«Доьзал» дешан маьIна дан гIоьртича, гучудолу иза «доь» бохучу орамах хилар. «Доь» шен маьIница «хIу» дашна гергахь ду. Нохчийн маттахь иза дисна хIокху тайпанчу аларшкахь: «доь доцуш вайна», «доьза вайна». И бохург цхьа а лар а йоцуш, тIаьхьадисина цхьа цуьрриг хIума а доцуш стаг вар ду. Доьзал – и доь (хIу) хилар, доь долор ду.
Доьзал – иза боьрший, стей ши адам дино а, шен къоман Iадато а ма бохху, цхьаьна даха а, шайн тIаьхье йоло а вовшахкхетар ду. Нохчийн Iадатехь доьзал да-нана, бераш хилла ца Iа. Доьзал – иза да, нана, бераш, церан деда, денана, дейижарий, девежарий, цаьрца цхьаьна тховкIелахь, я кертахь Iаш болу чоьхьара кхин гергара нах а бу. Доьзалал шуьйра кхетам бу «цхьана цIийнан нах» бохург. Цо чулоцу цхьана дех схьабевлла шича-маьхчаллехь болу гергара нах.
Доьзал, массо а декъашхо меттахь волуш, буьззина а, я буьззина боцуш а (тIера да, я нана дIаяьлла; я ший а дIадаьлла гергарчу стага дола деш) хила тарло. Бакъду, доьзал алар нийса хир ду, нагахь цхьаьна дехачу адамийн, цIийца гергарло хилла ца Iаш, оьздангаллин мехаллех болу кхетамаш цхьатера а, вовшашна юккъехь сий-ларам а хилахь.
Доьзал кхоллар а, иза кхетош-кхиор а стагана дахарехь тIехIуьттучу зерех уггаре коьртачарах цхьаъ ду, хIунда аьлча, Дала боху Шен сийлахьчу Къуръанчохь, Ша адаме хаттам бийр болуш кхо хIума ду: адамах шех а (цо лелийнчух, дийцинчух…), цуьнан доьзалх а, цуьнан даьхнех а. Цундела шен доьзал дас, я нанас охьатасар, я кIезиг хIума бахьанехь вовшах а къаьстина, шайн берийн дахар дакъаздаккхар доккха къа ду.
Доьзал – иза шина агIор долу жоьпалла ду: ден-ненан берашна хьалха, берийн дений-нанний хьалха. Ден-ненан жоьпалла хьалххехь дIадолало, бер дуьненчу даларца. Оцу дийнахь дуьйна дIадоло дезаш ду иза кхетош-кхиор. Бераца доьзна цхьа а хIума а дац кIезиг. Цундела бен а доцуш хьежа мегар дац оцу гIуллакхе.
Бер дуьненчу даьлча, цунна цIе тиллар тIедужу дена, нагахь дийна велахь дедена а. ЦIе тилларх лаьцна цхьа стихотворени ю Дикаев Мохьмадан. Цу тIехь винчу кIантана цIераш къестош ден доттагIий бохкуш, цхьана воккхачу стага олу:
«Ма леха эрна аш
КIантана йоккха цIе,
Пхийттара валийта
Вайн керла юьртахо,
Цхьаьнгга а ца хоьттуш,
Халкъо цIе туьллур ю
Махкана цо дечу
ГIуллакхе хьаьжжина».
Бакъду иза, адаман гIуллакхашка, гIиллакхашка хьаьжжина наха цIе туьллур а ю цунна. Амма и иштта дара аьлла, цIе бен а доцуш, шена дагаеънарг, бегашийна тилла мегар дац. Ткъа и тайпа бен а доцуш цIераш тахкар нохчашна юккъехь хьалха а нислуш хилла, хIинца а нисло. Иштта ца хилча, хир ярий вайнехан хIара тайпа цIераш: ЦIога, Тапча, МаIаш?.. Ткъа тIаьххьарчу хенахь цхьацца пачхьалкхийн, къаьмнийн цIераш юкъаевлла. Цул сов, дукха яьржина кхечу пачхьалкхийн куьйгалхойн, артистийн, кхечу маттахь хилчхьана, хIун ю а ца хуу цIераш а.
Оцу дерригено а гойту вайн цхьаболчу наха стеган цIе – ша тайпа хIайкал, цуьнан дахаран коьрта маьIне хьаьрк ларар дицдина хилар. ЦIе хазйийриг стеган гIиллакхаш делахь а, цуьнца цхьаьна мелла а тIеIаткъам стеган кхолламна цуьнан цIаро а бан тарлуш ду.
Цунах кхеташ хиллачух тера ду вайн генара дай. Ширчу цIерашкахь вайна го нохчийн къоман дуьнене хьежамаш, цуьнан Iаламца болу лерамаш, цунна деза хетта гIиллакхаш, амалш. Масала, дитташца, бецашца, хишца йоьзначу цIераша (Нажа, Колла, Хьуьна, Шовда, Зезаг, Заза, и. дI. кх. а) гойту халкъан цаьрца йолу сий-лараме юкъаметтиг. Изза маьIна ду олхазарийн, акхаройн, сагалматийн цIераш адамашна тахкаран а (Леча, Хьоза, Полла, Кхокха, Дода, Барза, Лоьма, и. дI. кх. а).
Нохчийн ширчу цIерашкахь шайн маьIна атта дан йиш йоцурш а нисло: божарийнаш — Моьсаг, Аказ, Очча, КIуштани, Теса, Хьама, ГIубач, Довт, и. дI. кх. а; зударийнаш — Пера, Таху, Баху, Заху, ШайлагIаз, ГунегIаз, и. дI. кх. а.
Бусалба дин юкъадарца а, чIагIдаларца а дуккха а керла цIераш яьхкина вайнехан матта юкъа. ГIиллакх хилла дIахIоьттира берашна пайхамарийн, безчу нехан цIераш тахкар.
ТIаьххьарчу бIешерашкахь, Нохчийчоь Россин олаллина кIел яханчул тIаьхьа, алсамъевлира оьрсийн а, Европан кхечу къаьмнийн а цIераш. Нохчийн шира цIераш тахкар гIелделира. Советан Iедал вайн махкахь чIагIделлачу хенахь цу хьокъехь поэта Хасбулатов Ямлихана яздора:
Борз боху буьрса цIе
Сов кIезиг туьллу вай,
Йовш лаьтта стигларчу
Баьччин цIе — Аьрзу…
Берана цIе къаьркъанаш муьйлучохь, эрна хабарш дуьйцучохь тилла мегар дац, хIинццалц цхьаболчу нохчийн доьзалшкахь и хуьлуш ма-хиллара. ЦIе тиллар Дала оцу беран дена тIедиллина ду, цунна тIера хьакъикъат а дуьйш. Иза бер дуьненчу даьллачул тIаьхьа ворхI де даьлча деш хуьлу.
ДIаяханчу заманахь доьзалхо дуьненчу ваьлча, иштта сагIа даьккхина ца Iаш, говраш хохкуьйтуш а, ловзар деш а хилла. Берана дикалааран ловцаш (луьйцаш) беш а хилла гергарчара, хьешаша:
— Дала беркате доьзалхо войла!
— Дала дукха вахавойла!
— ВорхI вешин ваша (йиша) войла!
— Хьо вехийла Органна чо баллалц!
— Хьо вехийла цицигана маIа яллалц! — царах терра кхин а.
Бер динчул тIаьхьа масех денна я кIиранна да лечкъаш хилла, ша гергарчарна, баккхийчу нахана ца гойтуш. Оцу Iалашонца чуьра дIавоьдуш а хилла. Иза а, дуьхьал бехке стаг кхетча, шен карара бер охьа а дуьллий, нана букъ берзабой дIахIутту гIиллакх а, хетарехь, дукха генара схьадогIуш долчух тера ду. Цуьнан маьIна дан гIоьртича, ойлано адамийн зуьрет долалучу юхавуьгу. Дала бихкина болу стом биъна, Адамий, Хьавассий латийначу дуьххьарлерчу къинан иэхь дуй-те дений, нанний шайн бер бахьанехь хетарг?
И мухха делахь а, нахана хьалха шен бер хьастар, кара лацар, ура-атталла цуьнан тидам бар а гIиллакхехь дац вайнехан Iедалехь. Къаьсттина цунах ларлуш хилла да. Бакъду, беран дахарна я цуьнан могашаллина кхерам хилча, гIиллакхаш лелор тIехь дац стагана. Цигахь милла велахь а, берана (муьлххачу стагана а) орцахвала веза. Цундела С. Бадуевн цхьана дийцарехь марда хьалха ву аьлла, шен бер кIелхьара ца доккхуш, нанас гIу чу дожийтар, — иза гIиллакх дац, иза къизалла ю (и тайпа хIума-м дахарехь хир ду аьлла а ца хета, яздархочо шеггара кхоьллина ду иза).
Иза дика го нохчийн «Дадин-юрт яккхарх» долу халкъан илли дешча а:
Вай керлах балийна вайн оьзда несарий,
Марзойн цIераш ва йохуш кхойкхучу цу дийнахь…
Оцу дийнан халоно (мостагIа тIе а летта, юрт хIаллакьеш) дицдайтина гIиллакхаш, иза оьздангалла йохош а дац.
Бер кхиъна даллалц цунна мелла а «юьстах» лаьтта да. Амма иза дац дас оцу гIуллакхехь дакъалоцуш а ца хилла бохург. Берана цуо беш болу тIеIаткъам ненехула хуьлуш хилла, ткъа нанас гуттар а ден сий а, цIе а ларъеш, йовзуьйтуш, кхиош хилла бер.
Да берана массо хIуманна тIехь масал хилла. Цунна иза дукха хьолахь вевзаш хилла цуьнан гIуллакхашца а, ненан бIаьргашца а. Нохчийн гIиллакхаш чIогIа лелочу доьзалшкахь бераш дена хьалха охьаховшуш а, хIума юуш а ца хилла. Кхиъна, кога даххалц бераца ден кхин башха уьйр хуьлуш а ца хилла. Цхьана воккхачу стага дуьйцура, шен кхозлагIчу дас (кхо зуда а, цара бина доьзал а хилла цуьнан) чохь бер а долу ага арахь дIагулдинчу лайла тоьхнера бохуш, дехьачу горгам хьокхуш зудчо иза ша волчу чу хIоттийна аьлла, оьгIаз а вахна. И тайпа хIума дар-м нийса дац, делахь а оцу масало гойту, мел чIогIа ларлуш хилла вайн генара дай берашца эвхьаза хиларх.
Амма доьзал гIеххьа боккха хилча, царна ненехула тIеIаткъам бина ца Iаш, ша хьехам беш а хилла дас, къаьсттина боьршачу берашна. Цунах лаьцна яздо Бексултанов Мусас шен цхьана дийцара тIехь:
«ВорхI-бархI шо кхаьчна тхо долуш, хIаъ. Цу хенахь дуьйна схьа дуьйцура тхуна дас хабарш, тхо наьIара улло хьала а хIиттадой. Цкъацкъа вицлой, чIогIа лоьра тхоьга, шух нах хир дац, хIумма а хир яц шух бохуш. ТIаккха шен денда вуьйцура. Иштта берриш а буьйцура цо тхуна, ворхIе да а. «Къа дац ткъа цу нехан, — олура цо, — шайна вонна ала а дош ца дуьтуш чекхбевллачу, цхьа ледара тIаьхье а кхиъна хIаллакьхилча… Ду. Вайн цIе йоккхучу хенахь церан цIераш ма йовлу, хьенеха-минехан кIант олий. Беллачу нехан юьхь лара ма еза. Шен орам бовза ма беза стагана, иза мичара схьабогIу хаа ма деза. Шен гай, дегI лардича, къонаха чекхвер вара баьхна-кх хIума хуучу наха. Гай а хала ма ду. Комаьршо хила ма еза къонахчуьнца… Буй дIабостуш хила беза, хецца дIабостуш. Йоллуш чIир а ца хилча, нисдан дезаш дов ца хилча, шуна хIун хала ду нах хила. Комаьршой, гIиллаккхий шуьца хилчхьана, шу чекхдевлла-кх…».
Да гуттар а ву тхоьца ишта: оьгIазе а, хьасене а, дера а, кIеда а». (М. Бексултанов. Мархийн кIайн гIаргIулеш, Грозный, 1985).
