Ойлано азаллин генара — Нохчалла.com — Чечня, чеченцы, обычаи, традиции, история и многое другое
Яндарбиев Зелимхан

Ойлано азаллин генара

Ойлано азаллин генара
Маь1на дан кхарстийча са,
Бух буьллуш дашна сан, эшарна,
Шаьлтанна ботт санна, тешаме
Хьо бен яц, юха а ган.

Мерз хаьдча пондаро узу са,
Ха хоьрцу йилбазан мохь,
Дерриг а хьан ц1аро дузу сан,
Долччунна ахь терза узу сан, —
Ткъа бай-м лац даг т1ера мохь.

Ца бохьу г1енаша синтем а,-
Диначу цу некъийн — жам1,
Дуьненан къахьонийн стим г1елбан,
Я догу, ц1е летта, дог шелдан,
Дайдеш, дукъ текхийна, да1.

Дуьххьалд1а аьхначу мукъамца
Хьакхало хьо дагах сан.
Т1аккха ас дахарна мукъ а ло,
Керстдеш кхин муьлхха а мук1арло,
Нохчийчоь, ц1е йоцург хьан…

 

З.Яндарбиев

Оставить комментарий