Шун — Нохчалла.com — Чечня, чеченцы, обычаи, традиции, история и многое другое
Обычаи и традиции

Шун

shun

Муьлхха а юкъара кеп талхор зударша даима а экама хIума дой тIелоцучарах ду. Тахана вайна юккъехь долчу кIезиг-мезигчу хIуманах цхьа доккха бахьана а дой, шайлахь дийца доладой, вовшашна кхиссарш-Iиттарш ян зударий буьйлабелча, «ванах, ма доккха хIума деана-кх кхарна юккъе, — олий вуьсу. ДIа тIаьхьакхиъча, механ тай диллал а бахьана а ца хуьлу цуьнан. Амма гIуллакх цхьана кепе дерзийча, вовшашна ечу восах уьш кхеташ хилча, яппарш ян царна бахьана дуьсур дацара аьлла хетало.

Таханлерачу дийнахь шун тIоттон, иза кечдан масийтта кеп хаа езаш хьал нисделла вайна. Iарбойн, нагахь, кепехь елахь, Iарбойн хила еза иза; шведийн елахь – шведийн; японийниг – японийниг, а вайниг елахь – нохчийниг хила езаш ю иза. Дуьйцург тIерачу кхачанах лаьцна дац, юьйцург шун дIадахьаран кеп ю.
Вай тIелаьцна яьллачех лара мегар ду аьлла хета суна, оьрсашкахула вайна юккъехь яьржина йолу Европан къаьмнийн кеп. Урс-Iайг аьтто агIор диллар, мIара хьалхарчу бошхепана аьрру агIор биллар.

Вайна, къаьсттина зударшна, дицделла догIу, хьеший чу ма-кхеччинехь салам-маршалла а хаьттина, юьхь-куьг йилина уьш паргIат бевлича: «цкъачунна са теде, яахIума хIинцца йина йолуьйтур ю», — аьлла, царна хьалха хий, туьхий, шозза-кхузза кхаллал хIумий йилла езаш хилар. Цара некъахь мел хан текхна, уьш кхачанах кхетаза мел хан яьлла ма ца хаьа. Зударий, шун наноша, ненан наноша лелийначех а, Дала кхоьллина цхьа а тайпана шуна тIе эхь догIун долчех а дац шуна иза. Цхьана Iовдало: «хIара-м дера, хIокху коржамашца дуза а дина, вайга яахIума ца яийта ма йоллу», — аьллехь, иза кхоччуш мацвелла ца хилла. «Мацвеллачо мазца юу», — олуш ду вайн. Иза эрна аьлла ма дац. Мацвеллачуьнан собар кхачон ца гIерташ, йолуш ерг хьалха йилла, дукха дахарш. Ша стаг волчо, цу нIаьвлас санна, шуна бехк буьллур бац, стаг воцчо биллинарг шух летар а бац. Меца верг, йовханиг, мерзаниг тIекхаччалц, шен са тедина юха хир ву. Цхьамма забар йо ша бохуш, бохучух терра цхьа доьхнарг а кхуссий, вай дузон гIерташ ю хIусамнана, цIена а, хазачу а гIиллакхах херадоху вай. И тайпа хIуманаш вайна юккъе дукха даьржина. Масала, цхьана туьнталго: «эхьал кхакха тоьлу» алар тахана вайн къоман коьрта гIиллакх хилла дIахIоьттина. Леррина тIаьхьа а ваьлла, талламца дуьне доладелчахьана вайна юккъехь иза иштта хилла ма дара», — бохуш, иттех стаг къийсавелла ца Iа соьца.

«Чу нах богIур бу аьлла шайга доьзалан дас, хьалххе хаам ца бинера, юьхьIаьржа хIиттийна цо шаьш», — бохуш, безбеш дукхе-дукха хIусамнаной гина суна. Сан йижарий, дукха дахарш, царах тIаккха чу кхайкхина нах хуьлу, иза кхин ма ду. Нохчийн воддца шуна тIехь дерг – доггаха чу вогIург тIелацар а, йолуш йолчух тоам а бина, ерг хьалха йиллар ду-кх. Важадерг цIинадена тIе ма дужу! Вайн дайшкара схьадогIучо шуна тIедожийна дукъ – елаелла-екхаелла, чувеанчунна юха а чу ван догдогIун долччу кепара лелар ма ду. ГайтIингаран гIуллакх хьалхадаьккхина леларг чу цалестор бен молха дац. Шена хьалхара хьаьвда лах ма-деллинехь, иза ша а соцур ву.