ХIокху жимчу кийсигехь тидам тIебахийта безаш масех маьIне меттиг ю:
— дас хьехам бо берашна, «дера», «дов деш», хIунда аьлча, дай аьлла хIума беран кхетамо дIа ца лаца тарло;
— дас шен денда а, ворхIе да а хьахаво, берашна царна хьалха долу жоьпалла довзуьйтуш. Цуьнца цхьаьна дас берашна хоуьйту уьш шайна луъург лелон «маьрша» доций, царна тIехь дайн сий лардар а дуйла;
— дас билгалдоккху, шена хетарехь, стагана уггаре чIогIа оьшург: комаьршалла а, гIиллакх а. Цо иштта стагана уггаре хала ю аьлла хета киртигаш а билгалйоху (чIир, такха ца даллал доккха декхар);
— кхузахь дас шен хьехамца а, шен дай хьахорца а ша тайпа кхетаман болх бо берашца. Ткъа уьш кхетош-кхиорна тIехьажийна хилла хьалха заманахь нохчийн доьзалехь дас, нанас, дендас, денанас, кхечу баккхийчу гергарчара мел олу дош а, мел боккху ког а, мел ден гIуллакх а.
Бер жима долуш нанас олу аганан эшарш а хилла кхетош-кхиоран маьIна долуш:
Дижалахь, жиманиг,
Мерзачу набарца,
ГIатталахь, жиманиг,
КIоргачу хьекъалца.
Мерза наб кхетийла
Жимачу кIорнина.
Дуьйшуш, гIоза дийшалаш,
ГIовттуш, гIоза гIовтталаш,
Дийшалаш, дийшалаш.
Дала дахадойла шу,
И долу гIа санна,
Дала дебадойла шу.
Iаламат мехала ду ненан бераца йолу юкъаметтигаш цIена хилар. Цунах куьг тухуш «Бисмилла» доккхуш, хи тIехь долуш иза дузорах ларлуш, ламаз карахь а долуш иза некхе хьош, Къуръанан аяташ цуьнан лерехь доьшуш (къулхьанаш, ламазан сурат, масала) кхиош долу бер ийманехь а хир ду, вуочу хIонах а ларлур ду.
Цхьаболчу доьзалшкахь лелош гIиллакх ду: жимчу беран дуьххьара хедийна мIараш Къуръан юкъа йохкуш — Iеламстаг хилийта, чорха чу кхуьйсуш (йоьIан мIараш) — хIумнаш тега говза хилийта… Шайн бер хьанала къахьоьгуш, дика адам кхиийта, цуьнан дахар ирсе хилийта лаам бу дас-нанас оцу гIуллакхца гойтург. Амма бусалба дино тIедиллина хIума-м дац иза.
Бер жимма доккха хилча, нанас иза Iамош хилла массо а дикачунна, цIена лела, ялтин хама бан. «Бепиган цуьрг охьа ма дожаде, цу тIе ког ма баккха; яьгна хIума йиъча, майра хуьлу; еттинчу хьаьжкIан бух биъча, ницкъ болуш хуьлу, бохь биъча, хаза хуьлу; пхьид йиэ мегар дац, и йийча, етт ле; нуй тоха мегар дац, и тоьхча, ирс дов…», — бохуш, хьехамаш гуттар а беш хилла нанас.
Боьрша бер гIеххьа хьалакхиъча, цунна тIекхочу доккха де — сунтваран де. ХIора бусалба стеган декхар ду шен кIант ламазна кийча хилийта сунтвар. Цхьадолчу бусалба къаьмнийн — масала, Iаьрбийн — боьрша бер дина дукха хан ялале деш ду иза. Ткъа нохчийн Iадат ду и гIуллакх беран ворхI шо кхачале чекхдоккхуш. КIант сунтвечу дийнахь, уьстагI а боьй, нах а кхойкхий, мовлад а йоьшуьйтуш, мерза яахIума а йой, цунна тIера сагIа доккху.
Оцу сагIа доккхучохь гулделлачу берашна хазийта, царна пайде болу хьехамаш бо баккхийчу наха, Iеламнаха.
Беран ира хьекъал, кхетам кхиорна тIехьовсийна хилла царна Iамадо дагардарш а, тайп-тайпанчу ловзаргашкахь олу дешнаш а, хIетал-металш а. Къаьсттина берийн хьекъал кхиош хилла «Хаттар — жоп» бохучу бустамехь долчу хIетал-металша. Царах цхьаъ далор вай кхузахь:
— ДIо йоьдург хIун ю?
— Iаьржа-Iаьржа къиг ю.
— Цуьнан багахь хIун ю?
— Боча-боча бIар ду.
— И охьадожахь хIун дер?
— КIела палс лоцур.
— Палс батIахь хIун дер?
— Мехаца тоьгур.
— Маха каглахь хIун дер?
— Пхьере хоттуьйтур…
Иштта дIа, дахлой, и хаттарш-жоьпаш генна дIадоьлху. Масала, «ШайтIа къардар» бохучу берашна леринчу халкъан произведенехь ткъе ялх хаттар а, жоп а ду. Ша мел хала хаттар делча а, шена дуьхьал жоп дала хьекъал долуш кIант (я йоI) вуйла хиъча, и ца лалуш, дог а эккхий, шайтIа ле. И дешан къовсам иштта дIаболало:
— Цхьаъ хIун ду?
— Цхьана сил мерза хIун ду?
— Шиъ хIун ду?
— Шина бIаьргал сирла хIун ду?
— Кхоъ хIун ду?
— Кхо ког болу гIант хIоттийнчохь лаьтта.
— Диъ хIун ду?
— Биъ са болу гIала йоьггIинчохь лаьтта.
— Пхиъ хIун ду?
— Пхеамма вихкинарг цхьанна васта хала хир ду…
Гуш ма-хиллара, ишттачу къийсадаларша а, хIетал-металша а беран хьекъал кхиош хилла, ткъа кхечу ловзарша — тIахъаьлла хилар, ницкъ, майралла. Кхуьуш догIучу берашна къаьсттина доккха зер хилла кешнашка куй билла вахар. Цунах лаьцна дуккха а дийцарш а ду вайнехан. Куй билла воьдург кхерон кIелонаш еш меттигаш нислуш а хилла кхечу бераша. Ткъа вукхуьнан декхар — хIуъа шена дуьхьал хIоттарх, вуха ца волуш, воха ца вухуш, шен Iалашоне дIакхачар. Цхьамма охьабиллина куй схьабан воьдуш хилла кхин кIант.
Божаберашна лерина тайп-тайпана ловзарш хилла вайнехан. Ткъа цу агIор мелла а къиэн хилла зудаберийн ловзарш. Церан коьрта долчунна тайнигех ловзар хилла. Уьш дукха хьолахь нанас ша еш хилла кегийчу гIожмех, кIадин цуьргех а, тайх а пайда а оьцуш. ЙоI хIума хаъал хилчхьана чохь ден гIуллакхаш Iамош, шен хиндолчу хIусамненан дахарна кечъеш хилла нанас.
Берана мотт ма Iемми, «Бисмилла» даккха Iамош хилла. ХIума яа охьахиъча: «БисмиллахIиррохьманиррохьийм! Везандела, маьрша яийталахь, могаш лелийталахь»; йиъна ваьлча: «АлхьамдулиллахI! Дела, хьуна хастам бу!» — ала Iамош хилла. Ткъа ворхI шо кхаьчча, Элчанан — Делера салам-маршалла хуьлда цунна — хьадисо ма бохху, ламаз Iамадо берана.
Къуръан деша Iамон а доладо ийман долчу доьзалшкахь. (Бакъду, и дан аьтту кIезиг бара советан заманахь). Бусалба дин марздан, цуьнан хазалла а, йозалла а йовзийта мовлад йоьшучу, сагIа доккхучу, Iеламнаха хьехам бечу дуьгу бераш. Уьш иштта пIерасканан буса сагIийна хIума яла а дохуьйту. Къаьсттина боккха тIеIаткъам бо берашна марха достучу дийно. Оцу сийлахьчу дийнах болу дагалецамаш гуттаренна а буьсу церан кхетамехь.
Берийн ловзарех къаьсташ ду догIа дехар — «къоршкъури» цIе йолу шира ламаст. Иза, хетарехь, дукха хьалха, Iесачу заманахь кхолладелла гIиллакх ду. Бусалба дин чIагIдаларца хийцабелла цуьнан чулацам, ткъа ша гIиллакх дисна. Иза иштта ду: догIа ца догIуш, йокъа хIоьттича, бераш цхьана эвла йисте гулло, шайх цхьанна тIе яккхий яраш я дечиган генаш ухку цара, буьххьера дIа а доьхкий. Иза юкъа а хIоттавой, юьртахула дуьйлало бераш, хIора наьIарга хIуьттуш, шайн илли а олуш:
Къоршкъури хIара ю,
ДогIа даийта, Дела,
Я АллахI Дела.
Стиглахь сиха даийта,
Лаьттахь мела даийта,
Ден дуо бузийта,
Ненан ога дузийта.
Берашна дуьхьалъяьллачу хIусамнанас генашна бухахь воллучунна тIе хи туху (и мосазза туьйхи, важа, кхосса а луш, вегало), сагIийна хIума а ло — ахча, хIоаш, стоьмаш, марзаллаш… Суьйранна, я юьртах шаьш чекхдевлча, бераша шайна делла сагIа доькъу, генашна бухахь хиллачунна алсам а кхачош.
Беран пхийтта шо кхаьчча, дIайоьрзу цуьнан бералла. И баккхийчеран дарже волу, воккхачуьн доллу декхарш тIе а оьций. Цо шен юкъ йоьхку. Уггаре а дезаниг а, жоьпаллениг а: пхийтта шо кхаьчначул тIаьхьа цо шен дашах а, лелочух а жоп дала деза Далла хьалха. Пхийтта шо кхаччалц дай-наний дара шайн доьзалхочух Далла хьалха жоп дала дезаш. Цул тIаьхьа стаг ша ву шен дахарх жоьпалле верг.
Доьзалхочун пхийтта шо кхачар а, цунна Далла хьалха шен долу декхарш а, баккхийчеран дукъ тIедожар а хоуьйтуш, уьстагIа а боьй, сагIа доккхуш гIиллакх ду вайнехан цхьаболчу доьзалшкахь. Иза дика гIиллакх а ду, хIунда аьлча, ша воккха хиллийла иштта дIа ца аьлча, ца хууш, шен бераллех къаста ца туьгуш, баккхийчеран декхарш (воне, дикане вахар, салам далар, и. дI. кх. а) тIе ца оьцуш, стаг ткъе итт шаре волуш меттиг а нисло дела.
Иштта сагIа доккхучохь гулбеллачу Iеламнаха, юкъараллехь сий-ларам болчу баккхийчара довзуьйту пхийтта шо кхаьчначунна тIедужу декхарш, ловцаш бо, совгIаташ до… Пхийтта шо кхаьчнарг юкъаозаво шайца цхьаьна Далла Iамал ян: жамIатца ламаз дан, зуькаре, мовлад ешаре, и. дI. кх. а. Гулбаларна «бехке» волчуьнга, цуьнан хааршка хьожжий, дакъалоцуьйту: ламазна кхойкхуьйту, сураташ доьшуьйту, салават дуьллуьйту… Баккхийчара иштта тидам баро пхийтта шо кхаьчначунна шен хенан жоьпалла довзуьйту, сихха керлачу декхарийн дахаре вала аьтту хуьлуьйту.
Хьалха заманахь, пхийтта шо ма кхеччи, дIаоьцуш ца хилла кIант тIемалошна юкъа. ХIонце, мостагIашна дуьхьал лата боьлхучу тIемалоша шайца воуьйтуш ца хилла цхьа билггала долчу зерех чекхваьлла воцу жима стаг. Иштта, хилдехьаройн махка уллохь цхьа боккха кхера бара. Жима стаг шен дерриге а герзашца цхьаьна, ведда воьддушехь, куьг а ца Iуттуш, оцу кхерана буьххье тIевала везаш хилла. И дан ницкъ ца кхочург тIемалочун декхарна кийча лоруш ца хилла.
Жима стаг тIемалочун декхарш кхочушдарна кечвеш, тайп-тайпана къийсадаларш, хьуьнарш зер дIахьош хилла. Царах шиннах лаьцна шен цхьана статья тIехь дийцира яздархочо Тагаев Сайд-Хьасана. Оцу зерех цхьаъ иштта хилла: шен гIодаюккъал стомма болу цIулла-дечган серийн цIов цкъа тур тоьхна хадийча, и тур лелон бакъо луш хилла. Цундела гIодаюкъ готта мел хили а, атта хилла тур лелон бакъо яккха. И серийн цIов охьабилла а, кIаг а баьккхина, цу чу ирахбогIа а, цхьана хIумнах хьалаолла а могуьйтуш хилла, цкъа тур тоьхна и хадийчхьана. Иза нахана гуш дан дезаш а хилла. Ткъа тур мел ира хила деза! Мел ницкъ а, говзалла а, сихалла а оьшу и тайпа серийн цIов хадон жимчу стагана!
