VII дакъа. Зама а, оьздангаллех болу къоман кхетам хийцабалар а — Нохчалла.com — Чечня, чеченцы, обычаи, традиции, история и многое другое
Нохчийн ГIиллакх-оьздангалла

VII дакъа. Зама а, оьздангаллех болу къоман кхетам хийцабалар а

(Советан Iедал тIедале хьалхара мур)

 

Муьлххачу къоман а оьздангаллех болу хьежамаш гуттар а цхьатера боцуш, заманца хийцалуш, нехан Iер-дахаре, цара лелочу дине, и дин мел доггах леладаре — цадаре, церан хьал-бахаме, Iедалан дIахIоттаме, мехкан Iаламе хьаьжжина хуьлу. Цундела нохчийн къоман оьздангаллин сурт-сибат гуттар а ца хилла цхьатера, хенан йохаллехь хийцалуш схьадеъна иза.

Россин империс Нохчийчоь шен тIеIаткъамна юкъа оззалц, цул хьалхарчу заманашкахь вайн махкахь хиллачу юкъараллин дIахIоттаман ма-дарра сурт хIотто Iаламат хала ду. Амма нохчех лаьцна кхечу къаьмнийн векалша яздинчу йозанийн, вайн халкъан барта кхоллараллин цхьайолчу произведенийн, историн хиламийн маьIна дича, мелла а кхоллало иза. Историна дукха гена юха ца доьлхуш, XVIII бIешарера схьадуьйлалур вай.

Оцу вай юьйцучу заманахь нохчийн Iер-дахаран, юкъараллин бух хилла гIиллакх-оьздангаллин мехаллаш. Оцу буха тIехь кхоьллина ша-тайпа пачхьалкх а хилла вайн махкахь. Историн Iилмано билгалйохучу пачхьалкхийн кепех нохчийниг демократина герга хилла («халкъан Iедал» бохург ду «демократи», латинийн маттера гочдича). Амма массо а билгалонашца цунах тера йоцуш, шен башхаллаш а ю Нохчийчохь хиллачу пачхьалкхан.

Уггаре а хьалха цуьнан башхалла ю нохчийн юкъараллехь Iедалан кепаш цахилар, шайн белхалошна ял а луш, тайп-тайпана долу декхарш тIе а дехкина. Нохчийчохь ял (алапа) луш белхалой ца хилла юкъара гIуллакхаш кхочушдеш. Амма ял ца лахь а, и гIуллакхаш кхочушдан шайлахь билгалбаьхна нах-м хилла.

 

Нохчийчохь хиллачу ша-тайпанчу пачхьалкхаллин (Iедалан) бух хилла тайпанийн институт. Тайпано дола деш хилла шех волчу стагана, иза мел заьIап, вежарий боцуш, цхьалха хиларх, цунна цхьаьнгга а ницкъ а ца бойтуш, цуьнца харцо а ца юьйцуьйтуш, я иза ша харцахьа а ца лоьлуьйтуш. Къам тайпанашка декъаделла хиларо, дукха гал ца долуьйтуш, нисдина латтадора нехан юкъаметтигийн терза, адамаш карзахалле а ца оьгуьйтуш.

Дарвинан я Марксан харц Iилманийн лехамашка а хьаьжна, лахара мах хадо мегар дац нохчийн тайпанийн институтан. Тайпанаш, ца духуш, кху замане схьадахкар – иза вайн къам шен кхиарехь тIаьхьадисар а дац, я хьалхадалар а дац. Иза вайн къоман шатайпаналла а ю, вайн къоман лаам а бу. Цо иштта тайпанашка декъадаларан хьал, шена лаа а лууш, латтийна ду. ХIунда аьлча, нохчашна гуш хилла гонахара къаьмнаш, шайн цIийн гергарлонаш а дитина (тайпанаш), хьал-бахаме хьаьжжина, тобанашка (классашка) декъаделла хилар. Стеган хьал-бахаме хьаьжжина, сий-лерам хуьлуш а хилла оцу къаьмнашлахь, цуьнан шен я цуьнан ворхIе ден оьздангаллин сурт-сибат мухха хиллехь а. Дуьненан хIума IаьIнарг эла хуьлуш, и доцург цунна ваца дезаш — и тайпа юкъараллин дIахIоттам нохчаша тIе ца эцна. Бакъду, и дIахIоттам нохчашна коча болла гIерташ, тайп-тайпанчу заманашкахь цхьацца боламаш хилла. Iилманчас Хасиев Сайд-Мохьмада дийцарехь, нохчех элий хила гIерташ болу нах гIеттинчу халкъо тIаьххьара хIаллакбина XV бIешарахь, хIетахь дIа а кхайкхийна, нохчий массо а эла ву аьлла.

Оцу заманахь дуьйна сов хьал-бахам IаIор дика лоруш ца хилла халкъалахь. Стагана Iер-дахарехь ца хилча йиш йоцург хилчхьана, тоам бар барам лоруш хилла нохчаша. И тайпа кIеззигчух тоам бина хилар (аскетизм) нохчочун дахаран массо а дакъошкахь гуш а хилла: буучу кхачанехь, тIедухучу духарехь, дечу къамелехь, юттучу гIишлонехь. И дерриге а сов, нехан бIаьрг тIехь сацон хIума доцуш, ца хилча ца торрург бен доцуш хилла. Масала, гIишлош. Ламчохь мацах цкъа вайн дайша йина бIаьвнаш куьцана дина хIумнаш Iаламат кIезиг долуш, оьш-оьшург бен доцуш йина ю. Уьш мостагIашна тIекхача атта доцчохь а, еххачу хенахь чохь Iен а, хьаша-да тIеэца а, даьхний Iалашдан а, юург-мерг дIайилла а аьтто болуш йина.

 

Ткъа нохчийн кхачанах лаьцна яздина XIX бIешарахь ваьхначу оьрсийн Iилманчас А. П. Бержес: «Нохчо кхин тIера а вац юучунна, цундела и йоцуш Iен ницкъ кхочуш а ву. Межарг, кIах йина чорпа, деттина жижиг, ахьаран худар — и бу-кх цуьнан берриге а кхача».

Иштта, дуьненан хIуманах тоам бина, са меца доцуш нохчий хилла хиларан цхьа бахьна хила тарло: гуттар а шен коьртамукъалла, шен паргIато тIамца ларъеш, хьал-бахам вовшахтоха ца дуьтуш, къелла ловш даха дезар. Амма и къелла дIаяккхар нохчийн къоман коьрта Iалашо хиллехь, цуьнга кхача некъаш а халкъана карийна хир дара. И иштта цахиларна, вайнехан дайшна дуьненан хIума (материальное) кхиорал а чIогIа оьшуш хетта шен синкхетам кхиор а, лаккхарчу оьздангаллин лехамашка хьаьжжина лаьтта тIехь дахар а.

Сов бахам IаIорна дуьхьал, цхьа стаг шен хьолаца шен тайпанан вежарел я юьртахойл лакха ца валийта кхоьллина гIиллакх а хилла нохчашлахь дехаш — байттал ваккхар. Сов хIума гулделлачу стагера, и схьа а доккхий, мискачу нахана юккъехь дIасадоькъуш хилла, ткъа и ша юьртах воккхуш хилла. Нислуш хилла наггахь и тайпа стаг, юьртан я мехкан кхиэлан сацамна кIел ца соцуш, шен доьзалца я шен гIеранца дуьхьал волуш а. ТIаккха тайпа я юрт цунна дуьхьал гIоттуш хилла, хIаллаквеш а хилла иза.

Тайпанашна, ярташна юкъара гIуллакхаш къестош а, дерриге а халкъах хьакхалуш болу сацамаш тIеоьцуш а хилла къоман ша тайпанчу пачхьалкхаллин институто – Мехкан кхиэло. Иза наха хIора тайпанна юкъара хаьржинчу векалех лаьтташ хилла. Тайп-тайпанчу Iилманчаша дийцарехь (А. Сулейманов, И. Саидов), цу юкъа 99, я 100, я 108 стаг воьдуш хилла. ХIора юьртахь а, шахьарехь а хилла шен-шен кхиэл, шена юкъавогIуш исс-исс стаг а волуш.

Мехкан кхиэле хоржуш волу стаг чIогIа лерина къастош хилла. Иза халкъан къонах бохучу кхетаман массо а билгалонашна жоплуш хила везаш хилла, шен схьавалар цIена а долуш; цуьнгара шегара-м хьовха, шен ворхIе дегара а даьлла цхьа а сакхат доцуш. Цкъа хаьржина Мехкан кхиэлан декъашхо, Делан Iожалло лаццалц, и декхарш дIакхехьа дезаш хилла.

 

И харжам муха беш хилла дика гойту лахахь далочу халкъан дийцаро.

«Цкъа шайх дIакъаьстинчу цхьана кхиэлахочун метта кхин стаг юкъавало дагахь арабевлла хилла къаной. Нахалахь дикчу агIор цIеяхна волчу цхьана стаге кхайкха бахна уьш. Шен яжа дIалаьллина говр лаца вахна, чохь ца карийна иза. Цунна тIаьхьа эвла йисте бевллачу къаношна шаьш лоьху стаг, гIовталан тIам хьала а лаьцна, шен говр тIейоьхуш лаьтташ гина. И стаг шена хIоъ бала воллу моьттуш, тIееъна говр, амма воккхачу стага, шен гIовталан беса тIам охьа а хецна, говран кхес схьалаьцна. Иза гина, шаьш беъна некъ цуьнга дIа а ца буьйцуш, бухабирзина къаной. Иштта хьайба цо Iехор а сакхат хетта царна. Цундела Мехкан кхиэле а ца кхайкхина цара и стаг».

