VIII дакъа. Зама а, оьздангаллех болу къоман кхетам хийцабалар а — Нохчалла.com — Чечня, чеченцы, обычаи, традиции, история и многое другое
Нохчийн ГIиллакх-оьздангалла

VIII дакъа. Зама а, оьздангаллех болу къоман кхетам хийцабалар а

(Советан Iедал тIедеъначул тIаьхьа)

Советан Iедал тIедеъча дIаболабелира нохчийн синкхетамна уггаре а хала мур. Оьздангаллин, дерриге дахаран а бух — Дела цхьаъ хиларх тешар дихкина, хIинццалц сийлахь хилларг сийсаздеш, харцонах бакъо еш, сица лай болчу нахах мехкан дай беш, «хIумма а йоцчух хIума еш», кхо стаг тIаьхьа хIоттал хьекъал дерг а хIаллаквеш, тIедеъначу Iедалан лоллехь долчу къоман оьздангалла меттахь йиса йиш а яцара.

Нохчийн къоман синъоьздангалла («культура» бохучу кхетаман шуьйрачу маьIнехь) оцу Iедало хIаллакъяран масех мур билгалбаккха тарло. Хьалхара мур — советан Iедал тоьллачул тIаьхьа, иза дикка чIагIдаллалц йолу хан; шолгIа мур — ткъе итталгIа шераш а, цIерадахар а; кхоалгIа мур — хийрачу махкахь яьккхина а, цул тIаьхьара а хан.

Россехь Октябрьски карчам а хилла, граждански тIеман алу марсайолучу хенахь, Нохчийчохь бу аьлла хьекъал долу нах, цхьана ойланца, цхьана сацамца боцуш, бекъабелира. Иштта и ца хила йиш а яцара. Нохчийн гIиллакх-оьздангаллин буха тIехь лаьттина пачхьалкхалла а, цуьнан урхаллин коьрта билгало — Мехкан кхиэл а Шемалан заманахь дуьйна йоьхна яра. Ткъа дукхахдолчу халкъо къобалдеш я Iедал, я хаьржина нах боцу халкъ даьржина хуьлу. И даьржина хилар, дукха хьолахь, шен вуон тIаьхье йолуш а хуьлу халкъан кхолламна. Бакъду, наггахь и бахьанехь халчу киртигехь мелла а кIезиг зенаш хуьлуш кIелхьарадала аьтто беш а нисло.

 

Иштта нисделира Кавказан тIом чекхбаьллачул тIаьхьа ламанан къаьмнаш Турце кхелхаш а. Шайн олалла дечу элаша олучуьнга ладоьгIна долу чергазийн цхьадолу къаьмнаш (шапсугаш, убыхаш, кхидерш), массо а аьлча санна, дIакхелхира, уьш дуккха а хIаллак а хилира, цхьадерш доьза а дайра. Шех, шен доьзалх жоп луш, кхин шел лакхахь омра дан стаг воцу нохчо бIаьрзе тIаьхьа ца хIоьттира хийрачу махка кхойкхучарна. Цундела вайн къомах жима дакъа бен цIера а ца делира.

Иза исторически бакъдерг ду. Амма, дукха хьолахь, замано «ха хорцуш» къоман цхьа лаам, цхьа хетарг цахиларо, хала киртигаш дуккха а лан дезийтина вайнехан. Иштта, советан Iедал тIедогIуш а хилла Нохчийчохь хетарийн, лаамийн тайп-тайпаналла.

Цхьаалла ца хилла нохчийн Iеламнахана а, устазашна а юккъехь а. Нагахь Шеларчу СухIайп-Моллас а, ГIойтIарчу ИбрахIим-Хьаьжас а советан Iедал тIеэца баьхнехь, Хошкалдарчу Юсуп-Хьаьжас, кхечу эвлаяаша дуьхьало йина цунна. Цхьаболчарна теша лиъна большевикаша бечу кхайкхамех, шайгара дIаяьккхина маршо а, латта а духалур ду цара аьлча. Вукхарна гуш хилла церан шалхалла а, эхьдацар а.

Мухха делахь а, историн рогIерчу карчаран чкъургаш, вайн халкъана юккъехула, цIийн лар а юьтуш, чекхъевлла. Муьлххачу а заманашкахь хуьлучу даккхийчу тасадаларшкахь, юьстах латта ца хууш я ца лууш, вай хIоразза а царна юккъехь нисло, ткъа цунах вай санна долчу жимчу къомана даккхий зенаш бен, кхин пайда а ца хилла хIинццалц схьа. Иштта хилира нохчаша, Деникинна дуьхьал бевлла, тIемаш беш а, дийнна ярташ хIаллак а хуьлуш, леташ. Оцу тIемашкахь нохчаша гайтира лаккхара оьздангаллин билгалонаш: доьналла, майралла, вовшашна орцахдовла кийча хилар. И тIемаш дIабирзинчул тIаьхьа советан Iедало цхьана юкъана кхочушдира шаьш кхайкхийнарш: нохчашна духадерзийра цхьадолу латтанаш, керла юкъаялийначу суьдашца цхьаьна болх бан йитира шарIан а, Iадатан а кхиэлаш, ишколашца нийсса — хьуьжарш а… Амма хан хене яларца оцу Iедало, ша чIагIделла даьлча, къизаллица, тешнабехкаца а хIаллакбира устазаш, Iеламнах, оьзда нах. ХIетахь гуттаренна а сацийра Алдарчу Ушурмас дIаболийна, цул тIаьхьа кхечу вайн устазаша нохчийн гIиллакхаш бусалба динан чулацамца дузуш дIахьош хилла беркате белхаш.

 

Керлачу Iедалан коьрта тIетовжам бара, лаьтта тIехь къахьегна а, шена, шен доьзална дан дола а доцу, хIуманна охIла а боцу, халкъо лоруш а боцу нах. Цара, цIеххьана Iедале а нисбелла, шайн мел хилла вас, дегабаам, цатам экхира, нахана тIе харц цIераш кхуллуш, уьш лоьцуьйтуш, хIаллакбойтуш. Шен устазех, Iеламнахах даьккхина нохчийн халкъ оьздангаллин хехой боцуш дисира.

И халкъ бохамах лардаран декхар шайна тIелаца тарлора керла кхоллалучу интеллигенцис — яздархоша, Iилманчаша, тайп-тайпанчу дакъошкарчу говзанчаша, кхечара. Амма церан а и дан аьтто ца хилла. ХIунда аьлча, изза ун царах а кхетта хилла — вовшашна тIе харц цIераш кхоллар. И бахьанехь дукхахболу синъоьздангаллин декъан белхахой я тоьпаш тоьхна хIаллакбира, я чубоьхкина Сибреха хьовсийра.

Дукхахдолчу халкъана гора, мел доккха зулам дохьу, Iедалан даржашкахь бу бохуш, нахана тIе харц цIераш кхуллуш, уьш хIаллакбечу наха. Амма царна бертахь дуьхьало ца еш, «сан коча ца богIуш, кхечеран коча гIахьара уьш» бохуш, ша-ша юьстах лаьтташ, зулам даржийтира вайнаха. И Iадоран хьал наг-наггахь нислуш ду вайн къоман исторехь. Уггаре а халчу киртигехь, кхечу махкарчу мостагIца болчу тIамехь шайгара доьналла а, турпалалла а гайтина адамаш, машаречу дахарехь, меллаша, шершшина керта йогIу текхарг санна, шайн хIораннан а чудогIучу зуламна дуьхьал ца бовлуш, Iадабой Iа. Кхузахь билгалъяккха еза вайн къоман амалан цхьа ша-тайпа башхалла.

Юккъера хIума тIе ца оьцуш, шиннах цхьана йисттехь бен Iен ца хууш болчух тера бу вайнах. Я Iедал эццане тIе ца эцар, я массо хIуманна тIехь а муьтIахьалла; я турпалалла, я бенцахетар; я кIайн, я Iаьржа… И иштта ца хилча, муха кхетар ву, хьерадевлла жIаьлеш санна, шайна луъург вуьйш, шайна луъург чуволлуьйтуш, шайна луъург, тIе харц цIе а кхуллий, бехвеш, вайн махкахула хьийзина Делан а, нехан а наьIалт хилларш совцо стаг воцуш, шаьш цамгаро лаццалц я оццу Iедало хIаллакбаллац лелла хиларх?