Оцу зерех чекхваьллачо дакъалаца дезаш хилла кхечу къовсамехь а. Ши жима стаг, настарийн голанех ши кахьар а йоьхкий, хьалхаваларх водуш хилла, буса а, дийнахь а ца соцуш, кхаа юьртах чекхваллалц. ХIуъа хиларх, тIаьхьа жIаьла даларх, я цхьамма герз я мохь тохарх, орца дохуш хиларх, вухахьажа йиш а ца хилла, хIунда аьлча, и дича, са кIезиг долуш а, кхеравелла а лоруш хилла. Оцу зерах чекхваьллачунна секхаIад, тIаьхьуо — топ а лелон бакъо луш хилла.
Кхиъна вогIу кIант гIиллакхехь, къинхьегам безаш, онда, каде хила, герз лелон – доцца аьлча, дахарна Iамон, махкахь а цIе яхначу къонахашка дIалуш а хилла. Ша санна долчу берашца цхьаьна, хьехамчас тIедехкина декхарш кхочушдеш, цуьнан цIен тIехь бан беза белхаш беш, масех шо а доккхий, вухавоьрзуш хилла кIант. И тайпа бераш кхетош-кхиоран кепаш дика гайтина яздархочо Гайсултанов Iумара шен «Болат-гIала йожар» цIе йолчу повестехь.
КIант кхиъна ваьлча, цуьнан бакъо ю зуда яло,ткъа кхиъна яьллачу йоьIан — маре яха. Кегийрхошна вовшийн довзар, дукха хьолахь, нах гуллучу меттехь хуьлуш хилла: хийистехь, белхешкахь, синкъерамехь, ловзаргахь… Дуккха а нах вовшахкхеташ, къайле хила йиш йоцуш меттигаш ю уьш. Нохчийн гIиллакхо тIедуьллу кIентан, йоьIан юкъаметтигаш тешаш болчохь хилийтар, теш воцуш цхьаьнакхетар – и осала лоруш а, магош а ца хилла.
Оцу гIуллакхна хийист къастор ша тайпа маьIна долуш ду. Цкъа делахь, хIора йоI а хийисте (шовданна тIе), кхайкха ца оьшуш, ян езаш ю. Цундела цигахь и ган аьтту бу кIентан, цу тIе шен говрана хи мало дезаш а хилча, кIентан а ду цига ван бахьана. ШолгIа делахь, хи тIе дуккха а нах богIу дела, кхин леррина тешаш кхайкха а ца оьшуш, шиннан цхьаьнакхетар дуккха а нахана гуш хуьлу. КхоалгIа делахь, сацар доцуш, гуттар а дIаоьхучу цIеначу хин, чу хьаьжча бухара тIулгаш а гуш, сирлачу хин йистехь кхоллало юкъаметтигаш иштта сирла а, цIена а хиларе сатийсам а бу иза.
Хийист иштта гойту Бадуев СаIида шен «Бешто» повестехь:
«…Кху хина пурх шина а агIор тIебогIучу новкъахула кегийчу наха, хитIа а кхуьйлуш, шайн дой суьйранна чудерзо чехкка цIа кхуьйлура. Царах цхьаболу кегий нах, кегийчу берашка шайн дой цIа а кхуьйлуьйтуш, хийистехь а соьцура. Уьш боцурш, кхин дуккха а кегий нах кху хитIа баьхкина бара, хIинцца хитIа оьхуш дуккха а мехкарий хиларна. Цу зудаберашца кегийчу наха, куьйгаш а туьйсуш, маьI-маьIIехь къамелаш дора. Церан дешнашна дуьхьало ца еш, церан массо а дашна дуьхьал там беш, зудабераш, чIогIа царах са а къералуш, гIадъоьхуш доьлура. Цу зудаберийн чамеш кIудалех детталуш, цIестан гIовгIанаш а яра хезаш. Кху юьрта юккъехула чекх а буьйлуш, хина дехьий-сехьий оьхучу кегийчу наха, цу зудаберашна тIекхаьчча, шайн дой тIетуьйсуш, еттачу шодмийн татанаша хийист наг-наггахь екайора. Цу хьешийн дешнашна а зудабераша дуьхьало ца йора. Царах цхьамма «йоI, йолахьа соьга маре» аьлча, йоIа, шена иза дуьххьара гуш воллушехь, «дера, йогIур ю-кх со-м», — олура. И зудабераш, шайн къамелаш ца хадош, меллаша хих кIудалш а юзий, юхадахка, чехкка цIа оьхура. Уьш цIа а ихина, шаьш бисча, кегийчу нахах наггахь волчо олура: «Дала хIун боху-м ца хаьа, бакъду, и жима кIорни нахе далийта безам бац сан». Цул тIаьхьа кхечо олура: «Вешан дагахь долу зудабераш вайна кхачо бен, вай цу Дала кхоьллина а дац, шек ма довлалаш, кIентий». Иштта шайн жималлех сакъералуш болу и кегий нах, цу дешнех синкъерам болий, гIадъоьхуш, куьйгаш вовшах а детташ, буьйлура».
Хийистехь я кхечухьа кIантий, йоIий вовшашца дечу къамелах дагардийцар олу.
Хийистехь йоI евзаш а, цуьнгара цкъа хьалха дуьненан синкъераман, тIаьхьа — дуьненан тIаьхьалонан дош доккхуш, кара хIума йоккхуш, хан юьллуьйтуш а хилла. ЙоIа кара луш йолу хIума — пIелгах юллу чIуг, я сахьт, я йовлакх хуьлуш хилла. Цу хьокъехь халкъан мехкарийн эшарехь боху:
…Хан юьллу ас хьуна,
Дашо чIуг караелла.
Дашо чIуг караелча,
Мамина хуур ду. —
Хан юьллу ас хьуна,
Аьтту куьг караделла.
Аьтту куьг караделча,
Сан дегIан сий ма дов. —
Хан юьллу ас хьуна,
Сан дашах хьо тешахь.
Сан дашах хьо тешахь, —
И тешам бу хьуна.
Сан дашах ца тешахь, —
Кхин тешам бац хьуна.
Эшаро иштта бахахь а, дош даларал а деза хилла кара хIума ялар. Цхьанна кара хIума а елла, кхечуьнга маре яхар магош ца хилла, и тайпа хIума нисделча, зуламца, бохамца доьрзуш а хилла. Дош а делла, кхечуьнга маре яхар иштта дазлуш ца хилла, и дош тIечIагIдеш хIума ца хилча.
Дукха хьолахь хийистехь хуьлуш хилла кIанта йоIана баркалла алар а. ТIехьийзачу йоIана цхьацца бахьанашна (цо кхин захало тIелацар гучудаьлча, цунах терра кхин) резавоцчу жимчу стага олу дешнаш ду уьш, шаьшшиннан юкъаметтигаш дIахаьддийла хоуьйтуш. Амма, мел шена халахеттехь а, кIанта олург, йоI сийсаз ца еш, оьзда хила деза. И иштта хила дезар «баркалла» бохучу дашо а гойту. Оьзда олучу «баркаллин» кепехь язйина ю Гацаев СаIидан цхьа стихотворени а:
Сан таьIна и ойла! – Гур яц и хьуна,
Ас деган къайленаш йостур ю хьанна?
ДIаIе хьо, самукъне хьо йоьлуш лела,
Со-м воьлур, я воьлхур, сан деган эла…
Мел еха ца кхачош, ирс хила хьуна,
Хьо ирсе юй хаар – там хир бу суна.
ДIаIе хьо, самукъне хьо йоьлуш лела,
Хьо хилар – хазахетар, сан деган эла.
Захалонан юьхь йолаяла тарлуш ду синкъерамехь а. Нохчийн синкъерам — иза кегийрхой вовшашна довзийта вовшахтухуш меттиг хилла, кхочушбан безаш шен билггала лехамаш а болуш. Синкъерам дIакхехьаран некъаш тайп-тайпана ду Нохчийчоьнан тайп-тайпанчу кIошташкахь. Царах цхьаннах лаьцна дуьйцур вай.
Синкъерам белхица, ловзарца цхьаьна а, хьаша веъна аьлла цуьнан сийнна а, иштта духхьалдIа кегийрхойн самукъадаккха а беш хуьлу. Оцу тIаьххьарчу синкъераман билгалонаш иштта ю. Синкъерам бечу цхьана хIусаме гулло кегийрхой. Цхьана агIор — кегий нах а, вукху агIор — мехкарий а охьаховшу. Кегийчу наха а, мехкарша а цхьацца тхьамда хоржу. Кегийчу наха шина тхьамдех цхьаьнга я юкъалелачу зудчуьнга, шайна сакъера луу йоI билгал а йоккхуш, хаам бо. Цара иза массарна а хозуьйтуш дIа а олу. Цхьана йоIана тIе масех кIанта хабар дахьийта тарло. Важа массарна а «реза» а хуьлу цкъачунна. ТIаккха цхьа хан йолу, мехкарша эшарш а локхуш, кIенташа бегаш а беш, юкъа-кара хелхаран бал а боккхуш, кегийрхоша самукъадоккхуш.
Иштта дIабоьду синкъераман хьалхара гуо, хьалхара мур. И дIаберзош, кIентийн тхьамдас хотту хIора йоIе, цо хьенехана делла дош тховсенна дара я тIаьхьалонна дара олий. ЙоIа шена тIе хабар даийтинчу кIентех цхьаъ къаставо, цунна делла дош «тIаьхьалонна» дара шен олий. Мехкарша къастоза бисина кIентий синкъерамера дIабоьлху, тIаьхьабисинчара дIакхоьхьу шайн цхьаьнакхетар.
Кхин цхьа бакъо а ю оцу синкъерамехь ларъян езаш: «Хьаша — хьешана ца кхочу!» И хьешо хьешаца сакъера йиш яц бохург ду. Хьешо юьртахойх къасто веза кIант.
Билгалдаккха деза, и тайпа синкъерам дIабахьаран кеп Нохчийчохь массанхьа а цахилар. Масала, Органца йолчу ярташкахь йоIана тIе дохьуьйту хабар а, цо делла дош а хууш кхоъ бен ца хуьлу — шен лаам дIакховдийна кIант а, юкъалела зуда а, дош делла йоI а. Чохь болчарна хууш ца хуьлу мила хьаьнга сакъоьруш ву, цундела синкъерам шина гоне бекъа а ца ло, «сов берш» ара а ца бовлу.
Нагахь йоI, цхьанна дош а делла, кхечуьнца сакъоьруш хилахь, цуьнга бехк боккхуш къамел дан тарло кIанта, тхьамдера пурба а даьккхина. Амма и къамел оьзда а, йоьIан сий ца дойуш а хила деза. ЙоьIан бакъо ю, бехк шена нийса ца хетахь, и тIе ца лоцуш, дуьхьал къамел дан а. Бакъду, дукха хьолахь и къамел бехк баьккхинчу йоIе безаман ойла йолчу кIанта деш хуьлу, я йоьIан гергарчу стага.
Дукха хьолахь, синкъерамехь къамелаш, дуьххьал дIа доцуш, шайн маьIна дан дезаш, Iаламерчу тайп-тайпанчу хIумнех (зезагех, диттех, акхаройх, олхазарех) пайда а оьцуш, деш хуьлу. Иштта хилла йоIий, кIантий дуьхь-дуьхьал локху йиш а. КIанта шен «гIенаш» дуьйцуш, йоIа уьш туьдуш чулацам болу халкъан йиш ялор вай кхузахь:
КIант: Со гIеттича, хьалагIовттуш,
Волавелча, тIаьхьаоьхуш,
ДIалелхийча, дIа ца доьлхуш,
Цхьа полларчий дайра суна.
ЙоI: ДIалелхийча, дIа ца доьлхуш,
Хьуна дайна и полларчий,
Безамашлахь алсамбуьйлу
Вайшиннан безам бара хьуна.
КIант: Со суьйранна чувирзича,
Сирла стогар дIабайича,
Тхан беа пен серлабохуш,
Цхьа серлонаш яйра суна.
ЙоI: Шун беа пен серлабохуш,
Хьуна яйна и серлонаш,
Хьан бIаьргашна дуьхьал хьоьжу
Сан бIаьргийн нур дара хьуна.
КIант: Буьйса юккъе яхначу хенахь,
Мерзачу набарх вулучу хенахь,
Сенчу стиглахь тIома баьлла
Цхьа кIайн кхокха байра суна.
