Биографии на чеченском языке

Шаипова Зулай

Йина 1948 шарахь Киргизехь. Жимчохь дуьйна нохчийн халкъан эшарш дукхаезаш, кехатан – пондара т1ехь йиш локхуш Яра. Шаьш локхуш ца хиллехь дена Мохьмадна, нанна Азманна ч1ог1а лаара шайн йо1на кехат – пондар лакха 1емийла.

Нохчийн мотт дукхабезаш, хууш хиларе  терра  цхьацца дешнаш,мукъамаш баьхна цо (« Ши ваша»).Курчала-эвлахь, гонаха Зулайс пондар ца лекхча лозар, синкьерам д1а ца долалора олу х1инца а и евзачара.

Зулай санна берш бахьнехь ца йовш кхуьуш схьаеъна нохчийн музыкальни культура.