Озиева Маьлх – Аьзни (Чакараева) — Нохчалла.com — Чечня, чеченцы, обычаи, традиции, история и многое другое
Биографии на чеченском языке

Озиева Маьлх – Аьзни (Чакараева)

Озиева МаьлхАьзни йина 1958ш. 1976-чу шарахь республикански культурносерлонан училище еара иза. Шена бевзинчу керлачу доттаг1ашца самугане д1адехьира МаьлхАьзнис дешаран шераш. Хиира дуккха а керланиг,шарделира аз. 1елира адамашца болх бан. 1978-чу шарахь училищехь дешна яльча, НожинЮьртан районни Культуран ц1ийнехь боккхочу лаамца д1аболийра ю болх. Амма цуьнан даго дерриге а шеен дахар искусствона д1адалар лоьхура.

Цундела Эдисултанов Шит1ас филармонехь халкъан барта кхоллараллин ансабль вовшахтухийла хиъча, цунна юкъасара Озиева МаьлхАьзни. Цуьнан репертуарехь тайптайпана дуккха а эшараш яра. Цуьнан озаца йог1уш йолу эшарш хоржуш, 1амош, репертуар х1оттош, цунна даима а доккха г1о дора куьйгалхочо Эдисултанов Шт1ас. Озиева МаьлхАьзни репертуарехь яра дуккха а хаза эшарш: « 1ехаелла со», « Везачуьнга», « Ницкъ бац сан хьо херван» ц1е йолу Эдисултанов Шит1ас, Халидов Румана мукъамаш баьхна эшараш

2 комментария

  • Дал геч дойл Маьл- Аьзнин. Ее голос,ее песни это просто прелесть. С таким глубоким смыслом ,аж за душу берет. По не воле слезы текут у меня когда я слушаю ее песни.

    • Оьзда йо1 яра Маьлх-Аьзни. Масехазза хилла со вайн филармонехь цуьнан башхачу озе ладоьг1уш ца к1ордош, цу хенахь Шит1ин ансамблехь яр-кх иза. Ма товра-кх цуьнан озехь вай халкъан мукъамаш. К1езиг хан яккха еана хиллера-кх дависарг.Дала декъал йойла иза. Nakh.

  • почему не все песни Маьлх-Аьзни можно найти?разве сложно составить сборники на всех певцов старшего поколения?

Оставить комментарий