Зайтемиров Сайдик

Махках къастар

Со веъна кхечи 
Со винчу Даймахке,
Аренаш, ламанаш
Исбаьхьа хаза ду, 
Вай ярташ, г1аланаш
Хазъелла кхуьуш ю,
Иманехь, исламехь
Адамаш дехаш ду.
Мехкарий, к1ентий 
Г1иллакхе-оьзда бу.

Со муха ваьхна
Хийрачу ва махкахь,
Г1иллакх-оьздангалла
Шен сица доцучохь, 
Ненаца – деца
Лераме боцучохь?

 

Зайтемиров Сайдик