Мехкан кхиэло тIеоьцу сацам оцу юккъе вогIу массо а къано реза а волуш хила безаш хилла. Реза воцург шаьш бохучунна тIевалош, цо бохучуьнга ладугIуш, шайна хетарг бакъ хилар гайта билггал масалш далош, цхьана дийнахь а, шина дийнахь а, эшахь кхин сов а кхеташонаш еш хилла цара.

Мехкан кхиэло тIеоьцуш хилла халкъан юкъарчу гIуллакхийн, тIеман, стагана наьIалтан барз – кIарлагIа хIотторан я иза махках ваккхаран, тайпанийн я яртийн къовсамийн, юкъадоккхучу керлачу гIиллакхан, вайн махка кхечу къаьмнех болу элий кхайкхаран я уьш махках бахаран, иштта цу тайпанчу кхечу а гIуллакхийн хьокъехь сацамаш. Нагахь вер-ваккхар хиллехь, Мехкан кхиэло билгалбаьхначу наха — МаслаIатан дайша, маслаIат деш хилла, и дан аьтто болуш хиллехь. МаслаIатна реза воцчо, я и дан аьтто ца хилча, шен стаг вийначо шен чIир лохуш хилла.

ДIаяханчу заманахь, мел даккхий девнаш, вер-ваккхарш хиларх, тобанашца вовшех а бетталуш, цкъа а гина а, бевзина а боцчу нехан цхьана политикин я динан (идейни) хьежамаш бахьанехь, вовшех леташ ца хилла нохчий. ХIунда аьлча, и тайпа хIума нохчийн синкхетамна акха хилла. Нохчийн къоман стаг кхетош-кхиоран коьрта Iалашо хилла адам ша кхиор, шен ойланаш, шен дуьнене хьежамаш болуш, и адам ша дуьненчу даьлла а, ша Далла дуьхьал хIотта дезаш а хиларна. Цундела адам цхьана йоккхачу чорхан коьчалг санна а ца кхиош, я кхечу дешнашца аьлча — тобанан стаг санна а ца кхиош, ша дечух дуьненахь нахана хьалха а, велча Далла хьалха а жоп дала дезийла хууш волу стаг санна кхиош хилла.

Мехкан кхиэлахоша хоржуш хилла шайн тхьамда — Мехкада а, иштта мехкан бIобаьчча — ТIемада а. Наггахь и ший а дарж цхьана стагана тIедуьллуш а хилла. Иштта, Iилманчас Саидов ИбрахIима дийцарехь, и ший а дарж шен хенахь тIедиллина хилла Таймин Биболатна.

Мехкан эскаран бIаьхой, кхечу декхарех мукъа а баьхна, деккъа цхьана тIеман гIуллакхна Iамош ца хилла. Мехкан бIаьхо хилар хIора кхиъна ваьллачу боьршачу стагана тIехь хилла. И хууш, хIорамма а кечам беш а хилла оьшшучохь мостагIна дуьхьал хIотта.

Мехкан кхиэлана а, халкъана а юккъехь зIе латтош хилла хIора юьртахь а хаьржина болчу туркхаша.

 

Цхьаболчу Iилманчаша дийцарехь, хIора тайпано цхьацца векал вохуьйтуш хилла (оха дIабехьначу талламашца, Нохчийчохь 84 тайпа ду, царах 68 — ламчохь, шаьш схьадевлла кхерчаш а болуш). Кхечу Iилманчаша дийцарехь, хIора юьртана тIера шишша стаг (юьртда а, молла а) хоржуш хилла. Тхуна хетарехь, хьалхара чIагIдар бакъдолчунна герга ду аьлла хета, хIунда аьлча, Нохчийчохь йиъ бIе гергга юрт ю; ткъа цу хенахь (XVIII-XIX бIешо) уьш ши бIе бен ца хилча а, Мехкан кхиэлан декъашхой виъ бIе хила везара, хIора юьрта тIера шишша стаг хоржуш хилча.

Мехкан кхиэло гIиллакх-оьздангаллин мехаллашна тIехь латтийна нохчийн маьрша пачхьалкх, билггала йолу Iедалан кепаш цахиларна гIийла хеталахь а, чIогIа пачхьалкх хилла. И иштта хилар дукхазза билгал а даьлла нохчийн исторехь, кхечу мехкашкара мостагIий вайн латта дIадаккха тIелетча. Дагалоцур вай АстагIчу Тимарца я ГIирмерчу ханаца Тохтамышца нохчаша бина тIемаш.

Нохчийн махкахь хIетахь хиллачу Iедало урхалла а ца дора, иза цхьана адамийн тобанан карахь кхечеран лаамаш «хьоьшу чарх» а яцара. Цо уггаре а хьалха нахана а, тайпанашна а, ярташна а юкъахь маслаIат дора, церан лаамийн терза нийса а латтош.

Ша-тайпа гIуллакх кхочушдеш хилла нохчаша куьйгалла дан кхайкхина балийначу гонахарчу къаьмнийн — гIебартойн, таркхойн, гIумкийн — элаша. Цара нохчашний, оьрсийн я кхечу мехкан паччахьний юкъахь зIенаш латтош хилла, Мехкан кхиэло шайна тIедехкина цхьацца декхарш кхочушдеш а хилла. И болх барна элашна хIора а ларош волчу стага, билгалбинчу барамехь ялта я кхитайпа ял луш хилла, иштта лаьттах дакъа деш а хилла. Нагахь адам элана реза ца хилча, иза эккхош хилла, девне ваьлча, вуьйш а хилла.

Иштта, оццу А. Бержес дуьйцу гIумкийн эла эккхорах лаьцна: «Цкъа ялта дIадала веъначу цхьана нохчочун тидам хуьлу, ялта чудухку барам, шаьш билагбаьккхинарг боцуш, кхин хилар, мелла а боккха. И харцо гича, оьгIазвахначу нохчочо и барамна лелон дечиган пхьегIа, уьйтIа лаьттах тухий, йохайо. Цунах кхералой эла, шена дуьхьал халкъ а гIеттина, цо ша пайдабоцчу ваккхале, шен гергарчу нахаца цхьаьна воду».

Гуш ма-хиллара, нохчаша кхайкхина валош верг шайна эла а, шаьш цунна муьтIахь нах а хила валош ца хилла, иза цара билггала долу декхарш кхочушдан, балха оьцуш хилла, цуьнан балхана реза ца хилча, эккхийна дIа а вохуьйтуш.

Амма наггахь нислуш хилла, шен бIоца а, хьолаца а совваьлча, сонта волуш а, гуттаренна а нохчашна шен олалла тIедожо лаам болуш а волу эла. Цунах лаьцна дуьйцу «Теркаца хьала а, охьа а вехаш хиллачу эла Мусостан а, Адин Сурхон а илли» тIехь а.

Шайн ницкъаца а, тIаьхьо оьрсийн паччахьан гIоьнца а нохчашна шайн Iедал тIедожо арабевллачу кхечу къаьмнийн элашна дуьхьал гIаттамаш беш хилла нохчаша кест-кеста. Уьш, дукха хьолахь, и элий вайн махкара лохкуш дIабоьрзуш а хилла. Наггахь нислуш хилла хийрачу элийн ницкъ тулуш. ТIаккха а, царна къера а хилла, буха ца совцуш, цхьана ханна аре а юьтий, ламчу бухабовлуш хилла нохчий, аьтто ма белли, буха а баьхкина, шайн махкана дола дан.

Нохчийн халкъан вай юьйцучу заманахьлера гIиллакх-оьздангаллин юьхь-сибат, коьрта долчунна, билгалдоккхуш хилла вайнехан динах болчу тешамаша.

 

Вайн цхьаболчу Iилманчаша дийцарехь (масала, Багаев Мусас), нохчаша бусалба дин тIеэцна диъ бIе шо гергга хьалха. И зама цара билгалйоккху нохчашлахь карийначу бусалбанийн гIиллакхехь (Iаьрбийн йозанца яздина) хIоттийначу чурта тIехь хиллачу терахьца. Амма билгалдаккха деза, бусалба дин нохчийн тайпанаша массара а цхьана заманахь тIеэцна цахилар, тIеэцначохь а Iесачу динан я кериста динан ламасташца цхьаьнаийна хилла иза. Нагахь Къилбехьарчу, ДегIастанца доза долчу тайпанашна бусалба дин дикка хьалха девзина хиллехь, Органца долчу цхьадолчу тайпанашкахь и дин чIагIделла Шемалан заманахь; ткъа МIайстахь я Маьлхистахь цIунийн динан гIиллакхаш вайнах цIерабаххалц даьхначух тера ду. Цунна тоьшалла до хIокху дийцаро:

«…Кхоротах а, Комалха а, ЦIайн-пхьеда а ул-уллохь ю. Комалхара хьалавоьдуш, Кхоротах олучу меттехь, юьрта хьалакхоччехь, кIентан а, ненан а маьлхан каш ду. Сибрехара нах цIа баьхкича (1957 шарал тIаьхьа. — М. А.) хилла и каш. Иза Зайтан каш олуш ду.

Вай цIера дахале, Зайтан дакъа коша чуьра ара а доккхий, пенаца дIа а хIоттадой, Деле догIа делхийтар доьхуш хилла юьртахоша. Адам цецдаллал, дахка ца луш, дика лаьтташ хилла Зайтан дакъа. Иза иштта латтар Делера цхьа билгало ю аьлла хеташ хилла царна. Маьлхан каш а, цуьнан гуо а сийлахь а, беза а лоруш хилла.

Цомгаш хилла волу стаг цу маьлхан коша чу охьавуьжуш хилла, циггахь цунна дарба лелош а хилла. Коша уллохь доIанаш деш хилла наха, шайн хьашташка хьаьжжина». («Пхьармат» журнал, 1991, № 1).

