noh cherkeskaПримеры проявления Нохчалла.

Рассказы из жизни, присланные посетителями нашего сайта.

ishkola 1Онлайн уроки по чеченскому языку

С квалифицированным репетитором

Чеченский юмор - Нохчийн забарш

Дийцарш, хилларш, лелларш (на чеченском языке)

Кху тІехь ас яздина долу цхьадолу хІуманаш хилла дикка хан-зама яьлла, суна цхьадерг дицделла хила а мега, я ма-дарра нийса дІа ца делладелла хила а тарло, цундела цу тІехь сайна бехк ца биллар доьху аса. Нагахь ас билггал нийса доцург аьллехь, я ас хьакъ доцуш цхьанна халахетар динехь, со, цуьнга ла а доьгІна, эшахь, иза сайна къинтІера ваккха кийча а ву.


*  *  *

ГІези хилла цкъа доккха хабар дуьйцуш:

– Со жима стаг волчу хенахь, сан дас суна  дика дин эцнера, кхузткъа етт а белла.

ТІаккха Г1оьрдлара Завламака аьллера боху:

– Сан цхьа дехар дара хьоьга, ГIези, цу кхузткъаннах цхьа ткъе итт етт дІабаккхахьара ахь, хьайн таро елахь.

 

*  *  *

Нажин-Юьртан районерачу Гилнара вара цхьа хаза дош олуш волу ши стаг – Хасов а, ГІези а.

Хасов хиллера Киргизехь долуш базарахь ахьар оьцуш, духкуш ерг а хиллера нохчийн зуда. Зудчо терза шегахьа дайдина узуш хилла. Оцу гІуллакхах шекваьллачу Хасовс зудчуьнга аьлла:

– Зуда, и терза нийса озахьара ахьа,  – аьлла.

ТІаккха зудчо элира бохура:

– Стаг, оьшуш дерг аса къемата дийнахь дІатокхур ду-кх хьуна.

– ХІан-хІа, сан чохь мацделла дукха бераш ду, сан къемат дийне хьоьжуш Іан йиш яц, суна хІокху сан ахчанах доггІург тахана схьалахьара ахь, – элира бохура Хасовс.

 

hillarsh-lellarsh

 

*  *  *

Молотовбадехь чайханахь чай молуш Іаш шен гергара стаг ВисІела хестош воллуш хилла ГІоьрдалара ГІудин Іела.

– Дера ву ВисІела дика стаг. Казахстанехь волчу шен ненавешина бІе туьма ахча дахьийтина цо.

Шен таро юйла нахана хаийта ца лууш волу ВисІела оьгІазвахана Іелина:

– Іели, дитахьа сан ахча ша долччохь, кхайкхош гучудаккха а ца гІерташ.

Іелас элира боху:

– ВисІела, и ас ду аларх, хьоьгара хІокху сохьта юхалург даккха веана стаг а вац, амма ас дехча ахь со доцуш дІа а вогІуьтур вац.

 

*  *  *

Сесанахь вехаш вара Арсанукъа цIе йолу цхьа стаг. Цуьнан, мухха  хиллехь а, цхьана хIуманна тIехь энгиночун карах пхьарс хадийна хилла. Цул тІаьхьа, шен ка яьллачохь, Арснукъас, лаьцначу пхьаьрса тІе шаьлта а йиллина, хьийзош хилла энгино:

– Пхьарс дІаса ма ийзабе, сайн хаддийначул бен хьан пхьарс хадо бакъо яц сан. ТІех хадабахь и дIадекха гІертар ву хьо, – бохуш.

 

*  *  *

Сесанахь вара Дорцу цIе йолуш, гІаьххьа хьекъална аьрта ву а олуш, цхьа миска стаг. Цо хьехамаш беш хилла нахана:

– Екъачу керта тІе а ма довлалаш,  я бертал кхетар шу, я аркъал кхетар шу; догІа догІуш ара ма довлалаш, дашор шу, – олий.

 

*  *  *

1935-36-чу шерашкахь Сесанахь халкъан суьдхо вара  Эскиев Халад. Цуьнга хатта делла хилла цхьа дов. Иза Коьран-Бенарчу стага дина къола бахьанехь хилла.

