Нохчийн метта дустарш 2-г1а дакъа — Нохчалла.com — Чечня, чеченцы, обычаи, традиции, история и многое другое
Чеченский язык

Нохчийн метта дустарш 2-г1а дакъа

Нохчийн метта дустарш
Автор Нохчалла

Нохчийн метта дустарш

Ахка /баIIашка/ даханчу вирал башха – дагахь ца хи-ла, тергал ца ван
Барзал башха – хIума дицлур доцуш, бекхам ца беш Iийр воцуш, амал хуьйцур йоцуш
Беллачу мезал башха – партал; тергал ца ван /й, б, д/
Берал башха – соцур воцуш, дIабохучух кхетар воцуш
Вирал башха – амал хуьйцур йоцуш
Вире дийцинчул башха – тIаьхьало йоцуш, эрна
ВорхI ломал дехьа деттачу ткъесал башха – бен-башха ца хеташ
ГIенахьчул башха – дагахь ца хила, дагахь а доцуш
Деллачу жIаьлел башха – тергал ца ван
ЖIаьлиначул башха – эхь ца хета
ЖIаьлехьчул башха – гIиллакх доцуш

Зуьдал башха – эхь хетар доцуш, соцур йоцуш
Котаман кIорни дерал башха – кхин деза ца хеташ /атта адам сих даккха, стаг вен/
Пене аьллачул башха – дуьйцург схьа ца лоцуш, дий-цар эрна долуш
Хьайначу зуьдал башха – сацалур воцуш
Чуьркал башха – тергал ца ван, лерам ца бан
ШайтIанал башха – къар ца луш
Шекар диинчул башха – шек ца хила

Ах а, эхан ах а
Айра даккхал – кховра даккха /йоккха чов ян/
Алкханч чекхъяллал – доккха Iуьрг даккха /герзаца йоккха чекх-чов ян/
Базара даххьал – шортта
Бац аллал – кIезиг
Бехк биллал – лахвала, кIезгвала
Буйн-буйннал – буйнан барамехь
Буьйцу ца хаззал – ирча; хаза
БIаьрг хиллал – хаза; дика
БIаьргана хаъал – цхьажимма
БIаьрго йоххол – хаза
ВорхI дуьненнал – йоккха /б, д, в/
Говраш хахккал – яккхий чоьнаш, йоккха уьйтIе, керт
ГIаж таккхол – ялх-ворхI шарчохь
Декъча диссал – шортта, дукха
Дехкан лерггал – жима
Дехкан цIогганал – жимачу барамехь, цхьа бахьана
Дийца даккхал – маьIне, чулацаме /ду/ дац
Дийцина ца валлал – шортта, дуккха, деха
Дой хьовззол – йоккха, шуьйра /керт, чоь/ уьйтIе
Дохка даххьал – шортта, дукха
Дуьнене дийццал – инзаре, тамашийна, чулацаме
Ешап цецдаллал – къиза, тамашийна; ирча
ЖIаьлеш хи тIе диггал – шортта

Зуда /яддол/ яллол – жима воцуш: кхиъна
Инзар /акъ/ валлал – тамашийна ирча; дукха, къиза
Иэсах валлал – кхетамчуьра валлал
Ка хьокхуш йиллинчу цIенкъахь кIохцал даххал – декъаза
Ког /куй/ биллал – кIезиг меттиг, латта
Корта кIел баххьал – тхов, чоь, хIусам
Куьг таIIол – дешар дешанза, Iилманна кIорга воцуш
Кхеташверг кхеттал – тоъал
Кху дуьненнал – йоккха /б, д, в/
Къоьлла Iеххол – цхьажимма
КIен буьрттигал – жимчу барамехь
Ла ца баллал – беза бала
ЛартIера валлал – инзаре, тамашийна
Лергана хаззал – хезаш-ца хезаш
Логах хьаккхал – кIезиг
Маха биллал – кIеззиг меттиг
Махкана тоъал – дукха; шортта

Махке дийццал – чулацаме, деха, маьIна доккха долуш
Мацалла ца валлал – тоъал; гIеххьачу барамехь
Мацалла Iеххол – мацалла яйъал
Маьрс-маьрссал – яккхий цергаш
Мерах хьаккхал – тоаме доцуш
Механ боьххье /диллал/ хоъал – кIезиг
Мохь а аьлла, ваддал – гIайгIа, бала, къизалла, доккха халахетар-хазахетар
Ненан валлал – декъаза
Орца даккхал – доккха халахетар-хазахетар, иэрчо; кхе-рам; харцо
Пекъарна сагIа ца даллал – писвола
Пхьидан цIогганал – дац аллал
ПIелг биллал – кIеззиг меттиг; йоккха чов
СагIа даккхал – доккха дика, хаза кхаъ, дика дерзар
Ткъадин-ткъаддол – боккхачу барамехь
Туьха дехккал – карахь хIумма а ца хила
ТIам хьовззол – шуьйра, гуобаккхал /уьйтIе/ чоь
ТIари чу /доттал/ хоъал – кIеззиг
Хене валлал – хан-зама такха аьтто, таро
Хецна ворда яддал – чIогIа ирча
Церга тIе диллал – дукха кIеззиг
Цкъа кхаллал – цхьажимма а хаза вац
Цхьа да ваххал – шортта /ахча-бохча, рицкъа/

Чуьркан букъан тIамаралла – кIезиг
Шина кепеккал – кхин мах ца хила, оццул а
ЮргIа шена тIеоззол – шен дегIана дола далла
Юрт йиллал – дукха ахча, доккха хьал, йоккха таро

Аттачул атта
Бамбел кIайн
Батттал хаза
Берал /зударел/ оьшуш
Гарула-горга
Долчул а хаза
Ломал лекха
Лоьмал майра
Мазал мерза
Малхал довха
Малхал хаза
Мохал маса
Пиллигал дайн
Рузбанан маьждигал деза
Седанал хьаьъна
Уьрсал ира
Стимал къаьхьа
Хазчул хаза
Халчул хала
Цхьаъ вукхул оьшуш
Чал дера
Шал шера
Шал шийла
Ши пIеллиг оьшуш
Шовданал /седанал/ хьаьъна
Шоврал дуьра

 

(с)Нохчалла, Л.М. Ибрагимов, 2005г.

Оставить комментарий