Оцу дийцаро а гойту нохчашна юкъахь мел деха даьхна Iесачу (цIунийн) динан (язычествон) ламасташ, гIиллакхаш. И гIиллакхаш дIатесча а, ца къаьстина Iесачу заманан амалш, хьежамаш вайнахах. Иза къеггина гуш ду вайн халкъан барта произведенешкахь. Масала, вайн дуккха а иллеш ду турпалхочо, хийрачу махка а вахна, нехан даьхни – жа я говрийн реманаш – лохкуш, уьш байшна а, жоьрахь бисначу зударшна а, мискачу нахана а дIаекъаран Iалашонца. Наггахь новкъахь хиллачу тасадаларехь турпалхо, чов хуьлий, вала вужуш меттиг а хуьлу; тIаккха иза стиглахула тIехдолучу олхазаре вистхуьлу: «ХIей доьду олхазар, хьо оцу юьрта додахь, со кхузахь, ца воьрзу чевнаш а хилла, воьжна ву алалахь», — бохуш.

И тайпа илли кхоьллинчунна а, ладугIучарна а чIогIа нийса а хета оцу турпалхочо лелориг. Амма бусалба динан философехь нийса-м муххале а вацара иза, мелхуо а нехан рицкъина тIе а кхевдина, Дала уггаре а ца магийначу къинойх цхьаъ латош ву.

Иза кIелхьаравоккхуш ала тарло, цо лачкъориг хьоладайн даьхни ду, цо нах а бацош гулдина, нохчашкара дIадаьхначу латтанаш тIехь лелаш, цунах терра кхин а. Амма оцу бахьанаша а цIан ца до къола, хьарам хIума. Иштта нехан рицкъ маго гIертар Iесачу (цIунийн) динан философи ю. Цуьнан коьртачу принципех цхьаъ ю – хийрачу нахана тIехь, мухха баьккхина а, толам баккхар. Ткъа нийсо – иза шен юьртахь, я шен тайпанна юкъахь, я, уггар гена ваьлча, шен къома юккъехь лелон езаш хилла; хийрачу махкахь, хийрачу нахана юккъехь нийсо лелор тIехь ца хилла, толаме кхачар хилла декхар.

Иштта толам баккха гIерташ, къовсамехь валар а турпалалла, боьршачу стеган дахаран хила хьакъ йолу чаккхе лоруш хилла. Цу хьокъехь дуьйцуш иштта халкъан хабар а ду.

«Цкъа цхьа лахенцара стаг цхьана шен гIуллакхна ламчу вахна хилла. Суьйре тIе а кхаьчна, цхьана ламарочун хIусамехь буьйса яккха сецна иза. ХIума а йиъна, хIара паргIатваьлча, хIусамдас хаьттина хьеше: «Хьан да волуш вуй?» — аьлла. «Вац, хьо марша, дIаваьлла шен да», — жоп делла хьешо. «Муха велла хьан да?» — хаьттина хIусамдас. «Цомгаш а хилла, метта охьа а вижна, велла-кх», — жоп делла вукхо. «Ткъа хьан денда муха велла?» — кхидIа а хаьттина хIусамдас. «Иза а иштта, цомгаш а хилла, метта охьа а вижна, велла-кх», — иштта хилла хьешан жоп. КхоалгIачу дех а изза хаттар дича, изза жоп делла хьешо. ТIаккха хIусамдас, шен хьешана бегаше Iоттар еш, аьлла бохура: «Хьо охьа ма вижалахь, лийр ву хьо».

 

Таханлерчу дешархошна мелла а хала хир ду хIусамден хаттарийн а, цо хьешана йинчу Iоттаран а маьIнех кхета. Цундела кхетадо вай иза. Iесачу (цIунийн) динан философехь боьрша стаг тIамехь, къовсамехь, леташ валар уггаре доккха дозалла хилла. Цундела дуьненчуьра иштта къона боллушехь дIабевллачу шен дайх куралла еш волчу хIусамдас, шен хьешан дай мел сий-ларам болуш хилла хьажархьама, дина и хеттарш. Ткъа «вала ма-веззара» велла цуьнан кхаа дех цхьа а ца хилча, шен цунах «цавашар» (бегашийна делахь а) гучу а доккху хIусамдас («хьо охьа ма вижалахь…»). Цо а гойту и хIусамда ислам-динан философин гурахь воцуш, Iесачу заманан хьежамийн йийсарехь хилар.

Гуш ма-хиллара, нохчийн къоман оьздангаллин сурт «къорза» хилла XVIII бIешеран юьххьехь. Иза доьзна ду нохчаша массара а цхьатерра бусалба дин тIеэцна цахиларца. Малхбалера, аренцара лаьмнашка хьаладахначух тера ду бусалба дин, цхьаццанхьара цIунийн дин а, цхьаццанхьара кериста дин а дIа а тоттуш.

Бусалба дин нохчаша цхьатерра тIе ца эцаро аьтто хуьлуьйту вайнехан оьздангаллин сурт-сибат бIаьрла дуьхьал хIотто. Нохчийн ислам-дин тIеэцаза болчу нахе а хьовсуш, вайн ала таро ю, муха хилла вайнехан гIиллакхаш хьалха заманахь.

Иштта, нохчех уггаре а тIаьхьа бусалба дин тIеэцна бу гуьржийн махкахь беха вайнах. ДIадахначу бIешеран 50-чу шерашкахь а къаьстина дацара церан динца долу гIуллакх: цхьаберш — кериста бу шаьш бохуш, вуьйш — бусалба бу бохуш бехара, цу юккъехула цIунийн ламасташ а лелош.

Масала, тахана вайна акха ду, къилахь дуйла хаьа вахош долу малар. Амма и малар а, шуьнехь дош алар а (тост), ловзаргахь хьовха, стаг веллачохь — тезетахь а хилла Гуьржехарчу нохчашна юккъехь хIинц-хIинцца а. «Тост» боху дош а ду церан маттахь — «ханеха». Гумашвили Сулеймана дIаяздина царах цхьаъ, тезетахь олу ханеха ялайо оха кхузахь:

«Делан кхиэл еза ю. И схьаэца еза, дан хIума дац. ГIайгIа ярах хIума хир дац. ХIара ханеха, нийса аьлча, гечдар, мала лаьа суна вайн юьртан кешнашкахь бохкучу нахана тIера. Уьш шира дай бу, амма цара тахана шайна тIевигна волу стаг дIаэцна, доьзалхо а вина. Цунна хIусам ели цара. Цундела церан массеран а синойн хан еха хуьлда, Дала гечдойла, Дала ялсаманехь бойла, хIусамда хIара кIант хуьлийла, вай тахана ларамца новкъа ваьккхинарг! Амин!» («Орга» журнал, 1993, № 1).

Лакхахь вай далийначу масалша гойту къоман оьздангалла, замане а, билггала долчу исторически хьелашка а хьаьжжина, хийцалуш хилар.

Тайпанаша хаьржинчу векалех лаьттачу Мехкан кхиэло верасалла деш хилла нохчийн юкъаралла гуттар а низамехь, оьздангаллин бехкамийн гурашкахь яьхна бохург бакъ дац. Тайп-тайпанчу бахьанашна наггахь зама йогIуш хилла иза халчу киртигехь нислуш. Иштта чолхе зама хилла Алдара Ушурма (вина герггарчу хьесапехь 1760 ш., кхелхина 1797 ш.) шен хьехамашца нохчашна юкъаваьлла хан а (XVIII бIешеран шолгIа ах).

 

Нохчаша шайн рогIера гIаттам а бина, кхайкхина а, кхайкхаза а баьхкина хилла, шайн олалла халкъана тIехь чIагIдан гIоьртина кхечу къаьмнех болу элий лаьхкинчул тIаьхьа яьллачу маршонах уггаре а хьалха пайдаэцна вайн махкахь алсамъевллачу гIеранаша, тилла-тобанаша. Царах цхьаерш даррехь, лечкъар а доцуш, харцонан некъ юьхьар а лаьцна, боданан лай хилла, ларош волчунна а, мискачунна а — «шайн» воцчунна – массарна а талораш, къоланаш деш араевлла хилла. Боьхачу некъах духадовла шайна меттиг ца йита, цара ша-тайпа дуй бууш хилла, масала, иштта: «Ас дуй буу Соьлжа хи чохь хьозанна кхосса тIулг а ма бац, Органан чIожахь старана тоха сара а ма бац», — олий. И дуй а буий, уьш йилбазан новкъа бовлуш хилла, талорца а, зуламца а, осалаллица а оьздангалла, гIиллакх хуьйций. Цара харцахьа мел дерг деш хилла, цхьа а бехкам боцуш, уьш совцо цхьа а хьехам а ца хилла, цхьа Iожалла йоцург.

Дийнера де мел дели алсамъюьйлучу гIеранаша керлачу лолле дерзош хилла вайн халкъ — цхьа а барам а, доза а доцчу зуламхойн лолле. Оцу хенахь кхолладелла ду вайн халкъан барта произведенешкахь дисина «Орца дала! ГIера йогIу!» — боху дешнаш. Юьртана тIелата йогIучу гIеранах бIаьрг кхетча, олуш хилла уьш. Ткъа гIера, дуьхьал ваьлларг тухуш, Iуттуш, вуьйш, йилбазмохах юкъахьаьвзаш хилла. Нехан бахамна тIекхийдина ца Iаш, шаьш нах а лечкъош хилла цара, шайн болчарна я кхечухьа дIабуьгий хийрачу мехкийн хьолахошна, лай санна, мехах бухкуш.