ЙоI: Сенчу стиглахь тIома баьлла
Хьуна байна и кIайн кхокха,
Дуьне кхуллуш декъал хилла,
Хьо везна со яра хьуна.
Цхьаболчу синкъерамашкахь (масала, ловзарца цхьаьна беш болчу синкъерамехь, дуьхь-дуьхьал охьахевшина мехкарий, кIентий вовшийн дикка генахь хилча) сакъоьручу йоIий, кIантий бIаьцанашца, уьшаршца, бIаьргашца «къамел до» вовшашка. Цунах догдахар олу.
Ловзар-синкъерам мелла а къаьсташ хуьлу. Уггар хьалха из доьзна ду ловзарехь дакъалоцуш дуккха а адам хиларца. Цуьнга хьаьжжина, ловзар-синкъерамехь низам латтош берш а алсам хуьлуш хилла: тхьамда а, цуьнан ши хьадалча а, гIоьнчий а, човс а… Тхьамда а, цуьнан гIоьнчий а баьрччехь хIоттийначу стоьла хьалха Iаш хуьлу. Царна хьалхарчу шуьнехь хуьлу тайп-тайпана кхачанаш а, вахош доцу маларш а, юккъе хIоттийна кхехкийна нIаьна а, бага цигаьрка а йоьллина. Тхьамдас ловзаран низамна тIехь Iуналла латтадо. Цуьнан омранаш кхочушдеш хьийза хьадалчаш (уьш жухаргаш хила а тарло). Масала, цара тхьамдина тIевалаво цо цIе тоьхна стаг. Оцу стагера яьллачу «ледарлоне» хьожжий, тхьамдас цунна гIуда а туху ахчанца я цхьа гIуллакх кхочушдан.
Ловзарехь хелхаран раж латтош, кIантаца хелхаяла йоI юккъе йоккхуш, кхидолу низам латтош волчу стагах човс олу. Цунах, цуьнан хьекъалх, тIахъаьлла хиларх, говзаллех доьзна хуьлу ловзаран болар, дIадахар. Човс дика ца нисвеллачу ловзарх-синкъерамах лаьцна язйина ю поэтан Цуруев Шерипан стихотворени:
Горалера тхьамда яI, горалера,
Эшарехь ловзу ког гола тIера.
Тхьамдаллех хьо-м дика воьллера,
Хабарна жерочул тоьллера,
Делахь а, хьоьга сан дехар ду,
И кхочушдан хьо а декхар ву:
Човс дукха ледар ву-кх тховса хьан,
Кхечуьнга лохьа и човсалла.
Цо атта хелха ца воккху,
ЙоIера дош а ца доккху,
Цо хIиттош ву хьо юьхьIаьржа,
И дерриг хьох а ма хьаьрча.
Горалера тхьамда яI, горалера,
Эшарехь ловзу ког гола тIера.
Тхьамдаллех хьо-м дика воьллера,
Мотт шера и жеро хьовзо а,
Хьо-м вара массарал говзаниг.
Амма човс ледара ву тховса хьан,
Кхечуьнга лохьа и човсалла.
Гуш ма-хиллара, човсо лелориг массарна а товш ца хуьлу ловзарехь. ХIетте а, и ца хилча, ловзаран кеп ледара хуьлу, хIорамма шена луъ-луъург а лелош.
Хелхаран раж лелор, цо низам латторал сов, оьшуш ду массо а – лууш мел верг – хелха валийтаран Iалашонца. ХIунда аьлча, нохчийн дац массо а цхьаьна (тобанашца) хелха буьйлуш. Хелха цхьа йоI а, цхьа кIант а дала дезаш ду, ткъа дерриге а ловзар царна тIе тидам бахийтина хила деза – вайнаха цхьана стеган сий-ларам чIогIа беш хиларан билгало ю иза а.
Хелхарх дерг аьлча, хIора кIентан а, йоьIан а хелхар церан амал, дог-ойла, шеца йолучуьнца (волучуьнца) йолу юкъаметтиг, шен хазаллех болу кхетам гойтуш хилла. Цундела хIораннан а (къаьсттина кIентан) хелхар шен-шен башхалла йолуш хилла, юкъара хIумнаш хиллехь а: ког шаршор, гуо баккхар, бохь богIар, и. дI. кх. а. Амма хIора кIанта а кхочушбан безаш цхьа лехам бу – цуьнан хелхар а, цо дIашаршабо ког а, цо дIаластадо куьг а оьздангаллех дуьзна хила деза; осала тида тарлуш долу цхьа а хIума шегара далийта ца деза кIанта. Иза чIогIа ларвала веза йоIах дIахьакхаваларх а, цунах ца хууш а куьг кхетарх а. И тайпа хIума нисделча, доккхачу девнаца доьрзуш, вовшашна шаьлтанаш етташ меттигаш нисъелла хьалха заманахь.
ЙоI, хелха а яьлла, охьахууш, цунна дуьхьал сараг лаьцна: «ХIара хьенан ю? Кхуьнан дола дан мила ву?» – олуш, йоI кхайкхор човсан декхар ду. ТIаккха цуьнан тIехьийзачу кIанта, я гергарчу стага, я вешин доттагIчо ахча тосу.
И ахча керла кхоллабеллачу доьзална гулдеш ду. И гулдаран тайп-тайпана кепаш хуьлу. Масала, хелхарш совцийна, ладугIу эшарш локхучу хенахь тхьамдас йоIана тIе кад бохьуьйту. Цо иза шен тIехьийзачу кIантана тIе хьажабо, вукхо ахчанца «эца» беза и кад. И ца дахь, жухургаша ловзарна юккъехь «ор» а доккхий, ша кепара «дIавуллу» иза, и хIунда до аш аьлча, иза чIогIа «эрча» ваьлла, бIаьрмециг ваьлла, шен тIехьийзачу йоIана тIера совгIат а ца ди цо бохуш…
ТуьтмIаьжгаш а йоьхкина, яххьаш къайлаяьхначу жухургаша тайп-тайпанчу хелхарчийн амалш беламе яхар, «мехкарех» хелха бийлар, илли аларан кеп хIиттош, Iиттарш еш, гIовгIанаш яр, — ерриге а забарш ловзарехь гулбеллачеран самукъадаккхарна лерина ца Iаш, керла кхоллабеллачу доьзална «бIаьрг ца хилийта» лелош а ю.
Кегийрхошна вовшийн довзар синкъерамашкахь, белхешкахь, ловзаршкахь хилахь а, йоIера маре ян дош даккхар, кара хIума яккхар, хан йиллийтар я хийистехь, я ирахьIачохь хуьлу. ИрахьIер — кIанта ша тIехьийза йоI цхьанхьа, цуьнан лулахой я цуьнан гергара нах болчу чу а кхайкхина, цуьнца къамел дар ду. ИрахьIачу хенахь йоI, кIант шаьшшиъ хила йиш яц. ЙоIаца зударех цхьаъ, я кхиъна йогIу йоI хила еза, ткъа кIантаца накъост хила а тарло, ца хила а тарло. Вай билгала ма даккхара, шимма къамел дечу хенахь теш хилар — иза нохчийн оьздангаллин бохон йиш йоцу лехам бу.
ИрахьIеран сурт оццу Бадуев СаIида иштта гойту:
«Орца кIотарахь, цхьана лохачу, жимчу цIа чохь Хедижатца ирахьIен Бешто, дикка шен сакъерало а моттуьйтуш, йоIаца чIогIа хабар дуьйцуш вара, гоьла тIе ког а баьккхина, цигаьрка а уьйзуш. ХIара шиъ наран шина маьIIе а хиъна Iара, кху шинна юккъе хиъна цхьа жима йоI яра, ханна итт шо хир долуш. Цу йоьIан кху шимма дуьйцучух са ца къералора, иза наггахь набарна охьайоьдура, амма юххехь Iачу Хедижата, шен дилхе цIечу куьйгаца муьшка а йой, сама-м йоккхура».
Дуьненан синкъерам лелон кIант маьрша витахь а, зуда ялорна тIедаьлча, кIентан дас-нанас, гергарчара жигара дакъалоцу оцу гIуллакхехь. Уггар хьалха йоьIан да-нана, орам толлу… «ЙоIана — цу лаха, кIантана — хIу лаха», — боху нохчийн кицано. ЙоIана яха меттиг, ларош, хьал-бахам («цу») болу стаг, ткъа кIантана шен схьаялар дикчу нахах долу («хIу») зуда лаха бохург ду иза. Яло къасточу йоьIан нене хьожжий сацам тIеоьцуш а хилла, дукха хьолахь, захало хьахийнчара. Цунах лаьцна ду халкъан дийцар.
Цхьана йоIана тIехьийзаш хилла цхьа кIант. ЦIеранаш реза ца хилла и ялаяйта. Шен нана ерриг хир ю иза а, нана дика стаг яц бохуш. КIант шаьш бохучунна реза ца хилча, цара цхьа хьехар дина цунна. Цара ма хьеххара, хийисте а веъна, цигахь долчу цхьана дитта тIе говр хехка ваьлла кIант. «Хьо хIун дан гIерта?» — хаьттина цецъяьллачу хIара тIехьийзачу йоIа. «ХIара говр дитта тIе яккха гIерта-кх», — жоп делла кIанта. «Ой, ахь хIун дуьйцу, говр муха йолу дитта тIе?» — кхин а чIогIа цецъяьлла йоI. «Кхуьнан нана-м йолура дитта тIе, кхуо хIуъа дахь а», — аьлла кIанта. «Нана яьллехь-м, иза а ер ю хьуна», — жоп делла йоIа. Цунах хиъна кIантана шен гергара нах бакъ буйла.
«Захало дийнахь стогар а латабай диэ», — боху халкъан хьекъало.
Цундела зуда ялочу кIентан гергара зударий боьлхуш хилла и йоI ехачу лула-кула, иза зиэран Iалашонца. Халкъан дийцар ду: цкъа иштта йоI зиэн бахначу наха лулахойн йоI яхийтина шаьш яло билгалйинарг ехачу хIусаме: «ЯахIума еш ца тоьънера шайна, хьакхош тIаьхьа дисина дама делахь, и даийта», — аьлла. «Ша юучунна оьшшург бен хьакха а ца до, шуна эшахь, юха а хьакха-м дийр ду ша», — жоп деллера йоIа. Цунах дика хIусамнана хир юйла цу жоьпах хиънера и зиэн баханчарна.
Йиллина хан тIекхаьчча, йоI дIа муха юьгу боху хаттар хIутту. Нохчашна юкъахь ши кеп ю йоI йигаран: бертахь, кIентан гергара нах а боьлхий, цара циггахь мах а бой, цIа ялор а; йоI, цIерачаьрга аьлла хIума а доцуш, ша ара а яьлла, маре яхар а («едда маре яхар»). И шолгIа кеп нисло, нагахь йоьIан цIерачарах оцу захалонна реза воцуш стаг хилча. Захало хилла даьлча, и дIа ца дерзо йиш йоцу дела, йоIий, кIантий, барт а бой, деш хилла иза. Хала а, атта а и тайпа захало дIадоьрзуш а хилла. Амма и дIадерзадахь а, наггахь йоI шен ден цIа ца юьтуш, барт эгIаш хилла доьзалехь.
Хетарехь, и тайпа захало даран кеп нохчашна юккъехь кхоллаелла билггала долу исторически хьелаш бахьанехь а. Гуттар аьлча санна, тIемаш беш, цундела къеллехь бехачу нохчийн массеран а аьтто ца хилла бертахь захало деш оьшу харж ян хьал. Цундела и стеган дахарехь Iаламат мехала гIуллакх — доьзал кхоллар — мелла а аттачу даьккхина.
Билгалдаккха деза: иштта захало дIадоьрзуш хилла, йоI реза а йолуш дина хиллехь. Захалонехь йоьIан лаам хилла коьрта, иза лоруш, ура-атталла дай-наний шайна хетачунна тIера духадолуш а хилла. «ЙоIа ша хадийннарг бу цуьнан мах», — боху халкъан кицано а. ЙоIа бинчу харжамна тIетар — шен хиндолчух долу жоьпалла уггар хьалха цунна шена тIехь хилар къобалдар ду.
Нохчийн дахарехь нислуш хилла, йоI реза йоццушехьа, и ядош меттиг а. Амма иза вайн гIиллакх дац. Иза зулам ду. Гуттар а цIий Iанорца доьрзуш а хилла, маслаIатан дай орцах а бевлла, дIа ца дерзийча. Цхьана эвлаяэ хаьттина боху, ахь герз стенна леладо аьлла. Зуда ядон гIертачу нахана тIеIоттавелча, цаьрца тIом бан леладо ша, аьлла боху цо. Оццул доккха зулам ду зуда ядор. Хетарехь, и акха хIума вайн цхьаболчу нахана юккъехь дисина генарчу, ширчу, Iесачу заманера.