Айдамиров Абузара иштта дуьйцу шен «Вайн амалш…» цIе йолчу публицистикин произведенехь.

Нажин-Юьртан районехь хилла боху НКВД-н цхьа хьаькам. Муьлхха а стаг кхойкхий, схьа а валавой, теса тIе батт а лоцуьйтий, бетах хIума етташ хилла, елахь а, яцахь а, топ схьая бохуш. Иштта «кхетош-кхиоран» болх бинчул тIаьхьа, топ а яхьаш вухаван дIавохуьйтуш хилла. Цунна тIаьхьаваьллачу НКВД-хь болх бечу хехочо, «къинхетам» а бой, хьехар деш хилла, шен ю хьуна хьоьга схьаян боху топ, ахь оццул мах белча ша юхкур ю хьуна олий. Вукхо шен цIера тIаьххьара етт дIабухкий а, ахча а гулдой, и топ схьаоьцуш хилла, шен «батт дурйинчарна» дIа а елла, кIелхьаравала. Иштта шен мах беш, вехха Iийра боху и хьаькам, шен сий дахарал а деза хетачу цхьана мискачу стага эххар а ша веллалц…

Цунах терраниг хилла Органан чIожехь йолчу цхьана юьртахь а.

 

Хазахета миска нах бойуш лелачу НКВД-н цхьана хьаькамо новкъахь цхьа пекъар вийна, тапча а тоьхна. ТIаккха шена дуьхьал кхеттачу оцу вийначун кIанте (НКВД-н могIарерчу белхалочуьнга) аьлла: «Ас хьан да боху жIаьла дийна хьуна, иза оцу новкъара дIадаккхалахь». Кхин цуьнца девне ца волуш, шен хьаькамо бохург кхочушдан вахна боху кIант…

Гуш ма-хиллара, нохчийн гIиллакх-оьздангаллин гурара бевлла нах, доза доцуш эвхьаза бовлуш, доза доцуш осал бовлуш, доза доцуш зуламе бовлуш хилла. Иштта гурара ваьлларг сацорехь мелла а гIорасиз хилла гIиллакх-оьздангаллин буха тIехь лаьтта юкъараллин дIахIоттам. Дуккхаъчу нахана зулам долург, дуккхаъчу нахана бале ваьлларг сацоран чарх Iаламат гIийла болх беш хилла вайн къоман.

ХIорамма а и декхар кхечо кхочушдаре сатуьйсуш, вовшашна тIетоьттуш, зулам кIаргдалийтар бахьанехь хIуттуш хилла къомана юкъахь и Iадоран хьал.

Билгалдаккха деза, гIиллакх-оьздангаллин гурара а бевлла, харцонан, зуламан лай хила кийчча нах нохчашна юккъехь дикка бовлуш хилла истори керчаш хIоьттинчу халчу киртиган хьолехь. Цундела къоман оьздангаллин хехой хIаллакбеш, советан Iедал чIагIлучу заманахь къелла ца хилла динна, нохчийн Iадаташна дуьхьал къийсам латточу нахана. Нохчех болчара а кхоьллира «Делазхойн юкъараллаш» («Общества безбожников»). Делан цIе йоккхучу метта парти хьехош нах а хилла. Масала, цхьана эвлахь нахана тIе харц цIераш кхуллуш арабевллачу харцонан хьадалчаша, шаьш хьоршам тоьхча я шайн ког галбаьлча, «ВКП(б)», — олуш хилла. Шаьш, оьздангаллин бехкамийн массо а керташ йохийна, «маьрша ду» бохург хилла иза.

Иштта хьал хилла цхьана агIор. Вукху агIор керла йохкуш ишколаш, ликбезаш, ликпункташ хилла, нахана йоза-дешар Iамош. Нохчийн дахаре керла гIиллакхаш а, матта юккъе керла дешнаш а догIуш хилла. Цунна масална «Денисолта» цIе йолчу дийцар тIера цхьа кийсиг ялор вай.

 

«Варш юьртахь хуьлуш цхьа тамашийна хIумнаш дара. Юьртахойн маттана юкъадогIура дуккха а дешнаш. Масех шо хьалха кху юьртара дIа а вахна, хьуьнхахь Iийнарг кхетар а вацара шайн юьртахоша дуьйцучух.

Иза цхьана юкъана Iадор вара, тIаккха цуьнан «Со ваьлла теша хьера я хIорш бевлла теша? Оццул нах хьер а муха бовлу? Сой?» — боху ойла хир яра. ТIаккха «Iа-а-а» — аьлла, мохь а болуш, ма-кхуьъу сиха ша схьавеъначу хьуьнха юхахьодур вара…

— Со эцца куржоке репетици яханчуьра йогIура…

— Со а ю-кха избачтальни йоьдуш. Избач чохь варий теша?

— И хьан чуьрниг ТОЗ-е дIаязвеллий?

— ХIаъ. Селхана сельисполкомера депутат а веъна, цо аьлча, дIаязвелир-кха.

— Тхо долчохь а вара сийсара буьйса йоккхуш пинагент.

— И галпеш йолу хеча ерг варий иза. Стомара налоговой агент веънера тхоьга, апраци чекхъяккха еза бохура цо. Калош яра цуьнан кога юьйхина…

— Хьажахьа, хьуна хезний БаIдуллин кIантах БахIех селькор хилла бохуш? Сийсара цо Ирзерчу Шамшакъех лаьцна газет тIехь язйина «Iораваккха ямартхо!» боху пилитон йийшира кху чуьрчо. Цуьнан ваша а ву боху комсомол…

— Хилча хIун дара иза, нехан берш НКВД-хь а бу.

 

Оцу тайпана къамелаш дара юьртан массо а маьIIехь хезаш. Юьртара нах кхаа декъе бекъабеллера: кулакаш, середнякаш, беднякаш…» (Десачу цIа чохь буьйса. Грозный, 1983).

ХIокху кийсигехь а го вайна оцу заманан адамийн хьежамийн коьрта билгалонаш, церан синкхетам хIеттахьехь хийцабалар. Цкъа делахь, Iедало юкъадало керла гIуллакхаш (ишколаш, ликбезаш, и. дI. кх. а) а, цуьнца доьзна керла дешнаш а тIеэцар; Iедалан органашка балха баха тIера хилар а, цунах уьш баккхийбер а. ШолгIа делахь, оцу Iедалан балха бахнарш шайна юккъера «мостагIий» билгалбохуш къахьоьгуш хилар а, иза иштта хила дезаш санна гонахарчу наха тIеэцар а («Iораваккха ямартхо!»). КхоалгIа делахь, нохчийн къам кхаа декъе декъар а, цо и декъадалар тIеэцар а («кулакаш, середнякаш, беднякаш»).

Оцу дерригено а гойту, мел доккха зен дина хилла нохчийн къоман синкхетамна советан Iедало, ша чIагIделла иттех шо а далале.

Вайн оьздангаллин хехой — устазаш, Iеламнах — Iедало хIаллакбина, чубоьхкина къайлабаьхча, халкъан доладар цхьана юкъана тIедужу дуьненан Iилма дешначу нахана — интеллигенцина. Амма и «доладар» а дукха дах ца делира: йоккхачу къизаллица Iедало хIаллакбира Iилманчаш, яздархой, культуран белхахой.

Иштта, гонаха хуьлучух кхеташ, дуьненан бохамех ша лардан хьекъал долу нах хIаллакбина, тIехь Iу воцу бажа санна, дисира нохчийн халкъ. Оцу хьолехь долу иза, Iаьнан ткъоршечу дийнахь, вагонаш тIе хаийна, цIера а даьккхира.

Вайн халкъ махках даккхаран бахьанаш дуьйцуш, вевзаш воцчу хьекъалчас кхоьллина цхьа башха назма ю. 174 байт йолу и назма вайнаха, куьйга схьа а язъеш, вовшашка кар-кара а луш, яржош а, йоьшуш а лелош яра хийрачу махкахь. Цунна бухахь яздина дара, иза кхечуьнга дIа а ца луш, шегахь къайлаяккхар къа ду аьлла. Хетарехь, и йоьшуш, дуккхаъчу хаттаршна жоьпаш карош хиллачух тера ду вайнахана. ХIинца вайн а таро ю цуьнан чулацам мелла а бовза:

 

Хьо паччахьийн паччахь ма ву,

Езткъе ткъаессана хьан цIе ма ю,

Хьалхара цIе АллахI ма ю,

Хьо Дела ву, тхо хьан леш ду.

