новкъа хIитто, цаьргахула шен жайнаш а диссийна оццу Iалашонца. Оцу жайнех тоьлларг Къуръан ду, Дала шен тIаьххьарлерчу пайхамаре, Элчане – Делера салам-маршалла хуьлда цунна – доссийна. Иза, хьалха диссийна жайнаш санна, адамаша галдаккха йиш йолуш а дац, Дала ша лардеш долу дела.

Адам хIокху дуьненчохь ша динчу дикачух а, вуочух а Далла хьалха жоп дала дезаш ду. И хаттам, и кхиэл, и хьесап стагаца эхартахь хир ду. ХIара дахар адамна иза зиэн делла ду. Цундела Дела резаван бен, кхин Iалашо ца хIоттош, шен дерриге а гIуллакхаш Дала ма-бохху кхочушдеш, оцу зерах чекхвала гIорта веза стаг.

Ткъа Дела резаван, ялсамани ваха Iалашо йолчу стеган дахар лаккхарчу оьздангаллин маьIнах дузу, иза ша карзахалла йоцуш, синтеме а хуьлу. Нагахь стеган Дала ма-бохху кху дуьненахь ваха а, къахьега а ницкъ кхачахь, хиндолчу, гуттаренна долчу дахарехь цуьнга хьоьжу Делан къинхетам, сингаттам боцуш, массо а тайпа паргIато а, зовкхаш а. Иштта дегайовхо хуьлу боккъал а Делах а, Кхиэл ечу дийнах а тешачу стеган. Цуьнца цхьаьна, ша хIокху дуьненахь харц новкъа валахь, шега хьоьжуш жоьжагIате, гуттаренна а Iазап хиларх болу кхерам а беха бусалба стеган дагчохь. Оцу шина синхаамо – дегайовхоно а, кхерамо а – шен дахарехь диканиг дарна, нийсонан гIо лацарна (иза хIокху дахарехь шена мел «зене» делахь а), бакъдерг чIагIдарна тIетоьтту стаг.

Исламан оьздангаллин система ша схьакъаьстина яц, цо чулоцу дахаран массо а агIо: доьзал, Iер-дахар, къинхьегам, пачхьалкхан дIахIоттам, къаьмнийн юкъаметтигаш, иштта дIа кхин а. Цундела вайн, бусалба нехан, тIетан йиш яц «дин къаьстина хила деза пачхьалкхах» я «политика оьзда хила йиш яц» бохучу чIагIдаршна. Уьш Iесачу наха я дин суьртана лелочара, иза спорт я искусство санна хетачара юкъадаьхна ду. Ткъа ислам-динан лехам – иза адамна дикачунна, оьздачунна тIехь дахаран кеп дIахIоттор бу, шеца цхьа зирх а вуониг а, я осалниг а доцуш.

Бусалба нехан оьздангалла чIагIъян, гуттар а меттахь латто аьтту бу, уьш дагабовла цкъа а кхачалур доцуш хьекъал а, хаарш а шайна чохь долу Делан Дош – Къуръан а, Элчанан – Делера салам-маршалла хуьлда цунна – Сунна а хиларна.

Ислам-дино, ша бакъ дин хиларе терра, стеган лаамаш а, цуьнан ницкъ кхочург а, цакхочург а хууш билгалдоху цунна тIедохку оьздангаллин декхарш а, бехкамаш а.

Иштта дац кхечу харц динийн, Iилманийн Iаморашкахь. Цара са а, дегI а вовшах къастадо, цу шинна юккъехь мостагIалла ду бохуш. Са гаттехь латтош ботт ю боху дегI, цундела дегI эшийча бен синцIеналлин лакхалле, лаккхарчу оьздангалле кхачалур вац (индуизм, кериста дин). Оццу харц Iамораша дийцарехь, ши некъ бу стагана хьалха: дуьненан хIуманна тIаьхьавалар я синъоьздангаллин новкъа валар. Хьалхара некъ къастийнарш дуьненан хIуманна тIехь кхиаме кхочу, амма синцIеналлех дIахеда; шолгIачу новкъа бевлларш, куьйгаца, маттаца Дикачун гIо ца лоцуш, вуочунна дуьхьал къийсам ца латтош, синкхетаман лакхалле кхочу шаьш бохуш, бакъдолчу дахарна петоьхна, къинхьегамна а, юкъараллина а юьстах лаьтташ, зударий а ца балош, я маре а ца боьлхуш, шайн догIмашна ницкъ беш лела. Иза исламо доьхкуш ду, хIунда аьлча, стаг оцу кепара синцIеналлин, оьздангаллин лакхалле кхачалур воцу дела.

Исламехь стеган са а, дегI а вовшашца мостагIалла долуш ца лору. Мелхуо а сина аьтту бу, шен дегIах пайда а оьцуш, Дала шена тIедехкина декхарш кхочушдан. Цуьнан бакъо яц дахарна юьстах гIерта, мелхуо а дахаран массо а декъехь: доьзалехь, Iилма Iамош, балхахь, юкъараллин гIуллакхаш кхочушдеш, шен говзалле а, похIме а хьаьжжина, хьанала къахьоьгуш, – кхача веза стаг синъоьздангаллин лакхалле. Дала шен векал а дина, шена гIуллакх дан дуьненчу даийтина адам дахарна юьстах латта бакъо яц. Шена тIеIитталучу зерех Дала ма-бохху, Къуръано а, Элчанан – Делера салам-маршалла хуьлда цунна – хьадисаша а ма-хьоьхху чекхвала гIертарца кхочу стаг синцIеналле.

Оцу лакхене боьдучу некъан масех тIегIа ду. Царах уггаре а хьалхарниг боккъал а Делах тешар – ийман ду. Иза адаман хьекъалехь, дагчохь АллахI цхьаъ хиларх а, Мухьаммад АллахIан Элча – Делера салам-маршалла хуьлда цунна – хиларх а тешар чIагIделла, дуьнене хьежам хилла дIахIоттар ду. Цул тIаьхьа стеган дерриге а дахар Дела реза варна а, шена ялсамани яккхарна а тIехьажийна хила деза, Дала де бохург дан а деш, ма де бохург дита а дуьтуш.

 

Стеган синъоьздангалла, лаккхарчу тIегIане йолуш, кхуьу, цуьнан ийман чIагIдаларца цхьаьна. Ткъа ийманан ялх бIогIам бу:

1. АллахIах тешар. Иза волуш хиларх а, Шена гIуллакх дан а, Шега кхайкха а хьакъ долуш хиларх а, массо хIуманна тIехь куьйгалла деш Иза ша цхьаъ хиларх а тешар.

2. Делан маликех тешар (серлонах Дала кхоьллина, Цунна гIуллакх дийраш).

3. Делан жайнех тешар (Товрат, Инжил, Забур, Къуръан – дезчу жайнех уггаре а дезаниг).

4. Делан элчанех тешар (царах тIаьххьарниг – Мухьаммад, Делера салам-маршалла хуьлда цунна, пайхамарийн мухIар).

5. Къематдийнах тешар (Хьесапан де. Цу дийнахь адамашна тIехь, церан гIуллакхашка хьаьжжина, кхиэл йийр ю, хIоранна а цунна хьакъдолу совгIат я таIзар а деш).

6. Дерриге хIума – вуон а, дика а – Делан пурбанца хиларх тешар. Далла хастам а беш, тIеэца деза хила доьгIнарг: иза – вуон делахь а, дика делахь а, хьуна товш делахь а, дацахь а, – АллахIа яздина ду.

 

Массо а бусалба стаг тешна хила веза вуон а, дика а АллахIера, Цунна хууш а, Цуьнан лаамца а хиларх. Цуьнца цхьаьна Делан лай декхарийлахь ву дика а, вуон а къастош хила, магийнарг а, дихкинарг а хIун ду хаа, хьалхарниг лелон, шолгIаниг дита. Дала шена тIедехкина декхарш ша кхочуш ца дарна, иза иштта яздина хилла бохуш, бехказлонаш леха мегар дац.

АллахIа шен пайхамарш бахкийтина нахана юккъе, шен жайнаш а делла, нахана ирсан а (нийса), баланийн а (харц) некъаш билгалдаха аьлла. АллахIа стагана кхетам а белла, ойла ян ницкъ а белла. АллахIан гIоьнца адаман йиш ю бакъ - харц, нийсаниг – нийса доцург къасто.

Лекха волчу АллахIа аьлла: «Оха цунна некъ гайтина; и хууш, хастам беш ву иза я вац иза?» («Аль-Инсан», 3).

СинцIеналле стаг вуьгучу некъан шолгIа тIегIа ду муьтIахьалла. Шен дахаран дерриге а гIуллакхаш тIехь шен лаамехь, маьрша хилар дита а дуьтий, стаг АллахIна муьтIахь хиларе волу. Иштта Далла муьтIахь хиларх ислам олу.

 

Делан Элчас – Делера салам-маршалла хуьлда цунна – аьлла: ислам пхеа бIогIам тIехь лаьтташ ду:

1. Тоьшалла дар: «Ас тоьшалла до АллахI воцург кхин Дела цахиларна, Мухьаммад АллахIа ваийтина пайхамар хиларна а».

(Боккъал а шена Iамал ян хьакъверг цхьа АллахI ву; Мухьаммад-пайхамара АллахIан цIарах дийцинчух шек хила йиш а яц).