Бехкевеш верг веана Эскиевна тІе ахча а дахьаш, ша оцу девнах кIелхьара ваккха аьлла. ТІаккха суьдхочо цунна хьехам бина:

– ДІа а гІой, тховса и лачкъийна етт бен а бей, оцу аьттан корта а, когаш а и етт болчу стеган керта кхийсса. Ас кхана милицин белхало воуьйтур ву хьуна цига, уьш эццахь караяйта, тІаккха аса дов кхечу агІор дерзор ду хьуна. Етт болчу дас ша шен етт бен а бийна, ахь лачкъийна аьлла, хьуна тІе бехк бахийтина, харц тоьшалла дина а эр ду. Эскиевс дов ша ма-бохху чекхдаьккхина, етт бийначунна кхо шо хан а тухуш. Шена хан тоьхначу Коьран-Беночо элира боху:

– АшхІадубиллахІ, суна-м ца хиъна, лачкъийначу  дохнан дена хан тухуш, тахана бен.

 

*  *  *

Мухьмад района РТС-н урхаллин коьрта  хьаькам вара. Шен шофер рулехь а волуш, хIара воьдуш, кхунна гина шайна  хьалха керчаш йоьдуш машенан цхьа хІума. Махьмуда шофере элира боху:

– И дІогахь вайна хьалха керчаш йоьдуш ерг вайшин машена хІума-м яц те? – аьлла.

– Яц дера! Вайшин машена хІунда ю и? – аьлла шоферо.

Гена валале шоферна хиъна машенан цхьа чкъуьрг йоцуш диск тІехь йоьдуш юйла. ТІаккха, машен саца а йина:

– Х1а-а! Хила а дера хилла иза вайшин машена х1ума, – аьлла шоферо.

 

*  *  *

Сесанахь вехаш вара Сапи бохуш цхьа забаре стаг. Иза юьртахь хьехархо хилла, 1илмана дІогара генаваьлла вацахь а. Цуьнан цхьана дешархочуьнга хаьттина юьрта веанчу хьаькамо:

– Хьуна дика хаьа, я Сапина хаьа?

– Тхойшинна цхьатерра хаьа, – аьлла дешархочо.

 

*  *  *

Сесанахь столовехь шеф-повар вара Дуда цIе йолу цхьа  шелахо. Цкъа столове хІума яа веана хилла Совнаркомехь болх беш волу цхьа оьрси. Цунна йоьттинчу чорпи чохь цхьа кІадин цуьрг нисделла. ТІаккха, хьала а гІаьттина, шен бошхап а эцна, кухнин коре а вахана, цо аьлла:

– Схьакхайкхал шеф-поваре.

Схьавеана Дуда. ТІаккха, оцу оьрсичо, веза а веш, бошхап дІа а кховдийна, шен маттахь аьлла:

– Вы что, людей тряпками кормите?

Дудас, хІумма а воха а ца вухуш, ша букъ а берзийна дIавахале аьлла:

– А что, вам за 50 копеек коверкот подавать, что ли?

 

*  *  *

Кхечу цхьана сесанхочун цхьа мело дов а хилла Зауровгахь хатта дезаш. Оцу девнан да веана Зауров волчу, итт туьма ахча а дахьаш, Гужулов Нур-Мохьмада ваийтина ша, ахь гІуллакх дийр ду аьлла. Зауров ирхъиккхина:

– И бохург хІун ду? Итт туьма кховдадо суьдхочуьнга! – аьлла.

– Кхин сан дан-м дац, хІара а Нур-Мохьмада шегара делла ду-кх соьга, хьоьга ло аьлла. Делахь со-м дІавоьду, – аьлла, неІарехьа дІаволавелла девнан да.

ТІаккха, мохь а тоьхна, Зауровс аьлла:

– Вухаверзал, кхин эхь а ца хеташ, и итт туьма а эцна, дІаваха воллар-кх хьо!

 

*  *  *

Жданов цІарах йолчу  колхозехь парторг вара Падаев Вадуд. Цу хенахь оцу колхозан куьйгаллехь вара Самханов Вахахьаьжа, ша Ялхой-махкара а волуш. Вадуда аьлла:

– Вахахьаьжа, суна вайн колхозан доход хьалаер йолу цхьа хІума дагадеана. Вайн колхозехь шортта хьаннаш ю, цу хьаннашкахь дуккха а акха хьакхарчий а ю. Оцу хьаннашна гобаьккхина керташ йича, и хьакхарчий ара йовла меттиг йоцуш, цу чохь юьсур ю. ТІаккха, уьш схьа а лоьцуш, пачхьалкхана жижигана дІайоьхкича, вайн колхозана, цхьа харж а йоцуш, пайда хир бу.

