«Дела воцург накъост воцуш»
пьеса юьккъера гимн
И Дела ша воцуг, накъост ца хиллачахь
Нохчаллех ца духуш, дирзи вай ц1а.
Дуьненчохь уггаре собаре лаьмнашкахь
Дехар вай ирсах ца хьоьгуш кхи цкъа.
Харцоно 1адийна лаьттина латта
Сагатдеш, дилхина шовданийн хиш
Шу-м х1инца, тхо санна, даккхийдеш, лаьтта
Гурдаций шуна – м тхан б1аьргаш чохь хиш.
Даккхийдеш чукъерза стиглара седарчий
Ирс 1енош, чукхетта и дашо малх.
Ца гиний шуна – м тхо горъэгна цкъа а.
Ца гиний шуна – м тхо къарделла цкъа.
Собарца, хьекъалца, эхь – ийман дебийна
Дехар вай Нохчаллех ца духуш цкъа.
Йилбазан букъ бойна, бакъо а толийна
Дехар вай ца хедаш вайн махках цкъа.
И Дела ша воцуг, накъост ца хиллачахь
Нохчаллех ца духуш, дирзи вай ц1а.
Дуьненчохь уггаре собаре лаьмнашкахь
Дехар вай ирсах ца хьоьгуш кхи цкъа.