Езачух къаьсташ — Нохчалла.com — Чечня, чеченцы, обычаи, традиции, история и многое другое
Хамзат Магомадов

Езачух къаьсташ

Ма ала езнариг соьга

Яхна хан йог1ур яц юха,

Ма ала безам бац соьга

Битахьа верза некъ юха.

 

Ма хила ойланца йоьхна,

Дог1ахьа даге хьай ла,

Ма баха безаман, г1ала вайн йоьхна

Ма баха хала дац, хьайна и лан.

Сих ма ло езнариг, безамах хада,

Доьхначу дагт1ера хада бан мах,

Вайша ца хьажахьа, вовшех ца хада,

Тешалахь вайшинна хьовскр бац нах.

Боху ахь вицлур ву, валале гена,

Боху ахь б1аьргаша лоьхур вац со,

Дилхина лекъначу, цара соь боху

Дуьйцучу хабарех теший ма г1охьа…

Къинт1ера ялахьа, езнариг суна,

Хьо юьтуш вахарна, геначу махка,

Тешалахь воьрзур ву, виначу махка,

Лардина делла дош хьуна…

 

Хамзат Магомадов

Оставить комментарий