 

*  *  *

Цкъа цхьана дийнахь райкоман партин бюрохь, вала а, вола а ца вуьтуш, райкоман хьалхарчу секретара Межидов ГІаиба хьийзош хилла Даттахера колхозан председатель Анасов ЧІаІа. Шуьрин план кхочуш хІунда ца йо колхозо, бохуш хилла райкоман куьйгалхочо. ХІуъа бахьана хІоттийча а, ГІаиба волуьйтуш ца хилла ЧІаІа. ТІаккха ЧІаІас аьлла:

– Деллахь ца хаьа суна-м, ГІаиб, кхин хІуъа дича оцу хьелаша и шура тІе а ца тоьхна, и алсамйоккха кхин дан хІума а ца хилла, аса-м жайна доккхучу стаге жайна ма даккхийтира оцу хьелашна, ца туьхи-кх цара и шура тІе.

 

*  *  *

Ведантахь Іаш вара Галпат бохуш цхьа стаг.

Цуьнан вара Арсамик бохуш кІант, дикка хьекъална аьрта а волуш. Арсамика, шайн хьаьжкІаш юккъе бахана болчу тхан аьттана, ластийна, диг тІаьхьакхоьссина хилла. Иза, аьттан коган кІожам а хадош, кхетта   хилла.

Тхан дас, оцу аттана урс а хаькхна, цуьнан жижиг ГалпатгІарна дІаделла хилла, шен етт токхур аша, аьлла. ТІаккха дас-нанас, кІа диъча санна, хьийзош хилла Арсамик:

– ХІунда бийна ахьа нехан етт, и такха таро ю вай? – бохуш.

Арсамика аьлла:

– Хьажахьа, цара дуьйцург! Шу, аса и етт а бийна, жижиг ца даьккхинехьара, макх а делла, якхалла леш ма дохкура.

 

*  *  *

ЦІоьнтара базарахь цхьаммо кхайкхош хилла:

– Цхьана стеган шаьлта йоьжна. И карийначунна хІума а лур яра, и схьалахьара, – бохуш.

Юххехь лаьтташ хиллачо, т1 а таь1на элира боху:

– Юкъах йихкина шаьлта шен йоьжча-м хаа а мегар ма дара.

– Хаа а хиъна кхайкхош яц иза, – аьлла вукхо.

 

*  *  *

Бас-ГІоьрдалахь хилла цхьа харцахьара стаг, шена луъург бен ца деш. Цхьана ловзаргахь иза, зудаберийн могІаре охьа хиъна, наха дІавала эццара аьлча дІа а ца волуш. Цигахь тIенисвеллачу Г1оьрдалойн Эсаловс, ка тоьхна схьа а лаьцна, дІаластийна хьаьжкІийн дайх тоьхна и.

ТІаккха цу стага элира боху:

– ГІоьрдалойн Эсаловна мегар алий сох куьг ма тохалаш, ас могуьйтур дац шуна.

 

*  *  *

ГIоьрдалахь пхьоьг1ане гулбеллачарех цхьаммо элира боху:

– Тахана 1илман наха Куьрчал-Эвла туьхана тІехь лаьтташ ю аьлла саций боху.

ТІаккха Баса-ГІоьрдалара Даьддас аьлла:

– Ма чІогІа тІаьхьабисина хилла-кх и 1илман нах, суна и туьхана тІехь юйла хуу-м  дуккха а хан яра…

 

*  *  *

I930-чу шерашкахь ГІоьрдалара БІатІин кІанта буса корехула чу а ваьлла, пачхьалкхан туька ехьна хилла.

И гІуллакх Іедале даьлча, к1ант волу нах шайн юьртара хьехархо волчу дехаре баьхкина.

– Хьо йоза-дешар хууш, хьаькамашца гІуллакх догІуш стаг ву. Ахь, ваха а гІой, Веданахь хьаькамашца и гІуллакх дІадерзадахьара. Оха цу кІанта дина зие метта а х1оттор дара. И кІант ша Іовдал ву, цундела дина цо и къола, – аьлла.

Хьехархочо элира бохура:

– Вац дера и-м Іовдал. Іовдал велхьара-м корехула чу ма ваьлли долу туьха а диъна, цу тІе цхьа ведар хи а мелла, веста а вистина 1уьллуш карор вара. Цо ехьнарш-м, вахана туьхана тІехула а ваьлла, баьрччехь 1охку кампеташ яй.