Тхан дедайша ДегIастанехь

Мелчу цIийца гIазот доккхуш,

Дийнал-ислам чIогIа лардеш,

Хьо хеставеш мохк бекийра.

Царна беркат ахь делира,

Хьайн ниIматан неIарш йоьллуш…

Дуьзна бераш тIекхиира,

Кураллица хьо вицвира.

И дашо малх нажжаз боккхуш,

Зина, зулам алсамдоккхуш,

Моттбеттарца вовшийн дууш,

МостагIашца шайн цIий бехдеш.

Харц тешо тоьшалла дира,

Бакъдерг оха диц ма дира…

ОьгIазалла ахь тIеелхийра,

Тхешан махках тхо дехира…

 

Назманчас вайн къомана тIекхаьчначу бохаман бехк «арахь» ца лоьху, цунна иза «чохь», вайн къомехь го, вайнахана юккъехь. Делан тIедахкарш, бехкамаш бицбина, гIиллакх-оьздангаллин гурара девлла адамаш алсамдовларехь го.

Кхузахь билгалдаккха деза: назманчас дуьйцург политически бахьана дац. Иза-м кIорггера ойланаш ца йича а гуш ду: нохчашна а, ткъа иштта Кавказан кхечу халкъашна а Сталинан Iедало гайтина къизалла хIара латта царах дIацIандаран Iалашонца яра.

Амма халкъан назманча оцу бахьанех тоам бой ца Iа, иза кхин а гена кхевда – оьздангаллин, динан философин кIоргенашка. Цигахь карадо цунна оцу боккхачу бохаман бакъдолу бахьанаш. Иза нийса догIуш а ду Къуръанца: «Нагахь хьуна тIе диканиг кхаьчнехь, иза АллахIера ду; нагахь вуониг тIекхаьчнехь – иза хьоьгара хьайггара ду» («Зударий», 79); «Бакъ а долуш, АллахIа цхьана а хIуманна тIехь харцо ца йо адамашна, амма адамаша шаьш йо шайна харцо» («Юнус», 44).

Кхе ехккинчохь сискалш юьсуш, Iалашдаза даьхний а, цицигаш а, жIаьлеш а тIаьхьа угIуш, йиллинчохь неIарш юьтуш, нохчийн оьзда доьзалш баьхна хIусамаш мохо а, дарцо а лекха юьсуш, цIерадаьккхина нохчийн халкъ, оцу къематдийнахь а доьхна, даьржина дIа ца дахара. Оцу дийнахь а, ишттачу халчу киртигехь хуьлуш ма-хиллара, къам гулделира шен оьздачу Iеламнахана гонаха. Цара назманашца, иллешца, забаршца, эшаршца, хелхаршца байбора шайна тIебоьжна дуьненнал боккха бала.

ЦIера баьхна нах дIабуьгучу хенахь цхьана зудчо: «Ма доккха хIума ду-кх хIара, ма доккха де ду-кх хIара!» — аьлча, цунна юххе яьлла йогIучу кхечу зудчо аьлла хиллера: «ХIара-м доккха де хьаха дацара, доккха де хьаха дара суна тIе зуда ялийна де»…

«Массарна дерг ловзар ду», — олуш ду нохчийн кица. Мел боккха бохам а нахаца цхьаьна лан атта бу бохург ду иза. Мухха делахь а, оцу дийнахь массо а нохчо: хьаькам — могIарерниг, Делах тешарг — цатешарг, хьекъал дерг — доцург, айкх — цо мотт бинарг, — цхьана тIегIане хIоттийра, оцу доьхначу дийно «барт» бира нохчийн.

 

Хийрачу махкахь хIаллак ца хила, белш белшах а тоьхна, мацаллех, шелонах чекхдовла гIерташ, назманца, пондарца, иллица вовшийн дог-ойла оьцуш, бехира нах. Юкъарчу бохамо дуккхаъчу нехан дог-ойла цIанйира, вайнахах хилчхьана, вовшашна йижарий, вежарий хилла дIахIиттира уьш. ХIетахьлера нохчийн хьал дуьйцу назманчас:

Нохчийн, гIалгIайн и гIийла къам,

ХIаллакьхилла долуш лаьтта,

Дохкодевлла, тхо хьоь кхойкху,

Ахь гечдехьа, везан Дела.

И ДегIаста ахь юха лахь,

Тхан даймохк ахь бIаьрга гайтахь,

Оха дош ло, везан Дела,

Хьо виц ца веш, хьуна даха.

ХьогIах, гамох дегнаш цIандеш,

Тхаьш санна, тхайн накъост везаш,

Даим маттахь хьо хьехавеш,

Оха дош ло хьуна даха.

Тхан къинош сов алсамдевлла,

Хьоьга деха йиш йоцуш ду,

Тхоь ца хьоьжуш, хьайга хьажий,

Къинхетам бе, везан Дела.

Тхаьш лелийна хьарам дериш,

Дохкодовлуш, кхин ца лело

Оха хьоьца тоба ма до,

Къобал делахь, везан Дела.

Тхан ДегIаста ахь схьаяллалц,

Iаьржа лелош, таьIна лелаш,

Синкъерамах, цу ловзарах

Тхо ларлур ду, везан Дела.

 

Бакъ а долуш, Дела воцург, орцахвала стаг воцуш дисча, къоман хьекъале нах, шайн бохаман бахьанаш карийна ца Iаш, цунах кIелхьарадовла некъаш леха хIуьтту. Ткъа некъ цхьаъ бен бац — Далла Iамал яр, хастам бар, цо хьехначу новкъа довлар. Иза вайнаха дийриг хилар дуьйцу кхидIа а назманчас:

Деши цIандеш, цIе чIагIъеш ю,

Хьайн леш зен, Ахь Iедал чIагIдо.

Хьан лаам тхан дегнаш чохь бу,

Дан ца дезарг тхуна дуьйцуш.

Хьанал болх беш, рицкъа лохуш,

ЦIена закат тIера доккхуш,

Духарх, даарх совдолуш дерг

Хьан дуьхьа дайа тхо гIертар ду.

Лазорх, дайарх тхо кхоьрур дац,

Хьан кхиэл йоцуш хIума хир дац,

Идарх, велхарх, хIилла лелорх,

Ахь яздинчух вала йиш яц,

Цкъа валар ду тIехтир доцуш,

Хьуна дуьхьал тхо хIуьттур ду.

Малх даима лаьтта хьежча,

Массо хIума йогур яра,

Дарц долуьйтуш, догIа доуьйтуш,

Хийцамашца дахар ло ахь.

Шен сил дукха веззашехьа,

Етташ, шен кIант дас Iамаво,

Шен воцчунна пIелг ца тухуш…

Тхо Iамадеш, хьайн леш делахь.

 

ХIокху назманехь, Деле дехарал сов, Дала и баланаш нохчий зиэн тIебиссийтина хиларх а, Дала шен къинхетам бийриг хиларх а болу тешам а бу. И тешам нохчашлахь Iаламат чIогIа хилла, кхин гонаха гуш бахьанаш а доцуш.

Баккхийчара дуьйцу, вай ярташкара арадаьхча, гIалара духадуьгур ду бохуш; вагонаш тIе а ховшийна, дIадуьгуш, цIерпошта кхечу новкъа йоккхуш юхатеттича, хIинца духадерзийна бохуш; дIакхаьчча, дIаде аьлла схьаделла ялта дIа ца дуьйш, вай цIа дуьгур долуш ду, ялта кхиъалц дуьтур дац бохуш (и бахьанехь мацалла кхин а чIогIа хIоьттина цигахь); вокзалехь цIерпошто цIогIа мосазза туху, вай цIа дига еъна иза бохуш, цига уьдуш; дуьхьал кхеттачуьнга хотту салам-маршалла: «Вай цIа дохуьйту ца боху?» — дешнашца долош, — оццул чIогIа хилла нохчийн шаьш Даймахка духадоьрзург хиларх тешам.

