Сулаев Мохмад Абуевич вина 1920 шарахь, сентябрь беттан 20 – чу дийнахь Г1ойт1ахь. Деша ваххалц йолу белаллин хан цигахь яьккхина цо. Цул т1аьхьа Грозный г1аларчу 16 школехь 1928 –чу шарахь долийна дешар цо д1ахьо 1алхан – Юьратахь хиллачу юьхьанцарчу опорни школехь а. Иза 1933 шарахь чекхяьккхича, Сулаев Мохьмад деша вахара Баку г1ала. Цигах педагогически рабфакехь дешна ваьлча, цо 1941 шарахь чекхйоккху Бакура медицински институт. Оцу хенахь дуьйна схьа лоьралла а, литературни болх а цхьана д1акхоьхьу цо.
Сулаев Мохмада дуьххьара шеен байташ язъян йолийра 1935 шарахь. ша Бакухь доьшуш волчу хенахь «Нохчийн йиш» ц1е йолу фольклорах тарйина стих язъярца.
1958 шарахь, «Безаман эшарш» ц1е а йолуш, керла поэтически сборник арайаларца д1аболабо цуьнан кхоллараллин шолг1ак мур. Цо арахоьцу поэзин а, прозин а книжкаш: «Велларг денвар» (дийцарш 1959 шо); «Даймехкан з1аьнарш» (стихаш 1961 шо)…
Сулаев Мохьмад стихашкахь денло исбаьхьчу Кавказан, вайн мехкан диц ца лун 1аламан сурташ.
Кестта, цхьаъ вукхунна т1аьххье, арайовлура цуьнан поэзин керла сборникаш: «Дагчуьра суьйнаш» (1968 шо), «Йоврйоцу ц1е» (1970 шо), «Бакъдерг» (1973 шо), «Акхтарг», «Гила» дукха кхиерш.
Цуьнан дешнаш т1ехь яздина иллеш вайн халкъо чйог1а дезаш т1еоьцу, царех ду: «Угаре а хаза зезаг», «Г1ан», «Хьо яре хьоьжу», «Къаьхьа кад»…
Сулаев Мохьмадан поэзин чулацаме хьаьвсинчул т1аьхьа, цуьнан поэтически говзаллин а тидам бан даьлча, гучудолу цуьнан хьоста нохчийн ширачу поэзехь хилар. Олуш ду, поэтан говзаллин хьехархой муьлш бу, хаа лаахь – уьш лаха цунна угаре а безачу поэташлахь
Спасибо но есть ошибки
да исправь
Много ошибок_но спасибо вы мне очень помогли
Моьттар ду шу цхьа ч1оха хьекъал долуш ду Много ошибок тов….
Им нис элар ахь.
ошибкиииии
Ас ахи ах ца язин цу юкъар хьа
Шайн и ошибк гинехь молча исправить дайнш хо коментш чу ца язош
шейн и санна язлой хьовсийш цулле
Скажите, пожалуйста, в Элита Магомедовна Сулаева, 1954 г.р, ученый-физик, — это дочь уважаемого Магомеда Абуевича? Нигде не нахожу информации и его семье — родителях, детях…