Жимчохь дуьцна тайп – тайпана халонаш 1итталуш, болало Бауддин дахаран некъ. Цхьацца цамгарш а 1иттало, морзгалин цамгар бахьанехь б1аьрса дов. Делахь а дахарх чам ца бов к1ентан. Мелхо а цунах хьерчаш, цуьнан к1оргене кхийдаш, халкъан синхьашт лаха г1ерта. Бауддих нохчийн халкъан илланча хуьлу. Дечиг пондар лакха шайн эвларчу Асхьабех 1емира Бауддина.
Оцу хенахь дика пондар локхуш вара кхуьнан ден доттаг1а, Галнера Дубин Т1ака. Шена хууш долчаре тоьлла иллеш 1амийра цо а къоначу пондарчашна: «Таймин Бийболат», «Адин Сурхо», «Эвтархойн Ахьмад», иштта д1а кхин а.
Боккха хийцам беара Бауддин дахаре. Советан 1едал т1едог1уш кхерстинчу ц1аро, нохчийн шира юрт Дойкур –Эвла к1айчу эскарийн арданго йохийна, ягийна д1аяьккхира 1918 – чу шарахь. Цу т1амехь кхелхира Бауддин воккхах волу ши ваша Юсуп а, Дауд а.
Керла 1едал т1едог1уш халкъан доьхьа шеен дахар д1аделла волчу нохчийн к1антана Шерипов Асламбекана боккхачу безамца илли даьккхира Бауддис, « Дог майра Асламбек». Х1ара илли, оцу заманан историн масал хилла д1ах1оьттира.
Ткъа 1941 – чу шарахь, ямартлонца вайн махкана Германии т1елетча, б1аьхойн дог — ойла г1иттош долу иллеш олура цо радиочухула. Т1аьхьа оцу буьрсачу т1амехь б1аьхаллийн хьуьнаршца г1араваьллачу нохчийн к1антана Нурадилов Ханпашина лерина «Къонахех къонах» ц1е йолу илли а даьккхина.
Сулейманов Бауддин репертуарехь йоккха меттиг д1алоцура лирически иллеша, эшарша. Цо х1ора д1аолу байт а атта кхеташ, ладуг1учунна дагахь соцуш а хуьлура.
« Ламанца лан доцуш
дин мегаш бацар-кха.
Безамца кхаъ боцуш
дог мегаш дацар-кха».
Дукха нисло Бауддин шеен накъосташца ваха – ван дезаш меттигаш. Цаьрца араволуш даиман шеен пондар а хуьлура цуьнгахь. Вовшашца самукъа долура, цхьаъ хьовзош, цуьнца забарш еш хуьлура церан эвлара Юсупан Юнус.Юнусца волура дукхахьолахь сакъера ара. Буса шаьшшиъ араваьлча, забарш еш, татол т1е а кхачале кхоссаволуьйтий, 1ам чу оьккхуьйтуш хилла цо Баудди.Юнусца кхин дов дан йиш а ца хилла, цо цунна илли олу: дерриге а беламе дешнаш а лахьадой, хазачу маттахь, зевнечу мукъамехь.
Оцу иллех шина доттаг1чунна кхаъ хилла ца1аш, юьртана а, берриге а махкана а хазахетар хуьлу. «Дог майра юнус» ц1е йолу и илли, сатирически деъехь юьззина цхьа аг1о д1алаьцна, х1инца вайца дехаш а ду.
Иштта вара цкъа а вицлур воцу поэт, пондарча, халкъан илланча Самин Сулимин Бауддин. Иза даима а халкъан дагчохь вехарг хиларан шеко яц.
Салам 1алейкум
Бауди ч1ог1а хаз эшарш илеш ду шун
хаз мукъам болш. ца хезчо ладог1 .
Кхи цхьа х1ума ду суна ишт хеза дуьцш. Бауди б1аьрса доцш ма хиллай . Бауддис ша ара вига аьлч эц юнусас вига виг нах лелче новкъ вахьхаина бох и эц т1ехул оьг1аз вахана даькхан бох цо и илли. Сун и дицар ишт дуьцш хеза , амма ас и бакъ ду ле дац ца бох шун.