Вина 1951 – чу шеран 29 – чу октябрехь Казахстанитехь. 1970 – чу ш. юккъера школа чекх а яьккхина, Кубанан лоьрийн институтехь 5 – чу курсе валлалц доьшу цо, амма лоьрийннговзалла шеен пох1ма долуш говзалла йоций хиъча, цо дуьту шеен дешар. 1980 – 86 шш. Доьшу Нохч – Г1алг1айн республикан университетехь.
Ибрагимов Лемин тидамашкахь, ойланашкахь дахаран тидам а, кхетам а бу. Х1ора а жима дийцар цхьалхадаьккхича, вайн ган таро хир ю вешан синкъелла. Автор вайн литературе шеен дахаран хьесапца, тидамашца вог1уш ву. Иза керла ду вайн литературехь. Дукха афоризмаш ю цо язъина. Цо аьтто бо мотт кхиорна.
Иштта эшаршна, иллешна хаза дешнаш яздина Ибрагимов Лемас, «Зиэрийн тидарш», «Куц – аларш».
2005 ш. араяьллачу гулар юкъаяхна И.Лемин хаьржина ирташ, афоризмаш, стихаш. Авторан кхоллараллин коьрта 1алашо – нохчийн литературан лехамаш дуьненаюкъарчу литературан лехамаш гергабигар.
Ибрагимов Лемин дешнаш т1ехь язъина ю: «Ца оьшу», «Д1айоьду зама» ц1е йолу эшарш.