Озиева Маьлх – Аьзни йина 1958ш. 1976-чу шарахь республикански культурно – серлонан училище еара иза. Шена бевзинчу керлачу доттаг1ашца самугане д1адехьира Маьлх – Аьзнис дешаран шераш. Хиира дуккха а керланиг,шарделира аз. 1елира адамашца болх бан. 1978-чу шарахь училищехь дешна яльча, Ножин – Юьртан районни Культуран ц1ийнехь боккхочу лаамца д1аболийра ю болх. Амма цуьнан даго дерриге а шеен дахар искусствона д1адалар лоьхура.
Цундела Эдисултанов Шит1ас филармонехь халкъан барта кхоллараллин ансабль вовшахтухийла хиъча, цунна юкъасара Озиева Маьлх – Аьзни. Цуьнан репертуарехь тайп – тайпана дуккха а эшараш яра. Цуьнан озаца йог1уш йолу эшарш хоржуш, 1амош, репертуар х1оттош, цунна даима а доккха г1о дора куьйгалхочо Эдисултанов Шт1ас. Озиева Маьлх – Аьзни репертуарехь яра дуккха а хаза эшарш: « 1ехаелла со», « Везачуьнга», « Ницкъ бац сан хьо херван» ц1е йолу Эдисултанов Шит1ас, Халидов Румана мукъамаш баьхна эшараш
Дал геч дойл Маьл- Аьзнин. Ее голос,ее песни это просто прелесть. С таким глубоким смыслом ,аж за душу берет. По не воле слезы текут у меня когда я слушаю ее песни.
Оьзда йо1 яра Маьлх-Аьзни. Масехазза хилла со вайн филармонехь цуьнан башхачу озе ладоьг1уш ца к1ордош, цу хенахь Шит1ин ансамблехь яр-кх иза. Ма товра-кх цуьнан озехь вай халкъан мукъамаш. К1езиг хан яккха еана хиллера-кх дависарг.Дала декъал йойла иза. Nakh.
почему не все песни Маьлх-Аьзни можно найти?разве сложно составить сборники на всех певцов старшего поколения?