Айдамиров А. Абдулхакимович вина 1933 — чу шарахь Нажин – Юьртан районерчу Мескитахь, ахархочун доьзалехь. Юьхьанцара школа шайн юьртахь чекхъяьккхина цо.
Жимчохь д1аболабелла Айдамировн къинхьегаме некъ. 1957 – чу шарахь Мескитарчу школе нохчийн метан, литературан, историн хьехархочун балха вахийтира иза.
Нохч – Г1алг1айн пачхьалкхан педагогически институтан историко – филологически факультет чекхъяьккхира цо 1963 –чу шарахь.
Дуьххьарлера цо язъина стихотворении «Лермонтовн безамна» зорбане елира 1956 – чу шарахь «Винчу лаьмнашкахь» ц1е йолу книги т1ехь зорба тоьхна ю стихотворенеш: «Даймохк», «Винчу лаьмнашкахь», «Бералла», «Ясин тог1ехь», «Ненан мотт», «Х1ай буьйса», «Бехк ма Билла» дуккха а кхиерш а. Цо язъина цхьайолу стихаш халкъан эшаршка йирзина, масала: «Винчу лаьмнашкахь», «1аьржа буьйса», «Езачу йо1е», «Воккхачу стеган илли», «Хьайна лаахь», «Даймохк» иштта кхин а.
Яздархочун «Лаьмнашкахь серло», «Тхан эвлахь», «Лаьмнийн некъашкахула» ц1ераш йолу книгаш т1ера дукхахйолу произведенеш а ю юьртан таханлера дахар гойтуш. Айдамиров Абузар юьртахь вехаш ву. Юьртан дахар – цуьнан дахар ду.
Спасибо вам большое!
очень мало.хотелось бы по больше)
Спасибо большое