2. Ламаз дар. Ламаз дечу хенахь массо а цунна бан беза кечам бина хила веза, ша стаг синтеме а, ойла Далла тIеерзийна а хила веза.

3. Закат далар. Бусалба стага закат ло и дала хьакъ долчу даьхни тIера шарахь цкъа. Цуьнан барам: 85 грамм дешина я оццу меха даьхнина тIера – 2,5 процент.

4. Рамазанан баттахь марха кхабар. Малх схьакхетча, и чубуззалц хIума ца юууш, ца молуш, я кхечу тайпана кийра кхача ца кхачош Iар.

5. Макка ХьаьжицIа вахар, нагахь цига ваха ницкъ кхачахь.

 

СинцIеналле боьдучу некъан кхоалгIа тIегIа ду Делах кхерар. Иза Дала шена тIедехкина декхарш муха кхочушдина а, ша мел аьллачу дашах а, мел динчу гIуллакхах а Дала шега хоттург хиларх стаг доггах тешар ду. Шен дерриге а дахарехь, АллахIа магийнарг – ца магийнарг, хьаналниг – хьарамниг къастош, вахар тIехь ду стагана, Iедалх, дуьненан таIзарх озаваларна а доцуш, Делах кхерарна, даггара иза къобал а деш.

Стеган синцIеналле боьдучу некъан лаккхара тIегIа ихьсан ду. Иза стага шен массо а гIуллакх даггара кхочушдар ду, Далла ша гуш вуйла а хууш. Цуьнан маьIна ду адаман лаамаш а, сатийсамаш а Делан лаамца богIуш хила беза бохург. Стаг АллахIна дезарг дезаш а, АллахIна цадезарг ца дезаш а хила веза. Ша къинош деш цахиларх тоам бина саца ца веза стаг. Цо шен ницкъ кхочург дан деза лаьтта тIера къилахь дерг, Дала ца магийнарг дIадаккхархьама, дуьнечохь диканиг, Далла дукхадезарш алсамдахархьама, даржорхьама. Ихьсан – иза Делах тешачу хIора стага гуттар а шега сатийса, иза шена тIегIерта веза лекха Iалашо ю.

Исламан а, ийманан а, ихьсанан а маьIна гойтуш иштта дуьйцу хьадисо.

Iумара – Дела реза хуьлда цунна – дийцинера: «Цхьана дийнахь тхо Пайхамар волчохь Iаш дара. Эццахь цхьа стаг веара чу, тIедуьйхина кIайн духар а, Iаьржа месаш а йолуш. Иза некъахочух тера а вацара, я тхох цхьанна а вевзаш а вацара. Пайхамарна хьалха охьа а лахвелла, шен куьйгаш цуьнан голаш тIе а дехкина, цо хаьттира: «Мухьаммад! Исламах лаьцна дуьйцур дацара ахь суна?». Пайхамара жоп делира: «Ислам динехь ву хьо, нагахь ахьа АллахI воцург кхин Дела цахиларх а, Мухьаммад цуьнан Элча хиларх а тоьшалла дахь. Цул сов, ахь ламаз дан а деза, закат дала а деза, рамазан баттахь марха кхаба а деза, Маккарчу ХьаьжицIа ваха а веза, хьайна цига ваха некъ карарабахь».

«Иза бакъду», – элира чувеъначо. Тхо массо цецдевллера цо лучу хаттарех а, Пайхамара цунна дуьхьал реза хилла жоьпаш луш хиларх а.

 

ТIаккха оцу стага хаьттира: «Ийманах лаций дийцахьа суна». Пайхамара жоп делира: «Хьо тешаш хила веза АллахIах а, цуьнан маликех а, цуьнан жайнех а, цуьнан пайхамарех а, Къематан (Кхиэл ечу) дийнах а, ткъа иштта Дика а, Вуон а Делера хиларх а». «Иза а бакъду», – элира чувеъначо.

ТIаккха цо дийхира: «Ихьсанах лаций а дийцахьа суна». Пайхамара элира: «Ахь АллахIна Iамал ян еза, хьайна иза гуш волуш санна. Хьуна Иза ца гарах, Цунна хьо гуш ву».

«Делахь тIаьххьарчу сохьтах дийцахьа суна», – юха а дийхира чувеъначо. Пайхамара элира: «Хоьттуш волчу хьуначул бен, хIума ца хаьа жоп дала дезачунна а».

«Делахь тIаьххьара сахьт тIекхочуш хиларан билгалонаш йийцахьа суна», – дийхира чувеъначо.

«ЙоIа – лайно шен хIусамнана (и лай кхобуш ерг) йийр ю, ткъа когашIуьйра, берзина эмкалийн Iаьржа Iуй цIенош деш къийсалур бу вовшашца», – жоп делира Пайхамара.

И стаг дIавахара, Пайхамар вехха Iийра ойланаш еш. Цул тIаьхьа цо хаьттира: «Iумар, хиирий хьуна и хаттарш динарг мила вара?».

Ас жоп делира: «Иза цхьана АллахIна а, Цо ваийтинчунна а хаьа».

Пайхамара элира: «Джабраил-малик ма деънера шу долчу, шу шайн динна Iамо».

СинцIеналле боьдучу новкъа, ша стаг санна, дийнна къам а хIотта декхар ду. Цхьана стеган санна, муьлххачу къоман а аьтту бу Делах тешаран, Цунна муьтIахь хиларан, Цунах кхераран тIегIанаш дохуш, ихьсанан лакхенашка кхача гIорта. Исламан оьздангаллин система, ша стаг чулаьцна ца Iаш, дахаран ерриге а агIонаш чулоцуш ду.

Адам синцIеналлехь, оьздангаллехь кхетош-кхиоран коьрта «гIирсаш» Делан парзаш а, Элчанан – Делера салам-маршалла хуьлда цунна – суннаташ а ду.

Парзех (шахIадат далийначул тIаьхьа) уггаре а хьалхарниг ламаз ду. ХIора дийнахь-бусий Далла дуьхьал хIуттуш, ламаз даро юх-юха а дагадоуьйту стагана АллахI цхьаъ хилар, Цо тIедехкина декхарш кхочуш ца дахь, шега хьоьжуш Iазап хилар, цундела Делера шех къинхетам бар лоху цо шен ламаза тIехь дечу доIанашца, шен ойла а, са а цIандо.

 

Лекха волчу АллахIа аьлла: «Бакъ а долуш, кхиаме кхочу ийманехь берш, нагахь цара шайн ойла ламазашкахь цIанъяхь» («Аль-Муъминун», 1).

Мухьаммад-пайхамар – Делера салам-маршалла хуьлда цунна – шена дуьхьал веъча, Дала билгалдина ду хIора ийман диллинчу стага дийнахь-бусий пхи ламаз дан дезар.

Элчанна – Делера салам-маршалла хуьлда цунна – Джабраил-малико муха дан деза хьехна а ду ламаз. Иза Лекха волчу Делан а, Цуьнан лайн а вовшашна юккъера къамел а ду. Ламаз дарца стага шех АллахIа бечу къинхетаман хама бо, дерриге а Цуьнгара хиларх тешаш, шегарчу хьолана реза хиларца, Далла хастам а бо.

Лекха волчу АллахIа аьлла: «Ламаз де. Бакъ а долуш, ламазо ларво муьлххачу а вуочух а, къинойх а» («Аль-Анкабут», 45).

Делан Элчано – Делера салам-маршалла хуьлда цунна – аьлла: «Кхиэл ечу дийнахь Делан лиэга уггар хьалха ламазах барт хоттур бу. Нагахь иза дан ма-деззара дина хилахь, цуьнан ерриге Iамалш кхочушхилла. Нагахь ламаз дан ма-деззара дина ца хиллехь, кхийолу Iамалш а дика хир яц».

Адам оьздангаллин, синцIеналлин лакхене дуьгу шолгIа парз марха ду. Мархано а, ламазо санна, цIанйо стеган ойла. Рамазан баттахь хIора дийнахь хIума ца юуш, мала ца молуш, мотт вуочу дашах, куьг-ког вуочу гIуллакхах, бIаьрг къилахь долу хIума гарах, лерг и тайпаниг хазарх лардеш, марха кхабаро алсамдоккху бусалба стеган Делах кхерар, муьтIахьалла, собар, мискачу нахах къахетар, низам дезар...

Делан Элчас – Делера салам-маршалла хуьлда цунна – аьлла: «Рамазан баттахь дог тешарца а, синтем хиларца а марха кхаьбнарг къинойх цIанлур ву».

Цо иштта а аьлла: «Марха – иза жоьжагIатин цIарна дуьхьало ю».

Бусалба стаг кхетош-кхиоран кхоалгIа «гIирс» бу закат. Иза а, ламаззий, мархий санна, Дала тIедиллина парз ду.

Лекха волчу АллахIа аьлла: «Ламаз а де, закат а луо» («Аль-Бакъара», 110).

Закат даларца бусалба стага шен са цIандо къинойх, бIаьрмецигаллех... Цуьнца цхьаьна цо гIо до мискачу нахана, шен хьал-бахам, даьхни цIан а до, зенах-зуламах лар а до, Дала бохург деш муьтIахь хиларца, Цунна хастам барца, Цо кхоьллинчу адамашна дика болх барца. «Закат» бохучу дешан Iаьрбийн маттахь масех маьIна ду: «кхиар», «алсамдалар», «зазадаккхар», «цIеналла».

