Обычаи и традиции

Пхьоьг1а — пхьанан кхеташо

b1ov

Эвла (аил), юрт (юрта), — уьш тюркийн дешнаш ду. Вайнехан ширачу маттахь лелаш долу дош – пхьа хила. Коьртачу пхьан ц1е – туш хила. Цундела ю урартин коьрта шахьар – Тушпа. «Пхьоьг1а» боху дош – «пхьа» бохучух схьадаьлла ду, ма-дарра ца хуучара шайна хетарг дийцахь а.
Пхьа юьккъехь х1уттуш хила пхьоьха (пхьоьг1а). Пхьоьг1ана эладиттанаш дийца х1уьттуш ца хила, мил-мила а юьккъе вуьтуш а ца хила. Пхьоьг1ана бовла бакъо ерш – шайца Нохчалла долу оьзда нах хила. Цара цигахь шайн туьшехь дан дезарш дуьйцуш хила. Уггаре а коьртанеш – Мехкан кхеташоне дохкуш хила.

Деш-дуьтуш а доцуш, миччанхьра а схьабаьхкина, вовшахкхетта, массо а тайпа хабарш дуьцуш лаьтта нах – иза Пхьоьг1а яц, цуьнах туьллагийн тоба олуш хила.
Россехь хилла муьжгийн г1овттам къобалбеш, тобанашка гуллуш хила нах а – туьллагийн тобанаш хила. Дукха хан йоццуш жуьгташа 1ехийна, митингашкахь вовшахбеттабелла нах а – туьллагийн табарчий хила. Йиман долчу, кхеташ болчу, шаьш кху къомана цхьа говзалла а, корматалла а гайтинчу наха вовшах а кхеташ, дагабовлар – цуьнах пхьоьг1а ала мегар ду. Кхиерш, рицкъанна т1аьхьа евлла леларш – уьш туьллагийн табарчий ю, цара мел хаздой, майра дийцахь а.

С-Хь. Нунуев, «Нохчалла» сайтна

  • http://twitter.com/OlegCar Алик

    Салам массарагаъ!
    Статья мне понравилась. Старина всегда волнует, всегда почитаема, это фундамент народа.Но есть и спорные моменты, например, Урарту. Это мифич. государство не имеет никакого отношения к чеченцам. Никакого. Это раз. Следовательно, и слово Тушпа.
    Про слово «туш» — что оно означает, точно не знаю. Но слышал такое старинное выражение «Хьайн туш т1ех д1а-э» («Сиди, пребывай на (в) своём туше»).
    Что такое «Пхьоьг1ана»? Это «Пхоь-хона», где «пхьоь» (стрела), «хона» (дом, помещение, кузница. Сравни: «чайхона»). Пхьоь-хона было местом изготовления и заточки стрел, а значит чисто мужским местом, клубом. Располагался, для удобства у входа-выхода в аул.
    И, наконец, чисто чеченское название населённого пункта, села, было…. араб. «Г1ала» (кала), Б1ав (башня), Ков (укрепление).
    Как это арабские названия могут быть чисто чеченскими? Очень просто — чеченцы и есть арабы, точнее, Курайшиты, а ещё точнее, Хашимиты, а ещё более точно — Алиды (Эли), т.е. потомки халифа-имама Али ибн Абу-Талиба, двоюродного брата и наследника пророка Мухаммада (мир им).
    Откуда я это знаю? Я знаю. это потому что обязан этого знать — я Нашхоевец.

    Ларамц, Нашхар Эла

  • Зерг

    Пхьа- поселение; ха-охрана (охрана поселения). Пхьоьг1а боху дош а, хар яздеш ду. Нийса, «пхьоха» хила диеза. Замано, алар киеп хуьйца. «Эвла» боху дош а, «1ойла» боху деш т1иера даьлл ду, Иза а, замано хийцина. «Юрт» боху дош а, «урд» боху деш т1иера ду. Лингвистик 1илманехь, гараш ду, «глоттогония», «орфоэпия» олаш. Цара гойта иза.