И тайпа ун нохчашна юкъа даржаран коьрта бахьана хилла хийрачу элаша олалла дечу хенахь нохчашна юкъахь Мехкан кхиэлан Iедал а, и шена тIехь лаьтташ хилла гIиллакх-оьздангаллин баххаш а гIелдалар, цара халкъана беш болу тIеIаткъам жимбалар. Оцу уьнна дуьхьал Делан цIена дин — ислам халкъана карладоккхуш гIеттина Алдара Ушурма.

Нохчийчохь баьхначу дуьххьарлерчу эвлаяэх цхьаъ хилла иза. Шен хьехамашца нахана юкъавалале хьалха Делан дош — Къуръан, Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадисаш Iамош къахьегна цо. Хетарехь, халбата хиъна Iийначух тера а ду иза.

Нах цIенчу дине кхайкхаран хьехамаш биэ аьлла, гIенах Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) тIедиллина шена олуш а хилла Ушурмас. Цо шен юьртахой а гулбина, цаьрга вистхуьлуш дина къамел, хетарехь, шен чулацам иштта болуш хиллачух тера ду:

 

«БисмиллахIиррохьманиррохьийм!

Делан езчу цIарца доладо ас.

Нах, хIума ган бIаьрса делла вайна, хIума хаза лерса делла вайна, вистхила — мотт, кховдо — куьг, баккха — ког, вайна делла, ялта дуьйш, рицкъа даккха аьлла, хIара Iаьржа латта, вайна елла догIанца, лайца Делан беркат тIеделхош йолу и сийлахь Iаьршаш; вайна делла де а, дийнахь кхета малх а, шен йовхонца дерриге а дендолуьйтуш болу; вайна елла буьйса а, бодане хорам ца байта, седарчий а латийна, оьздачу адамийн синойн серлонца лепа бутт а кхетийтина. И дерриге а вайна АллахI цIе йолчу Дала делла, оцу Делера охьа а доьссина Къуръан ду вайгахь, Далла дукхадезна гIиллакхаш вайна хьоьхуш, Iамош.

И иштта доллушехь, и дерриге а дицдина, харцонца нийсо хийцина, хьарамца хьанал хийцина, мискачунна, гIийлачунна ницкъ беш, цIенаниг, боьханиг къастош доцуш, деха вай, кхана догIучу къематан дийнахь, Делан нийсачу кхиэлах ца кхоьруш. ХIун ала воллу хьо, мискачу нехан лечкъийначу даьхнех хьайна бахам биллинарг, Адаман зуьрет маьхьшаре кхайкхина, хIораннан къа-бала оза мизан-терза дIахIоттийча? ХIун дика дилла воллу хьо оцу терзан тIе?

Хьо, осала некъ юьхьарлаьцнарг, хьайна дегIана там лоьхуш, шайтIа дендинарг, Делан цIена дин а, цо бен бехкамаш а бицбинарг, муха яйа воллу хьо, нехан хьеш а кхехкош, герга балийна малх болчу дийнахь хьайга йоьссина хьогалла, мичара дер ду хьуна и яйа хи?

ХIей, хьо лаьттарг, хьайн къена да-нана тесна дитинарг, къеначеран сий ца дийриг, хьуна хаьий цу къематан дийнахь, тхов тIехь чIогIа ког баьккхина а, шен да-нана реза ца динарг ялсамане ваха йиш йоций, цигахь, эхартахь дерригенал а деза леринарг гIиллакх, оьздангалла юй?

ХIей, хьо, цкъа а сагIийна хIума кховдоза верг, цкъа а пIерасканан буьйсанан йозалла ца евзинарг, хьо муха вала воллу туьран диттал ира долчу суьртан тIайх? Хьенан гIоьнца? Дац я хьуна а, я хьуна а, я цхьанна а кхача гIо, шух хIора а тахханехь, тоба а дина, нийсачу новкъа ца валахь.

Тахана кхузахь, кху майданахь вай вовшашна массарна а дехка деза зуламаш, харцонаш, хьарамлонаш. Дуйнаца дехка деза къоланаш, осала леларш, адамаш идор. Иштта, вовшашна къинтIера а довлуш, вай йита еза ваьшна юккъера чIираш, маслаIат деш дерзо деза девнаш…

Нагахь и вай ца дахь, вайна тIебуьссур бу буьйцу а ца хезна баккхий баланаш. Вай стенна дуьйцу, тахана вай лелон харцонаш, зуламаш, осалаллаш бахьанехь, вайна тIаьхьа тIейогIучу тIаьхьенийн а дезар ду баккхий баланаш лан…».

ХIокху къамелехь тидам тIебохуьйту Ушурмас шен заманахь дечу зуламаша тIейогIучу ханна тIеIаткъам бийр бу бохучо. И чIагIдар нийса догIу стага дина дика а, вуон а тIейогIучу ворхI тIаьхьенна а дакъа кхочуш ду бохучу нохчийн къоман философин хьежамца.

Шен юьртахошна, махкахошна хьалха дечу къамелан чулацам болуш хилла Ушурмас гонахарчу къаьмнашка дахьийтина кехаташ а. Царах цхьанна а тIехь Ушурмас ца боху ша бIобаьчча ву я тIамна кечло, цо нахе цIандаларе, бусалба динехь нисдаларе кхойкху. Ала деза Ушурма дика къамелахо хилла хилар, нехан дегнех кхета дош карош а, и ала хууш а. Цул сов, цхьацца хиндолу хIумнаш хаа Дала ницкъ беллачух тера а ду цунна. Иштта, халкъан дийцарша хаам бо цунна мохк бегор буйла хиъна хиларх. Дуьйцу, БухIан-юьртахь тахана болу Iам Ушурмас шен хенахь хир бу аьлла бохуш а.

Дийцарш иштта ду. Бакъдерг хууш Дела ву.

Мухха делахь а, Ушурмин хьехамаш бахьанехь Нохчийчохь деха адамаш цхьана юкъана зуламаш, къоланаш, маларш мийларш дитина, Ушурмина тIе а оьхуш, тобанаш деш, цIанделла дIахIиттина. Ушурмас меттахIиттийна цхьана хенахь нохчаша тесна дитина гIиллакхаш а: зуламхошна кIарлагIаш хIиттор, хIуй кхайкхор, уьш махках бахар. Наха шайна арахь охьайоьжна Iуьллуш хIума карийча, кхайкхайора, цуьнан да ца ваьлча, некъа йистехь гуччохь охьаюьллура, иза цхьамма а дIа а ца оьцура. Оццул шайн синкхетамца таделла хилла адам.

Керла ваьллачу эвлаяан цIе а, сий а гонахарчу къаьмнашна юккъехь а даьржина. Цуьнга ладогIа, и ган хьаьгна, шина хIорда юккъехь деха дуккха а адам Нохчийчу таттаделла. Цунах озаделлачу оьрсийн паччахьан Iедало шен эскар доуьйту Алда 1785 шеран 5 июлехь, шен коьртехь полковник Пьери а волуш. Уьш берриге а аьлла нохчаша хIаллак а бо. Соьлжа хи дерриге а къайладаьккхина дара боху, церан лаба йолчу куйнаша.

И тIом хиллачул тIаьхьа кхин а лакхадолу Ушурмин сий а, адамаш цунах тешар а. Цуьнан тур ласта ма диннехь дахлора, цо и цкъа тоьхча, иттех вужура, цуьнан тур лаьттах кхетча, боьра хIуттура бохуш, хабарш а даьржа нахалахь. Цара кхидIа а тIом баре кхойкху Ушурме.

Иштта, цхьана агIор оьрсийн паччахьан эскар тIелатар а, вукху агIор Алдахь хиллачу тIамо дегнаш ира-кара хIиттийначу нехан лаам а бахьанехь, шен коьрта некъ — адам бусалба дине далор, оьздангаллехь нисдар — Iадда а битина, тIеман новкъа вала дезна Ушурмин. Амма цуьнан тIеман кхиамаш кIезиг хилла шен къоман синкхетам кхиош цо бинчу белхан беркатечу жамIел. Церан мах цкъа а бан йиш яц нохчийн къоман исторехь. Шайх Мансура нохчашна юккъехь дIабехьначу кхетош-кхиоран балхо дуьххьара гайтира, бусалба дин довзуьйтуш, оьздангалле кхойкхуш олучу цIенчу, даггарчу даше ладогIа а, дикчу агIор хийцадала а ницкъ болуш вайн къам хилар.

Мансуран зама дIаяьллачул тIаьхьа, Шемала имамалла дIакхоьхьучу хенахь нохчийн къоман оьздангаллин сурт-сибат дикка хийцаделлера. Иза доьзна дара Шемала шен тIеман-политически Iедал чIагIдарца. Оцу Iедалан лехамаш тера бацара нохчийн дукха хьалха дуьйна схьаеъначу урхаллин кепах — Мехкан кхиэлан куьйгаллех. Нагахь нохчийн пачхьалкхалла дерриге а халкъо Iедалехь дакъалацаран буха тIехь лаьтташ хиллехь, Шемала хIоттийнарг — цхьана стеган (имаман) лаам коьрта болуш, массо а цхьанна муьтIахь волуш хила дезарна тIехь дара.

Милла велахь а, цхьана стагана муьтIахьалла ца дезаш, гуттар а самукъне а, беламе а, иллешний, хелхаршний тIера а болчу, шайн лаам кхочушбан самаьрша а, коьртамукъа а хиллачу нохчаша Iаламат хала тIеоьцура Шемалан Iедал а, цу Iедалан керла гIиллакхаш а. Масала, нохчийн Iаламат деза лоруш ду , хийра стаг волчу чу а вахна, цуьнан ялтех кхетар. Оцо стагана тIебожабо цхьацца бехкамаш, хадо йиш йоцу дозанаш. Царах цхьаъ ду цхьана хIусаман шуьнехь хилла стаг оцу хIусамехь ехачу йоIана тIехьовза йиш цахилар. Амма шарIе диллича, галдаьлла хIума а дац иза. Цундела Шемала оцу нохчийн Iадатан бехкам атта бохабо ша цхьана вайнехан хIусамехь — ШаIбанан доьзалехь — нисвелча.