Хала воллучу шен бусалба вешина шен бахамах Дала шена тIедиллина дакъа дIадаларца стага Далла дукхадезна, оьзда гIуллакх кхочушдо, шен бахам а, са а цIандо.

Стаг ийманехь, лаккхарчу синъоьздангаллехь чIагIваларна гIо деш доьалгIа парз ХьаьжицIа вахар ду. Цига вахаро, ИбрахIим-пайхамаро – Делера салам хуьлда цунна – доьттина ХьаьжицIа, вайн Элча – Делера салам-маршалла хуьлда цунна – лелла меттигаш, и дIавоьллина ровзат гаро, дуьненан массо а маьIIера цига даьхкинчу бусалба адамаша цхьатерра Iамал яро боккха беркате тIеIаткъам бо хьадж дан ваханчун синкхетамна. Цигахь цуьнан аьтту бу Мухьаммад-пайхамаран – Делера салам-маршалла хуьлда цунна – уммат мел доккха ду хаа, кхечу къаьмнех болчу шен бусалба вежаршца гергарлонаш таса, церан вошалла хаалуш Далла Iамал ян...

Делан Элчас – Делера салам-маршалла хуьлда цунна – аьлла: «Хьадж динчул тIаьхьа гIийбат ца деш, къинош ца летош вехарг, нанас винчу дийнахь санна, къинойх дIакъаьстина, цIена хир ву».

 

Дала тIедехкина парзаш а, Делан Элчанан – Делера салам-маршалла хуьлда цунна – суннаташ а нийса кхочушдан нахана Iамош, марздеш, царна бусалба дин кIорга довзуьйтуш, исламан серло кхидIа а яржош, кхетаме болх бина Нохчийчохь баьхначу эвлаяаша. Эвлаяаш адамашна юккъехь бехаш хиларан билгало ю Дала шен Къуръан чохь уьш хьахабар: «...Боккъал а Делан гергарчу нахана (эвлаяашна) кхерам хир бац, уьш гIайгIане а хир бац. Уьш дилла ма-деззара ийман диллинарш а (Делах тешнарш), кхера ма-беззара Делах кхоьрурш а бу» («Юнус», 62).

Исламан серло яржорна, нехан ийман чIагIдарна тIехьажийна эвлаяийн къинхьегам Делан дашца нийса богIуш хилла: «Шуха цхьа тоба хуьлда дикане кхойкхуш, диканиг де аьлла омра деш, вуониг ма де аьлла нехIи деш. Уьш декъала хилла нах а бу». («Ала-Iимран», 204).

Ткъа эвлаяаша шайн мурдашна парзаш а, суннаташ а кхочушдинчул тIаьхьа а Дела дагалацар, Дела хьахор, Цунна хастам бар тIедуьллуш хилла. Иштта кхоллалуш хилла вирд. Иза бусалба стаг Iамалъяр совдаккхарца АллахIна а, СубхьаналлахIи таIала, Мухьаммад-пайхамарна а, IалайхIи салам, герга гIертаран некъ бу. Масала, Кунта-Хьаьжас шен мурдашна тIедехкина хилла иштта декхарш – хIора ламаза тIехь ши вирд даккхар. Хьалхара вирд иштта ду: Кхузза шахIадат а далош, пхийтта «АстагIфируллахI» олуш, бIозза «ЛаилахIа иллАллахI» олуш, Элчанна – Делера салам-маршалла хуьлда цунна – пхиъ «Салават» дуьллуш, Далла Iамал яр, мел балар. ШолгIа вирд бIозза «ЛаилахIа иллАллахI» олуш Дела хьахор а, мел балар а ду.

Хошкалдерчу Юсуп-Хьаьжас шена тIаьхьа базабеллачу мурдашна иштта декхарш тIедехкина – хIора ламаза тIехь ши вирд даккхар. Хьалхарниг: пхийттазза «АстагIфируллахI» алар, кхузза «Къулхьа» а, цкъа «Фатихьат» а дешар а, цунах мел балар а. ШолгIа вирд: пхийттазза «АстагIфируллахI» а, бIозза «ЛаилахIа иллАллахI» а алар, пхийттазза Элчанна – Делера салам-маршалла хуьлда цунна – «Салават» диллар, цунах мел балар. Цул сов, хIора Iуьйра ламаза тIехь эзарзза «АллахI» олуш зикар дар а.

Иштта Дела хьахор догIуш ду Делан дешнашца: «ХIай има диллина нах, Дела хьахаве аш, мел дукха хьахийча а, хьахавеш» («Аль-ЖумуIат», 9).

Гуш ма-хиллара, устазийн тIедахкарш Далла Iибадат дар алсамдаккхарна, ша йоккхучу хеначохь Дела дагахь а воцуш цхьа а юкъ ца ялийтарна, цуьнца цхьаьна шена улло гIерта шайтIа гена доккхуш, шен синкхетам цIанбарна тIехьажийна хилла.

Нохчийчохь баьхначу эвлаяаша даржош ши тIерекъат хилла – Накъашбанди тIерекъат а, Къадари тIерекъат а.

Накъашбанди тIерекъат («некъ») юкъадаьккхинарг лоруш ву Хаваж-Баудди Накъашбанди (вина 1314 ш., кхелхина 1389 ш.). Амма и тIерекъат, цуьнан цIарах делахь а, Iеламнаха иза юкъадалар дузу Элчанан – Делера салам-маршалла хуьлда цунна – асхьабаца Абубакар-Сиддикъца – Дела реза хуьлда цунна.

Цунна тIера таханлерчу дийне схьайогIу Накъашбанди тIерекъат даржийначу эвлаяийн силсил ялайо цхьаболчу Iеламнаха шайн Iилманан белхашкахь (масала, ДегIастанарчу устазан Джамал-Эддинан «Адибуль-Марзил» цIе йолчу жайни тIехь).

 

Накъашбанди тIерекъат Нохчийчохь дIакхайкхош, вайнахаца йолчу Iесачу амалшна дуьхьал гIеттина, халкъ нисдеш дуьххьара юкъаваьлларг ву Алдара Ушурма. Бакъду, шена тIаьхьа и гIуллакх дIакхехьа векалш бита а, цаьрга шегара тIерекъатан зIе («дакъа») дIаяла а, шена тIаьхьа базабеллачу нахана вирд тIедилла а аьтту ца хилла цуьнан.

Къилбаседа Кавказехь XIX бIешеран юьххьехь Накъашбанди тIерекъат дендина, шуьйра дIакхехьнарг ДегIастанара ши Iеламстаг Мухьаммад аль-ЯрагIи а, Джамалэддин аль-Казикумухи а ву.

Мухьаммад аль-ЯрагIис бакъо а елла, Нохчийчохь дуьххьара Накъашбанди тIерекъат даржо волавелла Сесанара Ташу-Хьаьжа. Цул ханна мелла а жима волу Зандакъара ГIеза-Хьаьжа а хилла шен вирд а долуш, шена тIаьхьа базабелла мурдаш а болуш. Мухьаммад аль-ЯрагIин мутаIелам а, Накъашбанди тIерекъат хьеха тIедиллар дина а хилла иза а.

Оццу воккхачу устазера Мухьаммад аль-ЯрагIера «зIе» кхаьчна хилла Таьшкичуьра Абу-шайх, ткъа цуьнца тоба дина а, шайн вирд дилла цо пурба делла а хилла Лаха-Неврера Iусман-Хьаьжа а, ЧIаьнта юьртара Элах-Молла а. Цара тIедахкарш дарца вайнах бусалба динехь, оьздангаллехь нисбаран сийлахь гIуллакх кхидIа а кхехьна Докка-шайхо а, Дени-шайхо а, Солса-Хьаьжас а, кхечара а. Мухьаммад аль-ЯрагIера нахе тоба дайта бакъо хиллачу Узум-Хьаьжас а Нохчийчохь шен вирд диллина.

Накъашбанди тIерекъатан хьехамаш беш, шен вирд кхоьллинчу Хошкалдерчу Байбетар-Хьаьжина халкъан устаз хила аьлла тIедиллар динарг ву Маккин имам хилла волу эвлаяъ Жамалулайла. Байбетар-Хьаьжица доьзна кхин цхьа беркате гIуллакх а хилла: Элчанан – Делера салам-маршалла хуьлда цунна – тIаьхьенах волчу Жамалулайле дехар дина хилла цо, хьайн кIентех кхоъ Нохчийчу ваха-Iиэн ваийтахьара аьлла. Цо и дехар а делла, Нохчийчу веара Сайд-Салахь, Сайд-Iалви, Сайд-Ахьмад. И бахьанехь вайн махкахь дин довзар, Iамор, цуьнца болу лерам, ийман алсамделира. Элчанан – Делера салам-маршалла хуьлда цунна – тIаьхьенах болчу наха даккхий, беркате гIуллакхаш дира нохчашна юккъера девнаш, чIираш, хьаьгIнаш дIайохуш, бусалба нехан вовшашца болу лерамаш чIагIбеш, ислам-дино ма-хьоьхху Iер-дахаран кеп нохчашна юккъехь чIагIъеш. ХIетахь вайна юкъа веъначу Элчанан – Делера салам-маршалла хуьлда цунна – тIаьхьенах волчу кхаа вешех бевлла нах тахана а беха вайна юкъахь. Шайн дайша санна, маслаIатан, ийман чIагIдаран беркате болх беш бу уьш тахана а вайн махкахь. Дела реза хуьлда царна.

