noh cherkeskaПримеры проявления Нохчалла.

Рассказы из жизни, присланные посетителями нашего сайта.

ishkola 1Онлайн уроки по чеченскому языку

С квалифицированным репетитором

Биографии известных деятелей культуры Чечни на чеченском языке

Айдамирова Марям

 

Ц1еяххана евзаш йолу халькъан эшарш лакхархо. Йина 1925 шарахь Бениюьртахь. Эшарш лекха йолаелла жима йолуш дуьйна. Халькъан къасттина дукххезаш т1еэцначех ю цуьнан «Бэллин йши», «Д1асакъастар», «Дуьне дитна боьду можа малх», «Нохчийн йо1». Кхечу къамнийн маттахь локхура эшарш.

НохчГ1алг1айн республикан халькъан, РФ-н сийлахь-артист. Нохчийн музыкальни культурехь къеггина ларйинчех цхьаъ ю Айдамирова М.

«Нохчийн керла х1усамаш шина декъе йоькъучу ехачу сени чу гулделла дара бераш. Кхоччуш йиллинчу  не1аргахьлаьттачу баккхийчу божаршкий, зударшкий, чоь а, чуьранаш а дика гаран Мареман, цуьнана аккардеонан аьзнаш шера хазаран аьттоне шайна хьалха х1иттийтар а дехнера. Х1инцца баьккхинчу болах, шен марахь боллучохь аккардеон а лоькхуш, Марем садо1уш йолуш боцца мур бара иза. Оцу хенахь чувеара лекхочу дег1ара, т1ехь можа бос болу еха коженка а, когахь къегаш лакаронан эткаш а, коьртехь пхеасонарчу седано хазбина куй а болуш, безвме стаг. Ша а, шен сий деш г1евттинарш а охьахевшина мела а юкъ яьлча, цо дийхира М. Айдамировага ладуг1у йиш лакхар. Цо кхочушдира хьешан дехар.

Ладуг1уйтуш, ойлане вохуш, сцени т1ехь санна нуьцкъала дека делира Мареман а, аккардеонан а делхарций, декарций вовшех хьерчаш, ладуг1учеран дегнаш цкъа набарна санна тедеш, юха карзахдохуш долу аьзнаш. Мотталора шайн ондаллица г1арт-аьлла кораш арахьа д1а а тухуш, лаьцначуьра маршабаьлла к1орнешна т1е сихбелла к1айн кхокха санна, уьш аралелха г1ерта. Оцу син 1аткъамехь ойлане бахана, кортош та1ийна, ц1енкъа б1аьргаш боьг1на совцабеллера т1амера бухабирзина салтий а, т1аьхьа чувеана хьаша а.

«Т1ох-т1ох-т1ох», аьлла девллачу тапчанан татанаша лергашка паттарш х1иттийра чохь а, не1арехь а болчарна. Дечиган маьнгин йистехь 1ачу Мареман когашна к1ел х1оттийнчу ж1аьвнан г1ента буха масех даьндарг а тоьхна, тапча юха хумп1ар чу йиллира хьешо, доцца:

- Бехк ма билла – аьлла.

Ткъа Марема лоькхучуьра аккардеон юкъах-м муххале а ца баьккхира, ур-аттала даьндаргех къахкийна когаш буха а ца бовдийра.

Цхьаммо а бехк ца биллира бехк боцуш бехке бинчеран холчух1иттарехь б1аьргех хиш девллачарна а, харцонна цхьана дийно не1алтан кхиэл кхайкхориг хилар 1едалан бакъонца шегарчу герзаца ч1аг1деш хиллачу оперуполномоченина а. Схьахетарехь, иза дара г1айг1ано дихкина дог дастарна Айдамирова Маремана цо  даггара аьлла баркалла-шатлакх».

 

Дока Кагерманов

Мы в контакте

Подписаться

Вы можете подписаться на обновления сайта. Для этого введите Ваш электронный адрес:

 

Напишите нам






Кто на сайте

Сейчас 195 гостей и ни одного зарегистрированного пользователя на сайте

Вход на сайт

На сайте нет регистрации пользователей. Все разделы сайта доступны без регистрации

Статистика


Рейтинг@Mail.ru


Баннер

Разместите у себя на сайте наш баннер

История, обычаи и традиции чеченского народа

Реклама на нашем сайте

Вы здесь: Главная / Культура и искусство / Биографии