Рашидов Шаид 1940-чу шеран 15-чу ноябрехь вина Гуьмсан районерчу Энгель – эвлахь. Рашидов Шаид стихаш язъян волавелла 6-чу классехь докшушволуш. Дуьххьара нохчийн маттахь язъиина стихотворени Мамакаев Мохьмаде гайтира цо. Нохчийн маттахь дуьххьарлера стихотворении зорбане елина 1958-чу шарахь. Безамах яра иза. Дуккха иллеш, эшарш ду цуьнан стихаш т1ехь язъйина. Дуьххьарлера д1ааьлла илли ду «Ломара зезаг». Шен хазчу озаца и илли д1аэлира Магомедов Султана.
Дуккха а ладог1архошна дукха дезаш ду Шах1идан дешнаш т1ехь даьхна безамах долу иллеш. Царех ду «Илланча сох винарг», «Чов», «И туьтеш сийна», Дог дитна воьду со»…
Рашидов Шах1ид тахана а к1ад ца луш, къахьоьгуш схьавог1у
Дела реза Хилла цунна и санна оц халчу новкьахь къа хьоьгу волчунна
ну у вас граматика храмает
Ну у вас граММатика хрОмает 🙂
цо ху йицина кху нохчий сайт чохь?
хрОмает
Ну у нас не хромает мы чеченца а не «русские»
сун рашидов шаидди ден весет стих ца кар йо г1о дайш сун
Ценю творчество Шаида Рашидова и уважаю его труд вместе с автором
суна а хаза хет рашидов шаидан стихаш а,иллеш а
Рашидов Шаидан позин йекар ламанан шовдин хьесапехь хета суна. Йеша а, кхета а атта йу. Дагахкхеташ, хаза стихотворени йу цуьнан паскаев Рамзанна лерина «Пондар». Шаид кхелхина кхолламан беттан шолгIачу дийнахь (2 январь), 2020 шарахь. Дала гечдойла цунна!
Пондаран аз
Дара и Юккъерчу Азехь,
Хезча хьан пондаран аз.
Бацара вайнах вон ганза,
Массаьрца йоллура вас .
Мукъамаш хаза йиш йоцуш,
Йаьккхира кхойтта шо хан.
ЦIаьххьана баланаш отуш,
Билхира и пондар хьан.
Билхира сий айдеш халкъан,
Дайн лаьмнех, аренах, хих,
ЗIенарш тIеIенайарх маьлхан,
Ойланаш йахарца ирх.
Вилхира пондар мел хезнарг,
Нисбина сеттина букъ.
ГIаьттира массо са лезнарг,
Йаьстина йихкина йукъ.
Дохура вовшашка кхаьънаш.
Мел доккха де дара и!
Дирзира дагчуьра даьIнаш,
Севцира ихна бIаьрхиш.
Моьттура, деригге Iалам
Доьлуш ду, хилларг схьагуш.
Бегира боьссина бала,
Нахана паргIато луш.
Дара и-м Юккъерчу Азехь,
Мел лайнарш ца дуьйцу ас.
Тахана тхоьца хьо вацахь,
Дека хьан пондаран аз.
Рашидов Шаид