Бусалба динца нийса а ду, вайн Iадатехь бегIийла лоруш а ду бертахь захало дар. ЙоI, дIаюьгучу дийннахьехь мах а, там а бой, дIаюьгу. Цхьаболчара ялош волчун гергара нах я доттагIа волчу йоссайо зуда. Цигахь цхьа кIира я сов хан а йоккхуьйту. Яздархочунна Айдамиров Абузарна хетарехь, и деш хилла нускал несаллина кечдалийта, ша лелон деза гIиллакхаш цунна дикка довзийта. Цундела дика нус ю аьлла билгалъяьлла хIусамнана йолчу доссош а хилла нускал, вукхуьнгара зеделларг схьаоьцуш, иза Iамийта.
Нускал цIа далочу дийнахь, ловзар а дой, мерза кхачанаш а кечбой, доккха той хIоттадо. Иза кхаа дийнахь-бусий дахлуш а хуьлу.
…Горглуш-горглуш, горглуш лаьтта
Кху ловзаран боккха хIоз.
ТIараш тоьхна, хIаваъ аьтта,
Массара а эли «хIорс!»
Iаьржа верта мохехь дусош,
Аьрзун тIемех и тардой,
Кхин цхьаъ, кхин цхьаъ бере вуссу,
Кху ловзаргахь совцош дой.
Ломан буьххье хиъна лаьтта
Малхбалехьа маьлхан хIоз…
ТIараш тоьхна, стигал яттIол,
Ловзар гIаттош, эли: «ХIорс!»
ГIабалин кIайн ши тIам техка,
Мехкарша уьш лестадо.
ДIаьндарг санна хьаьвза гIовтал,
КIанта шен йоI хестайо.
ДIаьндаргал а хьийза чехка
ХIара кIант а, олий «хIорс!»
ГIабалин шен тIемаш гIовттош,
КIентан сий деш, бовлуш хIорш.
Доьхкан тIера дато седа,
Багош, хьоьжу маьлхан хIоз,
«ХIорс!» «ХIорс!» – олий, горгло тIеттIа
Кху ловзаран боккха хIоз.
КIант вича я нускал далош, —
Де ма ятIарш, хIай тхан дай! –
Ловзар хIоттош хилла, ала:
— Вай-ма, кIентий, нохчий дай!..
— иштта гина поэтана Кибиев Мусбекана нохчийн ловзар.
Нускал кел чоьхьа даьлча дуьйна дIадуьйлало иза зуьйш а, цуьнан хиндолу дахар ирсе хилийта а деш долу гIуллакхаш. Марзахойн зударех цхьамма нускална бага шекаран бIелиг я каьмпет юьллу — мотт мерза хилийта. Цунна хьалха куз а тосу, нуй а кхуссу — нускало куз хьалаоьцу, нуй неIарна тIехьа дIахIоттабо, ша чохь дан дезарг хууш хилар гойтуш. Нускална кара жима бер (кIант) ло, иза хIу дебош хилийта.
Ловзар дIадоьдучу хенахь, сонехь оьллинчу чекхъхьаьжча са гучу кIайчу кIадина — кирхьанна тIехьа лаьтта нускал. Чугулбеллачу марзахоша цхьацца бегаш а бо цуьнца, амма иза дуьхьал йистхила йиш йолуш яц, йист а ца хуьлуш, мотт кхаба дезаш ю, шега бастийтталц. Марзахоша — кегийрхоша ловзар долуш а, цул тIаьхьа а мотт бастийта тарло, нускале хи а доуьйтий, и мала пурба дехарца. Нускало, сих а ца луш, пурба ло хи мала. Вукхара, баркалла а олий, ахчанца совгIат а до нускална, декъалбо керла кхоллабелла доьзал.
Мотт хица бастийтар, хийистехь захало дийцар санна, шен маьIна долуш ду. Хи цIеналла латтош долу дела, марзахойн а, несан а юкъаметтигаш, хи санна, цIена латта лаар ду иза.
Ткъа ша мотт кхабаран маьIна, Iилманчас Алиева Заринас дийцарехь, иштта ду: ден цIа а дитина, керлачу доьзале ша йогIуш, шен мотт «дIабоьхку» йоIа, цуьнца цхьаьна шен ден цIахь хилла гIиллакхаш а, бийцина мотт а, амалш а «дIайоьхку», — керлачу доьзалан мотт, гIиллакхаш, амалш Iамош, оцу доьзалх «дIаиэн», таръяла нигат долуш.
И иштта хила лаарца хилла нускална баккхийчу наха олу ловцаш а:
Яьхна яьлларг,
Яха еанарг йиталахь.
Яха еанарг,
Баьхна бевлларш биталахь.
Декъала йойла!
Декъала хуьлда!
Яра дама санна,
КIайн дахар хуьлда!
Яра шекар санна,
Мерза дахар хуьлда!
ХIара ловца, нускална санна, марнанна лерина а бу («яьхна яьлларг»). Ткъа цхьана нускална леринчу кхечу ловца тIехь марзахоша тIе тидам бохуьйту несехь шайна товр доцчу сакхташна:
«Эзар дика, беркат дахьаш еъна хуьлда, чуьра ара кхоьхьуш ма хуьлда, арарниг чу кхоьхьуш ма хуьлда, нехан малхе хьоьжуш ма хуьлда, маха байна, нехаш кегош ма хуьлда, шин байна етт узуш ма хуьлда, долу гIа санна, хIу дебаш хуьлда».
Ловзар дIадирзинчул тIаьхьа, шолгIачу дийнахь нускал хийисте доккху. Марйижаршца, юьртарчу мехкаршца цхьаьна шовдана тIе йоьду иза. Цигахь цхьа бепиган цуьрг а, цу тIе боьгIна тай тесна маха а шовданан хи чу а кхуссий, царна тIе топ туху. Хетарехь, иштта ду цуьнан маьIна: зудчун гIуллакхаш, дукха хьолахь, яахIуманца а, маха баккхарца а долу дела, цаьрца шайтIанийн я жинийн хIуо ца хилийта, уьш дIачовхош тухуш ду герз. Оццу Iалашонца кхуьйсу герзаш зуда ялош богIуш а.
Нускал шовдане даккхар кхочушдо иза юьртахошна йовзийтаран Iалашонца, оцу дийнахь дуьйна иза ша а оцу юьртан яхархо хилар дIахоуьйтуш.
Цул тIаьхьа тIекхочу марзахойн баккхийчу наха а, мардас а мотт бостуьйту зама. Нус йистхуьлуьйтучу дийнахь мардас цIе туху ша керлачу доьзална дечу совгIатийн: етт-эсий, цIенош, машен, и. дI. кх. а.
Мотт бастийтарх, марден а, марненан а, кхечу чоьхьарчу гергарчу нехан а цIераш кхабар тIехь ду несана. Церан ца хууш цIе яккхар оьзда лоруш дац. Мардех «Дада», марненах «Нана» олу несо, кхечу гергарчу нехан шен цIераш тохку, церан дика агIонаш билгалйохуш («Хаза кIант», «Дика кIант», и. дI. кх. а). Хетарехь, иза а оцу хIусаме кхечу доьзалан ца оьшу тIеIаткъам ца хилийта, вуочу хIонах уьш ларбаран Iалашонца деш хилла.
Цхьаболчу доьзалшкахь зудчо майрачун а, майрачо зудчун а цIераш йохуш а ца хуьлу, нахана хозуьйтуш-м муххале а. ЦIе йоккхучу метта хIусамдас: «хIара», «зуда», «хIей», «хезий хьуна»; зудчо: «кху чуьрниг», «хIара», «хIара стаг» олу. Майрачо шен зудчунна кхин забаре цIе туьллуш а нисло. Цунах лаьцна яздо Бексултанов Мусас шен цхьана дийцарехь:
«Наггахь, сайн сагатделча, хIокху зудчуьнга (наха Макка олу кхунах, аса-м Байсари а, ЦIахьпато а, Пурстоп а — сайн сакъерадаларе терра йоккху цу кхааннах цхьаъ) юург а кечйойтий — кIайчу демах шури тIехь худар я кIалддаьттий, галнашший (тхайн йоцчу церг-кхеле хьожжий), кхойкхий, ГIайтакъа схьа а валавойтий, йоккхачу, шуьйрачу паднара тIе дехьий, сехьий, шишша-кхоккха гIайба букъа тIехьа таIош, дIа а нислой, вехха вела а воьлуш, къамелаш а деш, дахнарш а хьехош, хан йоккху охашимма цхьаьна».
Зуда ялийна цхьа-шиъ бутт (я ахшо, шо) баьлча, кIант бов воккху. Бовваккхар — иза керла доьзал, шен хIусам а, шен кхача а, шен даьхни а, боккхачу доьзалх схьакъаьстина шен бохча а, нагахь юьртахь дехаш хилча, дуьйш-дерзош латта а долуш, ша баха хаар ду. Аьтту хилча, ма хуьллу сиха деш хIума а ду иза, хIунда аьлча, цатемаш а, весаш а, дукха хьолахь, цхьаьна Iаш кхоллало боккхачу доьзална а, керла кхоллабеллачунна а юккъехь.
Амма кIант бовваларх, иза шен дена-нанна хьалха долчу декхарех мукъаволуш вац. Мелхуо а цо шен деца-ненаца лелон гIиллакх совдала деза, хIунда аьлча, цхьаьна Iаш, зуда ялоле, тергал а ца деш хилла хIумнаш, хIинца ден-ненан дегнех кхеташ, васъеш а, наха чIогIа тидаме оьцуш а хуьлу. Доггах ден-ненан гIуллакхе хьожуш чекхвалар атта хIума а дац, цундела и дан ницкъ кхаьчнарш халкъалахь, сий деш, буьйцуш а хилла: «шен деца-ненаца дика хилла хьенех», «шен деца дика хилла минех», — бохуш.
Иштта цIе яхначу цхьана стаге хаьттина боху, муха ницкъ кхочу хьан хьайн деца иштта дика хила аьлла. Цо жоп делла боху: «Цкъа а шен дас хIума йиинчул тIаьхьа бен дIа а ца вижина ша, цкъа а и хьалха а волуш зудчуьнга вист а ца хилла ша».
Дукхе-дукха хьалха деца йолу юкъаметтиг иштта ца хиллачух тера ду вайнехан. Цунах лаьцна цхьа тамашийна дийцар а ду вайн халкъан иэсехь дисина.
Цхьана хенахь шен къанделла да-нана, дуьйцинчу тускар чу а хаадой, цхьана лекхачу лома буьххье а доккхий, дIакхуссуш Iадат хилла боху. (Тахана шен да-нана «Къеначийн цIийне» [«Дом престарелых»] дIадаларх терра гIиллакх хиллачух тера ду иза).
Иштта, цхьа кIант хилла шен да дIакхосса воьдуш, иза серех дуцуш динчу тускар чу а хаийна. Шаьшшиъ дIакхаьчча, дас аьлла боху: «И тускар дIа ма кхоссалахь, хьан кIантана а оьшур ду хьуна иза, хьо дIакхосса». Ойла йина боху кIанта, ас кхунна диннарг дийр ду-кх сан кIанта суна а аьлла. ТIаккха и дIа а ца кхуссуш, шен да а валош, цIа веъна боху иза.
Шаьш а къанлур дуйла ца хууш, доца хьекъал, доца иэс долу адамаш деха зама хилла иза.
Зудчунна гучуяккхар санна, доккха зер ду и ялийначу кIантана невцалгIа вахар. НевцалгIа вахар керла хилла гергара нах бовзийтаран Iалашонца деш ду. Нуц стунцIа воьдуш, цуьнца цхьаъ-шиъ накъост а хуьлу, цара тайп-тайпана совгIаташ а хьо: шекар, чай, уьстагIа…
Нуц неIара уллохь, сонехь лаьтта, чугулбеллачу стунцахойн бегаш, вист цахиларца, «къонахаллица» лан а ловш, шена улло деъначу берана кара, шен тароне хьаьжжина, ахча а луш. Оцу хенахь невцан накъост стунцахошца охьахуий хуьлу, ма хуьллу шен накъост забарех ларван а гIерташ, цунна цара тIетоьтту доцу бехкаш дIа а тоьттуш. Цхьа хан яьлча, нуц дехьа чу а воккхий, стунйишица хIума яа охьахааво. Невцо, ша хIума йиъна ваьлча, шуьна чу ахча дуьллу, юха а шен тароне хьожжий (дукха мел дилли а, «стунйижаршна» товш хIума ду иза). Ткъа невцана стунйижарша совгIат до (дашо сахьт, костюм, и. дI. кх. а). Иштта ца дахь а, мелла а дорах совгIаташ невцан накъостана а до.