 

Цо хIусамдега эвххьаза дIахьахадо шен захало. Цул тIаьхьа хIусамдегахь хиллачу хьолах лаьцна яздо Айдамиров Абузара шен «Шемалан леламаш» повеста тIехь.

«ШаIбанан коьрте зуз деара. Инзаре доккхачу собаро ницкъ белира цунна шаьлта ца тоха. «Шаьшлахь санна, кхузахь а зударшца йолу юкъаметтиг эвхьаза хуьлу моьттуш, дуьйцу хир ду-кх хIокхо иза».

— ЙоьIан дега олу ткъа ишттаниг? — хаьттира ШаIбана, иза зерхьама.

— ХIунда ца олу?

— Тхан гIиллакхехь чIогIа бехке ду иза.

— Бусалбанашна массарна а мега гIиллакхаш ду шарIо вайна схьахьоьхуш, ШаIбан. ШарIо адамаш ца къестадо, нохчо, суьйли, гIумки бохуш. […]

— Шемал, хьо имам а, шайх а ву, — элира цо курра. — Ткъа со оьзда нохчо ву. Шайн цигахь шайн гIиллакхаш лелор ахь. И сан гIуллакх дац. Амма сан хIусамехь нохчийн гIиллакхийн сий дан дезар ду хьан. Нагахь и тайпа эвхьаза дош суна шолгIа хеза-кх… Хьо милла велахь а, могуьйтур дац ас.

Шемалан бIаьргаш чохь оьгIазаллин цIе кхерстира».

ХIокху текстехь, хин тIадам чохь стигалан сурт ма-гарра, къеггина схьаго Шемала нохчийн къома юккъехь оьздангаллин декъехь лелийначун коьрта билгало: шарIаца нохчийн Iадаташ хийца гIертар. И болх цо ницкъаца, тIамца, цIарца дIахьош а хилла. Цо юкъадаьккхина боьршачу стагана пхийтта шо кхаьчча зуда ялор а, цхьана стеган масех зуда хила магор а. И ший а гIиллакх шарIаца догIуш ду аьлла, юкъадалийна ца Iара, и шиъ уггар хьалха тIамо хIаллакдеш лаьттачу къоман тIаьхье, тIамна керл-керла бIаьхой кхиийта юкъадалийна дара.

Цхьаннал сов зуда ялош гIиллакх хиллачух тера дац вайнехан хьалха заманахь. Иза Шемалан заманахь юкъадаьккхина. Айдамиров Абузара дийцарехь, Шемалан заманахь жоьра бисинчу зударшка шайгга къастабойтуш хилла шайна маре баха боьрша нах. Нагахь стаг реза ца хилахь, иза ор чохь валлош хилла, цо шен ойла хийццалц.

ТIамца, ницкъаца тIетаIийна хIума атта тIеоьцуш доцчу нохчийн халкъо, шен хирг деш, дуьхьало йина керла юкъадалочу гIиллакхашна. Наггахь иза забаречу кепехь нислуш а хилла. Цунах лаьцна дуьйцу халкъан дийцаро.

 

«Майртуьпана гена йоцчу цхьана арахь, Мичик хина дехьий, сехьий, лата гулделла оьрсийн паччахьан, Шемалан ши эскар.

Шена уллохь наибаш, эскаран дакъошна тIехIиттийна хьаькамаш, мурдаш а болуш, ехачу турмала хьоьжуш лаьтташ хилла Шемал. Имамана гина паччахьан эскарна юккъера кIайчу динахь, кIайн чоа а тIехь, шурула-кIайн месала куй а коьртахь схьаиккхина цхьа эпсар-бере. Iодара кхоьссича санна, говрахь Мичикал сехьа а ваьлла, бай тIехула дин хьийзо ваьлла иза. ТIаьхьарчу когаш тIе дин а хIиттош, карара пиренг-тапча а лестош, лата вала стаг вуй шеца бохуш, мохь бетташ хилла оцу оьрсийн эпсаро.

Шемалан бIаьхошна хьалха дуьйна вевзина хилла и оьрсийн эпсар-бере. Иштта, шеца лата яхье а ваьккхина, хьалхенгахь цхьаъ-шиъ тIемало вийна цо Шемалан бIох. Масийттазза тоьпаш а кхийсина, цунна кхеташ ца хилла. Эрна молха дайар хетта, кхин топ ца кхуссуш, севцца нах.

БIаьргана хьалхара турмал дIа а яьккхина, шена юххехь говрашкахь лаьттачу тхьамданашка жIайн маттахь аьлла цо:

— Дависарг яI! Шена зен а ца хуьлуш, и эпсар вийначунна ма совгIат лур дара-кх ас.

Гена воццуш, цхьа тиша кетар-хархар а юьйхина, юкъах къевллина йихкина, кеманан пийсиг санна, йоккха шаьлта а йолуш, коьртах, хола санна, месала куй а болуш, цхьа гIеметта хIоьттина нохчо-тIемало хилла говра тIехь.

 

— ХIун боху имамо? — хаьттина цо.

Дийцина цуьнга.

— Делахь, ас боху ала оцу имаме, совгIат цо суна дахь, хIокху делан сохьта цу эпсаран аьтту куьг имаман динна хьалха охьатосур ду ас.

ДIааьлла Шемале. Хьаьжна имам, юнаш санна, сийна ши бIаьрг тIе а боьгIна лаьттачу нохчочуьнга. ТIехь дукха беркъа вайча, хаьттина Шемала:

— Хьоьга велур вара иза?

— Гур ду хьуна иза-м.

— Дика ду, — аьлла Шемала. — ТIехьаьжча, цу эпсаран карах валарх кхоам боцуш стаг ву хьо. Ткъа ахь и вехь, ши доттагI а хир ву вайша. ХIун совгIат ду ахь соьга доьхург?

— Имаман дош пайхамаран дош санна ду, — аьлла нохчочо. — Ас и вен а вийна, цуьнан цIет деъча, бакъо ло суна хьайна хьалха цигаьрка оза.

ГIовгIа яьлла гонаха. Цецваьлла имам.

Цигаьрка узург, мерах луьлла а юллий, юханехьа вира тIе а хаавой, юьртахула лелавойтуш хилла имама. Томка дуьйш-лелочун корта боккхуш хилла. ХIетте а аьлла имама:

— Ели ас хьуна и бакъо.

Дин хьийзочу эпсарх-берех бIаьрг а тоьхна, куйна йистера схьаяьккхинчу луьлли чу томка а диллина, сиха кIожам латийна таIIийна луьлли чу а боьллина, Шемална хьалхха боккха кIур а баьккхина, гихь йоллу мажар-топ караэцна нохчочо.

Чапхин цIетуху дIа а тесна, тоьпа-лергахь молха дуй а хьаьжна, багахь еха луьлла а йолуш, нуьйра чохь нис а велла, ма-йоьдду эпсарна тIе хаьхкина нохчочо говр. Буйнахь айина тапча а йолуш, чаболахь хьайина эпсаро шен говр, хаьхкина вогIучу нохчочунна дуьхьал. Тапча кхоссал бен юкъ ца йисина. «Закъ» аьлла, шен говр сацийна нохчочо. Эпсарниг а сецна. Топ хьажийна нохчочо. Луьллех баьккхина боккха кIур ша лаьттачохь дIахецна.

Кхуьнан топ харц хили моьттуш, «хIинца-м хьаха вара ас хьо вуьйр», — дагадеъначу эпсаро, голаш а таIийна, шен кIайн дин тIехецна къонахчунна.

Шен тоьпалерга молха дохка сихвеллачуха-а, кочахь кхозучу, молха чохь долчу гIурех, лерга-маIех ка етташ хьаьвзина нохчо, ша воьхна моттийта. Гуттар улло а ваийтина, некхан уьн тIе мажар тоьхна, куьлла санна, говрара чуваийтина цо эпсар.

Шайн бере динара вужуш а гина, Мичикал дехьарчу гIалагIазкхаша, маьхьарий а детташ, дой схьахаьхкина, нохчо шайгара ца валийта.

Говрара охьаиккхина, мегарг са а далаза волчу эпсаран шаьлтанца куьг а даьккхина, цуьнан пиренг-тапча шен доьхкарх а йоьллина, баттара даьккхина эпсаран тур долчун некха тIе а диллина, Iадда лаьттачу эпсаран кIайчу дина а ваьлла, шен говр юххе а лаьцна, дIахаьхкина кетар-хархар йолчу стага имам лаьттачухьа. ТIаьхьа ца кхиъна гIалагIазкхий. Имамана тIекхоччушехьа, кIайн дин биъ ког тоьхнначохь саца а бина, аьлла нохчочо:

— ХIан, имам! Кхин этIор дац хьан дог цу эпсаро!

Иза а аьлла, цIетана ша даьккхина эпсаран куьг Шемална хьалха тосуш, юха а вирзина, аьлла шен наибе:

— Наиб! ХIара сан говр дин боцчу тIемалочунна ло!

— Тур дацара оцу керистанехь? Иза хIунда ца деара ахь схьа? — олуш, мохь тоьхна цхьана бIаьхочо.

— Баттара а даьккхина, беречун некха тIехь дитира ас иза. Бусалба велахь а, кериста велахь а, майраниг майра ву. Майрачун сий дан деза, и милла велахь а!