 

Иза ша тайпа тешам, ша тайпа амал ю вайн къоман: бIаьргашна гуш долу хьелаш тидаме а ца оьцуш, шайна хила луучух тешар. Ткъа иза кхочушхилийта, дуьненан хьелаш хийца, бахьанаш лелор Iаламат кIезиг а хилла вайнехан, я уьш лелон, бакъдерг дийцича, аьтто а ца хилла. Партис тхан халкъана тIехь лелийнарг нийса дац, тхо Iедална муьтIахь а ду, иза доккхуш оха тIемаш а бина боху кехат яздан ваьхьнарг тIепаза войучу заманахь, шен чохь Деле доIанаш дар, Далла Iибадат дар а хилла стаге далун дерг. Цундела шаьш Даймахка духадоьрзур хиларх болу нохчийн тешам, дуьххьара бIаьрг тоьхча ма-гарра, «бIаьрзе» а ца хилла. Оцу хийрачу мехкан шелонан боданехь царна гуш, уьш дог диллина лаьтта ца оьгуьйтуш, уьш дахаран новкъахь латтош, царна некъ хьоьхуш гуттар а йогура цхьа серло — Делах тешар.

Махках даьккхинчу, шен орамаш хедийна, хийрачу лаьттахь, мехаша, дарцаша лоькхучу паначу арахь охьакхоьссинчу къоман, чим хилла даржа ца даржа, лелон диснарг дин а, дайн оьзда гIиллакхаш а хилла. Дин лелор хIораннан а шен-шен хIусаме дирзина хилла, бакъду, мовладна я зияртана вовшийн чохь сих-сиха гуллуш а хилла нах. Дин лелор нохчашлахь иштта дисаран бахьанех цхьаъ – уьш массо а тIерекъатан новкъахь, шайн лаьцна цхьацца устаз а волуш, дагабовлуш, хьехам оьцуш оцу устазийн тIаьхьенех нах, я церан векалш а, Iеламнах а вайнахана юккъехь хилар дара.

Цуьнца цхьаьна нохчийн махке болу безам шел ца болуьйтуш, церан дог-ойла йоьхна дIа ца йохуьйтуш, халкъан синкхетамна гIортор хилла лаьттира нохчийн къоман иллеш, эшарш, вайн яздархоша кхоьллина тайп-тайпана произведенеш а. Иштта, Iилманчас Джамалханов Зайндис дуьйцура, суьйранна чугулбеллачу нахана ша Бадуев СаIида язйина «Бешто» повесть дагахь ешарх а, цунах нехан ойла екъаяларх а лаьцна. Оцу заманахь доккха маьIна лелийра вайнехан илланчаша, пондарчаша, яздархоша: Сулейманов Бауддис, Димаев Iумара, Сулейманов Ахьмада…

 

ХIетахь вайнахе шен «Даймехкан косташ» цIе йолчу стихотвореница вистхилира поэт Мамакаев Мохьмад:

Хьаша-да, оьздангал лаьттинчу хIусмашкахь

Яхь йолуш кхиъначу шен дикчу кIенташка, –

Бехачохь, дуьйцучохь, боккхучу когаца

Сийлахьчу Даймехкан сий айде боху цо.

Де доьхна, Iаьржачу халоно хьовзийнчохь,

Мацалло бIарздина, гIелонна кIелдуьсчохь,

Бохамна, харцонна юьхьдуьхьал хIиттинчохь

Собарах, стогаллех ма доха боху цо.

 

Оцу халчу заманахь керл-керла илланчаш, пондарчаш гучубевлира нохчашлахь. Амма илли алар а, цуьнга ладогIар а маьрша дацара.

Тхов тIера котаман бен бохий ахь,

Цу тIе боьду берийн некъ бохий ахь,

Сталин, тхан дахар дохий ахь,

Ва Дала вилла хьо яьшки чу.

И байт лекхна аьлла, цхьа нохчийн йоI, пхийтта шо хан тоьхна, Сибреха хьажийнера. Иштта хан тоьхнера Сулейманов Бауддис илли олучу хенахь вилхинчу стагана а.

 

Гуш ма-хиллара, нохчийн гIиллакх-оьздангаллина доккха зер хилла цIерадахар. Дукхахдолу къам церан бехкамаш ларбеш, шайн сий я дахар къасто дезча а, хьалхарниг дезахуо хеташ, шена ца юуш а, уллорчунна дIалуш, цхьамма дIатесна къена стаг а чувалавой, цуьнан доладеш даьхна. Ткъа и тайпа хIумнаш а кIезиг ца хилла — дас шен зудий-бераш дIатуьйсуш, я даккхий хиллачу бераша шайн да-нана арадоккхуш.

ЦIерадахар а, мацалла а хIораннан бакъдолу «со-ас» гучудоккхуш, хIораннан оьздангаллин сурт-сибат къагош киртиг яра. Оцу киртигах, охьа а ца таьIаш, корта айббина чекхбовла гIерташ, дуккха а оьзда нах хIаллак а хилира. Цаьрца цхьаьна гуттаренна а дIадайра нохчийн цхьадолу гIиллакхаш а. Церан таро ца хилира шайн берашка, берийн берашка уьш дIадала, хIунда аьлча, церан коьрта ницкъ уьш мацаллина хIаллак ца хилийта гIерташ дIабахара. Ткъа вукхеран а аьтто бацара дайшкара оьздангалла схьаэца, шаьш а оццу мацаллех ца дала гIерташ, арахь ялтийн буьртигаш лехьош, я кхечу кепара рицкъа лоьхуш лелла дела. Иштта гIелъелира нохчийн къоман чкъурашна юккъера оьздангаллин зIе.

Мецачу заманахь, шайн дахар дегIакхачица кIелхьарадаккха бен, кхин синкхачин ойла ян йиш йоцуш кхиъна бераш, и мацалла дIаяьлча а, ойла меца лаьтташ, дахаран коьрта Iалашо дуьненан рицкъа Iалашдар йолуш, гIиллакх-оьздангалла бохург шолгIачу я кхоалгIачу могIаре теттина деха адамаш а хилла хьалакхиира.

Лаьмнаш юккъехь дIакъовладелла, меттан а, гIиллакхийн а ширалла, дуьххьарлера сурт Iалашдеш баьхна нохчий, хийрачу махкахь хийрачу гIиллакхийн, амалийн мехашна ян дуьхьало йоцуш бисира. Бакъдерг дийцича, мацалла а ца хIуттуш диснехь, оцу мехаша бен тIеIаткъам иштта чIогIа а хир бацара. Ткъа стаг валарний-висарний зила тIе хIоьттича, цунна синкхетам коьрта ца хуьлу, коьрта дуьненан рицкъа хуьлу.

Иштта хIоьттинчу хьоло, Iедало, кхечу къаьмнийн Iер-дахаро, культуро бечу тIеIаткъамо дуккхаъчу вайнехан дог-ойла а, дахарх болу хьежамаш а хийцира. Нохчийн цхьадолчу гIиллакхашка, церан кIорггерчу маьIнех ца кхеташ, дукха атта хьийса а бевлира. Нагахь къоман философехь хIинццалц коьрта синкхетам хиллехь, хIинца и хетарг, гIарадаьккхина дуьйцуш доцуш, жим-жимма хийцадала доладелира. Иза дара къомана хилла уггаре а доккха зен. Цуьнца доьзна хийрачу махкахь нохчийн оьздангаллехь хиллачу хийцамех цхьаберш:

 

— Цхьаболчу наха Далла Iибадат дар гIелделира, иза иштта хила дезаш санна тIеийцира къоман дукхахдолчу декъо; алсамбевлира ламаз ца деш берш, марха ца кхобурш («со дагчохь бусалба ву»); хIетахь юкъадаьллачух тера ду «кхо марха кхаьбча а тоьар ду» боху харц хетарг.

— Нохчийн къоман дуккха а гIиллакхаш лелор гIелделира, я уьш моттаргIане дирзира.

— Эвхьаза евлира нохчийн кхечу къаьмнийн зударшца йолу юкъаметтигаш; алсамбевлира уьш балийнарш а, царна тIебахнарш а.

— Эвхьаза елира вайнехан маларца йолу юкъаметтиг; нагахь цIерадохучу хенахь юьртахь, мел дукха хилча а, шиъ-кхоъ стаг бен маларх кхеташ я томка узуш хуьлуш ца хиллехь (и сакхташ шеца дерг а дукха къайлах лелаш а хилла), ткъа хийрачу махкахь кхиъначу кегийчу нахана юккъехь дукха бацара малар ца молуш; цул сов, иза хIора диканехь хила дезаш санна ойла а чIагIъелира дуккхаъчу нехан кхетамехь.

