Йина 1923ш. Хьалхара Мартант1ехь. Хьехархочун, клубан, библиотекан белхаш бина куьйгалхочун. Цо шен дешнаш т1ехь яьхначу эшарш т1ехь хестабора ахархочун къинхьегам, ирсе дахар, ламанан йоь1ан шовда санна ц1ена безам, ц1унан марзо а, къахьо а. «Колхозан йиш», «Ворашилов» иштта кхийолчу стихийн, «Тхан иллеш» гуларан автор.
Балкан дуьненчу яьлла 1923 ш. Хьалха – Мартант1ехь. 1936 -38 шарахь хьехархочун болх бина цо. Оцу хенахь язъян йолаелла иза шен дуьххьарлера стихаш а. 40 – чу шерашкахь белхаш бина юьртан клубан а, цул т1аьхьа юьртан библиотекан заведующи. Дуьххьара эшарш лакха Алма – Атахь йолало иза. Дукха хан ялале Нохч – Г1алг1айн эшарийн, хелхарийн ансамблан солистка хуьлу цуьнах. Оцу ансамбльца дуьххьара йог1учу эшалонех цхьаьнца, Даймахка юхайог1у иза.
1939 ш. (шеен 16 шо долуш) СССР – н Лакхарчу Советан Президиуман Указца «Знак Почета» орденца совг1ат до цунна. Ткъа 1940 ш. СССР – н Яздархойн Союзан дакъашхо хуьлу Балканах.
Ц1а даьхкинчул т1аьхьа Анзорован арайийлина цхьа мог1а поэтически гуларш: «Дуьххьарлера седа», «Ц1енчу дагт1ера», кхиерш.
Цуьнан стихаш арайийлина «Ленинан некъ» газетехь, «Орга» альманах, юкъаяхна оьрсийн маттахь зорбане яьллачу «Нохч – Г1алг1айн поэзин антологи» т1ехь (1981 шо). Йоьшучул а локхуш тамехь хаза интонации, рифма йолуш хуьлура Балканан стихаш.