 

Байбетар-Хьаьжас шен кIанте Юсуп-Хьаьже делла ша юкъадаьккхина вирд дIакхехьар. Цо иза кхочуш а дира, советан Iедал тIе а деъна, ша Туркойн махка дIакхалххалц.

Къадари тIерекъат къаьсташ ду Накъашбанди тIерекъатах Дела хьахор, Далла Iамал яр чIогIа, хозуьйтуш хиларца, ткъа иштта чехкачу (чIагаречу) зикаршца а. Оцу тIерекъатан цIе БагIдадехь ваьхначу воккхачу Iеламстеган Iабдул-Къедар ал-Гиланица йоьзна ю (вина 1077 ш., кхелхина 1166 ш.). Амма, Iеламнаха дийцарехь, Къадари тIерекъат юкъадалар доьзна ду Элчанан – Делера салам-маршалла хуьлда цунна – асхьабан шолгIачу халифан Iумаран – Дела реза хуьлда цунна – цIарца; кхечу Iеламнаха дийцарехь, и тIерекъат юкъадаьккхинарг Элчанан – Делера салам-маршалла хуьлда цунна – асхьаб, воьалгIа халиф Iела – Дела реза хуьлда цунна – хилла.

Къадари тIерекъат Нохчийчохь, ткъа иштта ерриге а Къилбаседа Кавказехь а дуьххьара юкъадаьккхинарг Иласхан-Юьртара Кишин воI Кунта-Хьаьжа ву. Цо вайнахана юккъехь ийман чIагIдаран, бусалба дин даржоран беркате болх бо XIX бIешеран шовзткъалгIа шераш чекхдовлуш (Кавказан тIом йисте бала гергабахча) дIаволалой, ша оьрсийн паччахьан Iедало лаьцна дIавиггалц (1864 ш. январан 3 де). Цул тIаьхьа цуьнан вирд кхидIа а даржош дIадаьхьира Бамматгири-Хьаьжас, Мани-шайха, БатIал-Хьаьжас, Чиммирзас, ткъа XX бIешеран 50 шерашкахь Казахстанехь бехачу нохчашна юккъехь кхоллало Висхьаьжин вирд а.

Царах цхьаболчара керла хIумнаш юкъадоху чIогIа дечу зикарна: Бамматгири-Хьаьжин (Iовдин) вирдехь болчара кортош лестош, шовкъ еъначу нахана гонаха а хIуьттий до зикар, «ЛаилахIа иллАллахI» бохуш; Чиммирзин вирдехь болчара жиргIанах пайда а оьцуш до зикар; Висхьаьжин мурдаша Iадхьокху пондар тIаьхьа а балош олу шайн назманаш...

Нохчийчохь Накъашбанди а, Къадари а тIерекъаташ даржарх а, и кхочушдинчу вайн устазех а лаьцна Iилманан белхаш язбеш къаьсттина дукха а, беркате а къахьоьгуш бу Iилманчаш Яндаров Андарбек а, Акаев ВахIид а.

И хаттар доккха а, кхитIе Iилманан белхаш бан безаш а ду. Цундела оцу хьокъехь долу къамел доцца дIадерзоран Iалашонца, къастор вай Нохчийчохь баьхначу устазийн кхетош-кхиоран, исламан серло яржоран белхан коьрта билгалонаш.

Уггар хьалха билгалдаккха деза Нохчийчохь баьхначу устазийн дерриге а дахар кхечу нахана масал хилла хилар. Дуьненан хIуманах Iехабалар доцуш, шайн догIмийн лаамийн гуо гатбина, боккху ког, туху куьг, олу дош, доьIу са Дала бохучуьнца нисдина бехаш нах хилла уьш... Цундела хилла царна тIаьхьа хIиттина мурдаш, цаьрца тобанаш а деш, царах шайна оьздангаллин хехой а беш.

 

Шайн Делаца йолу зIе чIагIъеш, дегIан лаамаш гIелбан халбата (Iаьрбийн маттахь «халват») ховшуш хилла уьш – цхьана тоьли чу а хуий, къуьданан серлонехь Къуръан, жайнаш доьшуш, юучу хIуманах а, хих а ца валлал биэн пайда а ца оьцуш, Далла Iамал еш хан яккхар ду иза. Иштта шен дегIан лаамаш а, Делан некъах шен ойла йохо гIерта шайтIа а къардеш, хилла цхьаболчу Iеламнаха. Амма и хан дIаяларх а чекхдолуш ца хилла церан халбаталла. Иза цаьрца гуттар а хилла: сов бахам ца гулбеш, сов рицкъанах пайда ца оьцуш, сов дош ца олуш, хьажо ца безачу бIаьрг ца хьажош, хаза ца дезачунна шайн лерг къардина – шайн сица гуттар а халбатахь хилла уьш.

Шайн синкхачин ойла яр дукха долуш, дегIан кхачанах ца бевлла бен пайда ца эцна цара. Иштта, Девкар-Эвлара Докка-шайх, юучу хIуманах пайдаэцар кIезиг хиларна, корта хьалаайбина ца латталуш, вортан тIе зоьпар тоьхна хилла боху.

Устазех цхьамма, шен чуо тIе жима гIайба а буьллий, дIачIагIъеш хилла шен гIодаюкъ.

Кураллех, сонталлех зирх боцуш нах хиллачух тера ду уьш. Иштта, оцу Докке цхьана стага кехат даийтина хилла боху, «хьо пхьагал а, котам а ю» аьлла. Доккас цунна дуьхьал жоп дахьийтина боху: «Пхьагалх а, котамах а адамашна жижиг хуьлу, цул сов, котамо хIоаш а до. И шиъ адамашна пайде а ю. Ткъа соьгара хуьлуш цхьа а пайда бац, цундела со цаьрца вустуш, сан сий лакха ма даккха». И жоп дIакхаьчча, Докке кехат яздина стаг, дохко а ваьлла, велха а воьлхуш, шайхана тIе а веъна, и шена къинтIера а ваьккхина, дIавахна.

Хьарам-хьанал чIогIа къастош хилла устазаша. Иштта, Кунта-Хьаьжех лаьцна дуьйцу, цо шена гIо дан баьхкинчу мурдаша асар дина хьаьжкIаш билгал а йина, шена царах пайда ца оьцуш, сагIийна дIаелла бохуш. Ша къахьегна даьккхинчу рицкъех бен пайда оьцуш ца хилла Хьаьжас. Цхьана назми тIехь иштта хьахадо цо хьарам хIума магош цахилар:

Старо нехан хьаьжкIа кхаьллича,

Цо къурд бале къамкъарг хадош,

Кунта-Хьаьжас тхо Iамийна...

ЦIархазамна, моттаргIина хIумнаш шаьш лелош а ца хилла устазаша, я шайн мурдашка леладойтуш а ца хилла. Иштта, цкъа Цоци-Эвларчу цхьана мурдо шен устазе аьлла хилла, чалба ехка воллу ша. Кунта-Хьаьжас цуьнга аьлла: «Цкъа хьалха хьайн дагна ехка чалба, къинойх, сакхтех цIанлуш, тIаккха коьртана а йоьхкур ю ахь. Нагахь чалба, Делан дуьхьа а ца лелош, дозаллина, суьртана ахь лелаяхь, хьайн дог цIан а ца деш, иза хьуна хьайна дуьхьал дер ду».

Шайна тIаьхьа базабелла мурдаш Далла Iамал ян Iамийна ца Iаш, Iер-дахарна а, хьанал къахьегарна а Iамош хилла устазаша. Иштта, адамашка лаьтта тIехь гуттар а къахьоьгуьйтуш хиларца билгал хилла МартантIера Солса-Хьаьжа. И гIуллакх харцахьа даьккхина, «мурдаш устазо шена бацош хилла, шен хьал-бахам алсамбоккхуш» бохуш, цхьацца хьекъал доцу аларш хаалора советан заманахь цхьаболчу «Iилманчийн» белхашкахь. Амма иза цахилларг хилла моттийта гIертар дара. Солса-Хьаьжас лаьтта тIехь (шен мурдашна а, шена а, мискачу нахана а гIо деш) къахьегийтар, белхеш а беш, жамIатца Далла Iамал а еш, – иза ша-тайпа адам кхетош-кхиоран, церан оьздангалла лакхаяккхаран кеп хилла. Цул сов, вайнахана юккъехь хIинца а бу, хьалха а хилла хьаналчу къинхьегамна Iамо безаш, хьарамчу рицкъане марзбелла, я деш-дуьтуш а доцуш, буьйлабелла лела нах.

 

Вайн халкъан хьехамчаш-устазаш, шеко йоцуш, Дала ша-тайпа говзаллаш а, ницкъаш а белла нах хилла. Уьш тIаьхьакхуьуш хилла къайлах цхьамма дийцинчунна, церан аьтту болуш хилла цомгашчунна гIоли ян, нехан ойланаш еша...