Шен зуда ден цIахь а юьтий (иза масех де я кIира даьлча, шайн бахамехь оьшу салпал а, гергарчу наха дина совгIаташ а дохьуш, цIа йогIу), нуц а, цуьнан накъостий а цу буссехь бухабоьрзу. Iаламат жоьпалле буьйса ю иза, цуьнга хьаьжжина хуьлу невцана а, стунцахошна а юккъера марзо кхидIа йолчу заманахь а. Цундела невцаца тIехбаьхна эвхьаза бегаш бар нохчийн къоман оьздангаллица догIуш а дац.
Оьзда боцчу бегашийн вуон тIаьхье хилар гойтуш масалш дуккха а ду. Цкъа иштта «стунйижарша» шайн нуц охьахаочу гIанта тIе хIоаш дехкина хилла. И сонта бегаш ца лайна невцо. Оцу сохьта, цигахь болу нах теш а болуш, шен зуда йита а йитина, цIа вахна иза, оццул гIиллакх доцу гергара нах болу зуда а хир яц лартIехь аьлла.
И тайпа гIуллакхаш хIинца нислур ду аьлла а ца хета. Амма вайн къомана советан Iедал долуш юкъадеъна, кхин цхьа вуон гIиллакх а ду невцалгIа вахарехь нислуш: малар дахьар («цхьа яьшка къаьркъий, цхьа яьшка конъяккий»…) а, иза невцо я невцан накъосто охьадуттуш, цигахь мийлар а. Ткъа иза доккха къа ду, Дала дихкина хIума а ду шен сийлахьчу Къуръан чохь. Ткъа Делан Элчас — Делера салам-маршалла хуьлда цунна — и къаьркъа молучунна аьлла ца Iаш, и дечунна а, духкучунна а, цунах хьакхалучу иттех стагана а наьIалт аьлла. Оццул доккха къа, гIиллакх а дина, лелон йиш яц Делах тешачу наха.
Нохчийн къоман философехь доьзал дийнна цхьа дуьне лору, оцу Дуьненахь стигал — Да ву, латта — Нана.
Дада, дада, хьо — тхан стигал!
Къинхетаман догIа — хьо.
Дуьненан юкъ! Доьзалан букъ!
Хьо воцчохь ца Iело тхо!
Оьшшучулла догIа лора,
Оьшшучулла лора малх.
Хьоьца хало атта ловра,
Ткъа хьо воцчохь — йоккха чалх.
Кхузахь поэта Сулейманов Ахьмада гойтург дас луш хилла «догIа» а, «малх» а, цо шен доьзал нийсачу новкъа нисбеш деш хилла дов а, хьехам а бу. Дагавала да хилча, хIуъа хало атта ловш, мел чолхечу хьола юккъехула вала гечо карош хилар а хьахадо авторо.
Нохчийн къоман хьекъалехь доьзал гIишлонца а бусту. Оцу гIишлонан тхов — да ву, ткъа цIенкъа – нана. «ЦIенкъа» боху дош шина дашах кхолладелла: «цIийнан» + «къа». Хьалха заманахь чуьра цIенкъанаш поппаран хуьлуш хилла, тIе боршам а хьокхуш. Цундела цу чуьрчеран къа, бала, гIайгIа, лаьтто хи санна, цIенкъано худу бохучух тешаш хилла нах. Ткъа нана цIенкъаца юстар, цо шен доьзалан массо а гIайгIа шен дагчохь худу бохург хила тарло.
Да дIаваьлча, тхов тIекхетта олу, ткъа нана кхелхича, беран дагтIера зезаг дужу. Беран самукъадалар дIадолу бохург ду иза. Ткъа ненан самукъадалар а, ирс а бераш ду, Сулейманов Ахьмада ма яздарра:
Сийлахь нана! Берийн къинна,
БIаьрхиш хилла, ешна хьо!
Тхо, бераш ду-кх, хьо къанйийраш.
Къона латториш а — тхо!
Бусалба динехь ден-ненан сийдар тIедожош ду. Дала Къуръан чохь аьлла, Ша бохург а де, Делан Элчас — Делера салам-маршалла хуьлда цунна — бохург а де, хьайн дас-нанас бохург а де. Цо гойту ден-ненан сий-ларам бар, стеган лааме хьаьжна доцуш, Дала тIедиллина декхар хилар. Цундела дийцаре дан йиш йоцуш, кхочушдан дезаш хIума ду иза. Бакъду, кхуззахь билгалдаккха деза: нагахь дас-нанас Дала ца магийна хIума де алахь, и дар тIехь дац доьзалхочунна.
Делан Элчас — Делера салам-маршалла хуьлда цунна — шозза хьахийна нана, ненаца дика хила олуш хьехар деш, кхозлагIа — деца а, ненаца а дика хила аьлла. Цо иштта а аьлла: «Ялсамани ненан когашна кIелахь ю». Оцу хьадисаша а гойту, доьзалхочун мел чIогIа хила беза ненаца болу лерам.
Изза боху нохчийн Iадато а. Нанас: «Ас сайн шура хьарам йийр ю хьуна, ахь хьуо ледара гайтахь», — аьлча, цул боккха кхерам ца хилла кIантана.
Нана ларалал сов, цуьнан гергара нах — шен ненахой – ларар а тIехь ду стагана. «Ненахой, стунцахой ца лорург стаг вац», — боху нохчийн кицано. Оцу шина агIор болчу нахаца гIиллакх чIогIа лелон ницкъ кхочург дика цIе йоккхуш, хьахош хилла халкъалахь. Ишттачу цхьана къонахчух дуьйцу Бексултанов Мусас шен «Iаламат» цIе йолчу дийцарехь:
«Цкъа цхьана кешнашна уллохула тIехволуш, Муртаз динара охьавоьссира, тIекхоччушехь. Юха дикка дIа гена а ваьлла, дойшка хиъча, ас хаьтти, оцу кешнашна тIекхаьчча, динара воссар хIун дара хьан, ва Муртаз аьлла. «Деллахь, хьенех, шарахь гергга вайн стуннана лаьттина яра цу кешнашкахь йоллу Хадишат, цунах бехк хетта-а охьа ма вели хьуна ша-м, — элира Муртаза, иштта ойланашна юккъехула санна, — цхьа масех бутт охашимма цхьаьна баьккхинчул тIаьхьа, стелахаьштиг а кхетта, кхелхира Хадишатан йоI, шу марша», — аьлла».
Ден, ненан барт эгIаро кхоладо берийн сирла дуьне. Барт боцчу доьзалх иштта боху нохчийн иллехь:
Ма дуьйшийла вай, кIентий,
Ирс доцчу цу коша, —
Ирс доцу каш деца
Чохь боьха цIенана.
Ма хIуьттийла вай, кIентий,
Ка йоцчу цу тIаме, —
Ка йоцу тIом беца
Барт боцу ва доьзал.
Доьзалан барт цахилар, тIом хилла а ца Iаш, «ка йоцу», цхьа а тола йиш йоцу тIом хилар билгалдоккху оцу иллехь. Цундела аьлла халкъо: «Уггаре а хала тIом шен чуьрниг бу».
И иштта делахь а, дош дашера ма делли, зуда йитар нохчийн Iадатехь магош ца хилла. Цхьа боккха бехк а боцуш, шайн зуда цIа яийтича, цуьнан наха дов хьедеш хилла вукхаьрга, шайн йоьIан бехк схьабийца, и бацахь, шайх ца дешаш дина аш иза олий. Нагахь и бехк ца хилча, гIуда такха дезаш а хилла зуда йигначара.
Бусалба дино а магош дац цхьа доккха бахьана доцуш (и бахьанаш билгалдаьхна ду) зуда йитар. Далла уггаре а ца дезнарг доьзал бохор ду, боху цхьана хьадисехь. Нагахь зудчунний, майрачунний юккъера лерам, кхин юха меттахIотталур боцуш, дIабаьллехь, исламо магош ду дIасакъастар. Амма и дIасакъастар а цхьана дийнахь чекхдолуш дац. Нохчаша: «Цхьаъ елахь — цхьаъ, … исс елахь — исс а цIе а тесна, йити», — бохург нийса догIуш дац бусалба динца. Кхо цIе тасар, юккъе хан а йолуьйтуш, дан дезаш хIума ду. Уггар а хьалха «цIе тесча» (зуда йитича), иза майрачун кертахь Iиэн еза цхьана баттахь, цIийнадас юург а латтош, шенна ехаш чоь а йолуш, цуьнца зудчун майрачуьнца хуьлуш йолу юкъаметтигаш а ца лелош. Цхьа бутт дIабаьлча, барт а ца хиллехь, ша дохко а ца ваьллехь, юха а «цIе тосу» майрачо. ТIаккха кхин цхьана баттахь а деха и шиъ цхьана кертахь. Юха а шен лаам хийца ца беллехь, майрачо кхоалгIа «цIе тосу». ТIаккха и шиъ вовшахкъаьста. Иштта хила деза зудчун, майрачун къастар.
Тахана, малар меллачохь, оьгIазвахханчохь, бехк-гуьнахь а доцуш, зударий цIа эхийтаро гIелдина вайн къам, цо эшам бо халкъан оьздангаллина, сица а, дегIаца а могаш тIаьхье кхиарна. ХIинца цхьаболчарна иэхь хета, зуда цIа хIунда яийтина аьлла хатта. Ткъа и хаттам цахиларо и гIуллакх эвхьаза а даьккхина, цо вайна доккха зен а до массо а агIор. Уггар доккха зен, ден-ненан барт ийгIича, беран духу дуьне, цуьнан дог, са шина декъе декъадалар: цхьаъ — ненаца, важа — деца, цунна ца евза ден я ненан марзо.
Доьзал гIишлонца бустар кхидIа а даьхьча, хIусаман тхов латто аьрда бIогIам воккхах волу доьзалхо ву. Нагахь и кIант велахь, да дIаваьлча, цо шена тIелоцу шел кегийчеран доладар. Вуьшта хьалакхиъ-кхиънарг юьстах а волуш, шена охьа а хууш, шайн кегийчеран кIезиг бала болуш хилар — иза вайн къоман гIиллакх дац. Вовшийн доладар, вовшашка хьажар (къаьсттина баккхийнаш кегийчаьрга), дуьненчохь мел беха дIакхехьа дезаш, хIора нохчочунна тIехь долу декхар ду.
Муьлххачу къоман бух, цуьнан синкхетаман, оьздангаллин юьхь, цуьнан хиндерг кхуллу меттиг доьзал бу. Доьзалан чIагIалле, оьздангалле хьаьжжина хуьлу ша къам а. Доьзал боьхча, къам а духу. Цундела нохчийн хIора доьзалан кхолламан бала кхача беза дерриге а къоман, юкъараллин, пачхьалкхан.
ГОЙ ШУНА, ДОТТАГIИЙ
Гой шуна, доттагIий, вайн наной къанлуш бу денна,
Хебарша кхелинчу яххьаш тIе къоьжалла оьгу.
ХIораннан вайн даг чу гIайгIане сахьийзар деъна,
Зама а сихъелла дIайоьду, некъ некъах тоьгуш.
Гой шуна, доттагIий, вайн наной къонлуш бу денна,
И нанойн дегнаш ду даккхийдеш кхуьучу кIентех.
ХIораммо техкийна ага а ца хилла-кх эрна,
Нахана дика дан кIант хилча хIора а цIен тIехь.
ХIора де – цхьа кIайн чо, хIора де – цхьа хазахетар,
Вайн нанойн баккхийбер кортош а кхелина къега.
Гой шуна, доттагIий, наношна мел чIогIа оьшу
Хилар шаьш баккхийбеш шайн кIентийн дикане хьоьжуш.
Апти Бисултанов
НОХЧИЙН СИНКЪЕРАМ
(сценари)
Синкъераме гулбелла кегийрхой, массо хенахь хуьлуш ма-хиллара, шина декъе бекъабелла бу. Цхьана агIор – кегий нах, вукху агIор – мехкарий. ТIаргIа къажбеш болх мехкарша бен ца бо, кегий нах цхьацца оьзда бегаш беш а, самукъадоккхуш а бу.