 

*   *   *

Соьлжа-гІалара Хьалха-Мартан тІе цхьана бехке бечу нехан дов хатта вахана говра ворданахь суьдхо, шеца суьдан секретарь а, къаной а, защитник а волуш. Уьш берриш а цхьацца заьІапалла долуш хилла шайн догІмашца: цхьаъ бІаьрг боцуш, важа куьг доцуш, кхозлагІниг ког боцуш, воьалгІаниг цхьа лерг доцуш, ур-атталла кхеран говр а хилла цхьа бІаьрг боцуш. Уьш, юьртарчу дукха нахана хенаш а тоьхна, дІабоьлхуш, царна тІаьхьа а хьаьжна, цхьана мартанхочо элира боху:

– ОстовпируллахI, и заьІапхойх йолу суд хІокху эха юьртана хан а тоьхна дІа яха-кх! Уьш заьІапа а боцуш хиллехьара, цара хІокху ерриг а юьртана хан тухург хиллера-кх.

 

*   *   *

Дов хоттучу хенахь, цхьаъ виц а велла, хан ца кхайкхош висина хилла. ТІаккха цо элира боху:

– Суна хІун ду?.

– Хьуна вукхарначул а вон ду-кх, вист а ца хуьлуш Іад ца Іарна, – аьлла суьдхочо.

 

*  *  *

ДIадаханчу б1е шеран 30-чу шерашкахь Веданара милицин хьаькаме цхьаммо хаьттина:

– Хьо йоза-дешар хууш вуй?

– Вац дера, йоза-дешар хаъхьара суна 1937-чу шарахь лерга тапча тоьхна хир яра, – аьлла вукхо.

 

*  *  *

Сесанахь цхьана суьдхочуьна машенахь авари а хилла, лерган тІоьхале яьккхина хиллера.

– Вон болх хили-кх хьуна, - шега цхьаммо аьлча, вукхо аьллера боху:

– Иза-м хІумма а дацара, Сесанахь цхьа лерг ца хилча а мегар ву суьдхо.

 

 

*   *   *

Цхьана дийнахь Хошкалде боьдучу новкъа вогІуш хилла цхьа хошкалдахо, хелха а вуьйлуш. Цунна дуьхьал вогІучу юьртхочо хаьттина:

– Хьо хелха вуьйлуш ма вогІу, хьан стенах самукъа даьлла?

– Дера хезна суна Мескер-Эвлара юьртда балхара вохина бохуш.

– Ткъа хьуна вевзаш вара и? – хаьттира боху юьртхочо.

– Дера вацара. Делахь а, милла цхьа хьаькам  балхара вохинаа аьлла хезча, ч1ог1а хаза хета суна, – аьлла вукхо.

 

*  *  *

Учкорганерчу районохь бухгалтер болх беш вара Іисин-юьртара Вашаев Узумхьаьжа.

Цуьнан да хилла меттахь чІогІа цомгуш. Иза иштта цомгуш воллушехь, Узумхьаьжа, ваханза а ца ваьлла, Оше облонон совещане вахана хилла.

ХІара цигахь кхаа дийне а ваьлла, хьевелла. ТІаккха, цІавеача, шен да дІаваьллачу кхаьчна. Узумхьаьжас хаьттина шен гергарчу стаге, Джамуев Дауде:

– Сан дас ша дІакхалхале хІун элира? – аьлла.

Дауда аьлла:

– Кхин башха хІумма а ца элира цо-м. Оцу кошачуьра машин1 пезаг тІехь долуш болу ког хьала а бахийтина, ша иштта дІа ваханийла хаийталахь сан кІанте, – элира цо.

 

_____

1 Маша – цунах кхин а исхар а олу.

 

 

Асталов 1aдиз,

журнал "Нана", 11-12. 2011

Мы в контакте

Подписаться

Вы можете подписаться на обновления сайта. Для этого введите Ваш электронный адрес:

 

Напишите нам






Кто на сайте

Сейчас 137 гостей и ни одного зарегистрированного пользователя на сайте

Вход на сайт

На сайте нет регистрации пользователей. Все разделы сайта доступны без регистрации

Статистика


Рейтинг@Mail.ru


Баннер

Разместите у себя на сайте наш баннер

История, обычаи и традиции чеченского народа

Реклама на нашем сайте

Вы здесь: Главная / Фольклор / Юмор