Кху лаьттан т1ехь лела со
К1ад а велла лела
Дуьненан къийсамо
Хала ди са де1ар
Маьлхан з1аьнарш
Яйъина бодано
Дай баьхна латта
Х1аллак дина т1амо
Ц1е летта безамах
Чим а вайна бисна
Вайн хиллачу г1аланах
Г1амарш вайна йисна
Вайн хилла машарах
Горгам йина яйъина
Т1ом лаьтта б1е шарахь
Адамаш дайина
Дай-наной белха беш
Берийн са долу
Ц1ий чохь вай керча деш
Мостаг1 т1е вог1у
Вай къинойх ц1ан делла
Далла бу хастам
Вайна юкъахь цхьа барт хилла
Вай ма-дац къастор
Вайн ярташкахь йог1ур ю
Аьхкенан йовхо
Къинхетам Делера
Бахьар бу дог1ано
Дай баьхна лаьттан т1ехь
Хир ду вайн дахар
Таханлера баланца
Ца лаьа суна ваха
05.06.03
Шамиль Арбиев
Ma xaza bayt du i… Doq barkal du har yazyin vol Şamilin
суперр