Геннара схьахеза нохчийн ширчу ладугIучу эшаран мукъам. Жим-жимма лагIлуш, дIабов иза.
Сакъоьруш Iачу кегийрхошна юккъера кIанттий, йоIIий хьалагIотту. Цара белхи дIаболабо.
ЙоI: Iамош, малхал хьалха гIатта, Iуьйрре,*
Сискал ятта, лелон хьаьжкIаш, хас,
Массарал а тIаьхьа ховша пхьуьйре, —
Кхиийна тхо дикчу нанас, дас.
КIант: Кху лаьмнашкахь адмаш даьхна хийла,
Ялта кхиош декъчу тIулгаш тIехь,
БIаьвнаш юттуш цара кхузахь хилла
Оьздангаллех, дикчу гIуллакхех.
ЙоI: Зуда сийлахь хетта царна гуттар.
Лаьмнаш хетта царна мерза са.
Юкъ йихкина къонах тIаме хIуттуш,
Цунах эшарш яьхна мехкарша.
Гурахь вовшахтуху кхузахь белхеш,
ХьаьжкIаш тилош, тIаргIа къажбеш.
Сингаттамаш ломал тIехьа лелхош,
Эшарш, иллеш доггах декадеш.
КIант: КIентан хелхар и яьлла цIе санна,
ЙоьIан хелхар — гIургIезачух ду.
Хьаша веза хилла массо ханна,
Токхе хилла цунна хьалха шун.
Оьзда йоI — и дашо, дато гIала,
Дика кIант — и бохь лекха лам.
Оьзда йоцург ма кхуьийла ала,
Оьзда воцург хала ву-кха лан.
ЙоI: Iамош, малхал хьалха гIатта, Iуьйрре,
Сискал ятта, лелон хьаьжкIаш, хас,
Массарал а тIаьхьа ховша пхьуьйре,
Кхиийна тхо дикчу нанас, дас.
Мехкарша йиш локху:
Чергазийн чехкалла, цу некъан бохалла
Цкъа тоьхча тоьар ю дикчу динна шед.
Ламанан локхалла, цу некъан дукхалла
Цкъа аьлча тоьар ду дикчу кIентан дош.
Схьавала, ва кIанат, лам тIе дала ва вайша,
Лам тIерчу ламхошца лам боькъур вайша,
Хьан туьран дитта тIехь некъ буьллур вайша,
Хьан тоьпан гIопа тIехь юрт юьллур вайша,
Чергазийн хьан верта тIетосур вайша,
Сан хуьтан гIабали гIов юьллур вайша.
Белхи беш йолу хIусамнана:
Алмазех къаьхкинчу шайтIанаша санна,
И тIаргIа хIаллакбина дIасакхийси-кх аш сан.
Вай, дуьххьара го шуна тахана хьаша?
Шу санначарах-м тарло и ца ваша.
Цхьа йоI дуьхьал йистхуьлу:
И цIерга тиллина, маха-дечиг санна,
ТIах-тIих бохуш, хьо ма сийсаш ю?
ХIун даьлла тхоьгара вас хила хьуна?
Ма буьрса хир ю-кх хьох цхьанна марнана.
Мехкарша йиш локху:
Месийн назбар шена буьллий,
Чертан маьIиг суна юьллий,
ДIа ма южу сан марнана,
«Iуьйрре гIатта, сан нус», — олий.
ХIусамда вистхуьлу:
Хьеший бу, зуда, вай долчу богIуш.
Яа хIума юй кийча?
ХIусамнана:
Уьш-м вайга дуьххьара ца богIура,
Тоьар ду чIепалгаш дича а…
ХIусамда: Ахь дика йийр яр-кха мачаш!
ХIусамнана: И хIунда боху ахь соьга?
ХIусамда: Ша айраш хуьлу-кх хьан чIепалгаш.
ХIусамнана: Тоьур ду, боху ас хьоьга!
ХIусамда: Зуда, хьуна со хIинца а ца вевза?
Дицделла хьуна, цкъа боьжча сайн коьртара куй,
И схьаэца а ца вешаш со чувеъна?
ХIусамнана: Веара, веара,
Лепа а беш хьайн кIунзал малхехь!
ХIусамда: Ан хIуттийла оцу хьан маттана.
И хIун ду ахь соьга дуьйцург кхарна а хьалха?
Со-м ангалин аганахь техкийна вай,
Махмар кохкаршлахь къийлина вай,
Олхазарийн жижигаш даийна вай,
Дашо хила хьо, бохуш кхиийна вай!
ХIусамнана: Барголца вихкина,
Уьн тIехь Iиллийна хьо нанас уьйтIахь.
Туьхаца сискал а кхаллош,
Хи малош, и йоргIа ялош.
ХIусамда: Ва зуда, хьо суна ма дуьхьал йирзи.
ДагадогIий хьуна ва сарахь-суьйренца,
Бузучу малхаца сирлачу шовдан коьртехь,
Сайн сирчу динна дашо шад а етташ,
Дин пурх а хIиттош,
Ас хьо сецочу хенахь-м, дуй хьуна,
Цхьа Дала валарг ма вара со хьуна.
ХIусамнана: ХIетахь хьо хиллехь а,
Айхьа ма-баххара,
Да ма валарг хилла-кх хьох тоххара.
Хьо реза вацахь, со йитий вала.
ХIусамда: Вай, ас хьо йитахь, хьо хIун дан йоллу?
ХIусамнана: ГIур ю-кха!
ХIусамда: Мича гIур ю?
ХIусамнана: Луларчу Сусаркъе маре!
ХIусамда: Яхча, ахь сатуьйсу хIун дика даре?
Лелар ю-кх йочанехь жа леллачу новкъа,
Когаш а берзина, хиларх мел йовха,
ДIо-о генна хьуьнхара гехь дечиг а кхоьхьуш,
ЭттIачу кIажош чохь моьлкъарчий а лечкъаш.
ХIе-е, хьан лулахоша хьо хIетахь хестийра чIогIа,
Цкъа охьахиъча, ахь бедарш йо бохуш,
Ва эзар беречунна тоьгуш, ва йоруш.
Масане дара уьш, со Iехавелла,
ХIетахь хьоь йола олуш!
ХIусамнана: Пеша тIехула кхозучу
Хьан мажар тоьпана ца йоьлхий со-м.
Божал чохь боллучу
Хьан шина старна ца йоьлхий со-м.
Юьрте тай доьхуш, куьпе маха боьхуш,
Айса хала летийначу
Хьан кетар тIелхигна йоьлхий со-м.
Мехкарша йиш локху:
Боьза гIайба богийла вайшиннан къина,
Чертан маьIиг йогийла вайшиннан къина.
Ахь баха-м бехира, юргIий, гIайбий.
Истанг тIехь диси вай, нана ялариг.
НеI туху. Аз хеза: Ассалам Iалайкум! Хьеший оьций аш?
ХIусамда: Ва Iалайкум салам!
Шу марша догIийла! Хьаша беркат ду.
Хьеший, салам делла бевлча, баьрчче охьаховшабо. Массо дIатарбеллачул тIаьхьа кIанттий, йоIIий хьалагIотту.
КIант: Марша ва хьо, хьаша, вала чоьхьа,
Йицйо ахь муьлхха а деган чов.
Ийза ца луш, паргIатвала, доьху,
Хьайна динчу дуьхьал оти чохь.
ЙоI: Тхо неIарехь совцу, даим кийча,
Хьуна йогIу сийлахь меттиг – барч.
Хилларг, лелларг ахьа тхуна дийца,
Кхоллалур бу кху чохь оьзда барт.
КIант: Хьан сий дарца бийна Iовла Iахар,
КIеж туьйсуш бу кхерчахь боккха яй.
Уггаре а тоьлла кхача хьуна ларар
Ду-кха шира сийлахь гIиллакх дайн.
ЙоI: Хьо ца веъча, ирс ца догIу цIентIе,
Мичча хенахь тоха чIоггIа кор.
Хьан сий дарца хьаьвзар бу-кха кIентий,
Хьаьвзар ю-кха тхох, мехкарех, хIор…
КIант: Ла ма дегIа дорце арахь долчу,
Мел яхъяларх вайна йочана.
Вай сакъоьрур, иза боккъал дош ду,
ЦIе а йовр яц цу вайн товханехь.
ЙоI: ХIокху цIенна доггах реза хилар –
ХIусамдайшна боккха кхаъ бу и.
Уьйр, марзо а чIагIлур ю вайн денна,
Алсамдер ду кху тхан эвлахь ирс.
КIант: Марша ва хьо, хьаша, вала чоьхьа,
Йицйо ахь муьлхха а деган чов.
Ийза ца луш паргIатвала, доьху,
Хьайна динчу дуьхьал оти чохь.
ХIусамда: ХIара мерза синкъерам дIаболош тховса,
Ши тхьамда, шу, гIовттий, хелхаре хьовза.
Ши тхьамда: божарийн а, зударийн а — хелхадолу.
Сакъоьручу кIентех цхьамма:
Мехкарийн тхьамда,
ХIара буьйса новкъа йоккхуш,
Ойланашка кIентий бохуш,
Мехкарша цхьа хазо эшарш а локхуш,
ХIума де вай тховса.
Шуна муха хета, кIентий?
(Дика хир ду! Бакъахьа ду!)
Юха кхин цхьа хаттар
Ду сан хьоьга, мехкарийн тхьамда.
ХIокху кIентийн ойланаш лаьттачу
Мехкаршна дош тIедахьийта
Билгалъяьккхинарг мила ю
Хаа луур дара суна.
Мехкарийн тхьамда:
Жарадат ю, эццахь Iаш йолу.
КIант: Дукха ехийла!
Мехкарша йиш локху:
Со елира сарахь ара,
Декаш дара Iаьржа леча.
Ас ладоьгIна, ойла йича,
Цуьнгахь бала хийтира суна.
Ког байбина герга яхна,
Ас лерина ладуьйгIира,
Шегара бала баце балхош,
Декаш дара Iаьржа леча.
Дийца, леча, хьайн дагара,
Балхабе хьайн кийрара бала.
Хьуна санна, дуьне дезна,
И хьан накъост со ю хьуна.
Дагахь дийца йиш яций шен,
Багахь дийца мотт баций шен,
Цхьа тIам бойна леча ду ша,
Ненах даьлла даьхна ду ша.
Ша цхьана тIемах дагтIехь бина бен
Шен суьйренга ма ца болу,
Хьо яхь йоцчу кIанте йодахь,
Хьо суьйренга ер яц хьуна.
Ша мокхазар бердах бина бен
Дуьне духуш бухур бац шен.
Хьо яхь йолчу кIанте йодахь,
Дуьне духуш юхур яц хьо.
Екхна йоцург Iуьйре ма яц,
Хаза йоцург суьйре ма яц.
Ша кхуьъушехьа шеца кхиъна
Деган боцург безам ма бац.
КIентех цхьамма:
Вистхила пурба лохьа, сийлахь тхьамда.
Тхьамда: Вистхила, пурба ду хьуна.
КIант: Ахь вуьйцу яхь йолу кIант кхузахь ву хьуна,
Мокхазар бердашкахь бина бен бу хьуна,
Буьйса ю хьуна вайна екхна тIейогIург,
Безам бу хьуна сан дагчохь кхиъна.
Ас хийистехь хьайга динчу хаттарна
Ахь ца делла дош тховса дахьа веъна-кх со.
Дуьхьал мехкарша йиш локху:
Цу хазчу суьйренца, бузучу малхаца,
Тхо долчу веара хьо, тхан хазчу хийисте.
Вистхилла валале, дош аьлла ялале,
Цхьа лекхчу гу тIера чукъедира хьан зуда.
Богу бос ва байна, чабол а ва эцна,
Со йолччохь йитина, тIепаза вайра хьо.
Iуьйренах кхоьру хьо, суьйренах кхоьру хьо.
ХIай велла валариг, хьайн зудчух кхоьру хьо.
КIентех цхьаъ: Тхьамда, вистхила лаьара суна,
Дуй хьуна, мехкарийн тхьамдане.
Тхьамда: Дукха бакъахьа хир ду, вистхила хьо.
КIант: Шело хьеелча, бIаьстенга адамаша санна,
Малхо еттинчу арено догIане санна,
Дуй хьуна, ас шега сатийсина
Цхьа йоI ю шуна юккъехь,
Сан ойла дIаяьхьна, сан даго къастийна.
Пурба ло, тхьамда, цу йоIе вистхила.
Мехкарийн тхьамда: Пурба делла, вистхилал.
КIант: Хьо кхета гIортахь хIокху сан дешнех,
Мезан Iайг санна, тIеоьцур ду ахь хIорш.
