Магомедов Султан — Нохчалла.com — Чечня, чеченцы, обычаи, традиции, история и многое другое
Биографии на чеченском языке

Магомедов Султан

 

Вина 1937-чу шарахь  Курчала  эвлахь, моллин  Дути  доьзалехь. Шайн юьртахь  ц1еяххана  хаза  аз долуш, йоккхачу говзанца  назманаш  олуш  хилла мола  Дута. Султана  шеен  дегара   кхаьчна  корматалла  яра  цуьнан  декаш долу  ц1ена  аз.

1944шарахь 7 шо долуш  вара  Султан  вайн  нойчийн  къам шайн Даймахках  даьккхинчу  хенахь. Церан  доьзал  Киргизе  кхечира. Цул  т1аьхьа 4 шо даьлчи  бен  ца  вахара  жима  к1ант  школе, цигахь  дешна  ваьлча  дуккха белхаш  хийцира  Магомедова  Султана. Ша  болх  бечу  мета  исбаьхьаллин самодеятельностехь  дакъа  лоцура  цо.      

1957-чу шарахь  шайн  хьомен  махка  ц1авирзича,  к1еззигчу  хана юьртачу  клубехь   болх  бира  цо, цул  т1аьхьа  филармоне  кхечира  болх  бан. Шен  ц1енчу  хазчу  озаца  массо а цецваьккхира  Султана. Иштта  болийра  цо шен  сцени  т1ехь  къинхьегаман  некъ. Кхолладелира  хаза  иллеш , царех;    «Кавказан 1уьйре», «Хьоме  Кавказ», «Угаре а хаза зезаг», «Винчу лаьмнашкахь», «Жа1уна  илли», царех  цхьадерш  Айдамиров  Абузаран  Шах1идан  дешнаш  т1ехь  яздина  ду.

1964-чу шарах  дуьххьарлерачу  музыкальни  фестивалехь  дакъа  лацарна, цигахь  шайн  иллиалархочун  говзалла  гайтарна «Хьакъ волу артист» аьлла  ц1е  туьллу. Магомадов  Султан  къона  волуш  хедира  цуьнан  дахар,  йоккха  лар  йитина  оцу  башхачу  иллиалархочо  дуьненчохь:  хаза  аз, иллеш, цкъа  а  йицлур  йоцу  ц1е.                                                                           

Магомадов  Султан  кхелхина  1978-чу  шарахь

Оставить комментарий