Эрначу хабарех ду, нохчашна хьалха урс-мIара хIун ю хууш ца хилла, бохурш. И дерриге а каг ца до ткъа, йоIах муха цIеннана хир ю хаархьама, цо текх цIена лелоре а, кIентан цесте (оьрсаша подкинжальный ножик олу цунах) хьожуш а хиллехь. Куьйгашца хIума яа вай Шемалан халчу заманахь бен дуьйладелла дац. Иза бакъдеш ду вайна юккъера цхьацца долу кхин хIуманаш а. Масала, цастар доккхуш юу хIума тIомехьара йолош ю, хорбаз хуьлда иза, я паста. Наьрс, сийна хох, саьрмасекх шегахьа зIуьдиг йолуш берзийна бац аьлла, шаьш цуна хьоьггушехь, царах ца кхеташ шун тIера хьалагIевттина нах суна хIинца а бевзаш бу. Бепиг охьадилларан а ю шен цхьа нисйина кеп, дилла дезачу кепара дерзийна дацахь, ша мел меца хиларх иза схьаоьцур дац оьздачу стага. Цастаран букъ болу агIо стагана тIе а ерзайой дуьллу бепиг охьа (иралла кхетта агIо кIел йохуьйтуш). Хьахийначара а, хьахоза дисанчара а гойту шуьне хаар а, цигахь лела ма-везза лелар а, доккха маьIна долуш хилла хилар.

Iайг, мIара, урс муха лаца деза догIу бохучунна гонах хезаш дукха къамелаш ду. Нагахь уллехь волчунна цунах новкъарло ца хилахь, хьайна аьтто болччу агIор лаца эр дара ас.
КIезиг лелаш дац чай доттарца, даарца, маларца доьзна хабарш а. Иза вайна юккъедаьлла дукха хан яцахь а, цуьнца доьзна а цхьацца некъаш хIиттина. Масала, бошхепана чохь тIуналла йолуш чай далар, хIусамнена оьзда цахилар лоруш меттигаш нисъелла соьца. Хiунда аьлча, стака схьаоьцуш, цу тIера бошхепа тIадамаш оьгу. Шуьнехь нисвеллачуьнан оьздангалла лахара хилар гойту, бошхепа чохь чай дисаро. ХIунда аьлча, пхьегIаш дIахьош хIусамнанас, гонах хьийзачу кхечо, иза шена тIеIано мега.
Шунна гонах дIанисдалар кхочушдан хала гIуллакх хуьлий дIахIутту вайлахь. Хьалха вай бийцинчу, лара безаш болчу наха, вовшашца йохье бийларца охьаховша ца туьгуш, цхьа сахьт хан йойу. Цул а оьшуш дерг, шайна хьалха кхача биллича, охьахевшинчара вовшашна хьалха бошхепаш дIасатеттар ду. Нагахь гонаха хьийзачеран хIоранна а хьалха яахIума йилла аьтто боцуш меттиг нисъелча, лахара дуьйна вовшийн кар-кара луш, стоьлан баьрчехьа дIакхачайо яахIума. Кхача хьалхий-тIаьхьий охьабилларан рагI иштта хила еза: тхьамда, тхьамдина аьтту агIор волчунна, тIаккха аьрру агIор Iаьчунна, и.кх.дI. а, цхьана эшшара дехьа-сехьа кховдош, юьххье кхаччалц. Кхача деза хIума ду, иза дIаса теттар мегачарех ца лерина. Кхача «Ахьмадана» я «Мохьмадана» хьалха буьллуш бац, иза меттигана буьллуш бу.Ткъа цига милла а нисвала тарло. Ишттачу метте стаг кхаьчча, вай массо а хьалалелхий, шен-шен меттиг цунна яла гIурту. ТIевеънарг гIараваьлла Турпал-Iела велахь а, паргIат йолчу меттиге охьа а хиъна кхачанах кхета везаш ву иза. Вайн хьал муха нисло аьлча, рузбанан ламазана нах дIанисбелла бохкучу хенахь, цхьана хьенеха чу а вогIий, массо а дIасатоьттуш, шен «дех» йисинчу меттиге кхача гIерташ, Далла гIуллакх дан баьхкинчара нисдина могIанаш хедош, нах ламазана юкъара бохуш меттигаш нисло. Ишттаниг кест-кеста ган тарло шуьнан гонах а. Вайна ма-хаъара, хьалхарчу могIане хIоьттина дича а, тIаьхьарчу могIане хIоьттина дича а, даггара ойла Далла тIе а яхийтина дичхьана, ламаз ша кхача дезачу дIакхочур ду.

