Хиъна хьуна — Нохчалла.com — Чечня, чеченцы, обычаи, традиции, история и многое другое
Адам Ахматукаев

Хиъна хьуна

ЧIегIардигийн каде хьийзар денна
«Чудерзаре» кхаьчна дели эххар.
Аьзнех хьалабуьзи церан бен а,
Беро санна, хьан тхов-кIело бехъеш.

Ахь хьайн бIаьрг ца боккху царна тIера,
Iехо гIерташ ворхIе дех а дахнарг:
Зама хиллий хиъна хьуна, беро
Даий-малий бен ца доьхуш, яхнарг.

 

Адам Ахматукаев

2 комментария

Оставить комментарий