— Хийцамаш хилира нохчийн духаршкахь а, Iер-дахаран кепехь а, гIишлош ярехь а.

— Мелла а шелбелира къоман цхьадолчу декъан (къаьсттина хийрачу махкахь бералла а, жималла а дIаяхначу кегийчу нехан) дай баьхначу лаьтте болу безам; царах цхьаберш, бакъо елча а, цIа ца боьрзуш, цигахь бисира; вуьйш йоккхачу Россехула деша, белхаш бан, «дуьне даа» дIасабаьржира.

— Вайнахах цхьа дакъа, дуьненан доккхалла а, къаьмнийн дукхалла а, дахаран марзонийн бес-бесаралла а гича, шайн хьежамца цхьана йистера кхечу йисте лестира: нохчийн дахаран-Iеран кеп а, мотт а, гIиллакх-оьздангалла а кхин доккха хIума а ца хилла, хIокху лаьтта тIехь долчаьрга хьаьжча. И ойла хIетахьлерчу Iедало кхидIа йолчу заманахь а нохчийн нахехь кхиош яра, берийн бошмашкахь дуьйна, валарчу верззалц стагана тайп-тайпана тIеIаткъамаш а беш.

— ГIелъелира нохчийн чкъурашна юкъара оьздангаллин зIе.

 

Кхойтта шарахь Даймахке сатийсинчул тIаьхьа цIехьа бирзира вайнах.

Iуьйренаш, шу оха йити,

Суьйренаш, шу оха йити,

Оха йити сийна Сибрех,

Кхин ца лела чIагIо йина.

Терзанца оьзна бен рицкъа доцчу,

Эзар волчу бIе ца вогIучу,

Ва дийца каш доцчу

Цу сенчу Сибрех,

Дайх-нанойх къаьстина,

ДегIастане сатуьйсуш,

ЖамIате сатуьйсуш

Молланаш боьлхуш,

Вешеха яьлла йиша йоьлхуш,

Тхан рицкъа яздина хилла-кха

Цу сенчу Сибрех.

Йо-рабби, ша байлахь

Бисина доьзалаш богIу,

Йо-рабби, вешеха яьлла де доьхна

Хийла йиша йогIу,

Екхалохьа, нана-ДегIастана,

Елалой, хьасталой дуьхьал ялахьа

Хьайн уммат догIуш.

Амма ДегIаста иштта екхаелла дуьхьал ца елира шен берашна. Уьш тишъеллачу, яраша хьулйинчу ярташа, кегдинчу чарташа, акхадевллачу шовданаша тIеийцира. Эвлаяийн, Iеламнехан марзо евзинчу баккхийчу наха лоьхура хьалхалера дахар, иза юхаметтахIотто а гIертара уьш шайн оьздачу юкъаметтигашца. Амма цунах гIуллакх хила йиш яцара. Хилла дахар гуттаренна а даьгна дIадаьллера, цунах йиснарг цхьа овкъарш бен хIумма а яцара.

 

Дахар а, нехан кхетам а хийцалуш, шалхалле боьрзуш бара. Цхьана агIор, Iедало тIетоьттуш, цхьаболчу нохчаша тIе а эцна, ша тайпанчу «оьздангаллин», Iер-дахаран кеп яра. Вукху агIор, даима лелийна, дукхахдолчу къомана охьатаса ца лууш шарIан а, Iадатийн а Iер-дахаран кеп яра.

Масала, цхьана нахана юккъехь дов хиллехь, вер-ваккхар а хуьлуш, куьг-бехкениг советан Iедало чувоьллича а дов дIа ца доьрзура, чIирхочо шен чIир ца эцча, я царна юккъехь шарIо я Iадато ма-бохху маслаIат ца дича. Цу тIе нохчочо ша вала а волуш шех хьакхалуш долу дов Iедале ца кховдадора, ша къасто гIуртура. Iедале далар мелла а иэхье лоьруш хIума дара. Иштта шина оьздангаллин — бакъйолчу къоман а, Iедало тIетеIочу а — системехь даха дезаш долчу къомана Iаламат хала дара (карахь алу латто санна) бусалба дин а, дайн оьзда гIиллакхаш а охьа ца тосуш даха. ХIетте а и хало ловш, Нохчийчохь бакъдинан, оьздангаллин серло ца ходуьйтуш, вайн эвлаяашца деша а, цаьргара марзо эца а аьтто хилла Iеламнах, кIезиг белахь а, бехара вайн махкахь. Цара вайн устазашкара схьайогIу бакъ Iилманан серлонан зIе ца ходуьйтуш, беркате къа а хьийгира.

Иштта, махках даьхначуьра цIадирзинчул тIаьхьа деъначу пхийтта шарахь Хошкалдарчу Юсуп-Хьаьжас дарс хьехна волчу Варандарчу Iеламстагаца Изновраца бусалба динан лакхара Iилма доьшуш чекхвелира шовзткъех стаг.

 

Шайн рогIехь цара а беркате къахьийгира шайна Iеминарг тIекхуьучу чкъурах болчу нахана хьоьхуш, къона Iеламнах кхиош…

Билгалдаккха деза, Iедало тIетеIо кеп тIеэцна, иза нийса хеташ, иза хIуъа дина а яржо гIерташ, куц — къоман а, чулацам — советски а болу керла ламасташ кхуллу шаьш бохуш, эрна къахьоьгуш цхьа тоба а яра нохчашна юккъехь. Уьш, коьрта долчунна, Iедалан балхахь болу нах бара. Церан коьрта Iалашо, шайл лакхахь болчу хьаькамашна тан а тайна (Далла дуьхьал статьяш язйина а, кхаьънаш делла а…), кхин а лакха хьалабовлар яра, хIунда аьлча, даржехь лекха мел хили а, дегIакхача алсам а, чомехь а хуьлура. Стаг валарца дIабоьрзу цуьнан некъ, дегIан чарх яхка а лой, лаьттах дIа а оьй, са дан а дац бохучу «Iилмано» кхиийначу царна, синкхача эша а ца оьшура.

Церан дахаран сурт иштта хIотто тарло, мелла а дестийна, васт кхуллуш аьлча.

«Шозза тIекIелдинчу цIа чохь ши райком яра: хьалхарчу гIатехь — комсомолан, шолгIачу гIатехь — партин. Бухахь берш, гуттар а шайн хирг деш: кехаташ язъеш, уьш шина белхахочуьнга зорба йоьттуьйтуш, царна тIе ирх-пурх резолюцеш язъеш, лоьмарш хIиттош, почтехула ярташкахь бехачу, кхеран кехатийн бала хила хан йоцчу, дечиг дан, и даккха, докъарш Iалашдан, бежнаш дажо, уьстагIий ларга, синкъерамашкахь хелха бийла, готанаш аха, кхин, кхин дан дезарш долчу нахе кхоьхьуьйтуш (цара уьш Iай пешахь цIе, хьала ца леташ, дуьхьал яьлча, дечигана буха а йохкий, ягайора, тIаккха — баркалла, шу язъян а, схьаяийта а дагадеъначунна! — «тIах-тIахханехь», дечигаш лелхара, чоь йохъяла йолалора), тIаккха, райкоме а кхойкхий, кабинеташ чохь царна тIера «цIокарчий» йохуш, шаьш Iадда дитахь, ерриге а колхозана хьалхара взносаш дIа а лур яра, ерриге а аппарат шашлык яа а юьгур яра аллалц хьийзош — и дерриге а деш, юьхьа тIера къажар дIа ца ходуьйтуш, тIерачу гIатехь Iачаьрга хьалахьуьйсуш, уьш дуьхьал кхетча баттана там хуьлуш, царах цхьанна хи дезча уггаре а сирланиг, шийланиг Теболат-ломара дохьуш, царна лиъча хелха буьйлуш, лиъча — лергаш тIехь лелаш, лиъча — бала буьйшуш, белча а, юха ден а бина, цара шаьш ирсе бийриг хиларх тешаш, — шолгIачу гIате хьалабовла гIертара.