Оццу Солса-Хьаьжин вирдехь волчу Хьалха-МартантIерчу Бахаев Балас 1998 шеран бIаьста тхуна дийцира шен дас шена дийцинарг: «Цхьана довхачу дийнахь марс хьокхуш (ялта хьокхуш) дара шаьш, Солса-Хьаьжин мурдаш. Мархин бутт бара иза. Дукха гIелделла, хьагделла, дохделла, садаIа хийисте дахара шаьш, хица догIмаш шелдан. Шаьш хи чохь шеллуш долуш, говрахь генахьуо гучувелира Солса-Хьаьжа. «Чора, - аьлла, кхайкхира иза шайх цхьаьнга, - тIаьхьадисирий хи, тIаьхьадисирий?!». «Дисира», - элира бохура Чорас, вела а велла. «Массо ма хьагвелла, Чора, сатоха ма деза», - бехк баьккхира Солса-Хьаьжас. И дIавахча, Чорас дийцинера шен накъосташка, ша хи буха а воьдуш, цу бухахь воллушехь хи мелла хилар. Иза хиъна хиллера Солса-Хьаьжина, кхаьрца а воццушехь».

И тайпа а, цул тамашийна а хIумнаш дуьйцу массо а устазех лаьцна церан мурдаша. Хетарехь, уьш цхьа бух боцуш а дац.

Халкъ нийсачу новкъа нисдарал сов, иза бохамех лардар а дара устазаша шайн лаамехь шаьш тIелаьцна декхар. Иза кхочушдеш, уьш кийча хилла муьлхха а халонаш лан. Иштта, 30-чу шерашкахь НКВД-н эскарша, Солса-Хьаьжий, Билу-Хьаьжий схьалуо, ца лахь, шаьш юрт йохор ю аьлла, юьртана гуо биллича, шаьш бахьанехь тIом а байтина, адамаш ца дайийта а, юьртана зиэн ца дайта а, и ши эвлаяъ шайн лаамехь Iедална каравахнера...

Шаьш бакъболу эвлаяаш хиларан билгалонаш устазаша вайна тIаьхьа а йитина. Масала, бакъволчу эвлаяан бен аьтту бер бац дийнна халкъ бусалба дине дало – Делан гIоьнца Кунта-Хьаьжин ницкъ кхаьчна гIалгIашна юкъахь ислам даржо; бакъволчу эвлаяан бен ницкъ кхочур бац, Зандакъарчу ГIеза-Хьаьжин санна, собар хила; бакъболу эвлаяаш шаьш ца хилча, вайнехан устазийн аьтту хир бацара шайл тIаьхьа баккхий Iеламнах бита, бусалба нехан ваIданаш, жамIаташ дита... Цундела цхьана а бусалба стеган бакъо яц цара Делан дуьхьа хьегна къа шеконе хIотто.

Шаьш кIорггера Iилма долуш Iеламнах хиларе терра, оцу эвлаяийн гIуллакхаш а, хьехамаш а Делан дашца – Къуръанций, Элчанан – Делера салам-маршалла хуьлда цунна – Сунниций нийса догIуш а, церан буха тIехь а хилла. Нагахь хан яларца, уьш вайна юккъера дIабевллачул тIаьхьа, царах лаьцна шарIаца ца догIу хIумнаш дуьйцуш меттиг нислахь, иза цаьргара доцуш, наха шаьш кхоьллина ду, уьш дийцар доккха къа а ду. Цунна тоьшалла деш ду исторехь хилла бакъдерг.

ТкъоалгIачу бIешеран юьххьехь (герггарчу хьесапехь – 1913 шарахь) Туркойн махкара ГIалгIайчу а, цигара схьа Нохчийчу а еъна Кунта-Хьаьжин йоI Эсет. Вайн дуккха а ярташкахула чекхъяьлла иза, гIенах шена дуьхьал веъначу шен дас шена тIедиллинарг дуьйцуш.

Лаха-Варандахь, дуккха а гулбелла Кунта-Хьаьжин мурдаш а болуш, оцу юьртан къеда волчу Iеламстаге Iабдул-Керим-Хьаьже цо дина къамел хезаш лаьттинчу Лакха-Варандарчу Мазин Амхьада дийцина шена аьлла, оццу юьртарчу 90 шо гергга зама йолчу дешначу стага Исрапилан Iабдул-КъахIира (и ша Кунта-Хьаьжин вирдехь а ву) дийцира хIокху жайнин авторе 1997 шеран аьхка (И къамел видеокассети тIе дIаяздина а ду.):

«Ша Нохчийчу яр бахьана ду, шен дас Кунта-Хьаьжас кхузза гIенах шена дуьхьал а веъна: «Нохчийчу гIуо, шен мурдашка дIаала: «ШарIо бохург ша боху шуна, шарIо цабохург шегара дац шуна. Ша бохура бохуш, шарIо ца магийнарг лелош бу шен цхьаболу мурдаш... Нагахь цара и ца дитахь, ша цаьргара вирд схьаийци, ша церан устаз а вац... Цара мах белла эцна суьлхьанаш схьадаха-м йиш яц шен», - аьлла, къамел дира боху Эсета.

Цул тIаьхьа къамел динчу Iабдул-Керим-Хьаьжас элира бохура: «Варандой, хезаш дуй шу хIокху шайн устазан (Iабдул-Керим-Хьаьжа ша МартантIерчу Солса-Хьаьжица тоба дина хилла) йоIа дуьйцург... Аш дукха халахетарш дина суна, шарIо ца магийнарш ма леладе аьлча, тхан устазо тIедехкина тхуна уьш бохуш... ХIинццалц схьа хиллачунна со къинтIера ваьлла шуна, кхидIа уьш ма леладойла аш».

 

Хетарехь, изза чулацам болуш къамел Эсета кхечу ярташкахь динчух тера а ду. Цуьнан маьIна дан гIоьртича, вайна билгалдолург:

- Кунта-Хьаьжин хьехамаш шарIо билгалдаьхначу дозанашкахь хилар; ша бакъ эвлаяъ хиларе терра, иза шен мурдашка уьш лардаре кхайкхар;

- мурдаша и шарIан дозанаш хедош меттигаш нисъелла хилар, ца хиллехьара устазан йоIа Эсета иштта чулацам болуш къамел дийр а дацара;

- муьлхха а шарIаца ца догIу керла юкъадаьккхина хIума эвлаяашкара хила йиш цахилар; нагахь и саннарг нислахь а, иза церан мурдаш бу шаьш бохучу наха юкъадаьккхина ду; и бахьанехь устазаша а, бакъболчу эвлаяаша а Нохчийчохь лелийнарг, бидIат ду аьлла, дIататта гIертар нийса цахилар.

Эвлаяаша нохчийн къома юккъехь лелийнарг тIехьажийна хилла нехан ийман (Делах тешар) чIагIдарна, цара ен Iамалш алсамъяхарна. Оцу Iалашоне уьш кхочуш хилла адамашна ницкъ бар доцуш, хьекъалечу хьехамашца, хазчу дашца бакъ динан марзо а, серло а царна гучу а йоккхуш. Ницкъаца тIедожош долу хIума и «тIеэцначо» даггара лелон йиш яц. Даггара доцу хIума лелор шалхалла (мунафикъалла) ю - уггаре а даккхийчарах къа.

И хууш, вайнах бертахь, шайн лаамехь динна тIеберзо тайп-тайпана Далла Iамал яран кепаш (вирдаш) юкъайохуш хилла цара. Цуьнца цхьаьна, цара чIагIъеш хилла жамIатийн тобанаш, бусалба нехан ваIданаш. Нохчийн массо а ярташкахь бохург санна дIадиллина хилла маьждигаш, хьуьжарш. Яккхийчу шахьаршкахь – МартантIехь, Шелахь, кхечухьа – исламан Iилма кIорггера Iамош, лаккхарчу тIегIанехь йолу яккхий доьшийлаш (масала, МартантIехь хилла Хьаькин хьуьжар) ехкина. Цул сов, хIора устазаца Iилма Iамош гуттар а масех Iеламстаг хуьлуш а хилла.

Нохчийчохь баьхначу устазаша тайп-тайпана жайнаш арахоьцуш хилла - Iаьрбийн, нохчийн меттанашкахь. Къаьсттина доккха маьIна долуш хилла, Iаьрбийн йозанан буха тIехь нохчийн абат а кхоьллина, вайн маттахь Iеламнаха яздина жайнаш. Уьш дукха хьолахь исламан динан баххаш, бIогIамаш адамашна довзуьйтуш ду, нахана кхетачу агIор, хаза нохчийн матте гочдина а ду. Царах ду вайнаха кхо жайна олург («Мухтасар», «Ибн Адам», «МаIарфатал ислам»). Гуш ду устазаша бинчу цу тайпанчу йозанан белхаша нохчийн меттан анайисташ шоръеш хилла хилар, цара кхиош хилла вайн маттахь динан терминологи а... Цара иштта кхиамца дIадехьна халкъан юкъара йозанан мотт кхолларан гIуллакх а.

