Хеттарш — Нохчалла.com — Чечня, чеченцы, обычаи, традиции, история и многое другое
Яндарбиев Зелимхан

Хеттарш

Мила ву со? Лаьттахь веха стенна?
Мичара схьаваьлла, воьду мича?
И хеттарш ду сан садууш денна,
Йиш а йоцуш цхьа жоп доцуш дита.

И хеттарш ду, сан вopxle а дайша
Б1ешерех чекх иэхьнарш дахаре,
Г1овттуш, парг1атонан ойбуш байракх,
Дезчу тойнехь, къизчу баланехь.

Цу хеттарша Туркойн мачка кхаччалц
Уьш д1абигна, иэгон 1азапе,
Сибрехех чекхбаьхна, xly ца кхачош,
Дегнаш лелхарх, амал къар ца еш.

Цу хеттаршца, заманаш а хуьйцуш,
Оьмарийн д1алуьстуш аг1онаш,
Къоьжа къаной пхьоьханашка хуьйшу,
Наной тийжа г1ож т1е аганан.

Цу хеттаршца вай дуьнен т1е девлла,
Цаьрца дийша деза лахьти чу.
Цара моьне ерзош деган чевнаш,
Дохьу ас а кху сайн некъан дукъ…

Цара вуьгу к1ант сарахь хин йисте,
Суьйре ларъян йо1 а хаайо.
Кху дуьненах 1ожалло це тийсарх
Адам хила ниикъ адамна ло.

Мила ву со? Лаьттахь веха стенна?
Схьа мичара ваьлла, мича воьду?
Деден хеттарш к1ентан к1антехь денло,
И а царна шен жоп лаха воьду…

 

З. Яндарбиев

Оставить комментарий