Перевод Ризвана
Поэт, прозаик, гочдархо, фронтавик.
Вина 1922 шеран 15 сентябрехь Хаттуни юртахь.Дошлойн разведкин майор, политрук хилла т1амт1ехь. Кавалер ву Ц1ечу Седанан а, Ц1ечу Байракхан а орденийн.
Автор ву дуккха а поэзин, прозин гуларийн: «Даччара» (1958шо ), «Дека, Сан илли» (1960шо ), «Т1емлочун весен» (1961шо), «Лирвоцу дошлу» (1968шо), Чевнаш йирзина йог1у» (1970шо), «Човийна анкета» (1972шо), «Орамаш»(1978шо).
Муталибовн «Даима хьоца», «Итт минот», «Буьйса», «Ойланаш», «Виц ма ве»,Дин белачу к1ентан илли», «Вицвалар».Ц1ераш йолу стихаш иллешка йирзина. Кхелхина 1978 шарахь.
Перевод Сиржана
Поэт Муталибов Зайнди вина 15 – чу сентябрехь 1922 шарахь. Нохчийн лаьмнийн исбаьхьчу меттехь, Веданан районерчу Хоттаничохь къехочун доьзалехь, циггахь бераллин шераш д1акхехьна а ву Муталибов. Цунна гондахьа ерг ерриге а яра исбаьхьа поэзи : керла дахар кхуллуш дохку ирсе адамаш, дог доккхадедеш долу лекха лаьмнаш, ц1ена х1уо, шийла шовданаш, зезаган аренаш, малхбасеш…
Дуккха а иллешший, назманашший Зайндина дагахь хаьара, хазчу мукъамца цо уьш д1а а олура.
Муталибов поэт – т1емало вара. Цунна дика хаьара т1амо халкъана мел бакхий бохамаш, зенаш дора. Цо шен белшаш т1ехь лайна Сийлахь боккхачу Даймехкан т1еман яккхий халонаш. Т1ам т1ехь цунна чевнаш хуьлу, меженаш г1арайо, амма госпиталера араволлушехь, юха а т1ом беш долчу эскаран хьалхарчу могйарашгкахь хуьлу Зайнди.
Дуккха а цо язъина стихаш т1ехь кхолладелла иллеш ду, масала:
«Дин беллачу дошлачун илли», «Итт минот», «Безаман вальс», «Винчу махкахь» кхидерш. И иллеш, эшарш х1инца вайн халкъо ч1ог1а дезаш т1еоьцуш ду.
Муталибовн стихаш дахар кхин а хаздо, г1о деш еха, уьш поэтан кхоллараллин ойланаш г1уьттучу, ч1аг1лучу, цара шешан некъ д1аболочу дахаран бакъдолчун орамийн к1оргенашка йоьлху, Муталибов даима а вара дахаран халонашна майрра юкъавоьдуш
Великим сыном Чеченского Народа слыл этот поэт, писатель, драматург — Зайндин Муталибов!!!
https://www.youtube.com/watch?v=btJLGu2X2yw