 

Оцу декъехь беркате къахьегначу Iеламнахах ву Шелара устаз, Iилманча СухIайп-молла. Цо арахецна Делан парзаш дуьйцу жайна мотт говза а, кIорге а хиларца билгала ду. Иштта, цо арахецна Iаьрбийн-нохчийн лугIат (дошам), цу юккъехь гочдина дешнаш хилла ца Iаш, къамелехь кест-кеста нислун дешнийн цхьаьнакхетарш а, дийнна аламаш а бу. Цул сов, назманаш язъеш а хилла цо а, вайнехан кхечу Iеламнаха а.

 

Назманаш, шайн чулацаме хьаьжжина, масех тайпане екъа тарло:

1. Къуръанан суратийн чулацам бовзуьйтуш ерш;

2. Элчанан – Делера салам-маршалла хуьлда цунна – дахарх лаьцна ерш;

3. ХIокху харцдуьненах Iехавелла а ца лелаш, эхартан ойла еш, Далла Iамал яре кхойкхуш ерш;

4. Устазийн, эвлаяийн дахарх лаьцна ерш.

 

И назманаш кхоллар а, уьш адамаш гулделлачохь (тезетахь, сагIа доккхучохь, мовладехь...) алар а нах бусалба динна тIеберзоран, уьш дуьненан гIовгIано къарбина белахь, царна Дела дагавоуьйтуш, самабахаран Iалашонца хилла.

 

Кхузахь ялор вай оцу тайпанчу назманех цхьаъ:

ГIайгIане дуьненчохь ма ловза вели хьо,
Кхана хьайх хиндериг ца хуъушехьа.
Вайн Делан Iожалла ма къайлехь ю хьуна,
Тоба дай, кечло хьо хьайн Деле ва верза.

ДегIана хаамаш хуьлуш ма лаьтта,
Хьан коьртан Iаьржа чо кIайлуш ма лаьтта,
Iожаллин цу метта виллале ва хьалха,
Тоба дай, кечло хьо хьайн Деле ва верза.

Кху новкъа вели хьо, дуьнено ловзош,
Вузийна, Iабийна, хьо паргIат ца волуш,
Маса хьол жиманиг дIавели хьо волуш,
Тоба дай, кечло хьо хьайн Деле ва верза.

Кховдийна куьг кхочехь Iожалла ю хьуна,
Баьккхинчу кога кIел каш лаьтташ ду хьуна,
Дуьненчохь яржийна хьайн ойла гул а яй,
Тоба дай, кечло хьо хьайн Деле ва верза.

Везачу Делан кхиэл тIехIоьттина яьлча,
Хьан сирлачу бIаьрга тIе кIайн марха тесча,
Байттамал ахь бахарх, хьо хьалха ца волу,
Тоба дай, кечло хьо хьайн Деле ва верза.

Ца йинчу Iамална кийрара дог делхадай,
Хьарам долчу кхийдаден хьайн куьйгаш совцадай,
Вайн Далла хьесталуш, хьайн бIаьргаш делхадай,
Тоба дай, кечло хьо хьайн Деле ва верза.

Вежарех къаьстина, дог гIийла виси хьо,
Жималла дIаэцна, дегI эшна виси хьо,
ХIун толам лоьху ахь тIаьхьло йоцчу дуьненчохь?
Тоба дай, кечло хьо хьайн Деле ва верза.

КIезиг хан ю хьуна ахь яккха йисинарг,
Боккха мохь бу хьуна ахь коча эцнариг,
Багара дилхан мотт сацале хьалха,
Тоба дай, кечло хьо хьайн Деле ва верза.

Iамал еш, кхайкха хьо Везачу вайн Деле,
ШафаIат дехахьа вайн Делан элчане,
Айхьа къобал виначу устазе ладогIий,
Тоба дай, кечло хьо хьайн Деле ва верза.

 

ХIара тайпа, шен исбаьхьаллин агIо лекха йолу, кIорггера чулацам болу назма даггара, хазчу аьзнашца дIааьлча, даге шовкъ юссуш, асар хуьлуш, хийла Далла Iамал яр дицделла стаг тIевоьрзуш хилла, цо гIо деш хилла нехан дарделла дегнаш къинхетамах дузарна. Оцу Iалашонца Iеламнаха кхуллуш а, олуш а хилла и назманаш.

ХIокху назманехь а гуш ду нохчийн Iеламнаха Малхбален къаьмнийн динан поэзин лехамаш караберзийна хилар, кхузахь цхьа а гIалат ца долуьйтуш, ларбо стих кхолларан барам, мукъам (ритм), рифма (могIанийн чаккхенашкахь цхьатера дешнаш далор)... Вай хьалха билгала ма даккхара, и тайпа динан поэзин а (назманаш), динан философин а (жайнаш) произведенеш а язъеш, Нохчийчохь бехачу устазаша вовшахтухуш хилла къоман юкъара (литературни) мотт. Цуьнан бух аренгахь бехачу нохчийн меттан кеп (диалект) хилла, хIунда аьлча, иза массарна а – ламарошна а, нохчмахкахошна а, гIалгIашна а – кхеташ а, бийца атта а хиларна.

Билгалдаьлла ду, ламчохь хиллачу Iеламнаха а шайн хьехамаш беш а, кехаташ я назманаш язъеш а, охьарчу нехан маттах пайдаоьцуш хилла хилар.

Оцу кеппара, цхьана бакъ динна гонаха, массарна а кхетачу цхьана маттана гонаха вайнехан тайпанаш тIегулдеш – нохчийн къам вовшахтухуш, цхьаалле далош хилла вайн махкахь баьхначу баккхийчу Iеламнаха.

Устазаш, эвлаяаш вайнахана юкъахь бехачу заманахь (бIе шо гергга хан ю иза: XIX бIешеран 40-чу шерашкара дуьйна XX бIешеран 40-чу шерашка кхаччалц) Нохчийчохь кхоллаелира адамийн юкъаметтигийн керла кеп – бусалба нехан марзонаша, гергарлонаша, церан жамIаташа, ваIданаша кхоьллина кеп. Оцу заманахь гIиллакх хилла дIахIоьттира, билгалъяьхначу буьйсанашкахь цхьанхьа чу а гуллуш (Накъашбанди тIерекъатехь берш – пIерасканан буса, Къадари тIерекъатехь берш – оршотан, еарин буьйсанашкахь), цхьаьний Далла Iамал еш, жамIатца ламазаш деш, Элчанна – Делера салам-маршалла хуьлда цунна – салаваташ дохкуш, мовладаш йоьшуш, зикарш деш, Къуръана тIера сураш доьшуш... - зихIарташ дIакхехьар. И зихIарташ, Нохчийчуьра маьждигаш дихкича а, массо а бакъо дIаяьккхина къам махках даьккхича а, ца дитира нохчаша. Цундела вайнахана юккъера дIа ца елира бусалба динца йолу марзо, эвлаяаша юкъаяьхна Далла Iамал яр совдаккхаран кепаш – вирдаш, церан Iилманца йолу зIе. Оцу заманахь устазаша юкъа ма даккхара дисина, таханлерчу дийне схьадеъна тезет лелоран, сагIа даккхаран гIиллакхаш.

 

Устазаш бехачу заманахь, шайн вирдаш кхоьллина эвлаяаш хилла ца Iаш (уьш верриге а 15 гергга стаг ву), хIора эвлахь а хилла наха лоруш, кIорггера Iилма долуш, нахана нийса некъ хьоьхуш Iеламнах. Иштта нохчашна юкъахь кхоллалуш дара лерамечу нехан чкъор, уьш бахьанехь вайнахана юккъехь хуьлу зуламаш дукха гена ца довлуш дIадоьрзура, дийнера де мел дели дин чIагIлора, нахана юккъера марзонаш алсамйовлура.

Оцу Iеламнехан вовшашца болу лерам а чIогIа хилла. Вовшийн дешнаш ца кегдеш, шена тIе цхьа хIума дахьаш стаг веъча, иза оцу хьенехана шеначул дикахо хуур ду хьуна олий, гIиллакхна кхечу Iеламстагана тIехьажош, муьлххачу а гIуллакха тIехь хьалхе ца къуьйсуш, иза вовшашка кхийдош, диканиг бен, шайн багара вовшех а, муьлххачу а бусалба стагах а дош ца долуьйтуш, оьзда хилла церан юкъаметтигаш. Цара масал оьцуш хилла вайн махкахь бехачу устазийн вовшашца болчу лерамах, марзонах.

Иштта, Iилманчас Джанаралиев Iимрана дийцарехь, Зандакъарчу ГIеза-Хьаьжин мурдаш хилла Гуьнахь беха нах. Цо оцу юьрта а веъна, аьлла боху цаьрга: хIинца шун юьртахь вехаш устаз ву – Кунта-Хьаьжа, цуьнца тоба а де, цунна тIаьхьа а даза. Оццу Кунта-Хьаьжас, шена ламазна хьалха а волуш, жимхалла лелош хиллачу Хошкалдерчу Байбетар-Хьаьжас шена вирд хьеха аьлча, аьлла боху: «Хьо хьуо а хир ву нахе тоба дайта бакъо а йолуш устаз, хIинца дIа цIа гIуо, сайна жимхалла лелон кхин кхойкхур ас». Хууш ма-хиллара, Байбетар-Хьаьжех, Кунта-Хьаьжас ма-аллара, хила а хилла шен вирд а, мурдаш а болуш воккха устаз.