Ткъа нагахь санна хьо сох кхета ца гIортахь,
Дуй хьуна, лулахойн мустбелла берам санна,
ХIара сан дешнаш юхадаийта.
Лам санна, со къонах а хилча,
Элан санна, хIусам а сан хилча,
Дуй хьуна, йогIур ярий хьо соьга?
ЙоI: Дуьйцучу хенахь хаза дуьйцу аша,
ЖIаьлин гуй дашо ду бохуш.
ДIасакъаьста шу хийла,
Хьо иштта юй, со иштта вуй бохуш.
Кхечу йоIа: Туьха-берам ма муьста бу,
Жоржан худар ма довха ду,
Дай чохь хьаьжкIаш ма кIезга ю,
Ши зуда хилча, ма бала бу.
Аьлларг къобалдеш а, цецбуьйлуш а кхуьйсу дешнаш хеза: «ЭххIай, ма дика а элира! ХIай-хIай, ала ца хууш-м яц! Гора йоI яI!»
Мехкарша йиш локху:
Бецан бен мотт боцуш,
Деган мотт бен ца хууш,
Везачу кIантаца
Со ламанца ехар ма ю.
Аьнгалин чоь йолуш,
ЦIеста ков ва долуш,
Ца везачу кIантаца
Сан ехийла ма нислойла.
Цхьана кIанта: И лекха лаьмнаш цIен деши хилча,
И шера аренаш кIайн дети хилча,
И деши-дети сайн долахь хилча,
И дерриг дIаделла,
Хьо сайна юьгур ма яра ас!
Дешнаш кхуьйсу: «Гора кIант яI! Ледара вац!» Хелхаран бал боккху.
Сакъоьруш волчу кIанта:
Вистхила пурба ло суна, тхьамда.
Тхьамда: Пурба ду, ала хьайна хетарг.
КIант: Хаза йоI, хьо цхьаъ ю сан даго къастийна,
Сан синтем байина, сан гIенаш хаздина.
Цхьа гIан ду хьоьга дийца, бус-буса суна гуш,
Iаьржачу лечано кIайн кхокха шена хьош,
Сийсара сатосуш гIан ги-кха суна.
ЙоI: И кхокха дIабаккха Iаьржа къиг схьаеъча,
Мокхачу куьйрано и керчор ду хьуна.
КIант: Турпалчу цу барзо сира сай шена хьош,
Сийсара са хуьлуш гIан ги-кха суна.
ЙоI: Нехан неIаре хIоьттинчу
ЖIаьлина вас хила ду хьуна,
ГIаж кхета ду хьуна.
Мехкарийн йиш:
— ДIаделла, сан нана, аьнгалин и кораш,
Iуьйренца дайна гIан хьоь дийца воллу со.
— Ма дийца ахь суна Iуьйренца дайна гIан,
Хьайн даго къастийнчу езаре дица ахь.
— ДIаделла, сан езар, аьнгалин и кораш,
Iуьйренца дайна гIан хьоь дийца веъна со,
Шун кертахь ва лаьтташ баккхий нах бай суна.
— Диканна хила ду, со еха бахка ду.
— Цу кертахь ва хьийзаш кегий нах бай суна.
— Диканна хила ду, ловзаргахь хьийза ду.
— Цу кертахь ва кхехкаш даккхий яйш дай суна.
— Диканна хила ду, ловзаргахь хьийза ду.
— Юккъера чохь доруш кIайн киса дай суна.
— Диканна хила ду, сан кирхьа кечдан ду.
КIентех цхьаъ (Таьштмар цIе йолуш):
Тхьамда, вистхила мегар дарий?
Тхьамда: Мегар дара, хьаха, дукха чIогIа-м. Вистхила.
КIант: Юьхьанца ас шега дIакховдийначу некъана
Соьга «хIаъ» аьлла, дош а делла,
Цул тIаьхьа, дагарна дага санна,
Суна бIостанехьа а йирзина,
Кхечаьрга сакъоьруш Iаш го суна
И дIо-о Iаш йолу Небист.
Мехкарийн тхьамда, ахь пурба лахь,
Цуьнга цхьа-ши дош эр дар-кха ас.
Мехкарийн тхьамда: Пурба ду хьуна.
КIант: Ломан буц а юуш, шовдан хи а муьйлуш,
Ша басна хазделла чехка лу санна,
Хьо дагна хазъелла, хьо сайна йоьхуш,
Буьйсанна гIуьттуш — батте йоьхуш,
Iуьйранна гIуьттуш — малхе йоьхуш,
Лелла со тховссалц. Ма дохковаьлла со.
Чехка лу мичахь ду — иза-м гомаш хилла,
Шан зезаг мичахь ду — иза-м баI хилла.
ХIинццалц со Iехорна,
ТIаьхьаидорна бехк буьллу ас хьуна,
И бIов санна лекха,
Бехк буьллу ас хьуна, и лам санна беза.
Нагахь санна хьайн ницкъ кхачахь,
Хьажал хьо яла оцу бехках!
Кхечу кIанта: Хьан син куралла
Яйа ца воллу со, Таьштмар,
Делахь а ахь аьлларг эрна хета суна.
ЙоьIан дог говр-х даций,
Дуьрстанца дIасаийзо.
Iер агIор делахь а,
Къамел нийса хила деза стеган.
Лела ца хууш волу стаг
Нахана юккъе вала а ца оьшу.
Мехкарий дуккха а бу, бIаьрг тоха гонах.
ГIовгIанаш йовлу. Уьш дIайохуш, хелхаран йиш локхий, бал боккху.
Жима стаг: Дош ала мегар дарий, тхьамда?
Тхьамда: Мегар ду. Ала.
Жима стаг (ша сакъоьручу йоIе):
И лерг семачу сайна теба цIен экха санна,
Ког байбина, со вогIуш гирий хьуна?
ЙоIа дуьхьал: Экханах къаьхкина сира сай санна,
ХитIе хьаьдда йогIуш со гирий хьуна?
Тхьамда, ахь бехк ма билла синтем бохорна,
ХIокху чохь йист а хилла.
Жима стаг: Цу говрана тIетесначу талбанах санна,
Хьоьх цхьа таро ян воьллера со.
Оцу нохчийн кIенташа
Шайн дой тийсина сара санна,
Хьо сеттийта ца воллура со-м.
КIезга аьлча басма а хир боцу дела,
Деха аьлча дари хилла меттиг а йоцу дела,
Доцца эр дара ас:
Хьо ягIахь — йогIу ала,
Ца ягIахь — ца йогIу ала.
Дешнаш кхуьйсу: «Нийса боху! Харц ца лоь кIант! Иштта дан а ду иза!»
ЙоI: КIетIа кхаччалц
Дуьйш кха а хьан делахь,
Лам тIехь жа а хьан делахь,
Жа тIехь жаIу а хьан велахь,
СовцIа дуьззина
Шурин шелигаш а хьан делахь,
ЙогIур ю хьоьга.
Дацахь, соьца ма дийца,
Дакъаза ма валарг!
Жима стаг: КетIа кхаччалц
Дуьйш кхаш а шен хилча,
Лам тIехь жа а долуш,
Иштта таро а шен хилча,
Вай, хьан дас гихь дечиг стенна кхоьхьу?
Юьгур ю-кх, нагахь санна
Хьан дас тIе етт лахь,
Дакъаза ма яларг!
ЙоI: Охьадоьду хи дашо делара,
Цу чуьра тIулгаш дато делара,
Хьайн дешан да хьо велара,
Еъча кхаба стаг а велара.
Жима стаг: И доьду хи дашо хилча,
Цу чуьра тIулгаш дато хилча,
Хьо ирча пхьегIа хьан юьгур яра,
Хьо берийн ловзар хьан лелор дара.
Кегийрхойх цхьамма:
Тхьамда, хIокху кегийчу нахе
Илли алийтича хIун дара-те вай…
Тхьамдас пурба а лой, кегийчу наха илли олу…
ЙоI: Деллахь, алахь, сох ца вашар ду техьа и хьан,
Хьо цахилар ду техьа и хьан,
Юьртара яьлла юьрта яхча,
Хьо тIаьхьаван ма ца веша.
КIант: Хьох цавашар даций сан-м и,
Со цахилар даций сан-м и,
Буьйса Iаьржа хуьлу дела,
Ван ца ваьхьаш соций со-ма.
ЙоI: Я сакъоьрур долуш яц со,
Я дог дохур долуш яц со,
Юьртара яьлла юьрта яхча,
ТIаьхьа ванза волчу кIанте.
Са хIун аьлла къера деза,
Дог хIун аьлла даха деза,
Юьртара яьлла юьрта яхча,
ТIаьхьаван хьо кIант ца хилча.
КIант: Лекхчу ломахь ло дуьллийла,
И шун кертахь ва дешийла,
И ло дешна хи дIадоьдуш,
Хьо сан керта ва йохьийла.
Хелхаран бал боккху.
Хьешех цхьамма:
Сийлахь тхьамда,
Цхьа-ши дош ала пурба лохьа даггара.
Тхьамда: Алал хьайна хетарг.
Хьаша: Бикату, хьо юьйцуш хезна,
Ган а лиъна веънера со.
Со схьакхаьчначул тIаьхьа,
Шозза литтина шовда санна,
Кхузза литтина деши санна,
И ша тIе кхоьссина эппаза санна,
Дика, догцIена йоI карий-кха суна кхузахь.
Дала дукха яхайойла хьо.
Мехкарша йиш локху:
Попан гаьн тIехь мокха куьйра дека ма дели,
Ирзонехь Iаьржа леча делха ма дели,
Алалай, ва кIорни,
Сан тховса аьтту ца болу хьуна,
Кхана сарахь ца вогIуш ма Iелахь.
Лулахошна дийцар дан воллу теша,
Юьртахошна гIарадаккха воллу теша,
Алалай, ва кIорни,
Сан тховса аьтту ца болу хьуна,
Кхана сарахь ца вогIуш ма Iелахь.
Буьйса Iаьржаниг лахий вола,
Ворда чехканиг лаций вола,
Алалай, ва кIорни,
Олхазарш хьаннашкахь тийначу хенахь
Мокхазар бердашца дIагIо вайша.
КIентех цхьамма:
КIентий, хIусамда ваккха веза вай хелха,
Воккха стаг муха волу хьовса вай?
Дешнаш кхуьйсу: «Бакъахьа хир ду! Боларе хьовсур вай!»
Хелхаран бал боккху хIусамдас.
Тхьамда: ХIусамда, мехкарийн тхьамда, ас эр ду цхьа-ши дош. ХIара кIентий хIора а шен ирс лоьхуш араваьлла ву. Боршам хьакханза цIенкъанаш ю чохь лаьтташ, ветанаш тасанза кучамаш ю, озанза шуьга хьоьжуш лаьтташ хьелий ду тхан, шу цига кхочийла хье ца луш.
Даггара баркалла ду шуна массарна а, ирс-аьтту хуьлда шун, тхо лерина тхоьца хIара хан яккхарна. Шуьца мел Iерах тхуна кIордор а дацара, дIа ца дахча тхо ца довлу. Иштта вай вовшийн кест-кеста ган хан-зама а ма эшайойла вайна. Дала зен-зулам доцуш, иман а, беркат а шорта лаьттийла шун хIусамашкахь.
Iодика йойла шун, бос хаза мехкарий! Шу оьзда а карий, гIиллакхе а карий, эрна деъна тхайн некъаш оха цIахь дуьтур ду, тхаьш лехнарг тхуна карий, тхо дIагIур ду, шу марша Iойла!
ГIовтта, кIентий, хьала.
Мехкарийн тхьамда: Шу марша гIойла, шу марша лелийла, тхо долчу богIу некъ аш шир ма балийта. ДIахьаха поппар а бу, тилаян хьаьжкIаш а ю. Белхеш, синкъерамаш гуттара а лаьттар бу. Ца догIуш шу хьелахь, дицдала мегаш ду, тIаьхьависинчун дакъа цицигаша диъна, олуш ду. Шен зуда йолуш верг вита чохь берашца, мало ян ца оьшу ялонза волчо.
КIант: Оьздангалла ю массарал а сийлахь,
Иза йоцчохь дахар хир дац ирсе.
Мехкан, хьешан гIуллакх ма де шийла,
Халкъан дуьхьа яккха муьлхха ирхо.
Ша схьадаьлла шан тарх йиц а йина,
Хьаьдда додахь лаьмнийн сирла шовда,
ТIулгаш юккъехь шен хи кхачадина,
Эрна довр ду, дIа ца кхеташ хIордах…