Вина 1938 шарахь – Веданахь. Иза поэт, драматург ву. Царех цхьаерш («Бале ваьлла нуц», «Пелхьонаш»).Цуьнан стихаш т1ехь даьхна халкъо дезаш т1еэцна дуккха иллеш ду: « Сан хьоме Нохчийчоь», «Сом хьан варий, Нохчийчоь», «Сийна б1аьсте», «Хьо къаьхьа ловзар», кхиерш композитора Даудов Рамзан, И. Мусхабовс мукъамаш даьхна Темирбулатова Сиржана, Межидов Сахьаба, кхечара д1аолуш долу.
Цуьнан цхьайолу стихаш нохчийн назманийн, узамийн кепехь язийна ю Са1идан. Уггаре евзаш йолчех ю цуьнан Темирбулатова Сиржана мукъамаш баьхна д1аолуш долу « Алаза дош», «Сан илли», Суна хьо еза», «Лулахо» ,«Сийна б1аьсте».
Газаев Са1ид 60 –чу шерашкахь вайн литературе баьхкинчу поэтийн тобанах ву. 1961 ш. евлира зорбанехь арайийлира цуьнан чулацаме, васте стихотворении. 1969 ш. Нохч – г1алг1айн книжни издательствас арахийцира поэтан дуьххьарлера сборник – «1уьйре». Цул т1аьхьа диъ шо даьлча, «Б1аьстенан г1ар» ц1е а йолуш, кхин цьа книжка а ели цуьнан ара, 1981 ш. «Хазахетар» ц1е йолу сборник.
Гацаев Са1ид дуккха а жанрашкахь яздеш ву, лирикин стихашна т1ера баснийн, пьесийн биста кхаччалч.
Цуьнан дешнаш т1ехь яздина дукха хаза иллеш ду. Уьш ду: «Лулахо», «Къонахашка», «Сан эшарш», «Мехкаршка» кхин дукха а.
Уьш йоккхачу говзаллица д1алокху Ульбиев Хизира, Темирбулатова Сиржана, Мусхабов Исмаь1ала.
аш и вин шо нис яз йина а велшо нис ца яз йина и велшо хар ду 2013