Олхазар-кIотарарчу къаночо Сулайман Мутуша (Кунта-Хьаьжин вирдехь волчу) дийцира, ша волчу Девкар-Эвлара веъначу шен цхьана мурде Кунта-Хьаьжас иштта къамел дина хиллера аьлла: «ХIинца цIа гIуо, шун эвлахь цхьа эвлаяъ, цхьа Дала дика дина стаг ву хьуна, цуьнца тоба а де, иза хьайн устаз а лаца». «Иза мила ву, шена ма ца вевза иза?» - аьлла мурдо. «Хьо цIа вахча, шайн юьртахойн керташка бIаьрг тоха ахь, цуьнан кертарчу цхьана стоьмийн дитташа заза даьккхина хир ду хьуна» (хетарехь, бIаьстенан юьхь хиллачух тера ду хIетахь), - жоп делла Хьаьжас. ЦIа веъна, шайн юьртахула волавелла лелачу оцу стагана Доккин кертарчу стоьмийн дитташа заза даьккхина гина. ТIаккха, Кунта-Хьаьжас шена тIе ма-диллара, Докка шен устаз а лаьцна цо.

Кунта-Хьаьжас шен жайни тIехь (1914 шарахь Темир-Хан-Шурахь арахецна «Таржамат ва макалати Кунта шейх») билгалдохучу шен мурдашна тIедохкучу коьртачу декхарех цхьаъ ду, «шен устаз санна, кхин муьлхха а устаз ларар».

Гуш ма-хиллара, устазаша иштта вовшийн сий-ларам беш хиларо, дерриге а халкъана юкъахь а бусалба нехан марзонаш алсамйовларна аьтту беш хилла. И тайпа хьал Элчанан – Делера салам-маршалла хуьлда цунна – хьадисан лехамашна жоп луш ду: «Шух цхьа а ялсамани гIур ма вац, аш дилла ма-деззара има ца диллахь. Шу дилла ма-деззара има диллина ма дац, шу вовшийн дезаш ца хилахь».

Вайнах бусалба динна тIеберзош, вайн оьзда гIиллакхаш исламан чулацамца дузуш, оцу гIиллакхашний, шарIаний юккъехь маслаIат карош, и каро йиш ца хилча, Iадат дуьтуьйтуш, шарI схьаоьцуьйтуш, хазчу хьехамашца, шайн дахаран масалца акхаралла, къизалла дIатосуьйтуш, Нохчийчоь къинхетамах, марзонех, гергарлонех юзуш, сийлахьчу наха – устазаша бина и беркате болх бахьанехь вайн нохчийн къам чIагIлуш, лаккхарчу оьздангаллин буха тIехь цхьаалле догIуш дара.

Амма нохчийн къам вовшахтохаран а, иза синцIеналлин лакхенашка дигаран а и болам дIабаха ца буьтуш, масийттазза юкъахбаьккхира вайнахана коча деъначу хийрачу, Iесачу нехан Iедалша.

Цуьнга хьаьжна доцуш, вайн къоман оцу серлончаша, хьехархоша, цуьнан оьздангаллин хехоша динарг Iаламат доккха а, нохчийн синкхетамера цкъа а дIадала йиш йоцуш а гIуллакх ду. Тахана царна инкарлонаш еш, Делан дуьхьа цара хьегна къа шеконе дилла гIертарг, шена лаахь а, ца лаахь а, вайн къоман синкультурина доккха зен деш а ву, харц новкъахь а ву. Цхьа а къам а хилла дац шайн лераме нах боцуш. Къоман синцIеналла а, цуьнан хьекъал а, кхетам а цаьргахь бу. Церан сий дайича, царна тIе харц цIе кхоьллина, уьш шеконе бехкича (цкъа мацах баьхнарш а, тахана вайна юкъахь берш а), къам шен юьхь а, синкхетаман корта а боцуш, тIехь Iу воцчу даьхнех тарло, муьлххачу а Iаьржачу ницкъийн ловзо а, хIаллакдан а аьтту а болуш. Иза дагахь а латтош, сема хила деза вай.

 

И дерриге хьесапе эцча, вайн махкахь эвлаяаш баьхна зама билгалъяккха йиш ю «нохчийн синкультурин дашо бIешо» аьлла.

Оцу бIешарахь дуккха а зенаш а хилла, тIемаш а, цIерадовлар а (цхьаболу нохчий Туркойн махка дIакхалхар), хийрачу Iедалан харцонаш а гина нохчашна. Амма цуьнга хьаьжна доцуш, оцу шерашкахь динан, оьздангаллин лакхалле боьдучу новкъахь, сецна доцуш, хьалхахьа дIаихира вайн къам, цундела вайн таро а ю и зама иштта билгалъяккха...

Бакъ а долуш, вайн устазийн дахар а, церан гIуллакхаш а, хьехамаш а доккха масал ду Делан дуьхьа шен махкана, халкъана гIуллакх дан, синцIеналлин лакхене кхача лаам болчу муьлххачу а стагана.

 

МАККИН ЭЛА

Деношлахь цхьана дийнахь

Ва Маккин урамашка ма велира

Сий долу Мухьаммад,

Цу Маккин урамехь гулбелла хиллера и

Маккин ва элий,

Элех къаьстина,

АбужехIила ма элира сий долчу Элчане:

- Хьан да-нана дац боху, хьо тайпана вац боху,

Хьо Къурайшин цIийнан вац боху,

Буоберашка ша-ма и Маккин урамаш

Хьоьшуьйтур дац, - аьлла, АбужехIила дог дохийна,

Ша гIийла цIехьа вирзира сий долу Мухьаммад.

ГIийлачу ойланца и гIелвелла шена вогIу вайча,

Ша цуьнга хеттарш дан ма елира

Хьамзатан хIусамнана:

- Хьо ма чIогIа гIелвелла вогIу,

Хьо ма чIогIа гIайгIане ваьлла вогIу,

Хьоьга хьан хIун эли-те,

Хьан дог дохийнарг мила ву-те, - бохуш,

Ша хеттаршка ма елира Хьамзатан хIусамнана.

Шен гIийлачу ойланца, шен доьхначу дагца

Ша гIийла дийца ма велира сий долу Мухьаммад:

- Ва ма чIогIа хьийзаво-кха ша цу АбужехIила,

Хьан да-нана дац бохуш,

Хьан йиша-ваша дац бохуш,

Хьо Къурайшин цIийнах вац бохуш,

Хьан тайпа-тукхам дац бохуш,

Буоберашка ша-ма Маккин урамаш

Хьоьшуьйтур дац бохуш,

Таханлерчу дийнахь дуьйна

Цу Маккин урамашкахь лела бехкам би-кха шена

Цу АбужехIила,

Мел гIийла хьийзаво-кха ша цу АбужехIила.

Цунах къахетта, дог лазийна, ша чIогIа мохь бетташ

Елха ма елира Хьамзатан хIусамнана,

Ша вогIуш цIехьа ма кхечира деваша ва Хьамзат.

- Шен кертахь хIара тезет хIотто

Ваьхьнарг мила ву-техьа таханлерчу кху дийнахь,

Хьо елхо ваьхьнарг мила ву-техьа, - бохуш,

Ша хеттаршка ма велира деваша Хьамзат.

Шен гIийлачу ойланца, шен доьхначу дагца,

Ша йоьлхуш дийца ма елира Хьамзатан хIусамнана:

- Ва мел гIийла хьийзаво-кха цу АбужехIила

И хьан вешин кIант Мухьаммад,

Хьан да-нана дац бохуш, хьан йиша-ваша дац бохуш,

Хьо Къурайшин цIийнах вац бохуш,

Буоберашка ша

Маккин урамаш хьоьшуьйтур дац бохуш,

Таханлерчу дийнахь дуьйна

Кху Маккин урамашкахь лелар дихки-кха

Хьан вешин кIантана Мухьаммадана,

Мел гIийла хьийзаво-кха и цу АбужехIила.

Шен оьгIазлонца ша каде хьала ма иккхира

Деваша ва Хьамзат:

- Таханлерчу дийнахь дуьйна кху Макки чохь эла

Шен вешин кIант Мухьаммад хилар

Ша царна ма дIадовзуьйтур ду хьуна;

Таханлерчу дийнахь дуьйна

Кху Нана-Маккин урамаш

Шен вешин кIентан Мухьаммадан карахь хилар

Ша царна ма хоуьйтур ду хьуна, - бохуш,

Шен тур эцна, ша каде дина хиина,

Дарделлачу лоьмал дера ша волуш,

Лоьман цIогIа детташ,

И Маккин урамаш декош,

Ва Маккин хьарме ма вахара деваша ва Хьамзат.

Цу Маккин хьармехь гулбелла хиллера

И Маккин кура элий,

Хьамзат шайна вогIу вайча,

Хьамзатах шайн бIаьрг кхетча,

Ша-ша цIехьа ма бирзира и Маккин кура элий.