Тахана шуьне нисвеллачунна Iаламат хала ду, кху чохь «хьаша мила ву, юьртахо мила ву», бохург къасто. ХIунда аьлча, тхьамдина уллера меттиг еза хеташ, цига гулбала лууш хуьлу цхьаберш. Ишттаниг ца нисдалийтархьама шуьна гонах нах охьаховшаран кеп йовза еза. Цунах къамел лакхахь доцца хьахаделлехь а, кхин цкъа карла ца даьккхича дер дац: тхьамдина аьрру агIорхьа хийр-хийраниг хьалха а хаош, дIанисбо хьеший. Тхьамдина аьрру агIор ховшораш юьртара, лула-кертара нах бу. ТIаккха чоьхьаваьллачунна хеттарш дан ца оьшуш, бIаьрг ма-туьйххи хаьа ша ала дезарг, дан дезарг, муьлххачу а кепан хьалхара Iалашо и ма ю. ХIусамда, нагахь охьалахлахь а, неIсагIехь дIатарло.
Нагахь санна шуьна гонаха хIусамден ненахой, дехой цхьаьна нисбеллехь, хьалхарниш аьтту агIор ховшош ду, аьрру агIо тайпана болчарна йогIуш ю. Ненаваша, деваша ву тхьамдина аьтту, аьрру агIонаш дIалоцурш. Цигара дIа гергарло лахдаларе хьаьжжина дIатарло.

Чоь готта хилар бахьанехь, я гулбелларш дукха хиларна, тIейохьург хьалха йилла аьтто боцуш нисло шуьнна гонаха хьийзачу кегийрхошна. Цу хьолехь, схьаеънарг стоьлана лаха маьIIе охьахIоттайо. Цигара дIа хевшина Iачара, лакхахь ма-аллара, кар-кара кховдош тхьамда волчухьа дIахьо.
Юург-мерг хьалха йиллар-дIаэцар а ду шен кеп йолуш, кегийрхошна стоьла гонаха хьовза аьтто болуш хьал нисделча. Аьтту агIорхула бен охьа йилла йиш яц юург, яссаелла пхьегIа аьрру агIора дIаоьцу. Иза а Тарамца-Хьарамца доьзна ду (цхьацца долчу къаьмнийн иза кеп нийсса бIостанехьа ю)..
Шуьне хиъначунна тIехь цхьа декхар дац аьлла хеташ берш кIезиг ца хаабелла суна. Яар, малар, шайна дага, бага а деънарг лелор доцург, важадерг дерриге а хIусамна кочахь ду моьтту царна. Иза дац данне а бакъ. Шуьне веанчо лелон дезарш, цунна хаа дезарш дукхе-дукха ду. Уьш шадерш а вай дийцина девр дац. Амма коьртачарах цхьацца хьахор ду.
Хьалхарниг – шена уллехь нисвеллачунна цхьана а кепара новкъарло ца яр; хIусаман дайшна а, чохь гулбеллачарна а товр доцург шех ца далийтар; чухула дIаса бIаьргаш ца къерзор; бIаьрг тIехIоьт-хIоьттинчу хIуманна тIекхача гIерташ, шунна тIехула тIаьрзенаш дIаса ца хьийзор; дуьйцург-олург хезачуьра а ваьлла, нойна чуиккхина мацйина херси санна, юучунна-молучунна голаш хьала бина чу ца валар; цкъа цхьанна, тIаккха вукхунна лере оьхуш шабарш ца дар; ша бохучунна, дуьйцучунна массеран а тидам тIебахийта гIерташ вист хуьлучу хенахь мохь ца бетта.., мел дийца а дукха ду-кх и лелон мегар доцурш.