Иза а аьлла, меллаша шен куйна йистера луьлла схьа а яьккхина, бIаьрганегIар тохале кIожам а латийна, «пакх» аьлла, луьллех кIур а хецна, дIахIоьттина стаг имамана юххе.

КIеззиг вайнехан мотт хууш волу Шемал кхетта нохчочо аьллачух. Вистхилла иза:

— И луьлла озар хьуна хьанал дин ас. Тахана дуьйна дIа уггар йоккха майралла гучуяьккхинчунна луш совгIат хир ду сан: «Цигаьрка оза бакъо». ХIара къонаха воцчунна, сайна хьалха и озар цхьанна а могуьйтур дац ас.

 

ХIетахь дуьйна доккха совгIат хилла луьлла оза бакъо ялар». (Х. Ошаев. Заманан некъаш. 1975).

Иштта хьал хиллачух тера ду томка озарца Шемалан заманахь. Ткъа пондар, вота, илли, хелхарш, забарш, узам — и дерриге а нохчашка дитийтарехь кхин а кIезиг бара Шемалан кхиамаш. ХIунда аьлча, уьш нохчийн амалан, синкхетаман ца хилча йиш йоцу дакъа хилла массо а заманахь. Иза деккъа цхьа самукъадаккхар хилла а ца Iа нохчашна. Иза, хала киртиг тIехIоьттича, церан дог-ойла меттахь латто догIу орца а хилла. Дагалоцур вай Дадин-юрт йоккхуш Дадин Айбикас дина хелхар, мостагIех летачу юьртахойн дегнаш ира-кара хIиттош.

Ткъа хууш ду, Iадхьокху я дечиган пондарца нохчаша дарба деш а хилла цхьаццайолчу цамгаршна, масала, IаьржабIаьрг яьлча.

Иштта, узам беш Iедал хилла нохчийн, кхин довла меттиг йоцуш, мостагIаша шайна гуо бича а. Цуьнан чулацам: маьлхан дуьненан Iодикаяр, шайн дагахьбалламаш а, мерза уьйраш а дагалацар, Деле гечдар дехар – хилла. Иза дика гайтина Л. Н. Толстойс шен «Хьаьжа-Мурд» повеста тIехь.

Кавказан тIамо вайн къам бIарздича, гIелдича, кхачо а, доьза дан а герга кхаьчча, шен хьехамашца юкъаволу Кишин воI Кунта-Хьаьжа.

Цуьнан хьехам, адамашка Далла Iамал ярехь нисдаларе, совдовларе кхойкхуш, тIегIертачу вуонна, мостагIчунна еш йолу дуьхьало тIамца ца еш, бусалба дин лелорца, синкхетам лакхабаккхарца, дегнашца цIандаларца ян еза бохуш хилла. Делан парзаш а, Элчанан — Делера салам-маршалла хуьлда цунна — суннаташ а кхочушдинчул тIаьхьа а, шайн зама эрна ца йойуш, Далла Iибадат дар — зуькар дар, вирд даккхар — тIедуьллуш хилла Кунта-Хьаьжас шена тIаьхьабазабеллачу нахана — мурдашна. Цо уггар хьалха адамашна юккъехь машар, маслаIат лохуш хилла, ткъа шен Iалашоне кхача коьрта ницкъ — цIенчу дашехь, кхетаман балхехь гуш хилла цунна.

МостагIашна дуьхьал тIом бар бен, кхин некъ ца гучу Шемална тан йиш яцара Кунта-Хьаьжин хьехамаш. Церан тIеIаткъам баржарна дуьхьало ян гIоьртира иза. Амма Кунта-Хьаьжа бакъ эвлаяъ хилар тосаделлехь а, я кхечу бахьанина хиллехь а, Шемала кхин йоккха дуьхьало ца йира цунна. Ткъа Хьаьжин хьехаме дош даьржира Нохчийчохь, иза малхо деттинчу лаьтто беркате догIа санна, худура тIамо дардинчу адамийн дегнаша. Дийнера де мел дели шорлуш хилла цунна тIаьхьахIиттинчу адамийн хIорд. Цо шен цIенчу хьехамца имам Шемале тIамца ца данделларг а до: гIалгIайн халкъ цIенчу дине — исламе даладо.

Нахана юккъехь, уьш мостагIий белахь а, маслаIат лахар, тIом ца бар — иза дара Кунта-Хьаьжин хьехамийн коьртачарах цхьаъ а, имам Шемална ца дезаделларг а. Амма и мостагIашца деш долу маслаIат доза доцуш дацара Кунта-Хьаьжин. «Нагахь шуьга АллахIна гIуллакх а ца дайтахь, нагахь шун зударий сийсазбан а гIертахь, тIаккха массо а лата, шаьш хIаллакьхиллалц».

Нахана юккъехь санна, шарIана а, нохчийн Iадатна а юккъехь а маслаIат лехна Хьаьжас. Амма кхузахь а и маслаIат доза доцуш дац. Iадат лелон мегар ду, нагахь иза шарIана дуьхьал дацахь. Амма хьалхарниг шолгIачуьнца галморзах долуш делахь, Iадат дIатасар тIедуьллуш хилла устазо.

Кунта-Хьаьжас кхайкхо машаре, маслаIате, Далла Iамал яре, Делан кхиэлана муьтIахь хиларе некъ чIогIа кхераме хетта оьрсийн паччахьан хьадалчашна. Шайна дуьхьал тIамца лаьттинчу баьччанашна ца дина таIзарш до цара Хьаьжина, шаьш и лаьцначул тIаьхьа.

Амма Нохчийчохь цо болийна адаман синкхетам цIанбаран некъ кхидIа хьо цуьнан мурдаша а, кхечу устазаша а.

Вай юьйцучу заманахь вайн халкъа юкъахь ша-тайпана кхетош-кхиоран болх беш хилла илланчаша, забарчаша… Шайн дахаран ойла яр кIезиг долуш (дукха хьолахь, уьш доьзал боцуш хилла), мискачу нехан самукъадаккхар, бохам тIекхаьчначун гIайгIа дIаайар, доьхначу дагна дарба лахар, оьзданиг хастор, осалниг емалдар шайн коьрта гIуллакх дина баьхна уьш. Цундела халкъан иэсехь уьш а, церан хьекъале забарш а гуттаренна а йисина. Юьртара юьрта боьлхуш, берриге а бахам дечиган я Iадхьокху пондар болуш, нехан ловзаршкахь, синкъерамашкахь ира хьекъал гойтуш, догдика забарш еш беха нах Нохчийчохь тайп-тайпанчу ярташкахь хилла. Царах бу: ДIай юьртара Чора, Котар-юьртара Мази, Курчалой-Эвлара Кура Закри, кхиберш.

Кавказан тIом дIабирзинчул тIаьхьа нохчийн къомана юккъехь кхоллало оьрсийн дешар дешначу, церан Iедалан гIуллакхашкахь болчу, паччахьо совгIатна мехкаш деллачу, цуьнан гIоьнца хьалдолуш хиллачу нехан гуо. Церан Iер-дахарехь а, духарехь а, юкъаметтигашкахь а вайн къомах схьакъаьсташ билгалонаш гучуюьйлу. Масала, захалонаш шаьш санна хьал долчу нахаца бен ца до цара. ГIишлош нохчийн хIинццалц ца хиллачу кепара, яккхий йо. Нагахь нохчашна хIетталц хьолаца, духарца, кхечу билгалонашца вовшех къаьсташ цахилар барам хеттехь, оцу керлачу чкъуран амалшкахь мелхуо а массо хIуманна тIехь билгалвала гIертар, шен хьолах дозалла дар хилла. Халкъах къаьстина хила лаам, хIокху дахарехь-м хьовха, кхелхинчул тIаьхьа а церан хилар билгалдолу даккхий, беза мах болу чарташ шайн беллачарна цара хIиттийна хиларца.

Иштта, Чермоев Орцина хIоттийна чурт лаьттира цхьана хенахь вайн мохкбовзаран музейн кертахь. Генаш хедийначу ножан суьртехь, Iаьржачу шагатIулгах (гранитах) дина иза, вовшашна тIеттIа хIоттийначу кхаа декъах лаьттара, ши метр сов лекха дара иза.

Къоман синкхетамо уггаре а коьрта лоруш болу гIиллакх-оьздангаллин лехамаш шолгIачу могIаре тоттуш юкъабогIу ахчане, хьал-бахаме болу ларам. И бахьанехь хIинццалц схьа нохчаша дийр дац аьлла хетта гIуллакхаш а нисло; масала, нохчийн мехкарий кхечу къаьмнех болчу Iедалан нахе а, хьолахошка а маре балар. Гуш ма-хиллара, бусалба динан а, нохчийн Iадатан а бехкамаш бицбайтина ахчано, хьал-бахамо.

Халкъан дийцаршкахь нохчийн хьоладай, мехкадай, дукха хьолахь, бIаьрмециг, шайн мел дукха хилча а, хIуманан кхоам чIогIа беш хилла нах санна гайтина. Шайн долчу хьолах куралла яр дезаш хиллачух тера а ду царна. Иштта, цхьана халкъан хабарехь дуьйцу:

«Цхьа нохчийн хьолада хилла боху, Соьлжа-ГIалахь долчу шен тIекIел динчу цIенойн коре а хиъна, кхерзинчу котаман меженаш мазала а Iуьттуш, юуш Iаш. Уллохула тIехволучу къечу, мискачу стаге аьлла боху цо: «Сан гIуллакх муха хета хьуна?» — аьлла. «Хьан гIуллакх-м вон дац, амма тIаьхье сайнчул а гIийла хир ю-кха хьан, — жоп деллера мискачу стага. — Хьайн гIовталан тIам хьала а лаьцна, сагIа доьхуш, цхьамма сагIийна цхьа ахьаран кана елча, кхин цхьаъ тIейохкахьа бохуш, лелар ву-кх хьо». Цул тIаьхьа, дукха хан а ялале, советан Iедал тIе а деъна, шен берриге бахамах а ваьлла, вукхо ма-дийццара, сагIа доьхуш, ярташкахула волавелла лелаш вара боху и стаг».