- Ва АбужехIил, ахь собар делахь,

Хьоьца цхьа кIезиг гIуллакх долуш веана ша-ма,

Во-ва АбужехIил, ахь ма гIийла хьийзаво бах

Шен вешин кIант Мухьаммад,

Хьан да-нана дац бохуш,

Хьан йиша-ваша дац бохуш,

Буоберашка айхьа-ма Маккин урамаш

Хьоьшуьйтур дац бохуш,

Ахь ма гIийла хьийзаво боху

Шен вешин кIант Мухьаммад;

Во-ва АбужехIил, таханлерчу дийнахь

Кху Макки чохь эла

Шен вешин кIант Мухьаммад

Хилар хьуна дIахаийта веана хьуна,

Таханлерчу дийнахь дуьйна

Кху Нана-Маккин урамаш

Шен вешин кIентан Мухьаммадан карахь хилар

Ша шуна-ма дIадовзийта веана шуна, - аьлла,

Шен динара охьакхевдина,

АбужехIил лазийна, вожийна,

Ша цIехьа ма вирзира деваша ва Хьамзат.

АбужехIил лазийна, вожийна воьду-кха и аьлла,

Шаьш тIаьхьа ма бевлира и Маккин кура элий,

Шен динара охьавоьссина, шен туьраца зил бина:

- Кху зилал сехьаваьллачун

Ша зударшна, берашна тур хьокхур ма ду шун,

Ша мила ву хаьий шуна,

Ша-ма Мухьаммадан деваша Хьамзат вай, - аьлла,

Цу Маккин элашка мохь тоьхна, шен дина хиина,

Ша цIехьа ма вирзира деваша ва Хьамзат.

- Схьаволахьа шена тIе,

Шен вешин кIант Мухьаммад,

Хьо гIийла ма хилахьа,

Шен вешин кIант Мухьаммад,

Кху Макки чохь эла хьо хилар

Ша царна дIахаийтина вогIуш ву хьуна,

Кху Маккин урамийн лаам хьан карахь хилар

Ша царна дIахаийтина вогIуш ву хьуна,

Цу Маккин урамашкахь

Хьуна бехкам бина АбужехIил

Ша тур тоьхна вожийна,

Цу Маккин урамехь Iуьллуш ву хьуна,

Макки чохь паргIато ю хьуна,

Шен вешин кIант Мухьаммад.

- Дела реза хуьлда хьуна, шен деваша ва Хьамзат,

Дала сий дойла хьан, сий долу ва Хьамзат,

Кху Макки чохь

Шена паргIато яьккхина ма велира хьо,

ЦIенчу имане волахьа, деваша ва Хьамзат.

- Схьахьажахьа шега,

Шен вешин кIант Мухьаммад,

Схьаерзаехьа шегахьа хьайн хаза юьхь,

Шен вешин кIант Мухьаммад,

И Дела цхьаъ вина ша, хьо Элча бакъ ви-кха ша,

Хьан цIенчу имане вирзина ша-ма,

И Делан деза, цIена дин кху Макки чохь

Хьайна маттов кхайкхадан паргIато ю хьуна,

Шен вешин кIант Мухьаммад.

 

ИбрахIим-пайхамарх – Делера салам хуьлда цунна – лаьцна йолу назма:

Вайн миллатан да хилла,

Зуриййат ша нисдина,

Делан доттагIа хилла

Вайн ИбрахIим-пайхамар.

Дала цунна гайтира

ГIурба деран дозалла,

Цуьнан йоле шовкъ хилла,

Цо гIурба ден долийра.

Эзар уьстагI цо бийра,

Кхо бIе бежна цо дийра,

БIе сов эмкал цо йийра,

Халкъо тамаша бира.

ИбрахIима элира,

Тамашанаш ма белаш,

ВаллахIи, шен кIант хилча,

И гIурбанна вуьйр вара ша.

ТIаккха зама яхара,

ИбрахIим вицвелира,

Арзал-МукъаддасихIий

ИбрахIим ша вахара.

ИбрахIима вийхира

Шена Деле доьзалхо,

Дала цунна ИсмаIал

Эццахь вехча велира.

ИсмаIалан кхойтта шо

Шена гергахь кхачделча,

Дала цуьнга элира

ИсмаIална урс хьакха.

Iуьйрре хьала гIеттина,

Алсам даьхний дайина,

Царах кафарат хилла

Хьалха вала лиира.

ШозлагIачу буьйсанна

Хьалха санна элира,

КхозлагIачу буьйсанна

ТIаьххьара кхиэл сецира.

ТIаккха цунна хиира

Делан омра и дуйла,

ИсмаIална урс хьакхар

Сецна яьлла кхиэл юйла.

ИбрахIима элира

Шен зудчуьнга ХIажаре,

Тоьлла бедар юхалахь

ИсмаIална сихонца,

Хазчу хIусме хьошалгIа

Ваха дезаш ву хьуна,

Сийлахь йолчу мажлисе

Восса дезаш ву хьуна.

Шен нанас и лийчийра,

Хаза бедар юьйхина,

Коьртах даьттан ехк хьаькхна,

ИсмаIал цо кечвира.

Шен урс, чухий схьаэцна,

ИсмаIал хьалха ваьккхина,

И шиъ волавелира

Делан омра кхочушдан.

Иблис орцах делира

Цу шиннан юкъ йохаян,

Бохам царна баьккхина,

Делан омра кIелдита.

Шен суьртах а хийцаделла,

Иблис цуьнга кхайкхира,

ШайтIанан гIан-набарца

Тилла хьо цо элира.

ИсмаIална урс хьакха

Дала эриг дацара,

Юхаверза веза хьо

Кху шайтIанан некъаха.

ТIаккха вист ма хилира

Миллатан да ИбрахIим,

Шена дуьхьал даьллариг

Иблис дуйла хиина.

Гена дала, я мелIун,

Сихонца шен некъаха,

Хьуначул а шен кIантах

Къахетташехь воьду ша.

Цунах дог ша диллича,

Нана йолчу дахара,

ИбрахIим ИсмаIал вен

Воьду хьуна элира.

Нанас цуьнга элира,

ХIунда воь цо дийцахьа,

Шен кIантана урс хьокхуш

Да шена-ма ца вайна?

Иблиса цуьнга элира,

Делан омра ду бохуш,

ШайтIанан гIан-набарца

Iехавелла воьдуш ву.

ХIажара ша элира,

Харцо ю ахь юьйцуриг,

ИбрахIим-пайхамаре

ГIенах шайтIа дистхир дац,

Дала боху цо бахахь,

И чекхдаьлла ду хьуна,

Хьо хьуо иблис хилар-ма

Хьан къамелехь гучахь ду.

Цунах дог ша диллича,

ИсмаIал волчу дахара,

ИбрахIимах ИсмаIал

Ваккха цунна лиира.

Иблиса цуьнга элира,

Хьо вен воллу ИбрахIим,

Вадий кIелхьара валахьа,

Цуьнгара урс гой хьуна.

И урс хьуна хьокхуш ду,

И чуха хьо воьхкуш ю,

Хьан ненан бIаьрг белхабеш,

Хьо вен воллу ИбрахIим.

ИсмаIала элира,

ХIунда воь цо дийцахьа,

Шен кIантана урс хьокхуш

Да шена-ма ца вайна.

Иблиса цуьнга элира,

Делан омра ду бохуш,

ШайтIанан гIан-набарца

Iехавелла воьдуш ву.

ИсмаIала элира,

СамиIна, тхо хезаш ду,

АтаIна, тхо муьтIахь ду

Тхешан Делан омранна.

ТIаккха иблис дахара,

Ша бохуриг ца хилла.

И шиъ воьдуш кхечира

Сийлахь йолчу Минна дIа.

Шаьшшиъ Минне дIакхаьчча,

ИбрахIима элира,

Коьртаха бIаьрг ледабеш,

Кийрара дог делхадеш:

Хьуна урс хьакха шега

Дала гIенах элира,

Хьайна цунах хIун хета,

Ойла ехьа, ИсмаIал.

ИсмаIала элира:

Делан омра кхочушдан

Дала шена пурба лахь,

Ша собар динчеха ву,

Ша цхьа весет до хьоьга,

Шена везна шен дада,

Шен куьйгаш дIадехкалахь

Ша ветта ца валийта,

Шен юьхь лаьтте ерзаелахь

Хьайна шен юьхь ца гайта,

Хьайн бедар цIийх ларъелахь

Шена ял сов хилийта,

Хьайн урс чIогIа ирделахь

Шена атта хилийта,

Ахь ша кхоа ма велахь

Хьайга бехк ца баккхийта,

Шен коч шен нене лолахь

Цуьнга ша виц ца вайта,

Шегара маршалла лолахь,

Цунна цатам ма белахь,

Шен хенара божарий

Ахь шен ненах ларбелахь,

Шен хенара стаг вайча

ГIайгIа карла ериг ю,

Куьйгаш-когаш дехкаран куц

Ахь шен нене ма дийца,

Шена урс хьакхаран куц

Ахь шен нене ма дийца.

Куьйгаш-когаш дIадастий,

Ахь ша паргIат виталахь,

Ша ма реза ву хьуна,

ХалийлуллахI, ИбрахIим.

Мы в контакте

Подписаться

Вы можете подписаться на обновления сайта. Для этого введите Ваш электронный адрес:

 

Напишите нам






Кто на сайте

Сейчас 214 гостей и ни одного зарегистрированного пользователя на сайте

Вход на сайт

На сайте нет регистрации пользователей. Все разделы сайта доступны без регистрации

Статистика


Рейтинг@Mail.ru


Баннер

Разместите у себя на сайте наш баннер

История, обычаи и традиции чеченского народа

Реклама на нашем сайте