 

Ткъа лакхарнаш, кхеран леррина тидам а беш, изза кехаташ язъеш Iара, наггахь шайна чIогIа тайнарг, чу муш а хоьций, хьала а воккхуш. Ткъа хьалаваьлла валлалц, ша мила ву хаийта-м мегар дацара. Иштта цхьаъ — ТаргIа яра цуьнан цIе — ша дIакхаьчна моьттуш, хенал хьалха Iеха а хIоьттина, шен бала боцурш дуьйцуш, вукхара муш дIа а хецна, лаьттах а кхетта, букъадаьIахкан йист а йойна, гуттаренна а бухарчу тIегIанан боданехула лела висира, шолгIачу тIегIанан серлоне сатуьйсийла а йоцуш. Ткъа тIегIанаш дуккха а ду, шолгIачунна тIе хьалаваларх чекхдолуш ма дац – кхин а, кхин а, кхин а…» («МаьркIажехь дитташ», Грозный, 1988).

Хийрачу махкара цIадирзинчул тIаьхьа, кхин баккхийчу бохамаша ца хьовзош, юучу сискалан ойла ян аьтто болуш, машаре еъначу заманахь нохчийн гIиллакх-оьздангалла йицъяран, хIаллакьхиларан гIуллакх кхидIа а дахара. Иза кхин а сихдира боьрша нах, шайн доьзалш цIахь а буьтий, кхечу мехкашка балха эхаро. Цигара цара дохьура хийра гIиллакхаш, эвхьазабийларш, синах а, дегIах а кхетта цамгарш. И бахьанехь дуккхаъчу доьзалшкахь барт ийгIира, вуьйш — буьйхира.

Кхузткъе итталгIа шераш юкъадовлучу хенахь нохчийн къоман дукхахдолчу декъо хийцира Iер-дахаран, гIиллакх-оьздангаллин кеп. Иза къеггина гуш дара духарехь (коьрта дацахь а, стеган дог-ойланийн дуьненан куьзга ду духар). Оцу заманахь, хIетталц кортали тIера юткъачу асина тIекхаччалц, жимлуш схьадеъна, нохчийн мехкарийн коьртара йовлакхаш кхоччуш дIадевлира. Иза, мел жима елахь а, вайн эвлаяашкара марзо, хьекъал эцначу баккхийчу нехан чкъор дIадала герга дахаран а, ткъа тIаьхьа хьалакхиъна, бералла мецачу ханна нисъеллачу баккхийчу наха шайн доьзалшца беш болу кхетош-кхиоран болх кхачам боллуш цахиларан а билгало яра.

Амма Iедалан харцонна тIехь хIоттийна кхетош-кхиоран белхан жамIаш дойура нохчийн цхьаболчу яздархойн, Iилманчийн белхаша. Къаьсттина нохчийн къоман синкхетамна боккха тIеIаткъам бира Айдамиров Абузара язйинчу «Еха буьйсанаш» цIе йолчу романо. Цо къоначу тIаьхьенна гайтира нохчийн къоман турпалаллин истори хилар а, оьрсийн Iедал кхуза дале нохчий, оьзда адамаш санна, акхаралле ца оьгуш, баьхна хилар а. Амма и тайпа произведенеш наггахь бен ара ца йовлура. Араяьлча а, и язйинарг а, арахецнарг а, самалхадала ца вуьтуш, хьийза а вора.

 

Гуш ма-хиллара, иштта гIелъеллачу оьздангаллица а, шалха бирзинчу синкхетамца а тIедаьхкира вайн адамаш советан Iедал духучу заманна. Оцу Iедалан бехкамаш дIа а бевлла, нах шайн леларшна, гIуллакхашна, гIиллакхашна маьршабевлча, гучуделира вайн къоман оьздангаллех кхетта цамгар дикка генаяьлла хилар. Нохчийн хIума дерриге а дихкинчу хенахь вайн къомехь ду аьлла хеттарг а, долуш дерг а тайп-тайпана хиллера. Хьалха нохчийн амалехь, оьздангаллехь ца хилла, тIаьххьарчу заманахь гучудевлла вуон гIиллакхаш:

— Адамаш тобанашка гуллуш, хIораннан а шен-шен хетарг доцуш, цхьамма аьллачунна шайн цхьана аьттонна (дуьненан хIума бахьанехь) тIаьхьахIитта кийча хилар. Хууш ма-хиллара, нохчийн гIиллакх-оьздангаллехь дац тобанан стаг кхиор, ша кIант, стаг, къонах кхиор ду. Адам йоккхачу юкъараллин чорхан цхьа винт ю баьхначу советски идеологис бина тIеIаткъам бу иза.

— Политикин хьежамаш бахьанехь шина тобано вовшашна герзаш тохар (цкъа а нохчийн исторехь хилла доцург). Уьш цара вовшашна тоьхна ца Iаш, нохчийн оьздангаллина, гIиллакхашна тоьхна а дара.

— Дош эвхьазадалар, цуьнца цхьаьна зулам эвхьазадалар.

– Шайн политикин Iалашонашка кхачархьама, халкъ тIеман цIерга кхосса а, адамийн цIий Iано а кийча тобанаш юкъайовлар;

— Дуккха а нахана маршо шайна луъург лело аьтто хилар хетар. Ткъа оьздангаллин бехкамийн гурахь йоцу маршо зулам ду.

— ЦIарахазмана, сайкаллина, моттаргIина гIуллакхаш а, гIиллакхаш а лелор.

— Хьаналчу къинхьегамах херлуш, хьарамчу я атта кара кхочучу рицкъане марзбалар.

И дерриге кхеташ а ду. Имам Мансуран заманахь дуьйна ша-шен кхоллам билгалбаккха аьтто боцуш схьадеъна къам, марша ма делли, нис а делла, шен бакъйолчу оьздангаллин хорша а хIоьттина, дIадаха йиш яц. Бехкамийн гураш дIадевлча, уггар хьалха гучуюьйлу къайлах хилла цамгарш. Амма вайн къам царна дарбанаш дан а ца кхиира, къиза тIом коча а беъна.

Оцу халчу киртигийн хьолехь нохчийн къомо юха а гайтира шен гIиллакх-оьздангаллин уггаре а лекха билгалонаш: маьрша даха шен йолу бакъо ларъеш, хIуъу зенаш лан кийча хилар, турпалалла, къонахалла, собар. Хийла дика кIентий, мехкарий Делан эхарте дIабахара шайл бIозза сов болчу ницкъашна дуьхьал хIиттина, лазийнарш а, миска нах а кIелхьара бохуш, шаьш минаш тIехь лелха а лелхаш, накъосташна некъ боккхуш, кхин а, кхин а даккхий хьуьнарш гойтуш (Дала декъалбойла уьш!). Оцу тIамехь халкъо кхин цкъа а гайтира, муьлхха а буьрса зер тIехIоьттича, и лан а, сийлаллица цунах чекхдала а ша син ницкъ болуш хилар.

 

Хьалхара тIом чекхбаьллачул тIаьхьа, машаре дахар дIахIотторехь, мехкан маьIданийн дола дарехь яккхий халонаш хIуьтту къомана хьалха. Махкахь яьржина тайп-тайпана гIеранаш, шайн рицкъа нехан я халкъан юкъара долчух (мехкадаьтта) лачкъийнарг долуш, талораш, зуламаш деш. Уггаре а иэхье дерг — нохчашна юккъехь даьржина адамаш идор а, уьш мехах дохкар а. Iесачу къаьмнашна юккъехь бен хила йиш йоцу и зулам, вайн махкахь шуьйра даржаран коьрта бахьана вайна юккъехь боккъал а бусалба боцу нах алсам хилар (маттаца бу цара бахахь а, шайн синкхетамца Iеса бу уьш) ду. Цул сов, вайнаха дицдина оцу новкъа хIиттинчеран оьздангаллин мах хадор, вайн дайша ма кхайккхора царна наьIалт кхайкхор, кIарлагIаш хIиттор, ворхIе да вуьйцуш, уьш нахала бахар.

 

ХIара шолгIа тIом болабеллачул тIаьхьа кхин а йоккха, кхин а хала киртиг тIехIоьттина вайн къомана. Дуккха а вайнах, тIеман кхерамах къаьхкина, цIера бевлла, луларчу мехкашкахь четаршкахь а, даьхнийн керташкахь а, божлашкахь а, нехан хIусамашкахь а хан токхуш бу. Дуккха а нах Европан, Азин пачхьалкхашка дIа а бахна.

