Аш ма баха соьга, ирс ду дахар — Нохчалла.com — Чечня, чеченцы, обычаи, традиции, история и многое другое
Яндарбиев Зелимхан

Аш ма баха соьга, ирс ду дахар

Аш ма баха соьга, ирс ду дахар,
Аш ма баха, дахар хаза ду…
Ас а мелла цуьнан мерза чаг1ар,
Ойла 1ехаяллал, дог г1аддаххал,
Сан иллеш а оцу ирсах ду.

Аш ма баха, бала бу вайн дахар,
Ма баха, и къиза 1азап ду…
Валар ирс а хеташ, дезна ваха,
Ирс хетташехь валар, дезна ваха, —
Оцу ирсах а сан иллеш ду.

 

З. Яндарбиев

Оставить комментарий