Нохчийн поэт Сатуев Хьусейн вина 1939 – чу шеран апрель беттан 11 – чу дийнахь 1алхан – Юртахь. Шеен заманхойн массеран а санна, бераллин а, кхиазхочун а шераш Кхазахстанехь чекхдевлира. Ма дара аьлча – м, бералла хила а ца хилира. Даймахка ц1адирзинчул т1аьхьа, шайн юьртахь чекхъяьккхира юккъера школа. 1958 – 63 –чуй шерашкахь дийшира Нохч – Г1алг1айн пачхьалкхан хьехархойн институтехь. Эскарехь г1уллакхдарна, цьа к1езиг ханна Нохч – г1алг1айн яздархойн Союзехь литконсультанатан балхана юкъаравалар доцург, хьехархочун болх беш чекхвелира Хьусейн Сатуев. Цунна деза а, доккха а хетара шена дика хууш болу нохчийн мотт къоначаьрна марзбар а, бовзийтар а.
Поэтан дуьххьарлера стихаш зорбане евлла 1959 – чу шарахь Хьалха – Мартан районан — «Ленинан Байракх» а, республикан – «Ленинан некъ» а газетийн, «Орга» альманах аг1онаш т1ехь. 1967 — чу шарахь поэзиезархошка кхечира Сатуев Хьусайнан стихийн хьалхара гулар «Лаьмнийн бер». Х1етахь дуьйна нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь стихийн, поэмин 10 сов книгаш арахецна поэта: «Сахуьлу седа»(1969), «Ненан мукъамаш»(1971), «Дайн байракх»(1975), «Йист йоцу аре»(1978), «Хазалла йовзар»(1984), «Дахаран аббат»(1988), «Чов йина илли»(1991).
1995 – чу ш., хала цамгар текхначул т1аьхьа, кхалхар хилира Сатуев Хьусейнан., амма яха йисна цуьнан поэзии, нохчийн литературан исторехь шен меттиг д1алоцуш ю цуьнан ц1е.