Вина 20 –чу беттан февралехь 1948 ш. Успеновка юьртахь Киргизехь.
Ша жима волуш дуьйна иллеш, назманаш олуш вара Салманов 1илман., иштта дечиг пондур дика локхуш вара. Ножин – Юьртан районан Мескитахь вовшех тоьхначу исбаьхьаллин самодеятельностехь дакъа лоцуш вара 1илман, т1аккха цул т1аьхьа Нажин – Юьртан районехь Эльмурзаев Бекас вовшах тоьхначу тобане кхечира и.
Вайн республикехь сихха гучуелира цуьнан корматалла, дезаделира цуьнан дуьххьарлера иллеш: «Даймехкан некъашца», «Хьуна лаахь», «Аьрха йо1», «Эскаре вахар», «Зураъ», «Кийрара дог», «Юха а ги суна»… Дукхах долу цуьнан иллеш Рашидов Шах1идан дешнаш т1ехь яздина ду. Дукха конкурсашкахь дакъа лецира Салманов 1илмана., хьалхара меттигаш бохуш схьавог1ура иза.
Хьанна цадевза цо дуьххьара ша дечиг пондар локхуш вайн Даймохк хестош аьлла долу илли. И илли Рашидов Шаид стихаш т1ехь яздина дара 1илман «Даймохк ахь суна ницкъ лолахь». Х1инца а и илли хеза вайна Дагаев Вали да д1аолуш.
Доца хили Салманов 1илманан дахар, къона волуш д1аваха иза дуьненчуьра. Цуьнан иллеш цкъа а к1ордор дац вайн халкъана