Ахматова Раиса — Нохчалла.com — Чечня, чеченцы, обычаи, традиции, история и многое другое
Биографии на чеченском языке

Ахматова Раиса

 

Нохчийн халкъан поэтесса Ахматова Раиса йина 1928-чу, шарахь 30 декабрехь СоьлжаГ1алахь къинхьегамхочун боккхачу доьзалехь. Р. Ахматова дика евзара вайн махкахь а, дозанал арахьа а.

Стихаш язъян йолаелла СоьлжаГ1аларчу хьехархойн у училищехь доьшуш йолуш. Цуьнан байтийн хьалхара « Хьоме республика» гулар араелира 1958-чу шарахь. Х1етахь дуьйна нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь 30 сов стихийн гулар зорбане яьлла поэтессин ( «Дикалла», « Сан седа», «Цхьанакхетар», «Откровение», « Лунной тропою»,   " "Поющая чинара», «Шовданан йистехь». Ахматова Раиса кхоллараллехь йоккха меттиг д1алоцуш ю вайнехан зударийн дахаррий, ойланашший, сатийсамашший гайтаран тема. Иза нохчийн зударех дуьххьара яра зударшна ламанхошна орцахъяьлларг. Къаьсттина дагах хьакхалуш бу цо шен дукхах йолчу произведенешкахула  чекхбоккачу  Даймахке, нене болу безам.

Р. Ахматовас жигара дакъалоцура республикан а, юкъараллин а дахарехь. Иза дуккха а шерашкахь Нохч – Г1алг1айн яздархойн Союзан правленин председатель а, Нохч – Г1ал1айн АССР – н Лакхарчу Советан председатель а лаьттира. 1992-чу шарахь дуьйна вайца йоцуш ю Раиса, амма вайца ю цуьнан сирла поэзи

2 комментария

Оставить комментарий