Нохчийчоь, хьан берийн аьзнаш

Хезаш ду массо а маьIIехь.

Халкъ хилча, цу санна, даьржаш,

ХIун ду те дахарехь маьIне?

Мохк «марша» боккхуш нохчех,

ГIиллакхех, оьздачу кертех.

Стиглара даш доьлхуш доцче

Балаза биснарш дIагIерта.

Уьш боьлху герга я гена:

ГIалгIайчу, Европе, Шема,

Ца гинарг ворхIе а дена,

Го царна, бевлча шаьш цIера.

Доккха ду хIара дуьне маьлхан:

ХIорда тIе, дехьа а хIордал.

Мохк буьтуш, хьо цIера ваьллехь,

Къахьло и, са холча хIоттош.

Тахана вайн къомана, къаьсттина цIера арабевлла лелачарна, тIехIоьттина ненан мотт, гIиллакх-оьздангалла гуттаренна а йицъяларан кхерам. И ца хилийта орцахвала декхар ву ша нохчийн къомах мел лору стаг.

 

Доккха зен до нохчийн гIиллакх-оьздангаллина телевиденехула, я вуьшта видеокассеташца гойтучу иэхь-бехкан цхьа а доза доцчу суьрташа, тайп-тайпанчу газеташа, журналаша. Оцу осалчу «культуро» бен тIеIаткъам денна а алсамболуш хилар го, вайн кегийрхойн духаршка, юкъаметтигашка хьаьжча. Кхузара хьал цхьана бехкамашца, ницкъаца хийцалур дац. Ницкъаца кхечу духаре (куьце) верзийтина стаг шен дагца хьалхалерраниг хир ву. Сурт цхьаъ а долуш, ойла кхин а йолуш, синкхетаман шалхоне воьрзур ву иза юха а (шалхо йолчу стагах «мунафикъ» олу Iаьрбийн маттахь).

Дала шен сийлахьчу Къуръан чохь боху: «Ницкъ бар дац динехь» («Аль-Бакъара», 256).

Цундела, ницкъ хьалха ца боккхуш, мунафикъаш алсамбахарх ларлуш, нахана юккъехь бусалба дин а, нохчийн оьзда гIиллакхаш а довзуьйтуш, хаддаза кхетаман болх бан беза, тайп-тайпанчу гIирсех — книгех, газетех, телевиденех, радиох — пайда а оьцуш. Бер жима долуш дуьйна хIотто деза ийманан, гIиллакх-оьздангаллин хорша. Цунна хьажа оьзда, нийса дуьне довзаран чулацам болуш мультфильмаш, видеофильмаш, передачаш, Iамон а, ладогIа а стихаш, эшарш, еша книгаш а хила еза, шайн исбаьхьаллин агIо лакхара а йолуш.

Нагахь нохчийн Iеламнаха, хьехархоша, яздархоша – синкхетаман декъехь болх бечу массо а наха, Iедалехьара ахчанца лоцуш ондда гIо а долуш, къа ца хьегахь, тахана боккха кхерам бу нохчийн къомо шен гIиллакх-оьздангаллин коьрта хьежамаш хийцаран а, цуьнан керла оьздангаллин къилбанаш — мухха а, хIуъа дина а, дегIакхачанан токхоне кхачар, синкхача дIа а тоттуш, стеган беш болу лерам цуьнан хьал-бахаме, герзе, ницкъе хьаьжжина а беш — кхолладаларан а. Нагахь и хилахь, шен синкхетамца хIинццалц схьа хилларг доцуш, кхин къам хир ду нохчий. И ца хилийта юкъ йихкина къахьега деза массо а нохчочо.

Ишттачу къинхьегаман беркате тIаьхье хирг хилар гойтуш масал а ду вайн дахарехь. Иза тIом балале ахдеса лаьттина маьждигаш хьаладузар, бусалба дин дезаш а, Iамош а, лелош а болу кегий нах алсамбовлар ду.

Гуш ма-хиллара, нохчийн къоман оьздангалла шен бехачу исторически новкъахь тайп-тайпанчу хиламашка хьаьжжина хийцаелла, цхьадолу гIиллакхаш дIадевлла, кхидерш кхолладелла.

 

Халчу киртигийн хьолехь (тIемаш болуш, махках даьхча) халкъан уггаре а лакхарчу оьздангаллин билгалонаш гучуйовлуш хилла, и бахьанехь хIаллак ца хуьлуш а, даржа ца даьржаш а дисина къам.

Оцу халчу киртигех довлуш, цхьадолу дика гIиллакхаш гуттаренна а дIадевлла вайна юкъара, хийцамаш хилла нохчийн Iер-дахарехь а, адамийн юкъаметтигашкахь а, духарехь а.

ХIетте а шен оьздангаллин коьрта чулацам, цуьнан коьрта къилбанаш лардан аьтто баьлла нохчийн къоман хIинццалц схьа.

 

МАХКЕ САТИЙСАР

Чурт санна, лаьтта со ГIум-Азин арахь,

Тянь-Шанан ламанех бIаьрг кхетча, кийрахь

Генарчу Даймехкан сурт хIоттало,

Малбузе мел хьийжи, дог Iийжало.

Малх буза бегийна, регIа лахбелча,

Суьйре а, даш санна, суна язъелча,

Ойланийн дарц даьлла, со айавелча,

Даймахка вуссу со, я АллахI-Дела!

Бераллехь хьийзинчу даккъашка вуссий,

Ламанан арешка гIийла бIаьрг кхуссий,

ХIиттинчу бIаьргаш чу сирла хиш дуьссий,

Даймахке хьоьжу со, я АллахI-Дела!

Тезетахь техкаш го вайн бошмаш, хьаннаш,

ГIайгIанах юьзна ю тогIенаш, Iаннаш,

Дайн кешнаш хиллачохь уппагIан аннаш

Хьулдан да воцуш го, я АллахI-Дела!

Вай дина ярташ го тишъелла, гIийла,

Го шийла шовданаш, дай боцуш мийла,

Вайн хьомсар ков-керташ, каш санна шийла,

Сов ирча карадо, я АллахI-Дела!

ТIаккха со, дог духий, аьрцнашка волу,

Iийжачу кийрара мохь-цIогIа долу,

Есачу тогIеша соьца мохь олу,

Iадавой воьрзу со, я АллахI-Дела!

Чурт санна, лаьтта со ГIум-Азин арахь,

Тянь-Шанан ламанах бIаьрг кхетча, кийрахь

Генарчу Даймехкан сурт хIоттало,

Малхбузе мел хьийжи, дог Iийжало.

Гадаев Мохьмад-Салахь

 

БIАЬСТЕ ЯРА ЯЬЛЛА

БIаьсте яра шен баьццарчу цIарца марсаюьйлуш. БIаьстенан басахь йолчу машенара воьссина жима стаг, Iин хадош дехьа а ваьлла, ширчу бешо хьулдина лаьттачу тишчу цIийнан кетIа ваьлча, цу кетIахь лаьттачу дукха хьалха, ша жима бер долуш гинчу (я гIенах дуьхьал тесначу) дахаран хIавао ша волччохь сацавалийтира.

Керт йоцу учи йолу цIа а, кетIахь кхалу бухахь хьаьжкIаш кхорзу куьрк а, букъ а берзийна гам тусуш лохчу гIантахь хиъна Iен эгIаза воккха стаг а, цIенкъах а хьекхалуш йолу неI а йоьллуш араяьлла йоккха стаг а… — дерриге а дукха хьалха дIадаьллачу, амма дагадеъча мерза, лазаме ойланаш кхоллайолуьйтучу ширчу дахарера дара. Кхуьнан дедайн а, ненананойн а дахарера.

Ахьарх йинчу сискалан а, кхорзучу йоьхьийн а, хьакхийначу ниттийн а хьожа еттало оцу дахарера схьа. Воккханиг хьалхахь а волуш, охьа ца хууш лаьттачу жимхин а, шовданан йистехь мет-меттара дош олуш, къамел дечу кхечу жимхин а, цунна дуьхьал жоп дала сих ца луш, шен оьздангаллица дуьненан а меха йолчу йоьIан а, суьйранца маьI-маьIIера схьахезачу мехкарийн эшарийн зов лаьттачу екхначу стигланан а суьрташ а дохьу оцу шираллера схьайогIучу хьожано.

