Йог1учу замано
Вай вовшех дахахь,
Г1айг1ане ма хила,
Сан хьоме нана!
Г1ан – набарха хьуна
К1айн кхокха хилла,
Сайн бала балхо,
Кхочур ву хьуна.
Хьан кийрара бала
Ас бостур бу,
Хьан 1ена б1аьрхиш
Ас совцур ду.
Вай цхьаьна хирг хиларх
Со тешна ву хьуна,
Хьо шек ма ялалахь,
Сан хьоме нана!
Дуьненахь мел веха,
Хьо ирсе ехар ю.
Хан-зама мел ели,
Т1алам хьан хир бу.
Зайтемиров Сайдик
Источник: Жцрнвл «Вайнах» №7, 2012.
Хорошо.
Баккхала бохи ахь
класс
Замечательный стих. Дела реза хуьйла)
ДЕЛА РЕЗ ХИЛА !
Дела реза хийла!
А можно перевод на русский?