Иза вина 1906 шеран 15 декабрехь Галанж1ожера Шунди олучу юьртахь къехочун доьзалехь.
Бер долуш да – нана кхелхина девашас Садос кхаьбна Хьасан. Назрань г1алахь хиллачу шинаклассан школан хехо хилла Садо. Цо шен вешин к1ант цига деша д1авелла 1913 шарахь. 1917 ш т1екхаччалц к1анта дешна цигахь.
1921 шарахь иза юха школа – интернат санна схьайиллича цигахь шен дешар д1ахьо Хьасана. Иза чекхъяьккхинчул т1аьхьа шен накъосташца г1алг1айн поэташца Хь.Муталиевца, М.Богатыревца Бури – г1ала педтехникуме хьажаво Мехтиев.
Ткъа 1925 шарахь иза деша вохуьйту Москва Коммунистический университет трудящихся Востока им. В.И.Сталина ц1е йолчу вузе. 1930 шарахь иза чекхъяьккхинчул т1аьхьа М.Мамакаевца, Я.Джабраиловца, С.Куркиевца, А – Хь.Сатаевца ЦК ВКП(б) – н куьйга к1ел д1ало.
Цул т1аьхьа Хьасана белхаш бо Нохчийн Облисполкоман инструкторан, «Серло» газетан редакторан (1931 ш) (цунна ц1е «Ленинан некъ» Мехтиевс тиллина), 1934 шарахь Мехтиев Грозненски городской районан комитетан 1 – г1а секретарь х1оттаво.
Михтиевс язъина «Ден ц1а» пьеса, «Мокха куй», радиопьеса «Нийса некъ» а «Кхоран дитта к1ел» а книгаш Мехтиевн дешнаш т1ехь даьхна долу «Россия», «Хьоме Кавказ», «Доттаг1чуьнга», кхидолу иллеш д1аолура С.Магомадовс, 1. Мазаевс, А.Далхадовс, М.Минцаевс, Б.Эльмурзаев