Сутарчу стагана (зудчунна), аьр вай бепиган цастар, шена хьалхарниг лулахочунчул а мелла а эшна хеташ схьадогIуш ду дуьне доладелчахьана а. Цундела иза даиманна а лулахочунна хьалха кхийда.
Оьзда стаг шуьна тIехь гуш хуьлу: дагалаца Паскевичан шуьнехь Тайми Бийболатах А.С.Пушкина бина тидам. Оьзда стаг цхьана а хIуманна тIехь нахал къаста гIерташ ца хуьлу. Юучунна-молучунна чуваьлла ца хуьлу, хабарца тIех цаволу. «Цо яа юий-те хIума?» — боху ойла кхоллайолуьйту цо шех. Амма кхачанах цакхеташ юхаваьлла а ца гойту цо ша. «Ванах, къамеле ладугIуш ван мукъане а вуй-те хIара», — олий хоьтуьйту. Амма динчу хаттарна дала нийса жоп хуьлу цуьнан. Букар вахана бошхепахь воллуш гур вац иза, амма хьокха боьгIна шайтIа санна, вогIавелла Iаш а хир вац.
Таханлерачу дийнахь ган тарлучух сурт хIоттор вай. Тайнигийн цIелиг санна кечйина йолчу хIусаме кхойкху стаг. Механа деза, варкъ даьккхина барзакъ а духий, мухха хаийтина а цуьнан мах хаийта гIерташ, чухула хьийза йолало Байсари. Механа дукхе-дукха еза пхьегIаш ша охьайохкуш, уьш Пилкъар паччахь волчуьра дукха хала, дуьненан даьхни ца кхоош еъна хилар хаийта кхуьу иза. Чувеанчо дIасахьаьвззинчохь царех цхьаъ охьатохарх кхерарна син-пIилдиго хорам бо цунна.
Сакъера, самукъадаккха вуьгу олий, чу а вуьгий, шайн бахам-тароне хьожуьйту цхьаццаволчо. Ишттачуьра стаг: «Дала ларвойла-кх со юха кхуза кхачарх», — ша-шега а бохуш, ара-м сиха эккха. Иштаниг нислуш ду вайна.

Веза лоруш волу хьаша тIевоьссича, уьстагI ара а озабой, цуьнгара пурба даьккхинчул тIаьхьа, уьстагIна урс хьокхий – корта, накха, аьтту пханар (уьстагI дума болуш хиллехь – дума а) цунна хьалха буьллуш ду. Хьешана хьалха йилла езарг хIун ю-м массарна а бохург санна, хууш дара. Амма уьш шена хьалха дехкича, царех дезар муха дан деза хууш стаг кIезиг нисло.
Коьртан аьтту агIор бIаьрг болччуьра, мочхалх йоккхий цетуху, аьтту бIаьрг-лерган юьхьигах а, меттан буьхьигах а хIума йоккху. Нагахь санна цу юьртахь лоруш стаг велахь, юьртахь махкана везаш-вевзаш стаг а волуш, кху пхьорах веттаваллал веза ца хета ша-шена, — олий.
Нагахь санна хьаша пханарх тасавеллачул тIаьхьа, цо иза ца дууш дитар, новкъа даккха дIадилла бохург ду.
Вай-м хьовха, кавказхойн а вон лоруш ду, коьртаца мочхал далар. Аьрру пханар а дац шуьнчу дуьллучех.

(с) Саид-Магомед Хасиев для Нохчалла.com

Оставить комментарий