Паскаев Рамзан — Нохчалла.com — Чечня, чеченцы, обычаи, традиции, история и многое другое
Биографии на чеченском языке

Паскаев Рамзан

Вина 1946шарахь Казахстанехь.1961шарахь Соьлжа г1аламен халкъан корманталлин Ц1ийне балха вог1у. 1963шарахь «Вайнах» ансамбле болх бо. П аскаевс язбина дуккха а иллешна мукъамаш: «Кавказан 1уьйре», Хьан дагара хиъча», «Шина деган лаам», «Атаг1ара суьйре», «Шовданехь», «Безаман марг1ал», «Баймохк».Дуккха а музыкальни  произведенин  автор ву иза. Цо мукъамаш баьхна эшарш д1аолура Дадашева Тамарас,Магомадов Султана, Дудаев З, кхечара: «Сан седа», «Д1аскъастар», «Хьан дагара хиъча», «Соьлжа – Юрт». Нохчийн халкъан артист. Цуьнан дукхахболу мукъамаш Ш. Рашидовн дешнаш т1ехь баьхна бу.

Оставить комментарий