Ала хала ду и дийцар мел цхьаьнадогIу боккъал а хиллачуьнца. Амма кхузахь къеггина го халкъан синкхетам бахамна хьалха суждане боьдуш цахилар, мелхуо а хьоло кхоьллина дозалла а, сонталла а цо тIе цаэцар а, оцу амалийн вуон тIаьхье хирг хиларх иза тешар а.

Оьрсийн юкъараллин лакхарчу классийн — дворянийн, совдегарийн — амалш тIеэцахь а, вайнехан дуьххьарлера хьоладай шайн доьзалшкахь йолчу юкъаметтигашкахь нохчийн гIиллакхаш лелош, вайнехан Iеламнахаца, къаьсттина устазашца, церан тIаьхьенашца дика юкъаметтигаш а латтош бехаш хилла. Масала, бIе шаре ваьллачу Олхазар-КIотарарчу къаночо Сулаймин Мутуша дийцарехь, Хонкар-махкара Нохчийчу еъна Кунта-Хьаьжин йоI Эсет, оьрсийн паччахьан Iедало дIалаьцна Соьлжа-ГIаларчу набахти чу йоьллича, «терзанца узуш деши а делла», и кIелхьара яьккхинарг БухIан-Юьртара хьолада Дунга-Хьаьжа хилла.

 

Нохчех болчу хьоладайша шайн бераш (дукха хьолахь, кIентий) деша дохуьйтура оьрсийн ишколашка, лаккхарчу доьшийлашка. Царах дуьххьарлера нохчийн Iилманчаш, яздархой, композиторш, суьрташдахкархой хилира. Оьрсийн маттахь нохчаша яздина, къоман гIиллакхаш, Iер-дахар, хьашташ дуьйцу тептарш а девлира ара.

Царах дуьххьарлерниг Лаудаев Умалта язйина «Чеченское племя» (Тифлис, 1878) боху историко-этнографически очерк яра. Цул тIаьхьа, советан Iедал тIедаллац йолчу юкъана тайп-тайпана Iилманан, публицистикан, исбаьхьаллин произведенеш арахоьцу вежарша МутушевгIара, Т. Эльдархановс, И. Саракаевс, А. Шериповс, кхечара а. Оьрсийн элпийн буха тIехь нохчийн маттахь абат кхуллу Iеламстага Досов Къедас, оьрсийн Iилманчин П. К. Усларан гIоьнца.

Дадин-юрт йоккхуш йийсаре вигначу кIантах цIеяххана суртдиллархо хуьлу (академик Петр Захаров). Цул хьалха изза кхоллам хиллачу нохчийн кIантах тIеман говзанча а, 1812 шарахь Россин Францица хиллачу тIеман турпалхо а хуьлу (инарла Александр Чеченский).

Музыкан дешар дешна Магомаев Муслим, шен дешар хьашт долуш Нохчийчохь стаг а ца карийна, Азербайджане а вахна, цигахь оцу къоман классически музыкан бухбиллархо хилира…

Билгалдаккха деза, Октябрьски карчам хилале хьалха оьрсийн культуро нохчашна бина тIеIаткъам халкъах доккха доцчу декъана, керла кхолладеллачу хьал долчу нехан чкъурана бина хилар. Ткъа и чкъор, дерриге а къам схьаэцча, Iаламат кIезиг хилла.

 

Нохчийн халкъан шира илли:

Юткъачу гIодаюкъах дихкина ва доьхка
Бухкарах хийца бах паччахьан Iедало.
ДегIана тIеоьзна исхарин ва чоа
ГIабалех хийца бах паччахьан Iедало.

Ас коьрта тиллина холхазан горга куй
ТIапанах хийца бах паччахьан Iедало.
Ден дайха дисина болатан ва герзаш
Серагах хийца бах паччахьан Iедало.

Соьцанна кхиъначу динара чувоссий,
ГIашсалти хила бах паччахьан Iедало.
Сан вежарий байинчу цу Делан мостагIийн
Лай хилий, саца бах паччахьан Iедало.

Цаьрцанна охьавуьжуш, метта-мотт цхьаъ болуш,
Цхьана шуьнехь важа бах паччахьан Iедало.
Сан Дала хьарам еш, ва суна йихкина
Хьакхарчий яа бах паччахьан Iедало.

 

Торг1а

Суна даима кечвелла, кIора санна Iаьржа ши мекх а, цIена яьшна маж а йолуш, Iаьржачу цкъоцкъамашна кIелхьара цIена сийна ши бIаьрг синкъераме белабелла дагавогIу иза. ДагавогIу, сеттош шуьйра белшаш а йолуш, йоцца динан урх а лаьцна, куро аркъал тесна корта цхьанаметта а латтош, готта къаьстачу гIодаюкъца дIаса а техкаш, шен Шанд олучу динахь тхайга вогIуш.

«Муртазан ТоргIа санна, куц долуш кIант ца кхиънера вайн ламанца», — олура иза хьахочара гуттар а.

— Неха-м дашо раьгIнаш хилахьара, Къахьир. Хьенех къонаха вара боху дош дуьсийла-кх кху дуьненчохь сох даха! — элира цо тхан дега.

Со, пха санна озавелла, неIара уллохь лаьттара, царна оьшург тIехьош.

— Нахах ларвала везара, ТоргIа, массарах дIа а ца ветталуш… Сов майралла дика яц, – элира тхан дас.

— Со харц ца лийна, Къахьир, цхьанна а стаге. Майралла нийсонца карийна суна. Стешхалла харцонца бен хила йиш яц, — элира цо, соьга забаре бIаьрг а таIош.

— Схьагайтал, борз, дIогара мерз-пондар, кIеззиг мIараш хьакха ас цу тIе, — элира цо тIаккха, куьг генна схьа а кховдийна.

Ас дечиг-пондар дIабелира. Цкъа-шозза йовхарш а тоьхна, меллаша пIелгаш хьаькхира цо пондара тIе:

Дай белла йиса хьо,
Соьлжера ва гIала!
Хьо юьллуш-м дуьйцура,
Яхь йолчу кIенташна
ХIонсана юьллуш ю.
Хьо юьллуш хиллий-ца
Цу юьртан кIиллошна,
Яхь йолчу кIенташна
Балийна ва аьлла.

 

Юха, тхан да вайча: «ТоргIа вала ца лахь, хьайн ден чIир лохур ю-кх ахь, борз!» — олура цо соьга. Со кхиъна валале, иза ша а вийра Соьлжа-ГIалахь, тоьпаш а тоьхна.

Наха тайп-тайпана дуьйцу цунах лаьцна. Цхьаболчара иза сонта, цхьаннах а ца вешаш стаг вара олий, хьахаво. Вукхара, Iожалла хIун ю а ца хууш, суй санна стаг вара олий, вуьйцу. Хаза ю аьлла ядийнера олу цо Iуспин Баччал а.

ТоргIина гина ца хилла Баччал цкъа бен — ша ядочу буса, ловзаргахь.

ЙоIана вуьйцуш хезна хилла ТоргIа.

Баччала йиш локхуш хилла цунна:

Лиъча, ган ца хилла

ЦIе йолу кура кIант!

Некъаца чурт доьгIча,

ТIаьхьахьежа вехийла.

Баччал ехачу юьртахь хиллера ловзар. ТоргIа а нисвелла хилла цу ловзарга. Цхьа ханъяьллачу хенахь хабар деънера, ловзарна салташа гуо бина аьлла. ТоргIина хиънера тIаккха, шена мотт тоьхнийла.

Тхьамда Iачу стоьла тIехь йогуш хиллера мехкадаьттан аьнгалин лампа.

ТIаккха ТоргIас мохь тоьхна бохура: «И лампа дIаяйа стаг вац-те кху ловзаргахь!» — аьлла.

Цхьа а меттах ца ваьллера.

ШолгIа а кхайкхина бохура ТоргIа.

 

ХIета а ца гIеттина цхьа а. ТIаккха хьалагIеттинчу Баччала — ТоргIига сакъоьруш йолчу — шен лаьхьанан санна долу дуткъа деха дегI сеттош, кура тIе а яхна, тхьамдина хьалха лаьтта аьнгалин лампа, аьтто куьйга генна ирах а ойуш, лаьттах тоьхна, аьтта дIаяхийтинера.

Юха маьхьарий а, тоьпаш а, мехкарийн цIогIанаш а дIа а тийна, кхин лампа латийча я ТоргIа а, я Баччал а ца карийнера.

Баччал ТоргIас ядийнера цу буса. ТоргIас ша ядийна хьош, ТоргIига кхайкхира ша бохуш, дуьйцу бохура Баччала, ша хьош верг ТоргIа вуйла а ца хууш.

ТоргIа вийначул тIаьхьа, ткъе цхьаалгIачу дийнахь, мацалла елла Баччал, ялтех мотт ца тухуш.

Церан йоI, Залма, шовзткъе диъ шо кхаьчна яра лечу дийнахь. Цо Iаьржа духар охьадиллалц бохуш, захало ца хьахош Iийначарна Залмин чухта марчонца хуьйцуш гира.

ТоргIин дин наггахь бажа кхуьйлура ас, иза хIума йиъна а, садаьIна а валлалц.

ТоргIа вистхуьлуш хезча, кхин бажа ца кхевдара дин — гуттар а дIаийзалора, карара бала гIерташ, дена тIебаха.

