Бераллин шерашна аьхна
Хиллачу туьйранех юьйлуш,
Цхьа дажал вуссур ву баьхна
Зама сан гIенаш чу юьйлу.
Вайна цо кечбина бохам
Кхаж бу те йилбазийн баьлла?!
Синошна и далатохар
ХIинцале бале ма даьлла.
Са кIезга хиларна доцуш,
Са хьаьшна хиларна дуй и-м.
Бакъ-харцций, цецах чекх лоцуш,
Узуш дац я дош, я дуй а.
МозгIарна вайгахь ган тайннарг
АллахIан цIарах а баьрчче
Даккхалуш хилар а вайна
Хезна а, гина а даьлча,
Вай хIунда сихло те теша
ЦIуьхIарийн суьпачу кхаьънех?
Цундела дазлуш ду теша
Сан гIенийн дастаза маьIна?
Дуьненан букъ хьоьшу эрчо
Тидахь а дажалан цIарца,
Къинош-м ду вайна тIехьерчош,
Марз а деш АллахIан цIарца.
Адам Ахматукаев