1а — Нохчалла.com — Чечня, чеченцы, обычаи, традиции, история и многое другое
Зайтемиров Сайдик

Арахь хьокху
Шийла мох,
Мохо локху
Шийла шок. 
Шийла денош,
Шийла 1а.
Арахь 1уьллуш
Шера ша.
Оьг1аз оьху
Дера 1а,
Лаьтта оьгу 
Лайн чимаш.
К1айчу лайца 
Билли куз.
Куз т1ехь уг1у
Дера борз.

 

Зайтемиров Сайдик

1 комментарий

Оставить комментарий