ТоргIас берхIийтта етт а белла, эцнера иза, чергазошкара.

Иза туьппалг санна боца, дегIана горга, сира дин бара, куьг-куьггал таьIна хьоькхнаш а йолуш дегIа тIехь.

ТоргIас цунах Шанд олура.

Цкъа, хьуьнарш зуьйш, дин хьовзабе элира ТоргIига.

ТоргIас дин хаза хьовзабора.

Ген-генара нах оьхура цуьнга дин хьовзабайта.

Цхьа гIеххьа шера меттиг яра. Дехьа йисттехь сиз дара хьаькхна. Ма хахккалу дIа а хаьхкина, цу сиза тIехь сацон безара дин.

Оцу хьуьнар тIехь тоьлларг къобалвора, бере веш.

ТоргIас уггар тIаьхьа хаьхкира шен сира дин.

 

Хьалхара ши ког сиза тIе кхочуш, цIеххьана, шен ницкъ мел бу, дуьрстанан ши га схьатуьйхира ТоргIас. ЧIинчIура хиъначу динан тIехьарчу когийн бергаш сиза тIехь севцира. Кхоь а бухка а хаьдда, охьашершира беречун нуьйр.

ТоргIас бен ца яьхьира цу дийнахь беречун цIе.

«Варраш, ламанан варраш! Аш юьгуьйтур яцара соьга йоI, паччахьан эпсаре!» — аьллера пурстопа, нуьцкъах юьртера йоI яккха веъначу.

Юьртана салташа гуо лаьцна хиллера.

Наха дехнера пурстопе, Сибрехара, шийтта шо а даьккхина, цIа веъна волу Малак талмаж а хIоттийна, шайца харцо ма йийцахьара аьлла. ТоргIина гинера, ша вехачу юьртара йоI, салташа пхьаьрсаш а лаьцна, текхош йохьуш, юьрте орца доьхуш, мохь а хьоькхуш.

ТоргIас нохчийн тапча йожийнера пурстопан некха тIе.

Велларг — вуьсуш, ваьлларг — волуш, тIом чекхбаьлча, ламаройн яртех кхин цхьаъ чим хилла яьгнера.

Иза Iедалца дуьххьарлера дов дара ТоргIин.

Беречун цIарна тIе обарг аьлла цIе а кхийтира цуьнан тIаккха.

Дена вина пхи ваша вара ТоргIин. Девешехьара шичой а бара шортта. ТоргIин ненан — Залиматан — хIара цхьаъ бен вацара.

Iедало хьовзийра кхуьнан нах чIогIа, ТоргIа схьава бохуш. Етта а йиттира. Чу а боьхкира. Шена еттачу хенахь тIара тоха хьуьнар кхаьчна волу кхуьнан вежарех цхьаъ, Незар, Сибрех вахийтира.

Незар, исс шо даьлча цIа а веъна, ТоргIех хилларг хиъча, шен вежарех а, я дех а ца кхеташ, юха дIавахара Сибрех, Нохчийчохь саца юьхь а ца хилла.

Незаран тIаьхье Красноярск бохучу гIалахь еха хIинца.

 

Шен хIусам йоцуш, ведда лелачу ТоргIига дас, Муртаза, хабар дахьийтинера, цIа волахьара хьо, хьоьца къамел дара шен аьлла.

ТоргIа цIа веънера. Нанас Залимата ша элира олура ТоргIига: «Нана яла хьан, ма чIогIа вовшахбеттало-кх хьан вежарий, шичой тховса… лохха къамелаш до-кх цара, къайла а буьйлуш. Хьуна тешнабехк бан-м ца гIерта-те хIорш», — аьлла.

ТоргIас шен нана човхийнера, ша хьайн ден цIа дIакхетор ю хьо олуш.

Дас а, вежарша а, шичоша а аьллера ТоргIига: «Вай хIокху Iедало хьо бахьанехь кхузахь даха а ца дуьту… вай гуьржийн махка дIадаха деза. Вайн бахамаш наха тIаьхьа дIабохьур бу, вай тховса сахилале новкъа довла деза… Цхьа кIеззиг садаIа хьайна, дIа а вижий», — аьлла.

ТоргIа шен наний, Баччаллий, шен йоI Залмий йолчу чохь дIавижнера.

Цу буса, шен чохь, юкъ а яьстинера ТоргIас.

Кхунна дикка наб кхетча, чулилхинчу дас, вежарший, шичоший тIебеттабелла, лаца а лаьцна, вихкинера ТоргIа.

Цу юьрта схьахьехна Iедал а хиллера МуртазгIеран, ТоргIа дIавала барт бина.

Белшашкара охьа вихкина волу ТоргIа, говра тIе хаон схьавалийча, вежарех цхьамма луьйта лаьцна бохура.

«Ца оьшу, Далла воьзийла, хьенех», — аьлла, кхоссавелла, говра тIе хиира бохура ТоргIа.

ТIаккха шен дега Муртазе вистхилира бохура ТоргIа: «Муртаз! Асхьабан некъий олуш, цхьа декъаза цIе яра вайн наха йоккхуш… и цIе йожий-кх аш вайн… Со-м аш дIавелча а, ца велча а, хIумма а яцара», — аьлла.

ТоргIин аз хезча, Шанд терси бохура шозза-кхузза.

ТоргIин бIаьргаш божал долчухьа дIахьаьвсинера.

Юха велааьшна дира боху ТоргIас: «Маржа Шанд яI! Маржа Шанд яI», — олуш, гIийлла лаьтта охьа а хьаьжна.

ТоргIа цу буссехь тIулгех йоьттина набахте йолчу йоккхачу шахьаре охьавалийнера.

ТIаккха Iедало хабар дахьийтинера Соьлжа-ГIаларчу хьаькамашка, ТоргIа охьавало гIо даийта шайна, некъаца йохкучу ярташкарчу нахах ца хIуьтту шаьш аьлла.

Соьлжа-ГIалара гIо ца кхочуш, ши буьйса а яьлла, кхоалгIа буьйса тIекхаьчнера.

Цу буса ТоргIина ха деш Пхьара хилла бохура.

 

Ханъяьллачу хенахь набахтин неI а тоьхна: «Деллахь, Пхьара, кхана охьавигча, суна тоьпаш а тухур ма ю… сан ма чIогIа гIуллакх дар-кха тховса цIахь хила везаш… оцу хьайн говрана нуьйр тиллахьа, хIара догIанаш дIа а дахий…», — аьлла бохура ТоргIас.

«Ва ТоргIа, ахь хIун дуьйцу, со кхин инарлин когаметта а вац… лаьцна стаг хехочо дIахоьцучу ваханий хьо!» — аьллера цуьнга Пхьарас.

«Со сахилале юха-м кхочур вара хьуна, Пхьара. Сан дош галдаьлла олуш-м ца хезнера хьуна?» — хаьттинера тIаккха ТоргIас.

«Хьо Iуьйранна кху чохь ца каравахь, суна, кху чуьра кхин ара ца воккхуш, тоьпаш тухур юйла хаьий хьуна?» — Пхьарас шега аьлча:

«Дош — дош доцчу стеган, дуй — дуй бац хьуна, Пхьара. Ас дош дели-кх хьуна, сахилале кхузахь хила», — аьллера ТоргIас.

Пхьарас ТоргIа дIавахийтинера. «Ведча хIун дара-те… я ца водуш саца со, ТоргIех а тешна», — бохуш, ша ойланаш еш Iаш, сахилале схьакхечира ТоргIа, олура Пхьарас.

«Хьенех, дукха са-м ца гатдира ас хьан? ХIара говр йовха ю хьуна чIогIа, дIасаозаелахь хIара», — аьлла.

ТоргIа цу Iуьйранна охьавигна Соьлжа-ГIала.

Тоьпаш а тоьхна цунна шолгIачу дийнахь.

Иза цIа хIунда вахана ца хууш дисна цхьанна а.

Я иза хууш стаг хIинца а вац.

Иза ТоргIас дIадаьхьна шеца.

И дерриг а хиллачул тIаьхьа шо даьлча гира суна ТоргIин дин, Шанд. Цхьанаметта ца соцуш, гаьллаш а Iуьйшуш, го туьйсура цо.

Цхьа везуо, тоьллачу дегIахь, ханъяьлла стаг Iара цунна тIехь, сирачу мекхех наггахь куьг а Iуттуш.

Иза ТоргIин да, Муртаз, вара. Юьртда вина а бохура цунах Iедало.

Муртаз кхин цкъа а гира суна, шен доьзалца лахенца охьавоьдуш.

Муртаз, гуттар а бахам а тобина, юьртан а, мехкан а да а хилла, ша вехачу юьртахь чIагIвелча, наха: я хьо, я тхо — вайх цхьаъ бен Iен йиш яц кху юьртахь, элира цуьнга.

Муртаз дIа ца вахара.

Юха цхьана Iуьйранна самаваьллачу Муртазна шайн юьртахь цхьа а къонаха ца гира, зударий, бераш доцург.

Къонахий дIабахнера.

ТIаккха Муртаз, кхечу юьрта йисттехь дакъа а лаьцна, цIенош дан волавелира.

Цу юьртарчу наха а дехар дира Муртазе, шаьш хьо бахьана долуш ярташ охьакхийсина а девр дацара, хIара меттигаш йитахьара ахь аьлла.

Муртаз хIетта кхийтира, лаьмнийн махкана ша хьарам вуйла, маьршачу стеган цIий санна. Муртаз лахенца охьавахара. Нахана ца хиира иза мичахь сецна, я ма-дарра аьлча, нахана иза хаан а ца лиира.

Бексултанов Муса

Оставить комментарий