ХIинца и дерриге а дIадаьлла. ХIинца сискалан метта кIайчу деман бепиг ду, тIехуучу говран метта — машен, синкъераман метта — хьайн карахдерриг.

Гуттаренна а дIадаьлла аьлла хетачу оцу дахаран жима гIайре ю хIара керт. Дерриге а хуьйцучу керлачу дахаран хIордо хIинца а хи буха яхьаза. ДIо, къилбаседехь, шаш юккъехь карийна мамонтан чарх санна.

 

ХIокху кертахь хIинца а куьркахь хьаьжкIаш кхорзура, цух бина даьттагIа а буура, уллохула тIехволу некъахо, «чу вагIахьара хьо» олий, хьаша вой, тIе а оьцура, учахь йолчу нохчийн пешахь цIе а йогура, цу чохь кечдинчу пхьуьйре берриг доьзал — доккха ши стаг а, цхьа кIант а, йоI а — охьа а хуура, туьйсинчу гаьмнашца хьаьжкIашна асарш а дора, тIаккха дIо дехьарчу уьрда тIехь мангалш а хьокхура.

Вовшашка оьгIазе дош олуш цхьа а вист а ца хуьлура, воккханиг — воккха, жиманиг — жима а вара, сагIийна хIума ца луш цхьа а пIерасканан буьйса тIех а ца йолуьйтура, белларш а ца бицбора, массо а малх кхетале хьала а гIоттура.

Кхин цхьа хIума а дара хIокху тIе стевн коьллаш евллачу басахь лаьттачу цIийнан кертахь — иза синтем бара. Синтеме а, тийна а, аьхна-шийла а хуьлура аьхкенан довхачу деношкахь цIийнан чоьнашкахь, иштта хуьлура Iай, пеша тIехь кIеж туьйсуш яй хилча, дIа а тевжина, вижина Iилла дог доуьйтуш.

ХIора Iуьйранна, Органна тиллинчу тIайх а яьлла, йоккхачу, буьйцучу маттаца а, тIедухучу духарца а, юучу хIуманца а гIалахойх цуьрриг а къаьсташ а боцу нах бехачу юьрта балха йоьдучу хIокху доккхачу шина стеган йоьIан амал а оцу синтемах яра. Цхьаьннан а — воккхачуьн стенна дуьйцу, я ура-атталла жимачуьн а некъ ца хадош, гIиллакхе хилар а, балхах оза ца луш, дерриге ша дан гIертар а, шен нийсархой санна, хьаьдда доьдучу дахарна тIаьхьа цаидар а дара оцу синтемах, оцу ширделлачу цуьнан ден-ненан дахарх.

ЙоIана хаалора оцу синтемо, шен амалца ша дахарна мелла а юьстах тоьттуш, цунна гора оьздангаллех болу кхетам шен а, шен нийсархойн а Iаламат тайп-тайпана хилар. Кхунна ша нийса хетара, хIетте а тола уьш тулура. Царах дукхахберш маре а бахна, шайн доьзалш а болуш Iара. Ткъа кхуьнан ткъе итт шо а кхаьчнера. ХIара тоххарехь тешнера, мацах шайн нана йолчу санна, ша йолчу хин коьрте ву аьлла къонах хIуттур цахиларх. Иза цуьнан мерза сатийсам бара, цкъа а кхочушхила ца боьгIна. ХIинца, охьатаьIна лелча, хIумма ца хуьлура. ХIинца массо хIума а гайта дезара: бIаьргаш а, пхьаьрсаш а, ела а къежна кIайн цергаш а, йоца коч а юьйхина…

Кхуо емал а ца бора ишттанаш. Мелхо а хIара хьоьгура царах. Амма иштта, мел лаарх а, хила-м лур яцара. ХIара кхечу заманера яра. Цундела сарралц — болх, тIаккха суьйранна бежнаш Iалашдой, етт а узий, кхалла хIума а йой, шен чу а йоьдий, дIатоьра. Нанас олура: «Маха баккха хаьа, ала хIума долуш яц, балхана тIера ю, са а ма гатде ахь…». ХIара цунна дуьхьал хIумма а ца олуш, гIийла елакъежара.

Иштта деций-ненаций Iаш вара цуьнан шовзткъа шаре лестина ваша а. Да реза вацара цунна. Цуьнан хенахь кхуо дикачу агIор цIе яккхийтина, тIееъна юьхьIаьржо дIанисъеш хьалхаваьлла а лелла, изаъ, изаъ дина. (Дерриг а дагардина вер вац).

 

«Дада, дада, хIинца кхин зама ю». — «Хилча хIун ду?» — «Иза ду-кх».

КIант, юха а чувоьдий, шен книгаш тIе а вогIалой Iара, юха балха воьдура, юха цIа вогIура. Да а вицлора. Иза а, нана а тIетайнера, шаьшшимма и дойла а ца хууш, шайн бераш даккхий а ца хуьлуш, гуттаренна а кегий дисарна. Иштта атта а, таме а дара цу шинна. Амма иштта латта йиш ма яцара. ХIора дIадаьллачу дийно герга уьйзура церан хIораннан а догдохар, иштта хIора дийно а генадохура церан хила тарло ирс. ХIора дийно а. ХIетте а уьш массо, хIумма а ца даран синтемо йийсаре бина, цо набаран тар тасийтина, хиндолчун ойла ца ян а гIерташ, бехара.

Цу дерригенах а кхийтира, баьццарчу машенара воьссина, кху керта ваьлла жима стаг.

Цуьнан мохь тоха дог хилира: «ХIей, дада, нана, ма Iе иштта, дахар дIадолуш лаьтта шуна. Шуьшиннан ши бер а тоххарехь шайнна пеш латон хан тIехъяьлла ма ду. ХIокху кертахь шуьшиннан берийн бераша эккхийтина гIовгIа хила еза хан а тIех ма яьлла. Мел цIена хи а, хIоьттина лаьттича, телха шуна. Иштта – дахар а. Хьаланисъе хIара разъяьлла лаьтта керт, гонах еттина кибарчиг а юттуш, таде шира цIа а, лалла кху кертара синтем. Иза гезгамаша бу шуна, массо а паргIатонех воккхуш, шух хьаьрчина. Арахь, муттанех юьзна, дахарх кхехка бIаьсте. Ма гIелъялийта шайн дахаран бIаьсте. Кхана-лама, цIеххьана, «тхуна ца хаьара» аш бахахь а, цIе хилла, кIур боцуш дIадер ду шуна хIара таханлераниг. ТIаккха кхин бIозза хала хир ду шуна шуьшиннан берашна цхьа а гIортор а, цхьа а тхов а боцчу дуьненан арахь диса, шаьш шуьца даьккхина дахар даьгначохь мохо дIасакхуьйсу овкъарш а гуш, доладелла лела…».

 

Амма оцу жимчу стага хIумма а ца элира. Я цуьнан хIумма а ала бакъо а яцара. Цунна хааделларг дешнашца алалур доцуш, чолхе а, лазаме а, церан шайн а дара. Иза шена тIедиллина пайдабоццу хабар хIокху хIусамдега дIа а тоьхна, цара мел чIогIа дехарх, чувахана, церан ялтех а ца кхеташ (и бахьанехь воккха стаг кхунна чIогIа реза воцчух тера а дара), шен баьццарчу машена а хиъна, керлачу дахарца ястаяла юьзна кхехкачу бIаьстенехула а ваьлла, шен гIала дIавахара, дагчохь, цкъа а ца бицбан, шена тахана гинчо кхоьллина синхаамаш а хьош.

1 комментарий

  • Де дика дойла! Болх меле хуьлда кху сайта тIехь и бечун! Суна боккха кхаъ хили хiара юйла хиъча. Школера цIахь iарна со дохко яьккхина хIума а дацара хIинццалц (къаной дIасатиттича ла а ца делла ма Iийна со). Хiара хаарш ма дара чехкка берашна тIекхехьа дезаш. Иза дийр долу хьехархо маса ву техь хIинца цигахь?
    ЧIогIа оьшуш сайт ю, чулацам болуш къамелаш, материалаш ю.
    Интернетаца уьйр халуо латтош ю со: кхетам-хаарш кIезиг ду. Амма нохчоллех (нохчех а!) лазам чIогIа бу!
    Тасуева Мединат. Йоккха АтагIа. mtasueva5265@mail.ru

Оставить комментарий