Кхачалуш ю — Нохчалла.com — Чечня, чеченцы, обычаи, традиции, история и многое другое
Адам Ахматукаев

Кхачалуш ю

Еха йоьлхуш, къила яхча санна,
Йочана хьан тхов тIебожо хьаьхна.
Нехан бер – хьан цхьалла екъа – цIарна
Буьйса яккха догIур дара, дехча.

Ладарх юьзна, тIехъоьхур ю пхьегIа,
СагIин кад а хьуна чукховдор бу.
Амма гIайгIа, кху тхов кIелахь ехарг,
Цу хьан кийрахь дIахьулъелла къорра.

Маржа, хьуо а, цуьнан лорах яхна,
Кхачалуш ю, кIожам санна, хиэбаш…
Харц дуьненах Iехавелла, вахна
КIант а хир ву-кх цхьанхьа, аьхна лелаш.

 

Адам Ахматукаев

Оставить комментарий